FLASH INTROГЛАВНАЯПРЯМОЙ ЭФИР TVМУЗЫКАФИЛЬМЫФОРУМФОТОГАЛЕРЕЯРЕГИСТРАЦИЯГОСТЕВАЯ КНИГА
January, 2012
March, 2012
April, 2012
May, 2012
June, 2012
July, 2012
August, 2012
September, 2012
October, 2012
November, 2012
December, 2012
БЕКСУЛТАНОВ МУСА. ДИЙЦАРШ (2 дакъа)
Saturday, February 25, 2012 - 3:31 PM

Хьаьнца 1овшур-кх х1ара г1ело а…

 

Цхьа эзар исс б1е шовзткъе ворх1алг1ачу шеран аьхкенан т1аьххьарчу баттахь, нохчий ц1ера баьхна кхо шой, ялх бутт, масех дей даьллачул т1аьхьа, НКВД-ен г1ера цхьана мискана т1аьхьа йолу, лаьмнашкахь лечкъаш, шен зудчуьнца т1аьхьависинчу.

            НКВД-ен коьрта хьаькам нохчо ву, бохуш, дуьйцу, меттигаш дика йовзарна, 1едало шена т1аьхьа витина, цхьаьнара г1ера г1азкхий а болуш.

            Цара и миска хьиэхахь лоцу я, аьлча а, караво-кх царна, сахуьлуш болабелла т1ом де д1адовчу суьйренга баьлча. Хьиэхан гуо гатбала булу. Чуьра схьа беран аз а хеза, хьиэхачуьра схьа, цхьаъ-м моллала кхойкхуш а; юха къаьсташ цхьа мохь а бека: «Топ тохахь, тохахь суна»,– доьхуш санна, орцанна мохь. Маьрк1ажан бода къовлалуш, дуьхьал схьа топ а кхуьйсуш, хьиэхачуьра цхьа г1аларт доду, шен лорах лар йита санна, кхуьйсучуьра топ а ца сацош.

            Вуьйш т1аьхьа хьовду, герз а детташ.

            Ведда воьдучо, сих-сиха, т1аьхьара орца г1елдала доьлча, «кхохь» олуш, топ йолуьйту, ша волу меттиг хаийта санна, хьулвала а ца г1уртуш. Буьйса юкъал т1ех яьлла, к1оран б1аьрг санна, 1аржъелча, тоьпан тата кхин ца хеза. Мостаг1аш кхета т1аккха, шайн мостаг1 мичхьа ву я мичахь юхавирзина – царна хьиэх дагайог1у, цу чуьра хезна беран аз а…

            Хьиэхан кхолха гуо лоцу, бацаца уьйш, бердашца, текхна 1охкучу т1улгашца а. Бода зарзло, дохк-марха санна. Сахуьллуш я сахилча, са серладала доладелча, тарх а, херо а, кол а ца къаьсташ, бода, ша санна, д1ашарбелча – хьиэх х1етахь а таллаза хуьлу, тешнабехках ца х1уттуш, – стаг бердашца, лакхара охьа, 1индаг1 санна, шершаш го, дег1 меттахъхьар а доцуш, берд бердаца хьекхалуш санна.

            Вуьйш маьлхан з1аьнаре хьоьжу, 1алажо лаца оьшучу де къаьстачу серлоне: ламанца са атта ца хуьлу– лакха буьххьехь садаржарх, ч1аж а, 1аннаш а боданехь дуьсу, т1оьхлахь гучу маьлхан з1аьнаро, куьзгано санна, б1аьрса а дойуш.

            Чхьаьвриго патар санна, 1индаг1 дууш йог1у серло хьиэхан бердашца схьах1оьттича, стаг бердана т1елетта кхозу, бертал охьа, бирдолг санна, шен машанах гезг санна, бердаца уьйш, берд хилла. Топ цкъа бен ца йолу– шозлаг1а кхин оьшуш а яц, –дакъа бухарчу т1улгашна т1е аркъал чукхета. Хьеха чохь елла зуда карайо, накха ц1уббеш долу жима бер а. Бер охьадохьу, бераца цхьаьна – ден корта а (бер дохьучу говраца охьа), докъах схьа а къастабой. Цигара юха Соьлжа-г1ала а некъ цхьаьна бо цу шимма– дас а, к1анта а машенахь, к1ант мостаг1ашна воьлуш а волуш а, гали чохь мотт сецна да а.

                                                –––––––––––––––––

Суо кхузахь х1ун ала я х1ун жам1 дан г1ерта (жам1аш суна оьшуш а дац) ца хаьа суна, и сурт ган лаар бен, хила йиш йоцу бакъдолу сурт: машен, машена чохь докъа т1ера схьабаьккхина бохьу кортий, ша корта баьккхинчу ден бер хьоьстуш вог1у НКВД-ешниккий, доьлуш дог1у жима беррий, хьиэхахь 1уьллу беран наний, ц1ера даьккхина халккъий, аьхкенан довха дей…

… И тайпа х1ума Нохчийчохь нохчочо бен дийр дац – вешин докъа т1ера корта баккхар. Нохчочо эвхьазваьккхинчу мостаг1чо а дийр ду иштта: къам доьхкинчу ахь леллорг ма леладо мостаг1чо а: ахь цунна хьоьху, х1ун дан деза, хьайн къоман эхь мичхьа ду а. Шуьшиъ шийа цхьаъ ву х1инца, ший а – къоман мостаг1, дуьххьал хьан – цхьа мах а бац, хьайн махкахь а, кхечахьа а; важа цхьанхьара схьавеъна ву, ша мостаг1 вуйла а хууш, ц1ахь хьоьжуш къам а, мохк а болуш. Иза кхузахь ву мостаг1, ткъа шен ц1ахь – турпалхо; хьо цхьанхьа а яц х1умма а, массанхьа а – не1алтхо.

            Иза-м иштта хилла а ду, долуш а ду, хир а ду, амма, ткъаессаналг1ачу б1ешерахь,вай мостаг1ел эша дуьйладелча дуьйна схьа йолаелла  и ямартло – мостаг1ийн доттаг1ий хилар– турпаллийца юьйцуш дерг  вай бен, кхин халкъ-м дац, т1аьхьарчу т1аьхьенаша ямартчу дайх дозал а деш…

            Г1оза-декъал хуьлда-кх вай, декъала-м ца хинделахь, д1алелар-м ду вай иштта, вовшашлахь «со-ас» а бохуш, мостаг1ашна вай х1ун ю а хууш: вай х1умма а йоций………………………………………………………………

… мича хьор техь-кх х1ара г1айг1а-бала, хьаьнца 1овшур-кх х1ара г1ело а…

                                                                                                           

 

                                                                                                2006 шо, март.   

 

 

Хьоьга хьан аьлла, хIара гIан дац!

 

А.Л.

 

Иза суна дуьхьал, корехь букъ а болуш, наг-наггахь бисина Iаьржа чо кIайчу можаца дIа а ийна, лоьман кхес санна, йоккха сира мас а йолуш, кIайчу варехь, Iаьржачу бIаьрацкъоцкъамца, жимо-нийса юьхь-кха а хаалуш, муштакхца цигаьрка уьйзуш Iара, салазан гIо санна, хьаьвзина когаш болчу кресли чохь, цхьанаэшшара дIаса а техкаш.

Со цIенкъахьа вирзина вара.

Тхойша тхаьш а вара оцу сарахь.

Литературах дуьйцуш вара тхойша: тIамах лаьцна, къомах а.

ДIа ас долийра:

– Цхьана стага дина хIума кхечу стаге хIунда ца дало, далур ду аьлла хета-кх суна, – элира ас, – Шекспиран1  трагедиш юхаязъян еза бохург дац иза, цуьнга санна нуьцкъала цхьана кхечуьнга: хьоьга я соьга, я…

– Дера ду, хIунда ца дало! – элира цо, кIур чу оьзна цигаьрка аьрро куьйган шина пIелгаца пхьаьрсан гола нисъяллалц дIа гена а йоккхуш, – стагана ша шена гинарг дита веана вуйла хиъчхьана… ша дIаваха веана вуйла я дIаваха – дIавоьдуш.

– Муха? Кхин цкъа а… – элира ас.

– Сенекас2  мел дуьйцург Делан лаьн къамел ду-кх, Дела цхьаъ вечу стеган тидамаш… Лермонтов3  «со бусалба ву шуна!» ала ца кхуьуш велча санна ю-кх сан ойла.

Вайна ваьш гуттар а долуш ду моьтту – Iесачарна боху ас, – иштта даим ду шаьш дIа мел аьлла дош а. Вай мел лелориг тера хIумнаш ма ду, карладийлинарш, шен-шен заманан кIез-кIезиг башхаллаш а йолуш. Вай гондIа хьоьжу, нахе… ша-шега а ца хьожуш, шен сине, ойлане…

«Педро Парамо»4  боху роман нахе хьежарх язлур яц, я «ГIовгIа а, дералла а»5 а. Царах ву Достоевский6 а, Айтматов7  а…

– Вайшимма хIара къамел ворхI шо хьалха гIенах цкъа дича санна хета-кх суна, Леча, – элира ас, цуьнан букътIехьашха, корах – цхьабосса, меллаша – суьйренна сенло сийна стигал а гуш.

– Ткъа хьоьга хьан аьлла, хIара гIан дац! – иза сецира, бIаьра а хьожуш.

Юха цуьнца – со а.

Дерриг а сецира: са а, ойла а, коран бIаьргах лацаделла суьйренгахь сенло де а.

Ас куьг дIакховдийра.

Цо гIутакх чуьра цигаьрка елира схьа.

Юха сирник а латийра.

Сирникан цIе, бухара сийна а йолуш, тIехулара можа хуьлуш хиллера, тидам бича.

КIур жимма синхьааме а, тIаккха къаьхьа а хийтира суна, хIетахь, гIенах санна я хIинца… – суна ца хаьара, тхойша мича хена чохь Iа я муьлхачу гIенахь сецна, юха сайна хезна долу: «…хьоьга хьан аьлла, хIара гIан дац!» – боху дешнаш ас цуьнга я цо соьга – хьанна – мичара хезира а..

 

 

 

__________________________________________________

1 Шекспир Уильям, ингалсхойн яздархо.

2 Сенека, ширачу Римера философ.

3 Лермонтов Михаил, оьрсийн поэт.

4 Мексикан яздархочун Рульфо Хуанан роман.

5 Iаьмеркахойн яздархочун ФолкнерУильяман «Шум и ярость» цIе йолу роман.

6 Достоевский Федор, оьрсийн яздархо.

7Айтматов Чингиз, гIиргIазойн яздархо.

 

2002 шо, август

 

 

Дагалецамаш ца лезначу

                                                                                

                                                                                                  М, хьуна…

 

Иза цхьа синкъерам санна – цхьа хазабеза мерза кхаъ санна, юха и кхаъ а, синкъерам а цабовзарх хуьлуш болу кхерам а санна х1ума дара, я кхечу мехкан йоккхачу г1ала буьйсана хьо кеманца кхаьчча, д1ога бухахь, х1орд санна гуш цу г1алин стогарш а долуш, т1ера охьа чу хьоьжучу хьох хьерча йолало шеко санна, кху г1алахь хьоьга хьоьжуш цхьа а ву-вац цахаарх йолу г1айг1а санна х1ума дара и сак1амдар, х1ара ду-кх аьлла, яздан схьадагадеъна х1ума а доцуш, яздаран сахьийзам хьан ойланашца хьерча боьлча.

Хьуна цкъа а ца хаьара, иза мичара, маца кхочу, кхолладала а муха долало, цхьана кепе, хот1е доьрзуш, турпалхо а, сюжет а хуьлуш, чаккхенца хуьлу коьрта ойла а.

Х1авааца долуш санна я цхьаннан хезна хабар, чекхдалаза хаьдда г1ан – цхьана х1умано-м хьоьг1ура иза, кхоллабала булу мукъам санна, дешан мукъам, юха дош ша а.

Хьуна цунах язъян  лаьара, цу шиннах а цхьа дийцар, зезагийн курс санна, тайп-тайпанчу дакъойх лаьтта, цхьа а кеп йоцу цхьа дийцар, хьаьрк хийцарца духур долуш, х1унда аьлча, хьан иза лозу – и цхьа йо1, цхьа хаза йо1, важа а цуьнца, х1ара г1ала а – дукхе-дукха шераш дара, дикка язъян болчу лаамца шерашкахь хенаш а йоьхкуш.

Дика яздан ч1ог1а хала дара. Хьоьга дика атта яз а ца лора, ша-шаха санна, наггахь, цхьа ц1аьххьана ца нисделча…

Хьох гуттар а г1айг1а хьаьрчара, генна новкъавала везаш санна, дийцар хьиэг1а моссаза дулу, 1аа йолало меже санна, и сюжет а, васт а к1амлуш.

Цкъацкъа иштта, яз а ца луш – хьайна хетарг, хьуна ма-хетта, – хьо ойланашца цхьа висча, дагалецамаша д1авуьгура, куьг лаьцна дуьгу жима бер санна, дуьххьара хьайн к1отара вуьгуш, хьуо кхиъначу, левзинчу керта, т1аккха – лам чу, юха – г1ала, т1аьххье а т1аккха Сибрех а кхочуш, жималлехь шовкъ кхихкинчу, 1еса безамаш 1ийшинчу махка…

Бераллехь соьцура са, саца г1ертара, дицдала санна, х1етахь, цу хенан абадехь дисина суьрташ карла а дуьйлуш.

Дуьне цхьа сурт хетара, хьайн к1отарал жима долу сурт, эвлайисттехь некъаш а хедаш, малх а бузуш циггахь д1а. Мархаш а яра куьг кхочче, юьртара 1ам боккха х1орд бара, хьан ж1аьла мотт хууш а долуш; эса а дара, хьо санна, жима, хьоьца ловза а ловзуш, уьдуш, царна мотт ца хаьа аьлча – эсана, хина я диттана – аьттехьа бакъ а доцуш.

Хьоьга цкъа а, кхоччуш, бералла яз а ца елира, хьо хьуо хьайх тешшал дика, хьан дог а, са а, ойла а юзуш.

Дика яздан хала дара ч1ог1а, я дика атта яз а ца лора, дийна х1ума кхуллуш санна – хьол хьалха кхин яздина доцу, – чохь са долу цхьа дийцар а.

Кхечеран-м карадора хьуна, хьайн йозанех цатешар-кх, хьайн ойла санна – ойлано кхуллу дешан ойла санна, – говзанча хила лиъначу хьуна, дуьненахь тоьллачех цхьаъ, шина-кхаанца цхьана мог1арехь вийца йиш йолу яздархо…

Уьш дукха бара, и тоьлларш, шина-кхаа мог1арехь болу, хьуна яздан ма-лаъара, ахьчул хьалха яздинарш, царех цхьаъ Рембо а волуш, Эдгар По а, Бунин а. Уьш б1еннашкахь ма бара, шайн-шайн цхьацца х1умнаш дерш, юха кхо-виъ бен а воцуш. Хьуна товчех Шукшин а вара, цуьнан «Йо1, малх, къано» дийцар, Пауль Куусберган «Хьуна мичара хаьа, Виййир Пу вийна вуйла?» бохург а т1ехь. Цхьа б1е гергга дар-кх хьан уьш, дуьненчохь ахь къастийна, ахь юх-юха доьшу дийцарш, иштта масех повесть а, цхьа кхо-йиъ роман а йолуш, х1ораннан шайн мотт болу, шайн амал а, шайн хат1 а. Уьш вовшех тера яцара, ша-ша цхьацца сайрат яра; цара уьш шаьш кхоьллинера, цу авторша, долушдерг а ца яздеш – гонахара, хаалушдерг, – шайна цхьаццана хьиэг1арг бен, шайн сица дерг, шайн са; цундела церан дика хиллера, цара уьш шаьш кхоьллина дела, дахаро ишттанехьа диканна схьаделларг а доцуш.

Ахь юх-юха мел ешарх, х1оразза а керла хуьлуш, хьо гуттар а цецвохурш яра дикачех дика х1умнаш, весет санна, хьоьца юьсурш, хьан дег1ан букъсурт санна. Амма хала х1ума, цул хала х1ума – дика яздарал хала х1ума – дуьненчохь ца хиллера-кх, иза цхьаъ бен, юха а иза.

Хьуо жима бер долуш дуьйна схьа – муха, х1ун ду а хаале – кханенна яр-кх хьайн ойланаш, тахненна цхьа х1ума а доцуш: хьуна дерриг а худа лаьара, т1орказ чохь бахам санна, дерриг а дагалецамашна дуьтуш, д1адуьллуш, сецош.

Бералла цунна йисира хьоьца – х1етахь дуьйна, жима волуш, – ахь ойланашца 1алашъярна, сурт долуш санна и васташ хьайн иэсехь сеца а деш. Хьуна хетара (х1инца а хета), стеган масех бералла хилча – бен-бен мехкашкахь, тайп-тайпанчу деца – ненаца, – цул воккха яздархо лаьтта т1ехь хир воцуш санна, цуьнан санна ницкъ болу дош а.

Хьалха-т1аьхьа бен а доцуш, – бераллехь я кхиъча а – и суьрташ дар-кх хьоьца дехаш, хьан вахар иза долуш санна, ахь лехьийна дагалецамаш. Хьо ваха а ца вехира – хьежар бен, дагалецар – нах бехачу кху дахарца, цхьана денна долчу, тахненна, х1ара цхьа юьхь йолуш санна хеташ, цкъа мацца а хила дезачу цхьана бакъдолчу дахаран юьхь.

Амма дахар-м кхин хиллера – хьуна гушдолу малх кхетта де, хьан шераш а хиллера х1орш, ахь иэсехь кхаьбна хилла дагалецамаш ден а ца луш, х1унда аьлча, са кепа тоьхна дег1 – са 1ожалла йоцуш хилча, кхоллар бен, 1ожалла йоцуш, – хьуна хан тоьхна делла хиллера, дуьненчохь синан ботт еш, б1аьста лаьхьано хуьйцу ц1ока санна, лаьттара синан хан чекхъяьлча, дег1ан баттах 1ожалла хуьлуш…

Т1аккха дерриг а д1адолура, д1адоьдура, довра, дицлора, хьан безамаш а, сатийсам а, хьан иэс а цхьаьна, дагалецамаш а.

Х1ан-х1а, д1а ц1енна ца довра, г1айг1а хьоьца юьсуш бен, дахар д1адаханчу хьоьца я вахарна т1аьхьависинчу: «Велха-кх кху тешнабехкана, кху г1елонна велха-кх!» – бохуш, хьо ваха а волавалале, шераш д1а чекх а довлий. Хьо меттавеъча, т1аьхьа хуьлура, хьан кечамаш эрна а хуьлуш, берахь дуьйна – къанваллалц – ахь бина хилла и тидамаш, хьан шераш д1адовларца, беза мохь санна, лаза а лозуш.

Масане дисир-кх иштта, хьан яздан ницкъ а ца кхочуш, шерашка ахь т1аьхьатиттинарш, толамаш санна, иэшамаш а хилла, б1еннашкахь хьан лезнарш, къастаран мукъам санна, кхета кхиаран г1айг1анца лозуш…

 

Хьуна иза гича, и хаза йо1 – ткъе итт шо зама а яьлла, хьан шовзткъе кхойтта шо кхочуш:

– И велар-м изза ду хьан, х1етахь хьайн ма-хиллара, – иза бухара схьагучуяьлча, бухарчу лами т1ехь, лакха лаьттачу хьуна т1ейог1уш, хьо 1адийча санна висира, кхерамо 1адийча санна, са дерриг а буо санна, хебна, к1орни санна, са жим а делла. Аз тера дара, и елар а, зевналла жимма кхоьлича санна, 1аж санна хилла шера юьхь-кха, гезгамаша тесча санна, хебарийн з1аьнарех а ийна.

Берх1итта шо дар-кх цуьнан, хьан ткъе цхьаъ а долуш, дуьххьара хьуна иза гучу дийнахь, университетан юкъарчу1ойлехь. Хьо цхьанна т1ехьийзаш а вара, к1уж баьккхина, цхьанна т1ехьийзаш. Амма х1ара – маржа! – кхунах йо1 муха эр дара… цхьа бер дара-кх, цхьа малик, цхьа малх бар-кх, цхьа сирла малх, шуьран чопа санна, к1айн къегина, к1айн белабелла, к1айн кхетта, хьарг1ан т1ам санна, месаш а, и б1аьргаш а, з1аьнаршца ловзу…

Цхьана г1ат т1ехь дара шуьша 1аш, хьуна кхо-йиъ чоь д1анехьа цуьнан чоь а хаалуш, юкъара цхьа сени а йолуш. Цу г1ат т1ехь яра и йо1 а, хьо шена т1ехьийзаш волу йо1 а.

Хьо кхунна гуш охьавоьдура цу йо1аца ирахь 1ан.

Х1ара елалора, ша-шена санна, доттаг1чун пхьаьрсах а хьерчаш: цунна хаьара, ша хала юйла, лан хала юйла, гуш а хала, юха иза шена гуш хилар хьан лозий а хууш шера.

Хьо а велалора, вист а ца хуьлуш, «к1ах1-к1ах1» дарца, куьйгаш а тухуш, шаьш вовшех кхетий хууш, иза кхетийла, цунах хьуо а.

Цу йоь1ан дукха к1ентий бара, цунах б1аьрг кхетта-кхеттарг, иза гинарг, хааелларг..

Уьш, жа санна, т1аьхьа лелара, цхьа а яхь а я эхь а доцуш, цу йо1а шайга бага тохарх, бохар я багар а доцуш.

Йо1, боккъал а, ч1ог1а хаза яра… боккъал а, ма хаза яр-кх иза, шен юьхь т1ехь нур летча санна, сирла къегина ши б1аьрг а болуш, к1айн цергаш а, шагарш а санна, ч1ег1ардиган аьзнех д1асакъаьхкина ши ц1оцкъам а… шабарш санна, дара болар а, хи т1ехь гила кема санна, цхьа шершаш, ловзуш санна, коган буьхьигаш д1аса а уьдуш.

Цуьнца малх бара, з1аьнарш яра, дашо туьркаш, ц1ен баьллаш; иза ерриг а б1аьсте яра, ал заза дара, ц1ен анайист.

Тоьар-кх цунна схьагучуяла, д1огара цунах б1аьрг кхета, малхе санна хьовсур-кх нах, мотт сецча санна, 1адийча санна, юха т1ех а яьлла д1айоьдучу меллаша цунна т1аьхьа д1а а боьрзуш.

Цуьнан хазалла лаза йолалора, сагатдан, дагах хьерча, амма къоналла дукха сонта яра, дукха аьрха яра, дукха кура, хьо еза ала дола хеттала, хазахетар д1ахьулдал, дагара д1а ца хоуьйтуш, забаршца забарш а еш, нагахь цо вукхарна санна, цаешаш кеп х1оттаяхь, «дап» аьлла эккхар йолуш, дукха сонта яр-кх хьан къоналла, дависарг, дукха аьрха, цо схьаала дезаш санна хеташ, йо1а ша хьоьга ала дезаш санна…

Йо1а х1умма а ца элира. Йо1 а яра кура, сонта яра йо1 а, ша хаза юй хаарал сов, ша жоьпан да юй а хууш, геннара кура хьажар кхуьйсуш, кур аркъал сеттош, маьлхан хьоькх санна, гуонаха хьийзаш, з1аьнар санна, уьдуш, йовш.

Хаза йо1 йист а ца хуьлура, шина б1аьргаца елар бен, хьажарца цхьацца ойланаш а еш, цхьаъ-м хоьттучу хьажарца.

Кхин цхьаъ а дара доллучул а хала: т1ехьийзаш йо1 хилар, и лекха йо1, хазчу настаршца, цуьнан болар а, б1аьргаш а цуьнан, цуьнан латтар а, саде1ар а, баьццара де, сийна 1аьрше, иза дагаеъча кхулу б1аьрса а…

Амма хаза йо1, – иза лозура, яхьа-йилла цхьа а меттиг а йоцуш, къайлавийларх – йиц а ца луш, д1авадарх – д1а а ца йолуш.

 

Иза маре яхара т1аккха, и хаза йо1, маре, хьан багара дош а ца даьлла, цхьана кхечуьнга маре, ахь важа а ца къевсира – я иза кхин бен а дацара, ялийча а, ца еъча а, хилларг д1а хилладаьлчахьана, чекхдаьлчахьана, хаьдчахьана.

Хьо кхузара д1авахара, Нохчийчуьра, Сибрех д1а, цхьайтта шарахь ц1а а ца воьрзуш, г1аланаш а хуьйцуш, юха мехкаш а, хьешан ц1енош, вокзалаш а, ц1ерапоштанаш, кеманаш а.

 

Юха иза гича, хьуна иза гича – и хаза хилла йо1 схьагича, – ткъе итт шо зама а яьлла, хьан шовзткъе кхойтта шо кхочуш:

 

– И велар-м иза ду хьан, х1етахь хьайн ма-хиллара, – и аз хезча, цуьнан аз, зевналла жимма лахделла долу, х1етахь хьан лезна хилла аз, хьо 1адийча санна висира, гучу ца вала, вела а г1уртуш, са дерриг а буо санна хебна, к1орни санна, са жим а луш.

 

– Ма веза а вар-кх хьо суна… ахь цхьа дош аьлла хиллехь…, – цо хьайга аьлча, хьо вист а ца хилавелира, цуьнга х1инца а и дош аьлла, яханчу хенан кепехь д1адаьлларг санна мукъна а: хьо суна а езара, аьлла.

– Цу хьан накъостах… хьоьца хуьлучу цу йо1а… цо мотт а бина, талхорна кхоьруш – со х1етахь, хьо йовзале… цхьана йо1ана т1ехьаьвзинера… цо цунах бахьана а дина, хьо юхъхьаяккхарна кхоьруш…, – ахь цхьа к1ур-м бийцира цунна, нийса ахбакъ а доцуш.

– Хаза-м яцара хьуна хьан иза! – иза сихха елаелира. – Хьуна иза… хьуна иза х1унда езаеллера-м ца хаьа суна, – юха иштта сиха т1е а тухуш.

– Х1ан, хазий? – хьо кхин вист а ца хилира, маццахлерчу цу вукху йоь1ан шаьлта санна хилла дег1ан ботт а гуш, йоьттича санна хилла ши ност а.

Иза меллаша д1айирзира, делладеллачу балдаш т1ехь елааьшна а лацалуш, йилбазб1аьра йоьдуш санна, йо1б1аьргийн хьажар а соцуш.

– Ма хаза йо1 яр-кх хьо ян-м, – элира ахь, – хьайл хаза йо1 кхин йоцуш… малх кхетча санна хуьлур-кх цхьанхьара хьо схьагучуяьлча…

– Хилла хир ю-кх, – куьг тесира, ойланашкара меттайог1уш, – д1адаьллера уьш-м, – олуш, – со тоххарехь бабушка ма ю, иза хаьий хьуна – йоь1ан йо1 ма ю сан!

– Хаза бабушка хир ю хьох… хьан йо1… хьо санна хаза ярий хьан йо1… хьан йо1 хаза хила ма езара… хьан бераш, хьо санна…, – хьуна цунах дийца лиира, иза ша йийца, цуьнга йийца.

– Яц, – елаелира, – сох х1умма а доцуш санна, шен дехойх тера ю-кх, – олуш.

 

Хьоьга цкъа а, мел лаарх, цунах яз а ца делира, цу йо1ах, оццул хазчу, шерашкахь хьайн лезначу – цунах а я вукхунах а: иза дукха экама дара, дукха хьан дара, хьан долахь, дешнашца гучу цадаккхал – дешнаш айкхдовларна кхоьруш, хьан синан са хилла дехаш, хьан ойланца, дагца д1аийна, шира чов санна, лаза а лозуш. И чов юха меттахъхьайча, дагалецам лаза болалора – х1етахь хилла мерза хьиэг1ам, и х1оттам а, шераш а лозуш, малх санна хилла цуьнан сибат а – хазчу йоь1ан хаза б1аьргаш, – ло санна, к1айн, малх санна, сирла, х1етахь санна, г1айг1а а хьаьрчаш, цу шиннах а – хьайна езначу – ирс довзаран, даран г1айг1а, хьаьнца – мичахь довза кхиале, муха дайра а ца хууш.

Ткъа х1инца иза х1еттахьлера – х1етахь ша хилларг а йоцуш, – иза ша х1инца хьуна схьагича, хьо 1оьттича санна кхийтира, цхьа ира х1ума 1оьттича санна – я цкъа а, цкъеллигцкъа а, лаам мел боккха хиларх, – дагалецам юхаденбан г1ерта оьшуш ца хиллийла, мацах цкъа са хьегначу сатийсаман дагалецамаш, х1унда аьлча, иза – цкъа хилларг – цкъа бен кхин ца хуьлу дела, х1оразза а изза моьттуш, хьаьнца – моссаза тарделларг, дуьххьала цкъа хилларг дуйла, карладийлар, тера хилар, дуьххьарлерчу мерза лазамца дуьненахь кхин хир а доцуш…

Х1ан-х1а, ца оьшура дагалецамаш меттахбаха я хьоьца хьайца 1иттаделларш а… цара лела ца вуьтура, вицвала а, юхахьажа а, дерриг а мел хилларг гуш, мел лезнарг, дайнарг, хьайн хилла-хилла накъостий а, шераш а хьайн, денош а, юха аре а хьуо лелла волу, лаьмнаш а хьайн, хьо цецваьхна…

Эх1, лаьмнаш! Ма инзара сурт а дар-кх иза, дуьххьара уьш схьагинчу дийнахь, б1аьрса бен, кхетам а боцуш, – кхетам ц1енна д1а а баьхьна, – къаьрззинчохь сецна ши б1аьрг, чуоьзначохь сецна са а, чуьра дог-пах хьала а г1ерташ.

Юха цул т1аьхьа стигал гарх – мархийл лакха генаволуш, я сийна х1орд – тулг1ешца кхехка, г1ум-аре – ц1арах йогу, лаьмнаша санна, са 1адош, хьо цец ца ваьккхир-кх цара, хазаллийца цецвоккхуш, кхерор бен, вохор, шайн цхьанатайпа гуш хиларца, цхьанаэшшара, цхьана басахь, б1аьрг саца лаца цхьа а йист а йоцуш, цхьана сибатца хиларца шайн.

Лаьмнаша са ма хьостура, б1аьрг 1аборца, дог а делош; цара хьулвора, арахь висча, цара, мацвелча, вузавора, х1ора  а лам, 1ин, басе керл-керла хазна а хуьлуш. Лаьмнийн шайн йозалла яра, шайн локхалла, лекхалла а, аренан саьхьаралла а йоцуш, куралла яра лаьмнашца, цкъа са чуоззалла бен ца елла хан маьрша а йолуш, дуьненах цадашшал, цахьеггал курачу церан…лаьмнашца маршо яра.

Цаьрца бен ойла ца тоьра хьан, дагалецам а буьжура цаьрца, д1адаьлларг хьайн дуй а хууш, т1ехиндерг – дайний а.

Хьуна яздан лаьара царах, цу къеначу лаьмнех, дагадогг1учух я гучух – дага ма-дарра д1а а яздеш (юьхь, чаккхе 1адда а йитна), мозаика кхуллуш санна, х1унда аьлча, хьуна, классикашца кхиъначу хьуна, иштта яздан хала дара ч1ог1а, цхьа сюжет йоцуш хилча.

Сюжеташ к1ордийнера, цаьрца лазам ца бийцалора, хьайн лозург я лезнарг, тера х1умнаш дийцар бен, цхьатерра болчу нехан тералла, кхузахь дерг цигахь а хуьлуш, цигара юха кхуза а кхочуш.

Хьуна гинера тера боцу нах, кхин амалш а, 1ожалла а – 1ожаллех тера йоцу, – 1одикаярца санна къаьсташ, юха мацца а гур дуй а хууш, хьоьга салам-куьг а кхийдош.

1адлан иштта вахара д1а, Асхьабан 1айндин к1ант, юха Илесан к1ант Мохьмад а, аша Белый олуш хилларг.

Уьш бара хьан лезнарш а х1инца я лозурш а тахханалц.

Хьоьга уьш яз а ца беллера, уьш хьо санна, хьоьца хиларна, шу вовшийн 1индаг1аш санна.

И нах цхьа суьрташ дара, цкъа б1аьрга гуо кхоьллина суьрташ, цкъа шаьш хьуна схьа ма-гарра, цу басахь иштта д1а а кхелхаш. Цара бахамаш а ца гулбора, я ц1а-ц1е а, доьзалш а, цхьаццанхьа юьту лараш бен; церан новкъахь – дийцарш дара, уьш сецначохь – шовкъаш, церан лорах – доху синош, хилла-хиллачохь – т1еда б1аьрхиш.

Царна дуьне  а ца оьшура, шайн амалехь доцу дуьне, я вахар а, шерашца долу, шерашкахь болу хьежам а.

Белый – Мохьмад хаза к1ант вара, динбекъа санна, товш к1ант, ша дуьненан да волуш санна, д1акхаьччохь хьалхе а йоккхуш. Цуьнан хилар – латар дара, латарца бен вахар а доцуш. И толам цуьнгахь а бара, дуьххьала лата кхоьллича санна, х1ораннах а, массарах а – тера хила мел г1ертачуьнца, ша волуш верг къайла а кхоьхьуш.

Букъ г1орто г1ортор  йоцуш, букъа т1ехье еса хилча:

– Сан букъ, хьенех, букъ ларбелахь, тух-туху-уш, чекхвер ву вайша, – олура цо, леташ мел дукха хиларх, шуьшиннах леташ.

Цуьнан санна, девнан кайолуш стаг  хьуна ган а ца гинера, я иза санна, майра а, латарна т1ехь майра.

Цо ахча д1аса таппашца луора, соьмашца а ца доькъуш; ша хьоьгара д1а а хьуора иштта, ша хьуна лучул башха, хьоьгара дерг а декхарна а ца лоруш: цунна декхарна дала бохург кхин х1ун ду а ца хаьара, диканна д1адалар бен.

Садолуш, цунах х1ума дисира моьттуш а вац со, иза да а волуш, т1аьхьенна кхача, набахтеш, зударий, буй-т1арий, г1аланаш бен, кхоккха, диъ-диъ шераш долу жима ши к1ант-м гира суна цуьнан.

Уьш цунах тера а бара, цуьнан санна сийна б1аьргаш а болуш.

Со тезетара д1авахара, Белыйн тезетара, цхьаллехь виса, суо сайца: нахана юкъахь хала дара, цуьнга вистхила дара хала, иза сецо, саца ала, суо цуьнга иштта сацавайта а…

1адлан ткъа, Асхьабан 1айндин к1ант… 1адлан – аристократ вара, куога буьххьера коьрте кхаччалц, накхармоза санна, дусаделла, к1ора санна 1аьржа ши мекх а долуш, г1ерачу дег1ахь, г1орг1а аз а къаьсташ. Цунна санна адамашца – бусалба а, кериста а бен а воцуш – мотт карош стаг Дала кхуллур а вацара. Нийсонан стаг вара иза, цхьа масех накъост бен, башха дукха хьеший а боцуш, муьлххачу а пхьоьханахь тидам шена т1ехь а соцуш.

Велавелла вара, забарца. Цуьнан дикачух дика аг1о – ша мила ву хаар яра, шен мах беза латтор.

Цуьнца хан ца к1ордайора. Гуламийн стаг вацара иза, шена веза стаг воцчохь цхьалха хила лаар бен. Цунна цхьа а стаг везий я воккхий а ца хетара, шеца нийса бен, кхин т1ех а воцуш. Цо муьлхха а саца а вуора, ша цхьаъ дуьхьал а х1уттуш.

Т1аьхье йоцуш а кхелхира ша, шайн ц1ийнан х1у а хедаш.

Суна т1аьххьара гучу дийнахь – цул т1аьхьа бутт баьккхинера цо – цхьа а чо бацара цуьнан юьхь т1ехь а я коьртахь а, ц1оцкъаман чо хилла а. Иза шеха-а велавелира, шен г1орг1ачу озаца:

– Тера вац, ваций?! – олуш. Со улло охьахиира. Охашимма сахьт хан яьккхира, 1адлан д1атаь1на а волуш.

– Гур ду вай, – элира цо, со д1аваха араволуш, – кхин генахь а ма хир даций вай вовшашна, – аьлла, эвлайистехь куьг а тосуш, кешнаш долчу аг1ор, – шаьш д1адахккалц, вай диц ма де-кха, – олуш.

Цул т1аьхьа вай-й велавелира, ша могуш волчу хенахь мекхашна т1е ма-даххьара, чо боцчу мерак1ела дайн куьг а хьош.

Со велха ца вилхира 1адлан велча – со цкъа а ца велхало боьрша стаг д1акхелхича, – со б1аьрхиш а муьйлуш, 1ара, велха ца велха, сайн б1аьрхих къурдаш а деш.

Сан ваша а вара царех, иштта хеназа д1авахна волу… вешех муха дуьйцур ду-кх, х1ун ала ас хьох, Хьасабек, шуна иштта велха ца луш, айса б1аьрхиш мийлар бен… комаьрша стаг вар-кх хьо ч1ог1а, хьайл г1олехь кхин воцуш…

 

Нана елча-м вилхира со, Россин коьрта шахьарехь накъосташца цхьаьна хиъна 1аш, ц1ера сайга тилпо тоьхча, уьш г1овтталц собар а дина, ванни чохь д1а а хьулвелла.

Со цкъа а, бераллера ваьлча дуьйна схьа, иштта ч1ог1а ца вилхинера, иштта доггах, бер санна, «ув-ув» деш, сайн нене кхайкха а кхойкхуш: иза дуьхьал йист а ца хилира, оццул со воьлххушехь, беран хенахь санна соьга: «Нана яла хьан, ма велха», – олуш.

Зударий… зударийн къа ма дара, царна бен кхин хьанна воьлхур… сел экама, цхьа заза санна, узар а санна – байн узар, механ 1аь санна, лазам а санна, цхьа башха г1айг1а ма яра цаьрца, хьегаме г1айг1а, сатийсаман б1арлаг1а санна, дуьненахь лоьху маршо а… зударийн къа ма дара – нана, йиша я езар, – зуда хилчахьана, бен д1а а доцуш… къа хьуна хьайх ца хетара, къа царех хетара хьуна, сел эсала, экама, заза санна, сел ховхачу царах… царна бен, хьанна воьлхур вар-кх, церан къина доггах воьлхуш…

 

Ца оьшура, безначех дийца ца оьшура, хьан ойланаша хьоьгара дерриг а д1адоккхуш хилча, йозанна дуьтуш х1ума а доцуш: нехан вон санна х1ума дара йоза, нехан вонах атта язлуш…

… хьо хьайн г1айг1а язъян воьлча, шадерриг а хьоьца дуьсура, хьох къаьстина кехат т1ехь охьадижа а ца туьгуш: д1а ца долу, хьоьца дуьсу, хьуна хьайл а лан хала а долуш, дагалецамийл а ч1ог1а хала… и шераш а, уггар а къона, и зама а луьрачех, къузткъе итт я дезткъалг1а шераш цу б1ешеран, дерриг къам Сибрех д1а, Россехула, Казахстан, беза белхаш, г1ишлош, 1аьнан г1урахь хьуьнхотеш а… и уггар а тоьл-тоьлларш, доьналла дерш, каерш… масане вайра цигахь, масане велира: набахтеш, сизош, буй-т1арий, вер-ваккхар, х1ара г1ала а кхечеран, шу доцчийн – массеран а…

…шу шайн ц1ахь – ц1ахь а дацара, я д1адахча – цигахь а, массанхьа а къуьйсуш дара, массанхьа а маршо лохуш… цхьа дийнна чкъор кху къоман, х1аллакьхилла дайна долу чкъор, ц1ахь а, кхечахьа а маршо а йоцуш, адам а хилла лаьттахь ваха, хьайн махкахь – хьуо кхиъначу, хьан ю бохучу пачхьалкхехь а………………………………………………

… уьш иштта д1а а ихира т1аккха, набахтеш а, мехкаш а хуьйцуш, 1едало вуьйш, дар-дацарехь, я лазарша, хеназа долчу, шайн некъах а ца кхуьуш, шаьш х1ун лоьху, х1ун оьшу а…

Уьш уггар г1олехь а бара, кхузахь – ц1ахь буьсучийл: доьналлица бара, комаьршонца, тешамца а хьуна оьшшучу, хьо кхузара, ц1ера д1авахча, хьан хилла болу накъостий… царех вара и 1адлан а, и Белый а, Яхья а, 1едало герз диттина вийна волу Ваха а. Уьш хьан бара, хьан сица ийна, хьо везнарш, безнарш хьуна, миччахь а хьуна бохам хилча, г1овг1анца сихха схьа а х1уттуш…

Иштта яра хьуна х1ара г1ала а – йо1, доттаг1, езар а санна – чохь са а долуш, дог а детталуш, кхена йо1 санна, къона хазъелла…

 

Х1етахь юха кху г1алара, кху дега1ийжамашкара – хаддаза т1аьхьакхойкхуш дагалецамаш а болуш – лелла хьо ц1авирзича, ц1е яьгначу овкъарла санна, цхьана юкъарчу1ойле кхаьчча – студентийн юкъара1ойла, – де дика деш, хьо вистхилча, фойехь 1ачу зударшка, уьш массо а хьалаг1евттича, букъ берзийна 1ийна цхьаъ, схьахьажар а, г1аттар а доцуш, ша 1аьччура д1ахьодуш – кхин юха а ца йоьрзуш, – дуьхьал долчу ламешкахула сихха ирах хьалахьаьдира, хьуна настарш а, дег1ан кеп а евзаш, букъ а, белшаш а, еха ворта а…

Ахь цхьаьнга ц1е хаьттира, оцу зудчун ц1е х1ун ю, аьлла. Хьоьга йийцинарг кхин ц1е яра, ахь йоккхуш хилларг а йоцуш, паспорт т1ехь цуьнан хилла ц1е.

Фамили а яцара шен. Ахь хьуо д1акхетавайтира иза еддачу г1ат т1е: не1 къевлина яра кабинетан. Некъ хьоьхуш йолу зуда дика гена а ялийтина, кабинетан не1аран т1ам, охьа а та1ийна, ахь схьаоьзча, хьуна аьрру куьг гира цуьнан, цо не1 елла схьакховдийна, вукху буйнахь т1оьрмиг а – иза яда арайолуш яра, хьо гале, хьох яда…

– Ми… хьо ма… хийцаелла, – делира хьоьгара, хьуо лаьттачохь вог1а а велла, маршалла а, хьал-де а доцуш, иза гарах цец а ваьлла, иза хиларх, иза схьагарх.

– Хьо къона ву-м ца моьтту хьуна! – не1аран дог1а хезира хьуна, «гарт-гирт» аьлла, не1аран дог1а д1акхеташ – сиха ю со… ваша ву сан цомгаш… 1одика, – д1аяхара, букъ а берзош, х1етахьлеррачу цу боларца, ойла барзах уг1ийначу, дог дагера дуьйлуьйтуш, хьера ваьхначу боларца, геннахь гуш яь1на а йолуш, геннахь хеза хаза ши ност а. Хьуна цуьнга ала лиънера, цуьнга деха лиънера хьуна, – дерриг а иштта нисдаларна, иза дагара цаяларна, иза лазарна, цуьнца важа а, – суна къинт1ераялахь аьлла, берана шен нана санна… дегабаамаш хьан ма бац, – уьш хьан хилла ма ца 1а, – дегабаамаш сан ма бу, берриш а сан – вайшиннан а дегабаамаш берриш сан ма лозу, аьлла.

И йо1 иштта д1аяхара, аьлча а, и нехан зуда, маццахлера йо1 а эцна шеца, х1етахьлера и жима стаг а, и г1ала а, шераш а цхьаьна, цкъа къона, хаза мел хилларг.

Хаза ма яра х1ара г1ала а, хьо а, иза а, х1ара дуьне а, шел хаза кхин г1ала а йоцуш, х1ара мацах хьан хилла дела…

«Яра» бохург ма хала ду-кх, ю бохург а доцуш цхьаьна, нускал санна хьегаме хилла, хьуна езна йолу хьан г1ала… Йоьжна 1уьллуш а ма яра иштта, ц1аро аьгна юьхкаш бен, дийна меже а йоцуш гуш, аркъал кхетта ша 1уьллуш а ма хетара иштта хьоме… хьо овкъаршца ваьлла лийлира, наггахь гуш адам а долуш, иштта наггахь ж1аьла а гуора, к1урзаша бос а 1аржбина, шен басах тилла лела…

Ирча сурт дара, 1аьржа сурт, БТЭ-рашна т1ехь 1охкуш мокха салтий а болуш, герз тоха кийчча, герзашца… Хиш ша-шаха охьаоьхура, биллинчу б1аьргашкахула, цхьа а велхар а, тийжар а доцуш, меллаша охьашершара хиш, хьайн ойланашна юккъехула, дагалецамашца, къематденца… Т1ом кхин цкъа а хилира, цхьаъ д1абаьлча, важа а хуьлуш. Хьо кхиъна г1ала кхин яцара, хьо кхиъна мохк а бацара кхин, х1етахь хилла кегий нах а, я мехкарий а, марзонаш а.

Кхин чкъор дара, кхин адамаш а, кху г1алин а бара кхин дай, кхин хьаькамаш а, бахархой а, кху г1алахь цахилларш, цабаьхнарш, цалелларш; г1ала х1ун ю цахиънарш бара х1инца кху г1алин дай, х1ара г1ала цалезнарш бара, цабилхинарш кху г1алина… цаьргара муха, х1ун хоттур-кх… дагалецамаш ца лезначу нахера х1ун бехк бара-кх баккха, кху г1алех дагалецам ца боьлхучу нахера, я безамаш а ца хеддачу, дега1ийжамаш а, къастар а – кху г1алин урамашкахула йо1е дог ца даьхначу…

 

Хьо х1етахь, х1ан-х1а, хьо цунах ма ца 1ийра цуьнга и дош ца алалуш – хазчу йо1е хьо еза аьлла, – ткъе итт шо зама хьалха, кураллина ца 1ийра хьо я деган сонталла а: цо дерриг а даржийнера, шел хьалха мел хилларг – дерриг а ц1енна т1ек1ел а тухуш: хьан шераш а, безам а хьан, хьуна цхьаъ бен ца хетта болу дуьненнал боккха безам: хьуна хаза йо1 езаелира, вукхуьнга хьайн бала балххол, цуьнга г1о деха, орца даккхал, иза лозу ала, хаза йо1 лозу… хьо цундела вахара д1а а, и тешам бохка ца бохка, дуьххьара хьайх тешначу йоь1ан дуьне ца харцо, хьайна кхин езча, кхин езаелча, цхьаъ вукхуьнца хийца ца хийца, цхьа а ца йита, ца йицъян, цу шинцца а д1а ца къаста… Ахь орца а ца даьккхира, 1одика ца йира цхьа а – хьо иштта ваьлла д1авахара, хьайн лозу дагалецамаш а эцна, хьайн ц1ийх 1ена дог а къуьйлуш, барзах уг1у ойла а хьош, цхьана кхечахьа, кхечу мехкашка, шовкъ кхачо, шераш дайа………………………………

………………. хьуна т1аьхьа цхьа а ца кхайкхира, хьо а вацара цхьаьнгга а хьоьжуш.

                                                                               

 

                                                                                                1980-2008 шш.

 

 

 

Геннара хьиэг1а мукъам санна…

 

Малх ша хила беззачохь бара – стиглахь, цундела санна бара боцуш а, гуттар а ша иштта хиларна: раж к1ордайо, тидам а бовш, ц1еххьана дерг дуьсу дагахь, я дерриг а ган а ца гуш, хьуна ахгина долу х1ума: юьхь а, чаккхе а къамелан, ша къамел хезаш а доцуш: стигал дукха йоккха ма ю, иза гуш ю, ерриг а сийна, анайист ю хьегаме, ахгушъерг, мерца 1индаг1; гинарг бен дан ца дов – суна иза цу сарахь гира, малх бузучу маьрк1ажехь, са б1арлаг1на б1аьрла дахна, бос бовчохь, сизаш а, ахкхулучу аматца а – синан лар я лараш, – хьажарх дуьсу сурт санна, дагалецамийн сецна сибат (гуттар а горга, маь1иг аьрта, мехашна дуьхьал уьдуш санна), ойланийн б1аьра хьалхахь, х1аваэхь лацало васт – бесница гира, б1аьргаца а, балдин бист а хаалуш, д1ога цигахь, ност йовчохь, кучах хьерча к1айн к1ажа а… 

…х1унда, гуттар а, цкъацкъа, х1оразза йо1, зудабер  я сесаг – адамашлахь я ша цхьаъ, хенан гаъ карзаха хьовш, мас тохалуш, г1одаюкъ сетташ, ша-шеца санна,  дуьненца ша (синан цхьалло хьаьшна хьажар – хьан лазийна г1айг1а а эцна), хи т1ехула,  1индаг1 санна, яйн шершина хьуна т1ехъяьлча ( къона хазъелла, хаза х1оьттина), ч1урамах терра, механ 1аь санна,  гу аьнехь1 к1айн дакх санна, йо1, зудабер я сесаг уллохула д1ат1ехъяьлча, и мукъамаш мичара бу-кх, мичара схьахеза-кх уьш, д1огарчу йо1а, д1айоьдучо – цкъа а гина а, евзаш йоцчу – шен синан лар юьтуш санна, хьо генна шена т1аьхьавоьхуш, бераллера дуьйна схьа кхуза, кху суьйренга, шерашка д1а, к1айчу кехатех кеманаш а деш –  х1урдакеманаш, – хинтатолца ахь хоьхкучу хенахь санна…

      …зудабераца мукъам муха, мичара схьа, маца дуьйна, хьан шерийн маьрк1ажехь цхьа къона йо1 иштта т1ехъяьлча, сингаттам х1унда хьаьрча-кх, ирсах са хьаьгаш санна, цхьа геннара хьиэг1а  мукъам, – цу ирсах, къоналлех, к1айчу боларх г1уьттуш санна, йоь1ан аматца цхьа мукъамаш, пхьаьрс-т1емашца – къона аьзнаш а…

                    

…йо1 а, мукъам а цхьаъ дуй-те, юха – анайист а, акха х1орд а, ц1еран мехашца г1уьтту сийна ц1е а, ойла 1адайо лаьмнаш а, иштта заманца – зама тилла – азалле хьаьдда хиш а…

                                   

…гуттар а, я бер долуш, юха х1инца а, ханъяьлча, ирс цхьаллица хьег1на-кх суна, суо волчохь, ойланца суо: цу лаьмнашца, ц1арца а сийна, ц1арах еттачу анайистаца, 1енаш доьду куьзга санна хеташ, сецна моьттучу хин керчарца, даим а юха цхьа йо1 а гуш, цхьа зудабер, сесаг цхьа, геннара хьиэг1а мукъам санна, синхьегамо оьхьу б1арлаг1а…

 

 …эзаршлахь, эзарца цхьаьна, б1е эзарца хьо хиларх, юккъера д1айоьдучу цхьанна х1унда тевжа-кх хьан ойла т1аьхьа, хьо виц а вина йоьдуш санна, шеца д1авига хьо виц а вина…

…х1унда юха а, х1унда хета-кх, хьан са шена т1аьхьа хьаьгнарг, хьан даг чуьра йоьдуш санна, хьан дог а, са а, ойла а хьаьшна, воцуш санна, хьо виц а вина, оццул хьоьца – хьан ойланца – берахь дуьйна хьоьца хилла йолу, адамашлахь я ша цхьаъ, къона хазъелла, хаза х1оьттина, ч1урамах терра, механ 1аь санна,  х1аваэхь т1оман лар санна, – аьрзунан т1оман г1ар – т1оман 1индаг1 я томмаг1, дагалецамехь ойла санна, яйн шершина хьуна т1ехъяьлча, ша-шеца санна, дуьненца ша, мел хилларг къежлой-ца хьан, дуьххьара х1инца юхакъондала, кху дахарх – нажжаз бен – са хьега дисна х1ума  а доцуш, дерриг а х1инца кхоллалуш санна, девзаш санна, гуш cанна хеташ, са баттара – балера дуьйлуш, цу мукъамна т1аьхьа даха санна, йо1а, сесага,  зудаберо шеца кхуллучу цу мукъамна…

 

…х1ара суьйре а, дуьххьара йолу, т1аьххьара долу х1ара де а иштта, йоь1ан коч санна, когашка южу – лаьтта южу йолу буьйса а тховса, хьарчийна мас – куьзган чохь  – коьртара охьа ма-йожжара…

 

«Цхьа х1ума-м дайна-кх сан, цхьанхьа цхьаъ-м дицделча санна, ахь дехкинчу некъашкахула, хьо даг чу вийлла некъаш», – цхьана кхечо, цкъа мацах, тулг1еца йов тулг1е санна, тхан шераш вовшашца ийча, денош а дайча, суьйренаш а, паналлин анайист санна, са хьегамна хьега даьлча…

 

«Цхьа хьажар а,  – элира ас, х1етахь цуьнга, х1инца санна, –  цкъа г1ийлла хьо схьахьажар а, бухара дуьйна, циггара, д1огара хьо цкъа схьахьаьжча, дуьххьара хьуо суна гуш санна, цхьана кхечу  не1арехула, кхечахьахула гуш санна хеташ, хьуна хьайна юйла ца хиъначу хьан  деган не1арехула, къера къа санна, къайла кхехьначу, хьайна кхаьбначу, суна а…»                          

 

 Иза меллаша схьахьаьжира ( х1инца, х1етахь ма-хьажжара) сан ойланийн дагалецамехь, бухара дуьйна, меллаша, дагалецамах долчу хьажарца, хьажарца – дагалецамца, цу сарахь, х1етахь санна, уллохула д1а т1ех а яьлла, ша-шеца санна, дуьненца ша, хи т1ехула 1индаг1 санна, аьрзунан т1оман лар санна, д1аяханчу сарахь санна...

                                 

(…анайистош х1унда кхулу-кх, маца къанло-кх къона буьйса а, деган не1арш а хьан къовлу-кх, мичхьа, муха т1екхеташ, цхьана кхечахьа, кхечахьахула хьо йоь1ан даг чу вийла, йоь1ан хазалла къийлина йолу, къайленан деган къайле?..)

 

«Мичхьа ду-кх мел хилларг, я сайн ду моьттинарг а суна, гуттар дерг мичхьа ду-кх: м1аьргоннал цхьа абаде, азаллехь сецна г1ан а…», – иза, бер санна, охьайилхира, сан ойланехь, гуш санна хеташ, г1енах хаьдда жима бер санна, самонца ша сема а гина…

 

Суьйре яра, сийна маьрк1аже, дагалецамехь юхакарладийла дайна ирс санна, д1аяха кхулуш, 1индаг1ашца яьжна 1уьйре санна, бода лаьттара стигала а кхийдаш, анайистехь дисинчу коран куьзган б1аьрг а буьжуш д1а…

 

Со сецира, вист а ца хуьлуш, дагалецамах ца хада санна, стела1одан г1ад а, орам а цахилар ирс дуй а хиъна, гуттар а хьоьца, хьан сица диса  – дагалецамехь деха ирс, мархашлахь боцу мотт санна, дуьххьара санна, безам а кхин а: ас цхьа а дош ца элира, цуьнга вистхилла, цхьа а дош, дош а, хетарг а эрна дуй а хууш, моттар бен, хьиэг1ар а…

 

                                                                                                            2006 шо, август

 

 

 

Тептар

 

«Суибат йолчу гучуволуш хилалахь, к1ант, – элира соьга тхан дас, ша д1авалале, – Хьаж-Мурд ч1ог1а гергара стаг вара хьуна сан, шел дикаверг кхин хила йиш а йоцуш», – аьлла.

Суибат йолчу кест-кестта х1уттуш 1едал дара сан, кху т1аьхьарчу хенахь-м дедда юкъа а кхочура, лазаро лаьцна йолчу цуьнан мелла а дог тедан г1ерташ. Лазар 1аламат дика а ловра Суибата, Дела хьан аьлла, суна хьалхахь цхьа узар а ца болуьйтуш.

Ас цхьацца хилларш а, лелларш дуьйцура цунна, сих-сиха Хьаж-Мурд а хьахош, юха тхайн да а вуьйцуш, уьш кегий болуш хилла хенаш а хоьттуш цуьнга.

Елаяла г1ертара миска, «xlyxl» олуш, сихха, доцца са а доккхуш.

Цкъа, цхьана сарахь, г1еххьа цуьнца 1ан а 1ийна, чуваха аьлла, со хьалаг1аьттича:

– К1ант, оцу къонахчун цхьацца йозанаш дара... цо лелийна, х1ара бераш цу х1уманна башха ох1ла а дацара... уьш ахь хьайгахь дитича... хьо цаьрга хьаьжча... жайнаш ду а ца хаьа... цунна дуьхьал юьхьк1ай гlyp яр-кх со, – эли соьга Суибата, шен г1евленгара к1айчу кисе юкъа хьарчийна цхьа мокха кехаташ схьа а кховдийна.

– Со 1елам стаг ма вац, ва Суибат, вуьшта...

– Хьайгахь дитахь х1орш, к1ант...кхарна эшча схьалур ахь, цхьа а пайда а боцуш, дисарна кхоьру-кх со...

Суибатана кхин дуьхьало ца еш, – бисмилла даьккхина, – и кехаташ схьа а эцна, чувахара со, Суибата шех кхоччуш дог диллинийла а хиъна.

Суибат иссалг1ачу дийнахь д1аелира. Тезет д1айирзинчу т1аьххьарчу буса, цхьа дог вон хилла, хенахьуо чу а веъна, юха пхьуьйра ламаз а дина, цхьа эзар зуькар а аьлла, пеша уллохь лаьттачу паднара т1ехь 1уьллучу суна: «Деллахь везара со оцу кехаташка хьажа» – аьлла, дага ма деа цхьа ц1еххьана: цхьацца элпех кхеташ ву со, кхин дешна вацахь а.

Кехаташ 1аьрбин йозанца яздина хиллера, цхьадерш дикка къаьсташ а доцуш.

«Аятуль-курси» дозалла гира суна цхьанхьа. «Ойланца а, дагца а боккъал тешна а волуш, цкъа x1apa дешначунна, къузткъе итт шарахь Далла 1амал йинчу стагана йолу ял хир ю, аьлла ду-кх, Дала мукълахь»

Шозлаг1а яздина дара: «Ша чуьра араволуш, цкъа «Аятул-курси» дешначу стагана, эзар малик хир ду боху, Деле цунна гечдар доьхуш», – аьлла.

Юха кехаташ луьсту-у-уш 1аш, цхьа иттех кехат тайца вовшашна т1етт1а тегна ги-кх суна.

«Жайна ду-кх хьо, боккъал а», – аьлла, юьхьанцара дуьйна листа ваьлча, йоза кхечу маттахь дара, латинин олучех.

Сахуьлуш велира со уьш дешна, дег1е шийла хорш а хьодуш.

Х1етахь дуьйна и кехаташ кхин меттах а ца даьхна ас.

Суибат, ас шуьга ма-аллара, иссалг1ачу дийнахь кхелхира, шу марша, соьга кехаташ схьа а делла.

Ас дешнарг иштта дара я со кхета г1иртинарг:

 «Со, Вах1абан во1, Хьаж-Мурд, 1943-чу шарахь, аьхкенан т1аьххьарчу баттахь, доьалг1ачу оршот дийнахь, мута1еламашна чухула «Алхьамд» деша а 1амийна, малхбузаран ламаз а дина, Никара ч1ожа вахара, бакъ-ч1ара лаца, серех буьйцина дуо хи чу xloттo дагахь. Сан х1етахь – селхана, – ас лакхахь хьахийначу шарахь, шовзткъе барх1 шой, кхо бутт, шийтта де а дара. Зуда ялоза а вара.

Де декхна дара цу дийнахь, къегина кхетта малх а болуш. Ч1ожа чухула а ца воьдуш, юьртана лакхахула боьдучу новкъа вахара со, т1аьхь-т1аьхьа охьа лах а луш, нийсса ч1ожа чу х1уттучу новкъа.

Масех дукъ а хадош, кхо-йиъ чаккхарма юьртана со генаваьлча, лоха чухула, цхьана маьхьаре йоьдуш санна, ма-яххалу йоьдуш ши зуда гира суна, вовшех цкъа а хер а ца луш.

«Ванах, кхара х1ун леладо-те!», – аьлла, цецвелира со, суо лаьттачохь охьа а хиъна. Хино гуола тухуш, г1ум 1аь1начу метте кхаьчча, ши зуда г1ум ахка х1оьттира.

Боккха к1аг боккхуш, г1ум аьхкина яьлча, шаьшшина т1ехь мел хилла бедар охьа а йоккхуш, ерзина ц1ена д1ах1оьттира и шиъ. Юха бедарш к1аг чу а ехкина, т1е г1ум хьаькхира, т1ехула т1е екъа г1ум а хьорсуш.

Т1аккха сецира, гонаха хьожуш.

Сан б1аьрса юха тилалуш я тиладалале шина зудчух ши борз хуьлуш гира суна.

Со 1адийра, дуьне а, эхарт а дицлуш.

Суна суо велла моьттира цу сохьтехь, эхарехь ву-кх суо аьлла.

Т1аккха сайн меженаш 1ийда волавелира со, лазвой хьажа.

Ши борз хьалхарчу дукъах къайлаиккхира, юьртехьа охьа.

Х1етта дагадеара суна шах1адат дало, суо дийна вуй a, xlapa самах дуй а хууш.

Дикка хан елира, со г1атта ца луш: дег1ачуьра са д1адаьхьнера. Дала Къоръанчохь деза дуьйцуш долу: «Табарикаллези биядих1ил мулку...», – ц1е йолу аят а доьшуш (иза дагахь хаьара суна), ма хьаддалу хьаьдда вахна, шина зудчун х1умнаш, генна лакхахь, басех, цхьана торха к1ела къайлаехира ас, суо куллах д1а а лечкъаш.

Х1орш г1емаш делахь – х1орш боккъал а г1емаш а ду (Делах девлла адмаш), – т1аккха кхара суна дан х1ума а дац-кх, со кхера ца велчхьана аьлла, сацам бира ас, Деле суо ч1аг1вар а доьхуш.

Соьгахь топ а я шаьлта а яцара, мокха доцург.

Масех сахьт делира, берзалой гучу ца йовлуш; 1индаг1аш дахделлера. Малх чубуьзна-кх аьлла, суна дагадеанчу барамехь, шина барзах б1аьрг кхийтира сан, шаьш охьаяханчу новкъа а ца йог1уш, дуьхьларчу басах, говрийн рема йог1уш санна, доккхачу татанца «гов-гов» деш, хьаьдда йог1учу.

Со х1етахь «Ясин» деша волавелира, сайх цхьаъ хилахь а аьлла.

Ши борз дег1ана язъелча санна хийтира суна, гаьш генна охьа а кхозуш.

Цхьаннан бежана диъна-кх цара, тешна а, моьттира суна.

Кхоссаелла, хих дехьа а иккхина, г1ум ахка х1оьттира ши борз, т1оьдашца г1ум д1аса а кхуьссуш.

Бедарш ца карийра. Берзалой дехьа-сехьа лелхара, «цкъув-цкъу-ув» деш, вовшашна т1е а етталуш.

Хьалахьодура ч1ожаца, юха охьахьодура.

Г1ум ахка йолалора. Юха yгlypa, хьожа а етташ. И берриг ч1ожа т1ек1ел кхоьссира цу шимма, цу чохь мел болу т1улг а цхьаьна.

Меттанаш генна ара а дог1уш, чожмаш а детталуш, сецира, ший а гонд1а а хьожуш.

Тохара санна юха, сан б1аьрса тилалуш я тиладалале ерзина ши зуда гира суна, накхош куьйгашца къайла а даьхна, г1амара т1ехь хиъна 1аш.

Т1аккха йоьлхуш а хезира.

– Хьуо Делан а, Дела хьайн а велахь, гучувалахьара хьо! Ма х1оттае тхойша юьхь1аьржа, адман хьожа ю кхузахь! – мохь белира цу шинга.

Сан дег1а т1epa ерриг а ц1ока озаелла яра, дилха т1epa схьакъаьстича санна.

Дег1 ду дац а ца хаьара. Б1аьрса дара, кхетам а, къамкъаргахь деттало дог а. Со охьа т1евахара. Ши зуда суна ца евзара, сан юьртара яцара и шиъ.

Церан маьхьарша къарвира со, берриг ч1ож а, лам а, хьун а, буц а 1оьхуш санна хеташ.

Цкъацкъа адмех йоьлхура, юха барзах, чаг1алкхах, т1аккха берах, олхазарх: шайн бедарш йоьхура цара, соьга совг1ат ала а бохуш.

Ас ц1ераш хаьттира, хьенан-мила ю дийца аьлла.

Лом хьаьдира суна т1е, т1екхоччушехь, д1а а довш.

Ас «такбир» далийра. Лаьхьа хьаьрчира сан настарех, дег1ах схьа а ца хьакхалуш.

Олхазар дара стиглара, сан ши б1аьрг баккха санна, сан юьхь т1е нийсса т1едог1уш, суна м1араш а, з1ок а гуш.

Ча х1оьттира дуьхьал хьала, адам санна, йист а г1аттош.

Т1аккха саьрмак гира суна, попан барамехь, стомма а болуш, виран санна, боккха корта а. Багара мотт ц1ен бара.

Юха хьожа г1аьттира ч1ог1а, сан бедарех 1ийдалуш адамийн ц1анош а йолуш.

Дакъа гира суна, ши дакъа, суна бевзачу нехан декъий. Диллина лаьтташ каш а дара, чуьра схьахезаш узарш а долуш, юха к1ора санна 1аьржа текхарг а, кошара хьала арайолуш, адман санна, боккха ши б1аьрг а, зудчун санна, месаш а гуш.

Ц1е елира цул т1аьхьа, дерриг а дуьне догуш санна. Со ц1арна юккъехь вара. Ц1е дег1а т1е лиэтара, хьайбано мотт хьокхуш санна.

Юха а ши зуда гира суна, шаьш тохара ма-хиллара, пхьарсашца накхош а хьулдина, охьахецна месаш а йолуш, г1амар т1ехь хиъна 1аш.

– Х1ун деза хьуна? – хаьттира цара, – хьайна дезачун ц1е тохахьа?

– Ц1ераш йийца! – элира ас, – шаьшшиъ хьенан-мила ю дийца!

Цара соьга ца кхуллуш дуй ца битира, Делан а, суна буьйцуш ца хезначу пайхамарийн а, ялсаманийн а, жоьжахатийн ц1ераш а йохуш.

– Шун Дела а, пайхамар а вац – остог1фируллах1! – шун дехарш жоп доцуш а ду, – элира ас, – х1ара дуьне аш сан дола даккхарх, шайн ц1ераш аш ца йийцахь, бедарш д1а а хир яц шуна, – аьлла.

– Д1абузу малх 1уьйранна анайистах хьала къастталц, тхан ц1ераш нахе ца йийца дош лохьа тхуна, айхьа 1амал ечу хьайн Делан дуьхьа, – дийхира цу шимма, т1аккха бертала, ж1аьла санна, суна т1е а текхаш.

Ас дош делира, сайн Делан дуьхьа.

Суна евзира и шиъ, церан дай а, ц1ийнадай а цхьаьна.

Ас бедарш д1аелира: «Малх гучубаллалц ахь тхойшинна ц1ераш нахе йийцахь, беа куога хьайба а, боьрша бер а кхуьур дац хьан ц1ен т1ехь, xly доцуш вовр а ву хьо, – элира цара соьга, – охашимма чиллан хьеса боьдуш, бустамашца г1овтал а, коч-хечий а хуьлуьйтур ду-кх хьуна 1уьйранна, тхойша кхузара д1аяххалц собар а делахь», – аьлла.

Ши зуда, шайн бедарш т1е а юьйхина, суна дуьххьара гуш санна, ма-яххалу сиха, вовшах а хьерчаш, ч1ожаца охьа чу яхара, цкъа юха а ца хьожуш.

Х1инца д1аг1уо со а аьлла, со д1а меттах ваьлча, говрийн пхьажаш юккъехь вара со, нийсса аркъал воьжна 1уьллуш.

Цу буса юха, т1е хи а кхерзина, сайн дисина ламазаш а дина, и дерриг д1аяздира ас, цу шина зудчун ц1ераш а, тайпа а, дай а буьйцуш.

1уьйранна, малх г1аттаре хьоьжуш 1аш вар-кх со, луларчу Залимата не1 тухуш.

Ас не1 схьайиллича, ши ког а 1уьйра, буйнахь куьйггал жима кад а болуш, бод хьакхо морза деха еъна Залимат лаьттара.

Со ч1ог1а цецвелира цунах, бетташ кхо етт а болуш йолу xlapa, куьйга т1ера юккъал жима кад а бохьуш, морза деха а муха йог1у аьлла.

Кхин цуьнга х1ума а ца олуш – чуйола аьлча, иза чу а ца еара, – нене айса х1ун леладо а ца хоуьйтуш, цуьнгара кад эцна, чу а вахна, юха цу кеда чохь морза ца соцуш, дикка къа а хьегна, со д1а араваьлча, малх г1аьттина гира суна.

– Лап-т1арш, стеран ма1а, хье т1е бала хьан ши б1аьрг, хьайн йозане хьажа х1инца, хьаьвди чохь г1овтал а кхозу! – Залимат къайлаиккхира, куьг тухуш, морза 1анийна, сан карара кад а бадош.

Со д1а т1аьхьа хьаьдира цунна.

Шу к1ела ваьлча, стаг а вацара, Залимат хилла меттиг а.

– «Жинийн пал бу-кх хьо», – аьлла, боккъал а йолу Залимат лаха вахара со.

Залимат даьхнийн кхо дохуш йоллура, баьхьанца 1окъий ц1андеш. Коьртахь доккха йовлакх а дара цуьнан, когахь не1аран бертигаш йолу мачаш а.

–Ва Залимат! – элира ас, – сахилале морза деха х1унда еънера хьо? Морза дац вайн чохь? – аьлла.

Залимата 1уьйре дика йира сан, ас дуьйцучух а ца кхеташ.

– Х1ун морза элира ахь, ва к1ант! Хьо муха вог1у морза дахьа, Х1овка стенга яхна, х1ума-м ца хилла...

       –––––––––––––––

 

– Ца хилла, – элира ас, хиллачух ма-дарра кхетта, – иштта д1а хоьттура ас, шийло морза дезаш, – аьлла.

– Ас д1адохьу хьуна, К1ант, – элира соьга Залимата, шегара баьхьа охьа а буьллуш.

«Лап-т1арш, стеран ма1а...» – со д1ахьаьдира, и дешнаш дага а даьхкина.

Сту белла 1уьллура, беа ког т1ехь а болуш, мотт а бара боккха арабеъна, к1ора санна а 1аьржа, бистина гуш.

Хьаьвдех кхозуш г1овтал а яра, вета болу коч–хеча а.

Юха йоза: «Хьайн йозане хьажа х1инца...»

Йоза долуш дара, ас д1а ма-яздарра: «Со, Вах1абан во1, Хьаж-Мурд...», – д1а а долалуш.

Шина зудчунна т1екхаьчча, ц1ераш яцара я тайпа а, тукхам а.

Сибташ дага а ца дог1ура, цара ц1е яьхна ярташ а, ц1инадай а бицбеллера.

Залимат яр-кх суна гушъерг, уьш дагалаца моссаза г1урту.

Вуьрх1итта де даьккхира ас, сайна мел хуу жайна толлуш.

Цхьа а х1ума ца карадора.

Буьйсанна наб а ца кхетара, – ца вуьтура набкхета, –сахиллалц корехь «к1ахь-к1ахь» дара суна хезаш, юха: «лап-т1арш, стеран ма1а, хье т1е бала хьан ши б1аьрг, х1илла дан воллура хьо, бартах ала бат йихкича, кехат т1ехь айкхваьлла» – бохуш.

Берх1итталг1ачу дийнахь Къедара жайна даьккхина суна, аьлча а, ши жайна, цхьаъ ц1ийнах д1адолла, важа хьайца а леладе, аьлла, бакъду цул т1аьхьа...», – ас дешна долу тептар кхуззахь хедаш дара, мел ч1ог1а ас талларх, цу х1умнах кхин дош а доцуш.

Х1етахь дуьйна и кехаташ цкъа меттах а ца даьхна ас.

Суибат – ас кхузахь яз ма-дарра, – иссалг1ачу дийнахь кхелхира, шу марша.

Хьаж-Мурд ша 1952-чу   шарахь, Казахстанехь, НКВД-с д1аьлаьцначохь, цхьа доь а доцуш, вайна а ву.

Суна а гина иза цкъа – со и тептар дешна ваьллачу 1уьйранна, – г1енах.

Суна воьлуш санна хийтира иза: «Кхера-м ца велира хьо?» – хоьттуш санна цо сайга, сан карарчу шен тептаршка геннара схьа т1е а хьоьжуш.

Соьга дош ца аладелира, г1енах дуйла хуъушехь.

Со х1инца а ца веъна метта, дешаза а хуьлуьйтур вара.

Тахна кхаарин де а ду, – кху 1уьйранна, гуьйре а ю арахь; шо кхузткъе шийтталг1а ду а моьтту-кх суна, со хьера ца ваьллехь, бакъ ду-дац-м ца хаьа.                                                                                              Кхетам чохь-м ву со, суо дийна вуйла хууш а ву. Хуур ду-кх кхана-лама, нах схьагича, д1авистхилча...

 

–––––––––––––––                                                                  

  1 Ч1апа даккхий т1улгаш " Наь1аран (диал)

 

                                                                    1972–2003 шш.


 

 

 

Терахь

 

Терахь дукха къаьхьа ду, халкъана дага ца дан: 1944-чу шеран февраль бутт я мартан хьалхара денош.

Турпалхочун цIе Ахьмад хилла.

Сан денанна хеза цхьамма йоккхуш, цIерпошта дIайолаелча.

«Иза кхечу вагон чохь хиллера, – олура цо, цхьаъ-м дагалоьцуш санна. Суна цуьнан бIаьргаш чохь гIайгIа гуора гуттар а, цо иза хьаха моссаза во. – Аркъал дIакхийтира, ши гола дIа а гIортош».

ЦIерпошт (нохчий, гIалгIай махках боху дечиган вагонаш) ткъа минотана сацайо цхьана акхачу хьуьна юккъехь.

Гуш дерг ло хуьлу, Iаьржа дитташ, салазан лар санна  Iуьллу аьчга некъан ши томмагI а.

Нах шайн хьашташна охьабоху вагонаш тIера. Дукха декъий а дассадо, лай тIехь, некъаца охьадохкуш.

Аьчган некъан шина а агIор, цIерпошт мел ю, лаг оза кечдинчу герзашца салтий хIуьтту, вада гIоьртинарг вен.

Кхаа-веамма маьI-маьIIехь сихха цIераш латайо, ког-куьг дохдан.

ДIайолу (я хIинца а ялаза ю) итт-пхийтта минотан зама.

Цхьа эпсар, яьккхинчу тапчанца, шен маттахь дешнаш а кегдеш (мотт муьжгийн бу), тIехьоду цIерашна.

ЦIеран хаьштигаш суйнашца даьржа лай тIехула, эпсаран ког тIе мосазза кхочу.

Нах гонахара дIасалелха.

Кхин цхьа цIе юьсу йогуш, цунна уллохь цхьаъ бен стаг а ца хуьлу куьйгаш дохдеш я ишта дIа хиъна  Iаш, цIеран бIаьра а вогIавелла.

Эпсар цига дIахьоду.

Цхьаъ-шиъ кхойкху нохчийн маттахь, букъ берзийна Iачуьнга.

Вукхунна иза ца хеза.

Куьйгаш иштта, цхьана м1аьргонна, дIалаьцначохь дуьсу, бухара цIе дIа а йоьдий.

Хиъна Iийриг хьалахьожу.

ТIехIоьттинчун юьхь го цунна: кIайн, сийна бIаьргаш, мера кIелахь нилха, бос ца къаьста масех чо а.

Цунна  ца кхета иза мила ву я мичара ваьлла а.

Иза хьалагIотту, цуьнца цхьаьна я цул хьалха аьтту куьг а айало.

Тата хотехь дах ца ло.

Сийна бIаьргаш дерг, гуо а боккхуш, лай юккъе бертал кхета, тапча а йолу лайлахь къайла.

Важа охьахуу цIе нисъян.

Ши хаьштиг тIекIел дуьллу, кхозлагIчунна куьг кховдийча, герзан тата оьккху лерехь, аьрру белш а къовзайо, олхазаран тIам санна, оцу сохьта олла а луш.

Схьа а воьрзуш, хьалатохало, хьаланисвалале – соцу…

Лайн хьоькхнашца эпсар го, цIийх юьзна бат а йолуш, тапчанца схьатIехIоьттина.

Иза самавала гIурту. Иза самавала герггахь хуьлу, тапчанан биргIа кхузза-доьазза тохаелла, масех хIоъ хьалхий-тIаьхьий кIедачу кийрахь хьуллуш.

__________

 

Иза вожале самаволу Даймехкан сибатах, юха оцу сохьта кхечу вицваларе а хьодуш… – аьтту куьг а ду цхьана хIуманна-м зийзаш… – ша воьжча кхета цунна куьг стенна лезна, муьжгечун лергаюхе тата эккхаш кхетта куьг...

 

                                                                                                                                1995 шо,  июль

 

 

 

Дешнаш ца тоьара

 

ГIали тIехула Iаьржа кIур бара.

Адамаш дацара.

Наг-наггахь цициг-м гуора. Къийгаш а яра шортта.

Тхо шозза тIекIелдинчу цIийнан ларми чохь Iара, чу пеш а хIоттийна: ворхI бер, ши зудий, кхо боьрша стаггий. Тхо цу чохь долу дикка хан а яра, цхьа бутт сов.

Цхьаццанхьара батаэр гучуоьккхура, тIехь пхи-ялх салти а волуш.

Уьш нехан чу оьхура, хIумнаш кхехьа. Ца карийча, къа доьхура, тховх а, корех а – дийна йисинчу массо а хIумнех – автоматаш а етташ.

Цхьа батаэр тхуна хьалххахь сецира.

– Есть кто в живых? – мохь туьйхира, охьа а лелхаш.

– Есть, – элира тхан хIусамдас.

Шиъ тIаьхьа а сецна, пхиъ кел чоьхьавелира, хьалха лаьцна автоматаш а йолуш.

Ирах а, лаьттах а, цIийнан корех а автоматаш туьйхира, кхерош.

Юха тхо дерриш а дIахIиттийра пенаца.

Ларми чуьра йиъ гоьй, адъялаш, компотан банкеш араийцира.

Оха ладоьгIуш хилла магнитофон а яра.

– А че наверху-то… духи? – хаьттира.

– Да барахло там, всякое, – элира хIусамдас.

– Барахло, говоришь, мразь… дом отгрохал, – ламеш тIехула хьалабуьйлабелира.

– Там закрыто! – хIусамда дIахьаьдира.

Тоьпан мукъ кхийтира коьртах. Тата хезира. ТIаккха эткаш: бетах, пIендарех, гIашъюккъе.

Корта берриг а цIийх буьзира.

СадоьIуш хезара.

Со дIатохавелира цкъа.

Герзан могIа хьаьдира пенаца. Коьрта тIехула кибарчиган цинцаш кхерстира.

Маьхьарий. Белхарш. ХIусамдас уьйзу са.

– Стоять, сучара! – омра дира салтичо.

Шозза-кхузза мийра тоьхча, кагъелира неI.

Рацичухула цхьаъ дуьйцура: «да-да, камаз… третья улица», – бохуш.

Кузаш дара дукха: итт, пхийтта, ткъа – массара а схьакхехьна, массеран а бахам.

ТIаккха гIанташ, стол, мебельш; шаршош юкъахь гул а еш, аракхоьхьу хIумнаш.

ПхьегIийн барз а бохьуш вогIу салти вуьйжира.

– Пристрелить бы тебя… так-кую посуду!.. – корта ластийра кхечо, автомат а хьийзош. Юха цIеххьана, цхьана куьйга схьа а лаьцна, ког хьебеш Iуьллучу хIусамдена

тIейиттира автомат, мохь а хьоькхуш, цIогIа а детташ, цхьана кхоэ кхойкхуш санна.

ТIейоьттира ерриш а хIумнаш. ДIаяьхьира. ДIабахара.

Тамашийна бара синхаам: я бекхам а ца IаьIара, оьгIазалла а яцара гуш, цабезам а ца хаалора.

Уьш муьлш бу ца къаьстара, маьIна дацара царах даккха, ойла дуьхе ца кхуьура. «Къонах ву я стаг вац, дош – дош ду я дош дац»,– шина кхетамехь дехачу тхан кхин бацара кхетам. Цу нехан мах хадон ницкъ болу дош ца карадора.

Нохчийн мотт дукха къен бара, цунна дешнаш ца тоьара.

 

                                                                                                  2001 шо, 16 январь.

 

 

 

 

ЙоIIаьсте…

 

…бIаьстенан йоI, цхьа цIеххьана, къона хьаьдда, гуттарлера, даим санна, хьалха хиллачех тера ца хилла, цхьа серлаяьлла, екхаелла, пардох санна, чекх са гуш, зIийдигах эккха гIерташ, орамашца семса юьйлуш, сирчу кхелах юькъа терсаш… терсина а Iарий ткъа, я кхаьчна а, кхачаелла а…

 

Iуьргара гIотту бурсакх санна, нанна херехь Iа а кхаьбба, цхьа маргIал сараг хилла, юткъа яхлуш озаелла, белшашкара ши тIам гIуьттуш, месех кIайн мох хьерчаш…

                          

…дийцина-аьлла хIун дара хьуна, лулахо хаза ма кхиънера… хаза кхиар-м хIун дара юха, цунах вала меттиг хилча, цо витича, ца хьийзийча, цхьа экама, хьаьъна хьоьжуш, некхан баххьашца са сихдохуш, юха цеце цецъюьйлуш, бацалахь цициго санна, кога буьхьара ког кхийдош, тIемаш санна, тIамарш кхуьйсуш, хенашца яй-й йоргIа къехкош, гаьн тIе хьоза лахделча а: «Ва Делий, устаз!» – бохуш, кIайн куьйгаш мара хьерчош, кIайн цергаш йоьлуш кIайн… цкъа хи дан хитIа яхаяьлча, чукхачале кхузза хитIа оьхуш, и ведарш дIаса ловзош, хи Iенош, бокъах терсаш… иза кхайкхича шен нене, иза нене шен кхайкхича: «Ва нани, на-ни-и!» – олуш, берриг а кийра шах тецаш, буто ша буьжуш кийра, цIийн тIадамех лелха доьлаш, сих довла санна, сиха кIамлуш…

 

«…жима ву-кх  хьо, сан хазниг, со хьоьга муха йогIура ю… юха кхано хьо воккхахилча, со тишъелча, эрчаяьлча, хьо кхечуьнга цкъа дIахьаьжча, со тIаккха лийр ма ю, дог иккхина лийр ма ю, со «ткъарш» аьлла иккхина, тIаьхьа хIума а ца дуьсуш, узар бен, байн узар», – цхьана кIанте, цу кIанте, цу бере, йола бохучу, цIен беснеш кхин а цIийлуш, кIайн куьйгаш юьхь тIе лоьцуш, корта лестош, дIасабоьхкуш, «кIахь-кIахь» дарца кхийсалуш, бIаьргех сирла цинцаш кхерсташ, зорха бетталуш, шалха оьхуш, голаш тIе юьхь лечкъош, лаьхьанах юьйцина чIаба, букъа бахалла саьрмаках, тулгIенашца ийалуш…

 

…керта яххашца Iачу къаноша, юьхь къегаш, бIаьрса доьлуш: «Дала дIаэца хьо шайтIа, кху юьртах цо динарг, массо а ву-кх хьада лууш, цхьа къонвелла, вела лууш…»

 

…тIаккха кIентий, цхьа кIентий, цу юьртара, кхечахьара, цхьаъ дIавахча, важа хIуттуш, кхин вогIуш, некъ хоьттуш, рагI йоцуш, рогIах тилла, йоIе кхойкхуш, хитIа кхуьллуш, хин ведарш дIасалестош, хи Iенош, Iад уьдуш…

 

…юха гIалара цхьа кура кIант, цхьа лекха кIант, хаза кIант, нускал санна, кIайн кечвелла, шурула кIайн-кIайн машен, деза дуьйцуш, сонта кхуьйсуш, цхьа генара, халла къежаш, йоIе хьоьжуш, цуьнан бIаьргашка, туьйра долош, юха хабар, лам буьйцуш, тIаккха аре, цхьана генарчу мехкашка кхийдаш, хIорд хьахош, гIум-гIайреш, цул а жима хилла, йоIал а жима, йоьIан дог шеггара луьстуш, иза тIаьхь-тIаьхьа цецйохуш, тIаккха елош, шех хьагош, цу лаьмнех, аренийх, хIордаш гуш, и мехкаш, дашон гIум куьйга ловзош…

 

…тIаккха суьйренца, аьлла-сийначу, туьркан заза оьккхучу буса, шен бIаьргаш а, хьажар а тилла, болар а дайна, лер а хаьдда, чIабанна зIе дIаса ластийна, хьажочу пIелгах хьийзийна йовлакх кхунна, вукхунна гаьн тIе кхуссуш, цхьана юткъачу кучан цуьргахь, цхьана басмин кучахь, эццара-дIога кхоссаелла, дIогара кхуза сехьа лечкъа, ши ког а Iуьйра, когаш а Iуьйра, цIийеллачу маьркIажехь, цIийна тIехьара, кертан маьIIера, кхос-кхоссалуш машенахь, гIаларчу кIентан машенахь, и бIаьсте а, шовкъаш а аьтта, хийист а хьош, некъаш а, юьрт тосуш, буьйса а эцна: «ЙоI яхна бохий-ц!» – декаш, цхьанхьа генна жIаьла  кхойкхуш, цу кIентан машенахь, цу гIаларчу кIентан гIала, кIайчу чиркхех кIайн йогучу, сахиллалц, сирла са…

 

… «Нана яла хьан, ва нана!» – ши бутт баьлча я ши кIира, нана йоьIан дегIах хьарчар, тIеетталуш, яккха ца луш…

 

…шен меттахь, ша юьжучу, гIалара кIант цхьана кхечуьнца…

 

…ма-хьаддалу дIахьодуш, кхокха бIаьрзе корах санна, пенах кхеташ, кор отуш, неI лохуш, рама хьуш, ворхI-бархI гIат долчу цIийнан лакхара охьа марха санна, яйн южуш, цхьана узарца, «ахI» аларца, халла хезаш…

 

… «юха кхано, хьо воккхахилча, хьо кхечуьнга цкъа дIахьаьжча, со «ткъарш» аьлла дог иккхина, дог иккхина лийр ма ю, узар бен, бай-йн узар, тIаьхьа хIума а ца дуьсуш…»

 

…къоьжа кортош гIийлла ухкуш, Iасана тIе беза базлуш, бIаьрхи дужуш, лаг къуьйлуш, цхьа къайллаха боьлху къаной…

 

…цхьа узар, бай-йн узар, «ахI» аларца, халла хезна, мох хьерчийна месаш Iаьржа, хенех идда къона йоргIа, кIайн тIемаш, болар а кIайн, кIайчу бIаьстенан кIайн заза, – догIанаш ма шийла хуьлу-кх, са шелделча, догIанаш а шийла…

 

…Дала бекхам, гIалара кIант, Дала бекхам бойла-кх хьуна, тхан бIаьсте-м макхйи ахь, кийрахь Iаьржа хатт хIоттош, тхан бIаьсте, бIаьсте-йоI, тхан кIайн марха, кIайн безам…

 

1998-2004шш.

 

 

 

 

Д1аваххалц, хилла а воцуш

 

Цхьана к1иранах я беттанашца, шерашкахь ойла керчош, жимма з1ийдиг хецаелла ойла дийцаран кепа ерзо г1ерташ, ойла лаца г1ерташ, ойла ган, ойлан хат1 довза г1ерташ, к1иранашкахь беттанаш дойуш, беттанашкахь – денош, цкъа вуьжуш, юха г1оттуш, эххар а зама герга г1оьртича (чохь мел верг д1а а вижна, воьду-вог1ург сецначул т1аьхьа), буьйсанна цхьайтта-шийтта доллуш, ойла кхиъна-кх аьлла хеташ, масеххаза кофе а мелла, хьо яздан охьахаа воьлча, к1айчу кехато ма 1адаво-кх, ло санна к1айн, т1ехь хьаьрк а йоцуш, ша санна ц1ена гучу кехато, м1аьрго хьалха карийна хетта мел долу х1ума ц1енна дан а довш.

Т1аккха, г1оттий, волалой-ц хьо, кехате кхин д1а а ца хьожуш, хилла йолу ойла юхаган  г1ерташ, юха схьаеха, 1ехо, цу ойланна амалехь болу мукъам г1ийлла багахь а лоькхуш, буса1уьйкъехь самадаьлла бер тедеш болу узам санна.

Юха, меллаша, бен а доцчух, яздарца бала боцчуха-а, стоьла йисте охьалахвелча, (б1аьранег1арш т1е а дохкуш, юха а цу х1оттаме кхача, сурт, ма-дарра, дуьхьал кхолла, юьхьаьнцара – чекхдаллалц – дерриг а цкъа кхетамца лаца, синб1аьргашна цкъа схьагуо), к1еззиг меттавог1ий-ц хьо, жим-жимма хьайх теша волалуш.

Сурт схьадог1у шен васташца, хьалхарчу дашца, мог1анца; ахь меллаша къолам лоху, б1аьрзе сагалмат санна, ша-шех хьуьйш х1ора п1елг а болуш, т1аккха кехат, хьалхара дош, цунна т1аьхьа– кхин, кхозлаг1а дерг а.

«Леци-кх ас!» – мохь болу хьоьга, ши б1аьрг сихха – самаоьккхуш, – кехата т1е ши б1аьрг а буг1уш.

Хьуна дош го, дешан чам, хьалхара мог1а, хат1 цуьнан, цу чохь йолу ерриг а ойла, цу ойлано хьоьху ойланаш, хьалхарчунна т1аьхьа хинйолу, цунна т1аьхьа ерг а, важа а гуш. Хьо хьалаоьккху т1аккха г1анта т1ера, стоьла гонах хьаьвза хьо т1аккха, кофе лоху, юха – шекар, пилти т1е чайник юьллу, цу кехате, цу мог1анашка воккхаверца д1а б1аьрг а бетташ: хи кхехккалц саца ца ло, собар дац я синтем а.

Меллаша юха стоьла т1е воьду, охьахуу, т1аккха къолам лоху. Юха а доьшу яздинарг, юучун чам толлуш санна, дош дешнашца дог1ийла хьожуш, чулацамца, кепаца.

Йоза парг1ат куогадаха дулу, кибирчиг юьллуш санна, т1аьхь-т1аьхьа т1ейог1у ойла, дуьххьарчуьнца юста а юстуш, масийттаза еша а йоьшуш, аз а толлуш, мукъам а, совнаха хьаьрк хиларна кхоьруш, элп а, мог1а а, хат1 а лардеш.

Амма, мичара! Ойла мича 1а, ойла, йодий, д1а ма йоьду, мохо хьон тулг1е санна, хьан карара, коьртера йолуш, чохь кхаьбна дин арабаьккхича, кха т1ехула ма-хьаддара, хьан дийцарца, сюжетца (юьхь а, чаккхе а, юкъ а ца лоруш), бес-бесара васт а къагош, цагинарг гучудуьйлуш, цахилларг кхолла а кхуллуш.

Хьо къоламца т1аьхьа кхиа г1урту: «Ма зовкх ду-кх, зовкх ду-кх, – бохуш, – х1ара дерриг а схьалацаделча, д1аязделча, дан ца дайча», – юьхь язъеш, юккъера, цигара юха чаккхе лохуш, мог1а бицлуш, сибат довш, сиз хьокхуш, т1адамаш…

Хьо ворх1е а стиглахь хуьлу, 1аьршашкахь, лаьтта бухе: «Карий-кх суна, ма карий-кх, эххар а цкъа туьйли-кх со!... Дависа, х1ара яздаллалц, вала ца леш висахьара-кх, х1ара дийцар чекхдаллалц!» – хьо стоьлаца ирахь латта, стоьла гонаха гуонаш дохуш, мох-дарц санна т1ехдуьйлу сарташ, цхьана хьаьркаца, элпаца лоцуш (дош яздан мича кхуьу хьо, ойла ерзо, чекхъяккха), д1аводуш, юха схьахьодуш, кофе йотта хан ца тоьаш, цу васташа, турпалхошца, цара дуьйцучара 1адавой, хьо верриг а цигахь хуьлу, цу хиламца, цаьрца цхьаьна, «хьо» бохург данне а доцуш, хилла а доцуш я гина а, синб1аьрсай, ойлий бен, дуьненнал цхьа м1аьрго а, хьан сих хилла, кхетамах.

«Иштта хилла-кх, – моттало хьуна, – иштта кхоллаелла хир ю-кх Лев Толстойн «Хьаьжмурд» а, кхечуьнан «Воккха стаг а, х1орд» а, Фолкнеран «Ча» повесть а, х1ара санна, цхьа м1аьрго еъча, ойла сацаелча, лацаелча, кехата т1ехь кепа тохаелча, тховса ахь санна, хьоьга санна, ерриг а ойла цхьана суьртаца, цкъа схьагарца, сацорца», – хьан синтем карзахболу, дог кхийсало, деттало дог, некъан дуо эккхийта санна, цхьана некхехь тар а ца луш.

«Х1ара дийцар арадаьлча-м, х1ара яздина ваьлча-м!» – карара къолам охьакхуссуш, набахтехь тутмакх санна, чухула д1аса ида вулу хьо, хьуо-хьайга ч1огг1а лен а луьйш, п1елг а лестош, буй а оьхьуш, куьзганца хьайн хьажар гича, шина а куьйга мас а кегош, хьуо Байронах, Эдгар Пох, Мицкевичах тера хеташ, цкъа маццах Бальзака, шен стоьла т1ехь лаьттачу Наполеонан бюсте аьлла дешнаш дага а оьхуш: «Ахь туьрца долийнарг, ас къоламца дерзор ду».

Изза ойла дагахь а йолуш (кху буса санна, х1ора буса а), ц1енкъа юккъехь лаьттачу хьуна, пилти т1ерачу  чайнико цхьа къиза мохь хьоькхуш хеза (ма дукха а ягий-кх уьш, кхул т1аьхьа а мел ягор-кх!), коран куьзгийн б1аьргаш, ладарх санна, 1аьнарх а 1енаш. Чайник чохь хи а ца хуьлу, цхьа стака ах дуззал бен. И ах стака хьаладузуш, чу кофе а, шекар а тесна, 1айгаца хьо кегон воьлча, цхьа дешнаш хьан коьртехь, дешан мукъам, дустарш.

Хьо юха а стоьла т1е воду, къолам лаха, д1аяздан, стоьла т1е х1оттийна-кх моьтту, кофен стака ц1енкъа а дужуш, «т1ох» эккхарца, дакъош а яьржаш, 1айган «зарр» а тохалуш, хьан бала а, тидам а боцу, и стака хьовха, х1ара дуьне а б1озза т1ек1ел даларх, хьайн дош ца тилделчахьана, коьртера охьа кехат т1е кхаччалц кхин дан а ца довш.

Ахь дешнаш яздо т1аккха, цхьа дустарш, маь1наш, язйина хилла юьхь хуьйцуш, юкъ тоеш, чаккхе хоьржуш, и кехаташ ца тоьаш, кхин а, кхин а уьш схьаийдеш, раз-пурх охьаяздеш, хьалалелхаш, охьахуьйшуш, ари санна, йир ийеш, Шаляпин а, цуьнан да а, Паваротти а вицвина, хьуо дуьненан бохь болуш санна, хьайн меха кхин яздархо а.

Цу хьерехь, к1урк1аманехь, цу тиларехь воллучу хьуна, н1аьна кхойкхуш санна хета, ламазана молла кхойкхуш санна.

«Са хилла-кх, – дагатосу хьуна, – катоьхна цкъа ламаз а дина, х1ара дерриг а дагадоллучуьра… я ламаз т1аьхьа дича…», – хьан куьг иштта яздеш хуьлу, дагахь кхин доллушехь. Дог бохург дан а дац х1инца, я хьо а вац, кхетам а хьан, механ буьхьиг т1е1оттал иръелла цхьа ойла бен, хье берриг а гуш санна хеташ, б1аьргашна гуш, кхозуш санна.

Б1аьранег1арш лаза дуьйлало, бухара схьа к1амлуш санна, кхузза-доьазза аьлчий бен дешан маь1нех а ца кхеташ, цо бохург х1ун ду хууш.

Куьг лаамера дала г1ерта, элпана т1аьхьа долчу элпаца дош нийса д1а а ца язлуш, яздинарг а дац къаьсташ, кхечу маттахь долуш санна, юхамачхьара, б1останехьа.

Некхах а етта сих-сиха ка, дог къуьйлуш санна хеташ; корта а маь1-маь11ера лозу, цхьанхьара тийча, кхечахьара хьовш, ша-шах лиэта стогарш санна.

И берриг пал а буьтий – и кехаташ а, ойланаш а – уьш меттах а ца хьадеш, ламаз эца хьоду хьо т1аккха, цхьа ашх1ада даккха волавелча, кхин дешнаш хьалха а лелхаш, куьйгел хьалха юьхь а юьлуш, юьхьал хьалха – когаш а. Ши рака1ат долу 1уьйра ламаз хьан масийтта рака1ат хуьлу, аттахьиг деша виц а луш хьо, юх-юха а ламаз а доьхкуш.

            Салам делла валале, стол долчу д1ахьоду хьо, дагадеънарг багахь а дуьйцуш, д1акхачале дерриг а довш, я хилла а, хезна а доцуш.

«Вижа веза со, – дагадог1у хьуна, – цкъа д1а а вижна, т1аккха 1уьллу-уш, цхьа кхин ойла, кхин дешнаш…»

            Хьо самаваьлча, шийтта даьлла хуьлу – хаьрцина ха а, гина г1ан а доцуш – я сахьт а даьлла, шолг1а сахьт. Куьзганахь цхьа кхин стаг го, селханчул къена а волуш, б1аьргхьалхеш а 1аржъелла, юьхь чу а кхетта, маж а яьлла, макхъелла гуш цергаш а йолуш, коьллаш санна, ира месаш а. Ши б1аьрг а бу ц1арул ц1ен, к1айчу б1аьргашца ц1ен таьш а уьдуш.

            Гуьйренга баьлла моза санна, чухула г1ийла д1асаволало, гуш а, хезаш а адам а доцуш: зуда а, бер а, я цициг.

            Уьйт1ахь нехан ж1аьла а лела.

Доккха ло а ду диллина.

            Цхьа-ши сахьт зама а яьлла, юькъа кофе молуш, корта жимма меттабеанчул т1аьхьа, хьайн кехаташ ахь схьаэцча, дуьххьарлера кхо мог1а боцург, чекхбаьлла цхьа мог1а ца го, юьхьаьнцара д1аболийна чаккхенгахь т1адам а болуш, дешнийн цхьа дакъош бен, цхьа хьаьркаш, сизнаш, т1еман карти т1ехь хуьлуш долу ира бохь къаьста стрелкаш а, цхьана маь11ера –вукху маь11е, цхьана дашна т1ера – кхечунна т1е, чаккхенгара – юьхьаьнца схьа, юха кхузара – цига д1а а, гезго бузу маша санна я лар санна, акхароша юьту.

            Д1аязйина цхьа ойла яц я цхьа васт, цхьа амал а, цхьа аг1о а ц1ена ца юьтуш, оццул долчу йозанашца: лекха-лоха а, дехьа-сехьа а, раз-пурх а ахь яздинчу, барзана буг1у гур санна, дийцарна цхьа гуо бан г1ерташ.

            Корта а бу, цаца санна, беса, ахьар доцчу хари чохь матар тесна цаца санна, дагадог1уш х1ума а доцуш, сийсара сел дукха  хилла долу, вай даьлча санна, ц1оз санна, дуьненчу а ца тарлуш, я стиглахь а, лаьттахь а цхьаьна.

            Шаляпин а дагавог1у хьуна, хьайн мохь а хеза, айхьа лекхна йир а, куьзган чу буй а лестош, цхьа «толам» а айхьа бийцина, Эдгар По а, Мицкевич а, Бальзака аьлла дешнаш а т1ехь, амма схьагуш х1умма а дац-кх, хиллачух хьуна схьахезаш, цхьа декъа-деса дешнаш бен, дешдакъош, хьаьркаш…

            «Х1ара х1ун ду-кх, суна х1ун хилла, и дийцар а мичхьа дай-кха, оццул ц1ена, б1аьрасурт санна, б1аьрахьалхахь лаьттина долу… г1ан дара-те, г1енах гина, цхьана г1ена чохь гина кхин г1ан, самаваларца кхузза духуш, х1ора а ша, цхьацца дицлуш… хьоьга кхин яз а лур дуй– техьа-кх, кхул т1аьхьа кхин цхьа а дийцар а, и вуьйш а ахь муха яздина, мича дешнашца, хьан г1о деш…………………………………………………………………..      давуьсийла, дависа цуьнан, ойла, къоламца, кехата т1ехь д1аязъян а ца езаш, я маттаца, мукъам хоьржуш, дешнашка а ца йохуш, хьан коьрта чохь ма-хиллара, ша-шах охьаюьжуш хилча – куьг а, къолам а ца оьшуш, – кехат т1ехь, доккху сурт санна, ша-шах схьах1уттуш хилча, яздархо а хир вар-кх хьох, Бунин а, Джойс а, Гете а санна, хьайн ц1е а наха иштта яхарх («яздархо», бохучу дашца), х1инца санна, хьайх эхь а ца хеташ я царах а – яздархойх.

            Амма, муха, муха лаца-кх сица кхоллало се боцу ойла, цкъа а гуш а я хезаш а йоцу, дег1 а, сибат а, меже а йоцу, цхьанхьа иштта сица къаьгна йолу, коьртера охьа куьйга кхачале, куьг кехатах хьакхадалале, б1ешераш юкъадоьлча санна, иэс а туьлуш, йовш йолу ойла…

            Цхьа б1арлаг1а юьсу-кх хьуна, беса 1индаг1, артъелла лар, бераллехь гинчу г1енах т1аьхьабуьсу дагалецам санна.

            Юха, дуккха а шераш а девлла, я беттанаш, к1иранаш (массо а буса иштта 1ехалуш, 1уьйранна цхьа «байтамал» дуьсуш), цхьа денош д1алестича, и мацах яйна хилла ойла дийцаре хьо ерзо воьлча, ма г1ийла васт го-кх хьуна цунах – цкъа хиллачу 1аьршенах, жимчохь хьуна езначу йо1ах жоьра-баба гуш ма-хиллара, цхьа шовкъ а я лакхе а йоцуш, аьрхалла а, синт1емаш а.

            Х1етте а «цкъа тулур-кх», бохуш, «цкъа лоцур-кх, сацор-кх», бохуш, къар ца луш, ца къарлуш, х1ора буса иштта хьеравуьйлуш, 1уьйранна къаьхьа холчах1уттуш, цхьаъ яздеш, цунна т1аьхьа – кхин, дош хоржуш, т1аккха – мукъам, хат1 толлуш, кеп лоьхуш, ткъа, ткъе итт, эзар а, б1е а дийцар дан вулу-кх хьо, муъмачу стага, ша мел веха, цхьаъ мукъна а д1а а хезна, жоп хиларе сатуьйсуш, Далла деш долу до1анаш санна, цхьа дийцар яздан г1ерташ, боккъал а долу цхьа дийцар, шена чохь иэс а, зама а йолу, къематде а, 1аьрше а………………………………………………………. цу дийцаре ойла керчош, ган лууш, лаца г1ерташ, хьуо мел веха, дийна мел ву, коша чу цкъа охьавиллалц, цу лаамца вехий-ц хьо, цу ойланца, б1арлаг1ца, т1аьхь-т1аьхьа ахь кхуллу дийцар хьалхарчул г1ийла а хуьлуш, шовкъ а артлуш, иралла йовш, синкъерамаш а лахлуш, хьо денна-денна генавохучу шераша хьуо кху дахарна герга вуьгу а моттуьйтуш, къар ца луш, ца къарлуш, туола г1ерташ, эша а, тоьлларг бен эшна воцийла цкъа «толлалц» хуур а доцуш, айхьа-хьуо зуьйш, хьуо-хьайца къуьйсуш, х1ара буьйсий, цхьаллий бен, г1о лаца кхин накъост а воцуш, хьайн сица – хьуо, хьайн цхьаллица, дензудчунна меран бер санна, «хьомсарчу» кху к1айчу кехатца, ца оьшуш я оьшуш мостаг1 хилла хьох хьаьрчинчу…

……хьо санна, кхин а масане хир-кх, кхин масане вахна-кх д1а а, х1ара йоза шена муха-мичара, х1унда кхаьчна а ца хууш, шен сица х1ара дуьне кхаьбна, шен 1ожалца делхийна, ваьлла кхузара д1аваххалц, кхузахь цкъа а хилла а воцуш, – дуьне кхин ца лийрина, ца къийсина, дитина…

                                                                               

                                                                                       2005 шо, декабрь

 

ГIум-аре

 

Ахтобус сецира, неIарш схьа а еллалуш.

Со хьала тIе велира.

Массо а соьга схьахьаьжира, дуьххьара стаг гича санна.

БIаьргаш сецна дара массеран а, меттахъхьовш негIар а доцуш.

Юха неIарш тIекхийтира.

Со цIеххьана  тохавелира, сайна цхьамма хIума Iоьттича санна.

Шопар соьга хьоьжуш вара, лакха кхозучу куьзганахула.

Ас бIаьргаш дIасадовдийра.

ТIехьа хиъна боьрша нах бара, цхьаьна цхьацца йоI а йолуш, пхьаьрсаш некха тIе  чучча а дехкина, гоьла тIехь ловзош когаш а болуш.

Мекхаш дара  массеран а, багахь Iуьйшуш сегIаз а гуора.

Цхьаьццангахь  цигаьрка  яра.

КIур дохк  хилла кхозура ах горгачу тхов кIелахь.

Вуьйш берриш а зударий  бара: къена, къона а, улохь цхьацца  боьрша а волуш.

Массо а басарш хьаькхна а яра, къоьжа-Iаьржа-можа месаш а йолуш.

ДогIмаш ахдерзина дара, цIонгеш а гуш, вареш а.

Белшаш а яра иштта ерзина, ахгорга кхозу накхош а.

Тийналла яра, эккха санна, ваа санна, соьга хьоьжу бIаьргаш а.

Ахтобус йолаелира.

Со меллаша охьахиира, гIанта йистте тасалуш, хьажар цхьанаметта  а доьгIна, сайна уьш ца гуш санна я суо царна ца гайта.

Юха шабарш хезнера  суна: къамелаш, беларш, «хиъ-хиъ» дар, «кIахь-кIахь».

Со къайллаха дIахьаьжира, корах ара хьожуш санна.

Цхьацца цхьаццанна марахь яра, шишша цхьаьна, вовшех а ийна, лаьхьий санна, хьерча а хьерчаш, гуш а, хезаш а хIумма а доцуш.

Царна вовшийн а ца хезара.

Ахтобус сецира, иштта неIарш а еллалуш.

Цхьаъ сихха хьалавелира.

Со цIеххьана  хьалаиккхира, гIоттуш кхин стаг а ца гина. Хьалаваьлларг   охьахиира, со латта а вуьсуш.

Массо а соьга схьахьаьжира, цхьа дуьххьара гуш санна, хьалха санна, хьажар а соцуш.

Шопар соьга хьоьжуш вара, бIаьрга тIе бIаьрг а  хIоттийна.

Ас корта дIасабадийра.

Ахтобус дIайолаелча, шабарш дара, тохара санна, юха беларш, къамелаш, «хиъ-хиъ» дар, «кIахь-кIахь».

Со къайллаха  дIахьаьжира, корах арахьожуш санна.

Цхьацца цхьаццана марахь яра,  шишша цхьаьна, вовшех а ийна,  лаьхьий санна, хьерча а хьерчаш, гуш а, хезаш а хIумма а доцуш.

Царна хIумма а ца хезара.

Ахтобус дIаоьхура, ангали тIехь тIадам санна, цхьа шершина йоьдуш санна, сихъяр а доцуш, лагIъяр а, цхьанаэшшара, сецча санна.

Арахь гуш аре яра, аре йоцург хIума а доцуш.

Цхьанхьа а дитт а ца гира суна, некъан йистаца яьлла кол а.

Малх а бацара, беттаса а, де а дацара, буьйса а.

Шопаро  зурма гIаттийра, цхьанхьа  цхьа пIелг а таIийна.

Зурма шабарш санна Iенара, хаддаза оьху дерз санна, тулгIенах терра шершина, механ хIаваъ хьаькхча санна.

Со меллаша охьахиира, гIанта маьIIе тасалуш, суо кху чохь а воцуш санна, церан тидам ца хилийта.

Уьш вовшийн марахь  бара (сина, лерсина хаалора суна), хьалха санна, вовшах а хьерчаш, хьиэкха а луш, узарш а деш.

«ГIарт» аьлла, тата иккхича,  неIарш юйла хиира суна, сацийначу ахтобусан, юха а цхьанна еллалуш.

Зудчух сайн бIаьрг кхетча (суна хийтира, зуда йолуш санна), вагийча санна, кхоссалуш, вицвеллачуьра меттавогIуш, со цIеххьана хьалаиккхича, чохь мел верг схьахьаьжира, зуда яххана охьа а хууш.

Со цIарула цIийвелира, сайгара цхьаъ даьлча санна.

Уьш хьуьйсура, цец а буьйлуш, лахара дуьйна – коьрте хьала – со хьажарца талла а толлуш, тIаккха вовшийн бIаьра а хьовсуш, юха а соьга, сан юьхь тIе, генна яхйина вортош а йолуш, багош а йолуш гIаттийна.

Шопар а вара соьга хьоьжуш, сан хьажар лаца санна.

Ас бIаьргаш дIасадовдийра, кор лохуш, аре, корахула дIа арахьожуш, йист ца гучу шерачу ара.

НеIарш чIоггIа тIеттIакхийтира, ахтобус дIа а  йолалуш.

Со иштта латта висира тIаккха, охьахаа а ца хIуттуш, суо царна вуйла ца хаийта, воцуш санна, дIа а тебна.

Юха меллаша, тохара санна, гIанта маьIIе охьалахлуш, и зудий, стаг гира суна (сол тIаьхьа хьаладаьлла долу), и вуьйш санна, чуччадоьлла, мара-марахь хьерчаш доллуш.

Массо а иштта гуш а вара, тIеттIадехкина бIаьргаш  а долуш, бIарзбелча санна, вовшийн лоьхуш, куьйган  пIелгашца, балдашца а.

Со парггIата охьахиира, суо царна ца гой а хиъна.

ХIетта бен ца гира суна божаршна тIера хорманаш: лекха холхазан куйнаш церан, вортанех кхозу дашон зIенаш, хечешна метта – йоцца шортеш, хаьн тIехь дохку герзаш а. Зударшкахь йовлакхаш дара, логех  дIахьерчийна, цIонгех цхьацца чIуг а йоллура, лергех охьа кхоккха а кхозуш.

Со схьахьаьжча, юхавирзича, некъ лохуш, некъе хьаьжча, шопар со ларвеш вара, куьзгана чу бIаьргаш а доьгIна.

Со хебира, бIаьрса а довш, лаьхьанах пхьид санна, оцу шопарх кхера а велла.

Ахтобус сецна моьттура, я шершина йоьдуш ю, стиглахула марха санна, IиндагI санна, лаьтта тIехула.

Мохь иккхира,  эшаран мохь: «One, two, three, four», – вотанан гIар а гIоттуш, цунна тIаьхьа  цхьа къиза цIогIа а, коьртан лергаш  къардан санна.

Массо а дIасалиэста хIоьттира, шаьш Iаччохь кортош а кхуьйсуш, бIаьранегIарш тIе а дехкина, дегI а сеттош, гIодаюкъаш а, хIора а куьйган хьажо пIелг хIаваэ ирах  а ойъуш.

Шопар а вара ветталуш, йоккха гIаьттинчу багахула арабеъна цIен мотт а болуш.

Ахтобус юха а сецча (иштта неIарш а тохалуш), зудий, стаг делира хьала,  со, хьалха санна, хьала а оьккхуш.

Зудчун  коьртахь гулмаьнда дара, ехха чечекхаш а кхозуш, мерах йоккха чIуг а йоллура, цIонга долчохь полла гира суна, наклейкица  тIелатийна, когахь ботфорташ яра, голел лакха – генна хьалайовлуш, хенашка хьалакхочуш санна.

Стеган вортанах суьлхьанаш дара, пхьуьйшаш доцчу майки тIехь ерзинчу  йоьIан сурт а хаалуш, багахь Iуьйшуш цIаза пIелг а болуш, бIаьрг  таIийна лаьттачу йоьIан.

Со меллаша  охьахиира, и шиъ дIатарделла даьлча, гуттар а санна, халла хьакхавелла, суо гарна кхоьруш,  ца гайта санна.

Шопар юха а хьоьжуш вара.

Со цIенкъехьа охьахьаьжира, сайн ши бIаьрг лаьтта а  боьгIна.

Ахтобус дIайолаелча, доккха са даьккхира ас,  дIасахьажа а ца хIуттуш: суна хаьара, сайга хьоьжийла, хIунда хьоьжу а ца хууш.

«Что-что… муха-а?» – хезира суна, я хийтира, хезча  санна, букъа тIехьашха цхьаьнга-м зудаберо цхьаъ хоттуш.

«Дац цхьа… ну, гIилкхаш… дайн хилла, что-ли…» – боьршачу  стага луш долу жоп а.

«Да! А хIунда?»

«Ну, вайн дай бац… царех дисна… хилла бохуш…»

 «А-а, тIаккха-м… конечно», – йоI сецира, боьршачу стеган корта, шинна а  куьйга схьалоцуш, шен бетта тIе а озийна.

ХIинцца хьаладаьлла шиъ а доллура, вовшийн баккъашна тIехула чекхдаьхначу куьйгашца шаьш вовшийн тIеттIаийзош.

ТIехьараниш хийцабеллера, кIанта шецара зудабер а хуьйцуш, зудаберашца – кхин боьрша нах а.

«Веза, веза, веза! Суна веза хьо!» – эшаран гIовгIа иккхира, зудаберашка  маьхьарий а довлуш.

Шопаро цIогIа  туьйхира, буй ирах а кхуьссуш.

Тхо иштта дIаоьхуш дара, ахтобус моссаза соцу, керл-керланаш тIе а хуьйшуш, со царна иштта хьала а гIуьйттуш, нах юха соьга схьа а хьуьйсуш.

Уьш хIинца тап олий, тоьра, ахтобус соццушехь, соьгахь схьа а боьрзий.

 Бода зарзлуш, котамаша санна, кортош раз а дохий, бIаьргаш а детташ, хьуьйсура, со хьала муха  гIотту хьожуш.

Юха, гIоттучу соьца цхьаьна, кортош иштта хьалаойъура, куога буххьера коьрте хьала сан дегIаца  кортош а уьйуш.

ТIаккха вовшийн бIаьра хьовсура, тийналлица дIа а туьйш, цхьана маьIаргонна  лацаелла зама  абадех сацош санна.

Со охьахиъча, схьахьовсура, цхьа цIеххьана, цец а  буьйлуш, дуьххьара со  шайна гича санна, охьахууш – дуьххьара.

ТIаккха вовшех дIахьаьрчара,  керла екачу эшаран мукъамехь меттах а хьуьйш, шаьш Iаччохь хелхарш а деш, вовшийн карахь Iашшехь.

НеIаран тата декча (еллалучу неIаран), хьалхалерра сурт хIуттура, массо а суна тIе а вогIалуш.

Со ша-шах гIоттура хIинца, цу бIаьргаша Iада а вой.

Иштта охьа а хуура, со ларвеш бIаьргаш а долуш.

Ахтобус дIаоьхура, дIакхачар а, сацар а доцуш; со гIуьйттура, охьахуьйшура, тIехуьйшу нах ца кхачалора, ахтобус а ца юзура.

Сан голаш лазаевллера, ши ког а зийзаш, букъ а лозуш, я цхьамма а – хьалаваьллачо – баркалла  а ца олура: уьш соьга схьа а ца хьовсура, царна хIун ду а ца хаьара, ас лелорг хIун ду а.

ТIаккха суна иштта Iен лиира, кхин хьала а ца гIоттуш, охьахиъначохь иштта Iен, бIаьранегIарш тIе а дехкина.

Ши-кхо стаг велира хьала, неIарш тIе а етталуш, – со цаьрга дIа а ца хьаьжира, хиъна Iийра, суо ма-Iарра, кху тIе суо хиъчхьана, дуьххьара хьала а ца гIоттуш.

Ахтобус дIаоьхура, шершина доьду IиндагI  санна, аганарчу  берана санна, суна набаран  тар а озош.

Эшаран гIар а ца хезара, букъа тIехьашха – шабарш а.

Юха, маьхьарца, аз а детIаш, асфальта тIехь чкъургаш а шершаш, цхьана сиза тIехь соцуш санна, ахтобус цIеххьана сецча, неIарш елла ца елира: суна ца гира еллалуш.

Арахь гуш стаг а вацара.

«ХIара хIун ду, – хийтира суна, – ахтобус хIунда сецна?»

Со чухула, дуьххьара – охьахиъчхьана дуьххьара, – хIун ду хьожуш, дIасахьаьжча, ахтобус чохь мел верг Iадийча санна Iаш вара, хIора а суна тIе а вогIавелла – хьажар а сецна, цец а  бевлла.

Генна гIаьттина багош а яра, садеIар а ца хаалуш.

Стен а, боьрша а дIатийнера, массо а соьга хьоьжуш а волуш.

Юха, хан яьлча я сахьташ (суна бIешо ду моьттира), шаьш вовшашка хьийса буьйлира, олуш цхьа а дош а доцуш.

Цхьамма  цхьанге корта таIийра, тIаккха кхечуьнга, вукхуьнга: и ерриг а ахтобус вовшашка цхьаъ хоьттуш яра, мотт боцучу  къорачу маттаца, аз доцучу озаца а.

Шопар  вехха схьавирзира, тархаш санна, белшаш а йолуш, берзина гучу  некха тIехь бIаьвнан сурт а къаьсташ, цу бухахула  дIаяздина «Нохчийчоь»  а дешалуш.

Шопар сан  бIаьра хьаьжира, бIаьргаш юккъе шад а бусийна, аьрзунан тIемаш санна,  охьахIоттийна ши пхьаьрс а болуш.

ТIехьара цхьаъ хьалагIаьттира, чухула охьа а волалуш.

Когийн тата дезза къаьстара, «гарт-гирт» деш, «гарт-гирт».

Охьакхаьчна а  ца волура.

Шопаро, дIа а воьрзуш, цхьанхьа цхьа  пIелг таIийра, сан бIаьрга тIера бIаьрг а  ца боккхуш.

Ши неI чIоггIа дIасакхийтира, шалха ши неI, елла а луш.

Лоьман тIод санна, деза, вортана чу куьг а тухуш, тIехьа  вогIучо, оззош, гIанташ  юккъера схьа а ваьккхина, еллаеллачу  неIарехула суо бертал чуьра  аракхуссуш: «ГIиллакх доцу боьха хIума!» –  хезира суна букъа тIехьашха, тIулг санна екъачу асфальта тIе бат дIа а кхеташ.

НеIарш чIоггIа тIекхийтира, ахтобус дIа а йоьдуш.

Со суо вара, цхьаь цIена, гуобаьккхина аре а йолуш.

Де а дацара я буьйса а, малх а бацара, беттаса а. Аре яра , шера аре, Iаьржа лар санна, Iаьржа некъ а гуш, гIамаран гIум-аре.

Кхин хIумма а дацара гуш, де а дацара, буьйса а, цхьа хIума а дацара кхин, аре бен, алххаI аре.

 

____________

I дуьххьала (только)

 

I3 декабрь, 2004шо.

 

 

 

Гучувала

                                                  

 

Иштта царна а, вукхарна а,                                                                                                                                          царех хоттабелла

охьабог1учу т1аьхьа т1екхуьуболучарна а…                                                                                                                                 Дукхе-дукха боккхачу лерамца

                             автор

 

Цхьана кадаме ваханчуьра ц1авеанчу дас – Солсин Къедар-Солтас – шен к1анте (т1аьхьуо хиллачу боьршачу х1умане) кхаъ баьккхира, хьуна г1алахь болх карийна шена, кху ц1ерачу г1улкхашца шай, йоккха стаггий ларор ду, олуш.

К1антана ч1ог1а хазахийтира, ша г1ала балха воьдуш.

Цатешшал хазахийтира к1антана.

К1ант цхьаъ бен вацара, пхеа йо1ана т1аьхьа вина, шен йишин берийн хеннара бен а воцуш. Цундела санна делахь а, дас-нанас кхин ц1ера волуьйтуш а вацара к1ант (цкъа Сибрех вахар бен), даима шайца сецош а вара, уьстаг1-бежане а, керте а хьожуьйтуш.

Бакъду, Сибрех вахале, барх1 класс яьккхинчул т1аьхьа, дас шопаран курсаш-м яхийтинера цуьнга, шаьш дехачу юьртахь, совхозе балха вахийта.

Цунах кхин х1ара ду аьлла г1уллакх а ца хилира – тиша машен яра елларг, кира-х1ума эцна д1аса йигча, гуттар а бохург санна, цхьана кхечунна т1аьхьа тесна, циггара юха ц1а текхо а езаш.

Ц1енчух ахча доьхура, ц1еначу машенах.

Дена ца лиира, ахча а делла, к1ант балха вахийта.

Ахча кхоор-м дацара цуьнан иза, цхьа кхин х1ума дара, х1окху заманахь болчу наха кхин башха лоруш а доцуш: х1инцца бен болалуш боцу шен к1ентан дахаран некъ къина т1ера ца хилийта – кхаъ белла, рицкъ бехдан.

К1анта х1умма а ца элира, цу балхара д1а а ваьлла, дена уллохь сацар бен. К1антана шен да вевзара, ша Сибрех, цхьана нахаца балха воьдучу дийнахь, цо шега аьлларг а хууш.

Йижаршца а, ненаца а къаьстинчул т1аьхьа – арахь гулбелла кхуьнан накъостий а болуш, да волчу чу вахара х1ара, т1аьххьара цуьнга вистхила. Да йисттерчу ц1а чохь 1ара, шен ламазан ц1а чохь, буйнахь хьийзош к1айн даккхий суьлхьанаш а долуш, хьажар генна ц1енкъа а доьг1на.

Буьртиг байн, «данк» олуш, буьртиг т1е кхетара, да кхин вист а ца хуьлуш. Эххар а, хьаланислуш, аьрру куьйга, молла волччуьра схьалаьцначу суьлхьанашна т1е, шозза-кхузза аьтточу куьйган ка а хьаькхна, багахь цхьа шабарш а дина:

– Висха, – элира дас, жимма велааьшна а деш, цхьа к1едо бухара кхуьнга схьа а хьаьжна, – деллахь, Висха, ас хаза ламаз а, Къоръан а, пайхамаран (1.с. с.) суннаташ а 1амийна, моллалла кхайкха а, нахе ламаз дайта а хууш, къинойх ларвеш кхиийнера-кх хьо, ма къа дара-кх хьан, вала а велла, тахана д1авуллуш ца хила… ц1енна Дала дуьхьал ваха там бара-кх хьо т1аккха… хьуо д1а ма- ваххара, ц1а ван г1орталахь суна, хьайна цхьа вон х1ума дагадеъча, со дага а лоцуш… д1авало, Дала 1алашвойла хьо, – т1аьхьа а ца велира, хьалаг1оттуш, кхуьнан пханаршна юккъе аьтту куьг а диллина, цхьа до1анаш дешар бен.

 

                                                            –––––––––––

 

Нанна ч1ог1а ца дийзира, к1ант г1алит1а балха воьдуш; нах юьртахь а бахало, бохура цо, х1ара к1ант цхьаъ бен а вац, вайн долушдерг тоьаш а дара, вайшимма мича хьур ду х1ара, шена зуда а ялийна, ц1ахь вита веза к1ант, дикане а, воне а волуш, ша-ма шен тезетах а кхоьру, нехачух тера цахиларна: хьо шайца д1ахиларх терра бен, нах  схьа а ма ца хуьлу, олуш. Дас дуьхьал забар йира, цкъа хьуо елла гайтахь, дуй, аса д1аюллу ца юллу хьажа, дукха жерой-м дера бу х1окху вайна гонаха, хьо яларе сатуьйсуш, аьлла.

 

                                                       –––––––––––––––

 

Муха, х1ун болх бу иза, аьлла, шега хаьттича, дена схьадийца ца хиира, цхьана хьаькамо, тезетахь т1екхаьчча, к1ант гучувалийта, болх а, некъ а нисбийр бу, алар бен шега.

– Хьо вахал, к1ант, – элира дас, – хьалхара Делий, шоллаг1а хьан дай ца хиллехь, вон хьал-м дара хьуна цаьргахь Казахстанехь: да цомгуш а волуш, пхи-ялх доьзалхо вара уьш, шишша-кхоккха бен, шераш а доцуш. Со пирцепчик вара, ялта дуьйш, к1а-х1ума а йог1ура кара, киснашка та1айой а, этки чу кхуссий а. Нийсса ах церан доьзална дитиний бен – юккъехь пен болуш 1аш дара тхо, – кху хьан ненан кхарда дог доцуш, к1ен буьртиг сайн х1усаме беъна-м вац хьуна со, оцу кхаа-деа шарахь, дера вац, цунах цхьацца г1илкхаш хир ду-кх 1усманан к1анта лелош дерш, соьгара даьлларг-м кхин доккха х1ума дацара, – аьлла.

Юха, 1уьйрана, к1ант г1ала ваха новкъа воккхуш:

– Дала мукълахь, ас мовлад хьехна хьуна т1ера, – элира йоккхачу стага, – х1окху цхьана баттахь, хьуо балхана д1аволлалц, сан йиша йолчохь сацалахь, Буг1ана-юьртахь, т1аккхахула цхьаъ дийр ду-кх, картийра лаьцна а я…

– Д1аялахь, зуда дуй, х1ун картийра, х1ун х1усам юьйцу ахь, х1ара п1елг санна охьа-хьала лелаш машенаш ма ю вайна, ахсохьтехь бен некъ а боцуш, ма 1е дера цхьаннахь а-м, ц1а вола-кх, хьуо балхара ма велли, тхуна керла хабарш а дохьуш, – дас, паднара т1ехула, хьостамах хьалакхозучу шен вета тосучу кучан киснара ворх1 чкъор долу 1аьржа бохча схьаийцира. Масех чкъор т1ек1елдаьккхинчул т1аьхьа, кегийра ахча 1адда а дитина, даккхийрачу ахчанах ши кехат кховдийра цо к1анте: «Бисмиллах1иррохьманиррохьийми» – аьлла, хозуьйтуш, дехха бисмилла а даьккхина.

– Охьахаал, охьахаал цкъа, со йицъелла ма 1а, Делан ц1е яккхал, – олуш, к1ант охьа а хаийтина, йоккха стаг чуьра арахьаьдира, наштаран чамех ка а тоьхна.

Арахь г1овг1анаш евлира, хьалха десачу ведарийн а, юха 1еночу хин тата а хезаш.

Ши ведар дара дуьзна, цхьаъ не1арна уллохь а долуш, важа – кевл арахь.

– Делах тешна ву-кх хьо, – хазийра йоккхачу стага, к1ентан букъ, гуолатуххучохь, шен б1аьргашна къайлаболуш.

 

                                             ––––––––––––––––

 

Гуьйренан бутт белахь а, арахь дикка йовха яра, ахтобус чохь 1ачу к1антана г1еххьачул хьацар а тухуш: доккха ши стаг ца 1ийра, кастюмана т1ехула палаш а, коьрта, лергаш долу, холхазан куй а ца тиллича.

 

                                             ––––––––––––––––

 

Хьаькаман белхан меттиг схьакарийча («урхаллин г1уллакхашкахула йолу х1уьнаьхдина министерство», аьлла цхьа дешнаш дара, куьзган бухахула, варкъ лепачу элпашца яздина), к1ант меллаша, чуоьхучу нахана т1аьххье, йоккхачу сени чу велира, лакхара охьа, тхов бухара догуш гуш сирла стогарш а долуш.

Д1анехьуо, к1айчу г1опастал дехьа, 1аьржа духарш а дуьйхина, герзах воьттина, п1елг хьакхбелча, эккха там болуш, ши хехо 1ара, дуьхь-дуьхьал а хиъна, коьртахь иштта 1аьржа, лаба йоцу горга хурашкаш цхьана аг1ор раз а яьхна.

Нах, цхьацца кехат д1а а гойтуш, мотт  ца луьйш санна, тата доцуш, меллаша чекхбуьйлура, шаьш 1ачуьра меттаххьовш ши хехо а воцуш.

Х1ара, салам дала дагахь, д1а улло г1оьртича:

– Хьо кхайкхина вуй, накъост? – хаьттира цхьана хехочо.

– Ассаламу 1алайкум, – элира кхуо, велааьшна дина, – со-м Султана тхан дега…

– Хьо кхайкхина вуй, боху хьоьга, хьан да ца вуьйцу, – важа хехо белш т1ехула схьахьаьжира, настаран голана т1е х1оттийначу аьтту куьйган белш т1ехула.

– Ас боху-кхи, Султана тхан дега гучувалийта а аьлла…

– Эцца охьахаахь, мила ву хьо ван?

– Къедар-Солтин к1ант Висха ву-кх со…

– Дика ду, хоттур ду вай.

Х1ара охьахиира.

Г1еххьа ханъяьлча:

– Валол, Сокол, скажи там, – элира цхьамма вукхуьнга.

Сокол бохург д1авахара.

Итт-ткъа минот яьллачу хенахь, схьа а веъна:

– Памили х1ун ю хьан? – хаьттира Сокол бохучо, шен накъосте цхьа Зарка а юьйцуш.

– Хунариков ю-кх оха лелош йолу памили, – дег1 нисдеш, хьалаг1аьттира к1ант.

Вовшашка цхьацца йиш-маь1аш а лелийна, б1аьра-б1аьра хьоьжуш, къажа а къежна:

«Хунариков варий хьо!», – аьлла, ша-шега кхуьнан памили а яьккхина, хьалха санна, иттех минот зама яьлча, юха а д1авахара Сокол бохург.

– Со Делах д1авайла ю-кх, цхьа предислови а ца оьшуш-м… хоть на край света! – куьйгашца шен пхьаьрсаш а 1уьйдуш, накъостана велавелира Сокол бохург, тохара санна, дикка хьелуш, ваханчуьра юха а веъна.

Нах иштта т1ехбуьйлура, мотт ца луьйш санна, меллаша, цхьацца кехат д1а а оьхьуш.

Х1ара юха а ша висира.

– Х1ан, да! Вало, приемни чохь саца, там скажут, – элира кхуьнга хехочо, шайн шабарш д1а а долош.

К1ант т1аьххье а приемни чу кхечира, бухахь кхин ворх1 стаг а волуш. Нах т1аьхь-т1аьхьа т1еоьхура, сих-сиха шен стоьла т1ехь «цкъув» аьлла мохь а хезна, хьаькам волчу чухьаьддачу сикиртаршо, ша ара моссаза йолу: хьоьга чувола боху олуш, бухара цхьацца чу а хьажош.

Хаддаза д1асалелаш, цхьаъ вукхул ц1армата а йолуш, ханъяьлларш – къаьсттина, ахберзина зударий а бара, хаьржина бахкийча санна, лекха а болуш, п1елгаш санна, дуткъа к1ажош долчу мачаш т1ехь, вовшашка г1азкхийн мотт а буьйцуш, хьийзаш.

Х1ара хаавелча, жимма совцура, ц1еххьана кхуьнга схьа а хьовсий.

Ши сахьт хан яьллачу хенахь, сикиртаршас хаьттира кхуьнга, хьо мила ву аьлла.

 Кхуо д1аэлира.

Сикиртарша юха а хьаькам волчу чухьаьдира, стоьла т1ехь «цъкув» а декна.

Араяьлча, цхьана кхечуьнга чукхайкхира, х1ара 1адда а вуьтуш.

Т1аьххье а, ханъяьлча,чохь цхьа стаг а ца висира, х1ара цхьаъ бен.

Делкъахан йолчух тера дара я делкъал т1аьхье.

Хьаькаман не1 елла а луш, дуккха а нах арабевлира, даккхий геш а, галстукаш а, к1айн кучамаш а йолуш т1ехь.

Кхунна хьаькам ца вевзара. Х1ара хьалаг1аьттира.

– Султан Усманович, вот человек, с утра… хьоьца г1уллакх ду шен, бохуш… – Сикиртаршас кхуьнгахьа куьг тесира, сан бехк болуш х1ума дац хьуна, ала г1ерташ санна хьаькаме.

Хьаькам г1ерачу дег1ахь, горго стаг вара, ц1ен галстук  а йихкина, к1айн сизаш оьхучу сийначу кастюмахь.

Когара мачаш а яра, мокха бос а болуш, галстукца нисйина.

Накъостех ца хедаш – уьш цуьнга хьоьжуш бара, – царна юккъера схьа вист а хилла:

– Хьо соьца… х1ун г1уллакх… мичара? – хаьттира цо, аьрру куьг схьа а даийтина.

– Со Къедар-Солтин ву… дадас ахь гучувала бохура аьлла…

– Къедар… Къедар-Солта…мичара, юрт…

– Тезетахь гича, ахь шега…

– Х1а-а, х1аъ! Къедар-Солта… дера ву… ткъа хьо… вай, к1ант кху чохь, соьга схьа а ца олуш, х1ара дан х1ун ду! Со-м хьоьга луьй, я к тебе…, – сикиртаршина т1евирзира хьаькам, – валол, валол чу, – х1ара шен кабинет чу а тоттуш.

Кабинет йоккха яра, ворх1-барх1 метар ехачу стоьла гонаха, эпсарш санна, могг1ара, 1аьржа х1иттина г1анташ а лаьтташ, ц1енкъара хьала тхов буьхье кхаччалц долчу корашкахь, юсаелла мархаш санна, к1айн дареш а кхозуш.

Дуккха а ишкапаш а яра, иштта 1аьржа а йолуш, аьнгалин не1аршца.

Хьаькаман стол д1анехьуо гуора, лаххара  а кхо метар деха хир долуш, цуьнца хоттаделла, пурах схьа, кхин жима стол а лаьттара, дуьхь-дуьхьал ши г1ант а долуш.

Хьаькам цхьана г1анта охьахиира, х1ара шена дуьхьал а хаийна.

– Т1аккха, дийцал, х1ун ду ц1ахь, баккхий нах… Недар-Солтехь х1ун хьал ду… дера вара хьан да дика къонах…чардакх санна, дег1 а долуш, вара-те, оцу районехь, Карагандахь…

– Тхан дай Кустанайхь хилла бу, – элира кхуо

– Кустанайхь? Х1а-а, Кустанайхь… х1аъ… хьан дех ког хьалаоза ваьхьаш цхьа стаг-м вацара хьуна цигахь, дера вацара… соьгара маршалла лолахь цуьнга, шайн нене а – нана йолуш юй вайн? Дика ду, дера ду дика… со вицвелла…, – хьаькамо, д1а а кхевдаш, цхьанхьа п1елг та1ийра, сикиртарша схьа чу а хьодуш:

– Чай, чай да к1антана, кофе? – хаьттира цо.

– Суна… ца деза… ас…

– Х1унда ца молу, дера молу!

– Г1оза молийла, – элира кхуо – ца молу ас, со дадас, ахь цхьа болх хир бу аьлла…

– Болх а? Белхаш шортта ду, дера ду. Хьуна безза болх-м хир бу. Х1ун яьккхина… дешна… мичахь дешна…

– Дешна вац со… шопар курсаш… эцца тхайн совхозехь, машенаца…

– Шопар а! Ахь х1ун дуьйцу, Бетар-Солтин к1ант вохуьйту шопар. Деллахь ма цахиндерг дар-кх иза хьуна а, хьан дена а, соьгара и тайпа ледарло ялар… Ведущий специалист хир ву-кх хьох, дера хир ву, ведущий специалист компьютеран отделан, кхийтирий хьо! Х1ара меттиг хьан ма ю, со волу меттиг, дера ю. Хьаккхий чувола, хетта а ца хоьттуш, муьлххачу а хенахь… гучувала, г1ала веъча а, ца веъча а, в любое время! Ткъа х1инца со, правительстве, совещани т1аьхьавуьсуш… виц а ца луш, хьен ма лолахь, муьлххачу  а хенахь, кхийтирий хьо? – хьаькам хьалаг1аьттира, кхуьнан белш т1е куьг а тухуш, – ц1а кхаьчча, соьгара маршалла… Недар… Бетар-Солте, шайн нене а лолахь.

Х1ара шиъ юха, кабинета чуьра, приемни чувелира, хьаькамо х1ара хьалха а воккхуш.

– Схьаерзал, – не1 еллалушехь, хьалаиккхина лаьттачу сикиртарше, – х1ара гуш вуй хьуна, х1ара к1ант! Кхунна цхьа а очард яц хьуна, муьлххачу а хенахь, х1ара вуй, х1ара к1ант, х1ара хьаккхий чуваийта! Кхул веза стаг вац хьуна суна кху махкахь, дера вац… кхуьнан да, Алматахь, Недар… Къахьар… Къахьарма-Солта… дера вара иза ц1е йолуш к1ант… ву-кх, вара аьлча а…ц1а муха… машен… ахча, соьгара х1ун…

– Х1умма а ца оьшу, Дела реза хуьлда, – х1ара вуьйхира, хьацар а тухуш, ша бахьнехь хьаькамо сикиртарша човхорах эхь а хетта…

– Дика ду, х1ета, г1уо, маршалла… соьгара маршалла ло баккхийчу нахе, виц а ца луш…

– 1одика йойла! – элира кхуо.

– 1одика Дала йойла! Гучуваьллахь, хезирий хьуна, хьаккхий чувола, эхь а ца хеташ, эхь ма хета, хьайн ц1ахь санна … гучувала…

 

                                        ––––––––––––––––––

 

– Деллахь ма хьаштдоцург леладо-кх цо, – элира Къедар-Солтас, к1анта ша хьаькамо ведущий специалист вохуьйтуш ву аьлла, шега аьлча, – хьох х1ун пицалист хир ву, цхьа элп дешна а воцуш, эцца шопар вахийтича а тоьур ма дара цхьана жимачу машен т1е, дера дара, – аьлла.

Юха, 1ийна-а, пхьуьйран ламаз а дина, вирд а даьккхина, ша д1авижа кечлуш:

– К1ант, – элира дас,– нахехь г1иллакхаш ду хьуна, шайн дог1маш дуьззина г1иллакхаш, нехан г1иллакхаш ларалахь. Со башха моьттуш а вацара хьуна, 1усманан к1ентан сайца иштта лерам хир бу аьлча, дера вацара.

Ас дина х1ун дара царна, х1умма а дацар-кх, к1ен цинцаш кхехьар бен…  иза-х воккха хьаькам ву, и х1умнаш дага ца далла. Гой хьуна, цо хьан йина юьхь. Лерам бу хьуна иза, несалла а ду-кх, ахь хьайн белшаш т1ехь д1акхехьа дезаш. Хала болх бу-кх, хала болх, нахаца иштта чекхвала. Хьо ларлолахь, варийлахь, хехь лаьтта салти санна, хила веза хьуна къонах, шегара х1ума ца долуьйтуш, – дас кхин а, кхин а дийцира, Казахстанехь а, ц1ахь а – мел хилларш а дуьйцуш: чекхбевлларш а, цабевлларш а, дика а, вон а лелларш а цхьаьна.

Х1ара шоллаг1а юхавоьдуш, – ши к1ира хан яьллера х1етахь:

– Со а, хьуо а юьхь1аьржа ма х1оттавелахь, к1ант, дуьненан х1ума дош дац хьуна, шен коьртан сий доцург, ас кхин х1ун ала хьоьга, – кхийллира дас,  кхуьнгара цхьаъ даьлча санна, юха-юха а карла а дохуш.

 

                                           –––––––––––––––––

 

Хехой кхиниш бара, х1ара ваххана охьакхаьчча, хьалха хилларш а боцуш: милцой  бара х1инца, сийна хормеш а йолуш. Пагонаш а яра, царна т1ехь – седарчий а.

Цара паспорт хоттура, т1аккха дерриг д1а а яздеш. Шишша стаг вуьтура чу, памилеш хьалха д1а а хьой. Х1ара шийтталг1а хилира, ткъех сов чуьра араваьлча. Бухахь кхин виъ стаг а вара.

Сикиртарша к1иръелла хьаьжира кхуьнга, кхуо шен де дика дича, х1ара шена цкъа а ца гича санна, кога буьххьера дуьйна толлуш. Х1ара г1еххьа воьхна хилира, ша бахьнехь хьаькамо цунна довдар дага а деана. Кхуьнца 1ийна виъ стаг, чу а вахана, аравелира, кхин ялх стаг т1е а вог1уш. Х1ара 1аш вара, чукхайккхалц. Сикиртарша йист а ца хуьлура. Ц1еххьана не1 а еллалуш, хьаькам чуьра арахьаьжира:

– Вай, хьо… хьо х1ун деш ю, къора-м яц хьо, хьоьга моссазза кхайкха вза…

– Суна… суна хаза-м ца хезна, Султан Усманович, х1ара тилпо, х1ара болх беш… вай, Дела, трупка харцахь 1уьллуш…

– Х1ара нах… х1орш х1унда сецабо… ассаламу-1алейкум, Супъян, марша… 1ела, хьо вац х1ара… чудевлла цкъа, чудевлла…

Хьаькамна юха х1ара гира, йист а ца хуьлуш, х1оьттина лаьтта.

– К1ант, хьо… соьца г1уллакх долуш… хьо… – хьаькама кхуьнга куьг тесира, хьо мила ву, хоьттуш санна.

– Ахь чукхайкха ма элира соьга х1ара, Султан Усманович, ас памили яьккхича, – сикиртарша юьйхира.

– Мича г1уллакхана… ас маца?

– Цхьа болх… дадас, Къедар-Солтас…

– Х1а-а, х1аъ, дагадог1у… Къедар-Солта хьан да ву-кх, вуй?

– Ву, – элира кхуо.

– Дика ду, дика ду, х1ара нах цхьа к1еззиг… кхаьрцара г1уллакх…

… Хьо хезаш юй, ладог1ал, и к1ант гой хьуна, х1орш арабевлча, – цу нахехьа куьг тесира, – уггар хьалха, цхьа очард а йоцуш! Кхуьнан да шуна вевза хир вац, Джизгазганехь, 1едало белхан г1уллакхана шена елла говр, нохчий саг1а доьхуш гича, оцу майданахь охьа а тоьхна, урс а хьаькхна д1асаекънера-кх кхуьнан дас, уггар а луьрачу хенахь… к1ен киланах итт шо хан туху зама яр-кх иза, дера яра… чоьхьадевлла цкъа, х1окху сохьтта х1орш, хьан ц1е… муха…, – кхуьнга хоьттура.

– Висха ю, – элира кхуо.

– Х1аъ, Висха, дика ду, охьахаа, – иза нах а эцна, чувахара, уьш шел хьалха а бохуш.

Нах бухахь дуккха а 1аь1ира, кхин а, кхин а т1е а оьхуш.

Иштта юха чу а оьхура, сикиртарша хьаькам волчуьра чу-ара моссазза йолу, цо цхьацца чу а вуьтуш.

Кхуьнга х1умма а ца олура.

Тохара санна, х1ара хьалха веъча, масех сахьт даьллачул т1аьхьа, нах берриш арабевлира, т1аьхьа вог1уш хьаькам а волуш.

Приемни чохь севцира, цхьаберш д1а а боьлхуш, вуьйш хьаькамца т1аьхьа  а соьцуш.

– Со… со цкъа правительстве а хьаьдда, юха… хаьттинчуьнга цига вахара эр ду-кх ахь, кхайкхина, – секиртаршегахьа схьавирзинчу хьаькамна х1ара гира, нахана юьстахо, ша цхьаъ лаьтташ.

– Остог1фираллах1, ас моссазза… хьо д1а ца яьккхича ер яц… и к1ант, со виц а велла… валол чу…

– Со юхавог1ур ву, хьайн г1уллакхе…, – к1ант вуьйхира, юьхь1аьржа а х1уттуш.

– Муха юха… дера вог1ур вац… правительство-м лаьттар яра, ша йолччохь, Къахьарма-Солтин к1антал тоьлуш-м бац уьш кхин… чоьхьаваьл, чоьхьаваьл… сихха чайнан стака, кофе… чай довха хилийталахь, йо1, – хьаькама х1ара хьалхаваьккхира.

– Т1аккха, х1ун деш ву Недар-Солта, воккхахилла хир ву ч1ог1а, маржа-я1… х1ун боху кхуо, х1ун боху… дера вара дика къонах, дика къонах вара…

– Ахь аьлла болх суна хала хир бу… дада а вара, шопар вахча г1олехь хеташ…

– Шопар а? Ахь х1ун дуьйцу! Х1ун болх беза алал хьайна, белхаш вайн шортта ма ду, дера ду… ас аьллачунна… ас хьоьга хьалха… х1ун болх… муьлхха… болх…

– Цхьанхьа компьютерни… специалист… ведущий, элира-кх ахь, соьга иза… шопар хилча, жимачу машен т1ехь…

– Компьютер… а… ведущий… шопар болх ма бац, мазуташ кего… т1аккха хьуна цунах, компьютерах…

– Ас 1ама-м ца йина иза…

– 1емар ю, дера ю, нийсса бутт балале… цул т1аьхьа хьо… хьо х1унда, специалист… начальник отдела хир ву-кх хьо, дера ву… хаза хьайна компьютер 1ама а яй, кхийтирий хьо, хала яц хьуна, эцца зударша а… катоххий, виц  а ца луш, цхьа бутт баьлча гучувала, виц ма лолахь, хьаккхий охьавола, х1ара меттиг… х1ара вайн ма ю, хьан ю-кх х1ара, дера ю… х1инца, х1ета, со цкъа эцца, цхьа тезет… вайна бехке стаг ву велларг, – хьаькам хьалаайвелира, геннара схьакхевдаш, аьтту куьйга кхуьнан пхьарс а 1овдуш.

– Дала гечдойла цунна, вирзина меттиг Дала декъала…

– Амин, амин, массарна а дойла, – хьаькамо х1ара юкъахваьккхира, 1одикаян мара а вуллуш, шен галстук д1аса а тоьхна. Юха х1ара шиъ цхьаний не1аре охьакхочучу хенахь:

– Со… со… со… собар, собар делахь цкъа… х1ара цхьа йоьхь… дакъийна йоьхь… соьца Казахстанехь кхиъна накъост ву сан, хаспаш лелош… цо… дадина хьор ахь аьлла, тхан дена, 1усманна… ма дика дагадеара суна… суна х1ун бен ву 1усман а, Недар-Солта а – ший а да ву-кх, хьан-сан а бен а воцуш, да хилчахьана, – хьаькам не1арх къайлаиккхира, цу чуьра д1а – кабинета чуьра, гуш хиллачу цхьана не1арх. Кхуо ца оьшу, хьаштдацара, вайгахь дан ма ду, йоьхь а, жижиг а боххушехь, хьаькамо т1оьрмиг нуьцкъара кхуьнан буйна схьабелира.

– Хьуо ц1а кхаьчча… соьгара… машен-х1ума, ахча…

– Ду соьгахь, Дела реза…

– Пурба дац хьуна, со кхоавай… х1ета, Недар… Бетар-Солтига маршалла, доккха маршалла нене а, нана йолуш юй вай? Ма дика ду… да-нана хьаха ду доккха совг1ат,… дера ду… маршалла луо-кха, виц а ца луш… же, х1ета, г1уо… гучуваьллахь, хезирий хьуна со луьйш… муьлххачу а хенахь… хьайн ц1ахь санна, эхь а ца хеташ.. хьаккхий чувола, эхь дац хьуна, дера дац, – приемни чу х1ара шиъ гучуваьлча – х1ара хьалхий, кхунна т1аьхьа хьаькаммий, – сикиртарша хьалаг1аьттира, шен хьаькаман б1аьра а хьоьжуш, х1ара ван а воцуш санна.

– Хьуна болх бан к1ордийнчух тера ду, йо1, дера ду… х1ара к1ант ахь… смотри мне… кхин хьайгара ма далийталахь, х1ара сацава, очард а х1оттийна, Къахьарма-Солтин к1ант… кхуьнан да…

Сикиртарша елаелира, беттан йистош меттах а хьовш: «Кхин дера дац, Султан Усманович», – юха а хьаькамна б1аьра а хьаьжна.

Х1ара х1оразза а вухура, хьаькамо иштта дов деш хезча, цунна бехке ша вуй а хууш.

Кхунна хьацар тухура т1аккха.

 

                                      –––––––––––––––––––

 

Къедар-Солтин б1аьргех хи делира, к1анта йоьхьаш д1акховдича:

– Маржа я1-кх, – элира Къедар-Солтас, – нехан несаллаш хала ду-кх, хьан дуьхьал дан дика ца хилча, цхьана хенахь-м, къуона волуш… хьо а хили уггар а т1аьхьа, нехан г1уллакхе хьажжал а воцуш… диц ма де-кха, со д1аваьлча, хьайн кочахь дуй а хууш, – аьлла.

 

                                       –––––––––––––––––––––

 

Шина баттахь ихира к1ант районе, компьютерна 1ама г1ерташ, кхо б1е туьма ахча а луш цхьацца баттана. Кхунна зорбатоха 1емира, зорбатоьхнарг  хийца а, д1адайа а, кехат юха схьадаккха а 1емаш.

– Хьох хьаькам ца вича, 1ан воллуш-м вац 1усманан к1ант, – элира дас, – хьо вахалла, бакъдерг дийца деза-кх, со башха тешаш а ма вацара хьуна, цо сайга, к1ант гучувалийта, х1ун деш 1ан хьо аьлла, тезетахь къамел дича… 1усман башха сай а бацар-кхи Казахстанехь – суна дуьйцуш товш-м дац иза, – сай банне а бацара-кх. Йоза-дешарх кхеташ а вара, ц1ахь цхьацца белхашка лелла а хиллера иза. Юха, кхо-диъ шо даьллачу хенахь, мацалла г1еххьа лахъелча, искладе балха х1оттийра иза, пардукт йолчу искаладе. Дела хьан аьлла, цхьана стагана цкъа пхьор делла-м вацара, суна дага а дог1уш. К1ант гой хьуна, к1ант муха кхиъна… Шен ирс ду-кх, Дала шена делла, хьенехан минех аьлла, к1анта ден ц1е а йохуьйтуш. К1ант вон кхиъча, ден ц1е йицло хьуна нахана, цхьанна а ву вац а ца хууш, хьалха иза мел дика хиллехь а. Хьажал хьо тахана, 1усманан к1ант Султан олу хьуна цунах наха, хьалха ден ц1е а йоккхуш. Хьуо цига балха д1ах1оьттича, кху чу х1ума ма далахь суна, г1иллакхца а, кисанца а нахал эша ма эшалахь, д1аделларг бен юха ца дог1у хьуна. Муьлхха а х1ума – бен а доцуш – хьаьвззий ц1а кхочу хьуна, хьоьгара даьлла вон а, дика а – б1е а, итт а, ткъа а шо даларх. Айхьа динчу диканна дохко ма вийлалахь, айхьа ца динчунна бен, х1ара х1инца шу зама ю, сан хенаш д1аевлла, – дас цул т1аьхьа кхин хьехамаш а ца бира балхах лаьцна, к1ант дикачу стагах кхетта-кх шен аьлла, дог токх а хуьлуш.

 

                                            ––––––––––––––––––––

 

К1ант кхозлаг1а а, доьазлаг1а а, пхоьазлаг1а а вахара хьаькам волчу, масеххаза т1е а ца кхочуш, ворх1азлаг1а т1аьххьара а воьдуш. Иза аьхка дара, август баттахь, х1ара дуьххьара цига вахана, ялх бутт а баьлла, ахшо дузуш. Кхозлаг1а вахча, компьютерщик муха ву хьох, Бетар-Солтин к1антах, и зударийн болх ма бу, хьох сан… дерг а, доцург а – галдаьлларг соьга олуш, сан хьехамча хир ву-кх хьох, арахь долчу г1уллакхана, дера хир ву, наха х1ун боху а, х1ун дуьйцу а– дукха ма ду, со т1аьхьа ца кхуьуш – со нисвеш волу сан накъост, кхийтирий хьо!

– Кхийтира, – элира кхуо.

Доьазлаг1а вахча, цо кхунах помощник вира, сикиртарше кхунна хьалхара заявлени а яздойтуш…

«Хьайгахь дита, хьайгахь, – элира цо йо1е, – соьгахь хилча галдер ду, дукха ма ду кехаташ», аьлла.

Цул т1аьхьа кхин шозза вахча – т1е ца кхочуш, масийттазза ваханчул т1аьхьа, – керла-керла даржаш дара, цу х1ора а даржана – шен-шена – заявлени а дуьтуш т1аьхьа.

Нанас, х1оразза а, х1ара дарж дохьуш, ц1а веъча, саг1ийна х1ума луора, довха дан а дой хингалш а, ч1епалгаш а луш.

Да воьхна хуьлура, ша х1ун ала деза а ца хууш.

Юха т1аьххьара, ворх1азлаг1а вахча, кхунах хьаькаман зам хилира, хьалхарниш эт1ош, керла заявлени а яздайтина. Цу дийнахь, дена хьуо аьлла, ши маьхьси а елира цо: «1усманна, вайн дена йохьу ша аьлла, цхьамма еънера х1орш кху чу, юха хьо… хьо гича, Недар… Бетар-Солта дага а веъна, деллахь ма товш хир яр-кх шу Къахьарма-Солтин когахь аьлла, хьо гучуваллалц бохуш… пурба дац хьуна, ма-ма, ма аьллахь соьга, – нуьцкъара уьш кхуьнан пхьаьрса к1ел а йоьхкина, – соьгара маршалла, виц ма лолахь, мерза маршалла, шайн нене а… нана йолуш ю вайн… ма дика ду… гучу а вала, бен а дац хьуна, г1уллакх хилча а, ца хилча а, хьаккхий чувола, со хьенех волчу вог1уш ву алий, кхийтирий хьо, эхь ма хета, эхь дац хьуна, хьайн ц1ахь санна, эвххьаза гучувала, – олуш, кхуьнан белш т1е куьг а тоьхна, шега хьоьжучу машен чу хиира хьаькам, къу лаца санна, гонд1а хьийзаш, маццахлера Сокол бохург а, кхин дуккха а хехой а болуш.

Де довха дара, хьех чекхбала г1ерташ санна, батталуш малх а болуш.

Кху маьхьсешца ши к1арх ма дика хир бар-кх дена бохург дага а деана, базарахь к1архаш хоьржуш, сахьт сов хан а яйина – делкъан ламаз-м х1ета-вета а дахнера, – малхбузан ламазна ц1а кхуьур вацара-те, бохуш, кхетта-кхеттачу машенаца х1ара шайн юрта чувулуш, лоьрийн машен иккхира хьалха, маьхьарх йоьдуш санна, шийла орца а эцна.

Гуттар а санна, дег1 тохалуш, хорш хьаьдира кхуьнан дег1ах, цу машенан мохь хезча, шена хьодуш ма хиллара. «Цхьанна йоьдуш хир ю-кх хьо, цхьана мисканна», – элира кхуо шен дагахь.

 Машен кхунна еъна хиллера, кхуьнан дена, т1аьхьа хиндолчу дахарна а.

Да паднар т1ехь 1уьллура, истанга т1ехь, нийсса аркъал хьалавиллина. Т1ехь бохкуш лоьраш а бара. «Инфаркт мозга, – хезира кхунна, – правое полушарие».

– Х1ун хилла кхунна, х1ун ду х1ара? – хаьттира кхуо, цара дуьйцучух ца кхеташ.

– Инсульт йолчух тера ду кхунна, меттахваккха мегар дац, – элира лоьро.

Нана коьртехь хиъна 1ара, кхуьнан ден – шен майрачун коьртехь, юьхь т1ехь цхьа бос а боцуш, ша-шеца санна, наха дуьйцург а, нах а ца гуш. Юха кхин лор валийра, районера воккха лор. Нах чуьра арабехира, х1ара т1аьхьа  а вуьтуш. Кхаа дийнахь ларван веза, элира цара, уллора стаг д1а а ца волуш. Шозлаг1чу буса, 1уьйрана, маьждигехь кхойкхуш молла а волуш, ден хар дахделира, кхачо санна, са чу а уьйзуш. Хар т1аьххье а д1асецира, пехаш вовшахдевлча санна, са чуоза х1ума а доцуш. Лулахочо еса сихдира, ша дешна валарцанна,б1аьргех охьа хиш а хьаьлхаш.

 

                                   ––––––––––––––––––––

 

Нах дукха бара:дехьа-сехьара, ярташкара, кхунна гина боцурш а т1ехь. Массара а Казахстан а юьйцура, цигахь хилла Къедар-Солта, цо дина хилла диканаш а дуьйцуш, цо нехан д1абохкар, вала да воцуш, мацалла белла нах цо 1алашбар.

Тезет г1еххьа лахделча, т1аьххьарчу, – кхозлаг1чу дийнахь, к1айн йиъ «волга» х1оьттира схьа, хьалха-т1аьхьа а ца х1уттуш, ул-уллохь нислуш.

Цхьаьна ГАИ-н машен а яра.

Хехой, парх-пархнехь, юккъехь Сокол бохург а волуш, кино чохь санна, кхийсалуш, машенашкара охьалилхира, бахтарш долчу батинкашца, ахтоматаш а йолуш карахь, к1ора санна 1аьржа духарш а гуш.

Уьш дехьа-сехьа д1ах1иттира, дуьненан еа маь11е хьоьжуш, яххьаш т1ехь, цхьамма санна, массара а, цхьабосса оьг1азалла а ялийна.

Т1аккха «волгин» не1арш еллаелира, хьалха охьаваьлла цхьаъ, лакха йисттерачу «волгин» не1 елла а хьодуш. Воккха стаг ваьккхира охьа, к1айн шиляп а, мажделлачу г1а басахь таь1на кител а йолуш т1ехь, ц1улла сара санна, юткъа 1аса а, беран карахь ловзорг санна.

«1усман ву, 1усман», – шабарш хьаьдира раг1у к1елахь, цхьабосса хевшина 1ачу баккхийчу нехан мог1арехь – Султанан да ву», – олуш.

Юха хьаькам а велира охьа, 1усманан к1ант Султан. Цаьрца кхин барх1 стаг а вара.

1усман бохург хьалха а волуш; вуьйш уло-т1аьхьа х1иттира.Уьш кевна чоьхьа бовллушехь, салам дала т1екхача итт-пхийтта метар йисинчу хенахь, баккхий нах хьалаг1евттира, уггар хьалха, кадам эца хиъна волу юьртан къеда Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа а г1оттуш.

– Диэ, диэ, диэ, пурба дац, до1а диэ, ахь диэ, – ю туху моза къахкош санна, масеххаза пурах д1а куьг ластийра Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас, 1усмана бохучо, салам а делла, амин ала куьйгаш хьалалаьцча.

– Дела ва-кха хьо маьрша, – Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжин юьхь къегира, 1усмана бинчу кадамна дош ала а вицвелла, – хьалаваьл цкъа, хьалаваьл, кхузза хаал, кхузза, пурба дац хьуна, сан бакъо ма яц, хьол лакхахь хиъна 1ан, – олуш, иза шен метта охьа а хаийна.

Т1аккха хьал-де, маршаллаш, 1усманна т1еоьху нах, хьаькамна марабетталуш, шай-шай т1екхача г1ерташ, генахь соьцуш, уллехь, екхна яххьаш, къамелаш…

Тезетах базар хилира, д1абаха новкъа бевлларш а т1ехь, ген-геннара юха схьа а оьхуш. Хьалха дена т1ехьовдура, хьаькаман дена 1усманна т1е, шалха а оьхуш, марабетталора: «Ма г1атталахь, ма г1атталахь», – хиъна 1ачу цуьнан т1ома к1ел а оьхуш. Вукхун куьйгаш – 1усманан – ший а цхьаьний схьадеъна дара, дехьа-сехьа шен т1ома к1ела оьхучу нехан белшаш т1е дайн охьадетташ.

– Х1ара Къедар-Солта, – вистхилира т1аккха хьаькаман да 1усман, – Дала гечдариг,Казахстанехь вайн лулахь 1аш вара х1ара… хаза бег1ийла стаг а вара, сискалца ша хала валлахь а, нахаца кхин ч1иркъе а воцуш. Со пардукт йолчу искладан хьаькам вара. 1аламат йоккха исклад яра, даа мел кхоьллина х1ума а долуш чохь. Цхьацца гарзан пачка лой а, шекаран кийла кховдайой а, туьхан цинц хьой а, рицкъанах ца ходуьйтуш, чекхваьккхира ас х1ара. Х1ора буса бохург санна, х1ара Къедар-Солта а, кхинболу нах а, мовлад ешийта воллура со, олуш – кхарна дага х1ума ца даийта, – со волчу чу кхуьйллуш, даош, малош, иштта хене-м бехира ас, кхано ялта х1ума а хилла, нах парг1ат бовллалц… Дала декъалвойла х1ара, Дала гечдойла…

– Дела реза хуьлда хьуна, 1усман, юха а и Дела ша реза хуьлда-кх хьан сина а, дег1ана а… шайн ворх1е а дайх дисинарг ду-кх ахь лелийнарг а, тахана а иштта лелош дерг а… шайна Дала елла комаьршо ю-кх хьоьца а, хьан доьзалца а, шун берийн берашца а, – хозуьйтуш, мохь а тоьхна, вистхилира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа, – шу дацахьара, оха х1ун дийр дара, тхо мискачу наха, шун комаьршонца дехаш ма ду тхо, дера ду, кху махкана а, нахана а хууш, – аьлла.

Наха т1аьхьара тоьшалла дира, шай-шай ч1ог1а дан а г1ерташ.

Хьаькаме цхьамма: «Х1ара к1ант ву, – олуш хезира кхунна, – Къедар-Солтин к1ант».

– Дала гечдойла, – мохь белира хьаькаме, ши куьг некхехь т1ек1ел а дуьллуш, – дера вара дика къонах… новкъахь хаддаза дадас и вуьйцуш, Бетар… Къедар-Солта санна… да валар бохург, доккха х1ума… хьан да хилла ца 1а, вайн массеран а да велла, дера велла,… вай цхьаъ ду хьуна тахна… хьуо цхьалха ма хеталахь…тхо ду хьан г1уллакхана…хьуна оьшучунна… муьлххачу а хенахь со а… болх а, така а – муьлхха а х1ума, суна х1ара оьшура, алий… хьаккхий со волчу, хьайн ц1ахь санна, эхь а ца хеташ, эвххьаза гучувала, кхийтирий хьо! – хьаькама ч1огг1а мохь туьйхира, нахана т1ехула д1аса а хьожуш.

– Султан, хьоьца (шена уллохь 1ачу 1усмане – хьаькаман дега – бехк цабиллар а дехна), хьоьца к1еззиг г1уллакх дара сан, – олуш, хьала а г1аьттина, жимачу стага къано санна, т1ома к1елахула пхьарс бохуьйтуш, хьаькам схьа мара а къевлла, меллаша д1анехьа велира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа, цуьнан лере шабарш а деш.

Дикка лаьттира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа, цкъа хьаькаме хьалахьожуш, юха лаьттан б1аьра вог1алуш, т1аккха цунах куьг 1уттуш, цхьа ойлане корта лестош, 1асан т1е везза вазлуш. Эххар а, вукхо белш т1е куьг а детташ: «Х1аъ, х1аъ, кхийтира со», – олуш, байн корта а те1ош, схьа а веана, охьахиира юьртан къеда.

– Деллахь, Султан, – юккъера цхьаъ кхайкхира, – стохкалера 1а ма шийла даьккхи-кх ас ч1ог1а, баго и к1ора боцуш… цхьа к1оран машен нисъян хьан каяьлча…

– К1оран машен а… цо х1ун дуьйцу! Шиъ-м хир ю… кхоъ, хьашт мел ю, – хьаькама ша лаьттачохь ши-кхо гуо тесира, нахана т1ехула куьг а кхийдош, – схьавоьл, мичахь, и шопар… сюда, д1аяздел, яздел сихха… кхо машен к1ора…

– И семечка олург ца богу хьуна, Султан, важа и… муьлхха… баккхийра, жаг1а санна…

– Орешка-м ца буьйцу ахь? – кхоьссира кхечо.

– Х1аъ, и орешка, Султан…

– Д1а…  д1аяздел: орешка, кхо машен, – хьаькама куьг ластийра

– Майрбек, и к1ора а битий, х1ара вайна каравеъанчуьра, газ аьллехь х1ун дара-те вай, – вистхилира кхин цхьаъ, – ялсамане кхаьчча санна, 1аш бу-кх вайн луларчу юьртара нах…

– Газ а? Вай, х1инца а газ яц… и… и муха… д1аяздел: газифицировать село Октябрьское!– хьаькам цецвелира, мерах шок тухуш, корта а ластийна.

 – Цу газал хьалха-м больнец дера оьшура вайна… районе охьакхачале… и Къедар-Солта воьжча…

– Остог1фируллахь! Х1оккхул йолчу юьртахь… барх1 эзар стаг вехачохь… хьо муьлххачу а оьрсийн поселке д1акхаьчча… запиши быстро: стационарную больницу с пятидесятью койками… и…и две, нет, три машины «скорой помощи», – хьаькама ша теллира юха, ша шопаре д1аяздайтинарг…

– Х1ан-х1а, нах, – вистхилира т1аккха Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа, – х1ара Султан вай иштта хьийзича – х1ара цхьаъ бен а вац, – кхечарна т1аьхьа х1ун дуьту вай, кхин а ма бу кху махкахь министраш а, хьаькамаш а… паччахь а ма ву вайн…1усман, – элира цо юха, хьаькаман да мара а вуллуш, – шу ма 1е, вайна йовха а ю, Султан иштта а мокъа вац, вай санна, – аьлла.

– Х1ара тезет схьа ма хеззи, кхузахь хила везаш а дера вара, – долийра хьаькаман дас, – кху к1ентан г1уллакхаш, х1ара ша волчуьра лакха а ваьккхина, кхуьнан ц1а вар а ца хуьлуш…

– Ойаъ, кхин мича лакха, хьан балхал боккха х1ун болх бу! – Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа «цецвелира», хьаькаман да юкъах а воккхуш, кхаъ кхаьчча санна, велар а хьаьдда.

– Масане ду кхеран уьш, и белхаш… и цхьа пирмер боху, вице-пирмер… министарш карахь болу… хьуо волчохь 1ехьа, хьо иштта а каравора нахана, ас бохушшехь – нах бу-кх кхунна гуттар а дагахь – нехан хьашташка дикох хьажалур вара-кх ша аьлла, шена а ца луъушехь, цига д1а-м вахна х1ара, – хьаькаман да хьалаг1аьттира.

– И тхоьга схьа а ца олуш, хазахетаран дакъа а ца луш, ваха воллур-кх хьо, Султан, – хьаькамна резавоцуш корта ластийра Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас, – ткъа х1ун болх, маца дуьйна схьа? – аьлла, хаттаре б1аьра а хьаьжна.

 – Вице-премьер олу цхьа г1уда ду-кх, болх аьлча а. Диъ-пхи де а дара и кехаташ кегош – т1евог1учунна меттиг ц1ена йита еза-кхи, ж1аьла санна д1а а ца воьдуш, цунах хьевалар нисдели-кх, дада а хьеви ас, – хьаькам бехкала вахара.

– Ой-й, Дала декъалабойла и болх, схьавоьл цкъа, маракхетал! – Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас куьйгаш д1асадахийтира.

Хьаькам цунна мара а кхетта, нах кхин цаьршинна т1аьхьара ца хедаш – дена а, к1антана а, – уьш машенаш т1е д1абахча, лаьттина-а, ши-кхо гуо а тесна, цхьана х1уманна вицвелча санна, резавоцуш, меллаша схьа а веъна, везза охьахиира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа, уллохь лаьтта шен 1аса, шинна а куьйга схьалоцуш, хьалхахь д1а а г1ортийна.

Д1огарчу машенийн не1арш, «т1ох-т1их» деш, т1ееттаяла юьйлаелча:

– Машен… сацае машен, – мохь белира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжига, – вицвелла, цхьа сахьт ца даьллехь! – олуш. Цхьамма д1а мохь туьйхира, собарде, совца, аьлла.

Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа меллаша, цхьацца ког а боккхуш, хьаькаман да 1усман 1ачу машенан берте а вахна, не1 схьа а йиллина, важа машена чуьра ца вуссуьйтуш, охьа т1е а лахвелла:

– Цхьа минот ца яьллехь, 1усман, негат духур-кх сан… х1ара 1аса, со барх1азлаг1а Макка вахча, Маккарчу воккхачу шайхас: х1ей, хьо лаьттарг, хьо къонаха аьлла, соьга схьа мохь а тоьхна, ма дукха оьху-кх хьо кху Макки чу, х1ара Макка Дег1астана д1аяхьа г1ерта-кх хьо! Кху Маккин хьурматана х1ара 1аса хьохьара ахь цу Дег1астанарчу мурдашна аьлла, х1ара 1аса кховдийра соьга… Боккъал а, деллахь, ма боккха болх бу-кх хьо, хьанна лур яр-те хьо, бохуш, кху 1асан ойлаеш, сийсара д1атаь1начу суна, 1усман, хьо ги-кх цу г1енакхоьлахь, х1ара 1аса ма хаза ю хьан, хьенех, х1ара мичара яьлла хьуна, бохуш, соьга хоьттуш. Эх1, Дала ша хаьржи-кх кху 1асан да аьлла, самаоьккхушехь, хьо дагавеъна, хьуна т1екхача негат долуш, сахуьленга вели-кх со сийсара…  Дала валий-кх хьо кхуза тахна, д1алацал хьайн 1аса, – олуш, 1аса хьаькаман ден когаш юккъе д1а а х1оттийна, «ч1оп» аьлла, цуьнан яьшначу бесни т1е, моз кхоллуш санна, йоккха барт яьккхира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас.

Машен чуьра хьаькаман да охьавала тохавелира.

– Пурба дац хьуна, пурба дац! – шинна а куьйга иза сецош, йоккха г1овг1а а эккхийтира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас, хеццане иза д1а а ца хоьцуш, я схьа а ца волуш. И дерриг а хезаш а, гуш а лаьттачу хьаькама, 1усманан к1анта, шен чета охьа куьг а хьош, схьахьаьддачу, Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжин, оба санна, йоккхачу г1овталан кисана, та11ош буй бахийтира, п1елгашна юккъехула гуш ахчанан дакъош а йолуш. Эххар а – цул т1аьхьа а г1еххьа тийса а велла – хьалатаь1начу Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас:

– Дала 1алашвойла хьо, Дала вахавойла, г1уо х1ета, 1усман, некъ дика хуьлда! – олуш, шинна а куьйга машенан не1 т1етуьйхира, оцу сохьта юха, къовллуш, хьаькам мара а воьллина.

Т1аьххьара, куьг а ластош, уьш новкъа а баьхна: «Гучувала, муьлххачу а хенахь, хьайн ц1ахь санна, эвхьаза, хьаккхий чувола», – машен чуьра цхьаьнга луьйш хезаш хьаькам а волуш, везза,  цхьацца ког а боккхуш, схьа а веъна, шортта, меллаша охьахиира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжа, хьаькамо буй та1ийначу киснахь, дехкий лелаш санна, меттаххьуьйш аьрру куьйган п1елгаш а долуш. Куьг, охьахиъча а, киснахь дара, иштта хаддаза шайн болх беш. Цхьа деро – ша тергал вой-те аьлла – нахана т1ехула д1аса а хьаьжна:

– Дика лаьтташ стаг ву 1усман, – элира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас, – т1аьхье дика кхиъча, сингаттам ца хуьлу дегахь, шайна хьанал бехаш нах бу, шайна хьанал бехаш, – аьлла.

Юха, нах бистхила кхиале: «Алла-х1умма соли-1ала-а», – д1аайдира Сайд-Мохьмад-Салахь-Хьаьжас, киснара схьадаьккхина куьг, кисана т1е охьа а детташ.

Наха т1аьхьара: «1а-а-а», – элира.

 

                                              ––––––––––––––––

 

К1ант х1инцца кхета вуьйлира, я боккъал а кхийтира, шена ду моьттург а доцуш, нехан бакъдолчу дахарх.

Х1ара ткъа шарна воккхахилира, ткъе итт шарна къан а луш. Ша цхьалха а хийтира кхунна, дуьненчохь ша цхьаъ, юха цунах воккха а вира, ша иштта шена цхьалха хетта, кху нахаца декъа – къовса, кхаьрца нисдан шен х1ума доцуш.     

 

                                                                                      2007 шо, 4 январь            

 

 

 

Олхазаран къа а

 

Хьалхара тIом лагIбелча, бIаьста, гIала чIогIа ирча яра. ГIала теддера, йохийнера, бертал тоьхна чуьйнан яй санна, ерриг а вон тIекIел тухуш.

ГIала аьттера. Дитташ а дара Iузара, генаш а кегдина, баххьаш а доцуш.

Юкъ-юкъа соьналла къаьстара, патарш а гуора хьалатоьхна. Тоькан серий а Iохкура, хедда. ЦIенойн тхевнаш а дацара; туьнкалгаш-м йисинера, нийсса ирах а яхна.

Иза чIогIа тамашийна а дара, берриг а тхов бухуш, туьнкалг иштта дийна йисар.

ЦIийнан тхов а нисбина, неIарна лакхахь, лами тIе догIа ца деттадалийта йина хилла лаба тоеш воллучу хьуна, чIегIардиг гира, «чкъар-чкъир-чкъурш» деш, цIеххьана цхьанхьара схьаиккхина догIу.

Иза хьо гучуваларх кхаъ хилла деанчух тера дара, хьан жIаьвнан тата хезна, тIехъэккхаш бIаьрг кхетта.

Бен хила безара цуьнан лабана бухахь.

Бен бацара. Лар яра, говран лан санна, тIелетта, чамех терра, тасаелла йоллуш.

ЧIегIардиг гуттар а сакъераделла, гIар яржийна, «ткъарш-ткъирш-ткъурш» деш, дехьа лелхаш, сехьа дуьйлуш, охьахуьйшуш, хьалалелхаш, чета эккха санна, хьийзара. Юха додий, цхьалхха бисинчу тоькан сера тIе хуура. ТIаккха корта гара бохуш, цхьацца бIаьргаца хьежа хIуттура. ТIаьххьар а тIам а бахбой, тIомакIело кIамъян долалора.

Юха а – девнаш, хазахетарш, «къарш-къирш-къурш», кхаъ бохуш, кхойкхуш, доккхадеш, декаш…

Кхаа дийнахь лийлира иштта, буьйса яккха дIа а доьдуш.

ДоьалгIачу дийнахь цхьаьна накъост а валош деара. Кхин дIа а ца дахара буьйса яккха.

ТIаккха шу даха дуьйладелира, къар ца дала, хIу чIагIдан, боцчеран чарташ дийначаьрца дIа а нисдеш.

__________

 

ШолгIачу тIеман бIаьста – цIа а дацара, я гIала а.

ЦIа хиллачохь – чалх яра, гу хуьлуш тIекIелкхетта.

Керт а яцара, ков а.

БIаран дитт а кагдинера; тоькан бIогIам а бара боьжна.

Хьо а лаьттара, коша тIехь санна, цIийнан борза уллохь, цхьа а хезаш аз а доцуш.

ЧIегIардиг а дацара гуш.

ЧIегIардиг дIадахнера, цхьана кхечу махка, кхечу ара, шен боккхачу даймахкахула, тIам хьовзе мел ю.

Хьан яцара ваха меттиг я даймохк а – ДегIаста бен, кхузахь бен – ненан мотт а, хIара бен, кхин вуьжу латта а.

Бен боьхначу олхазаран а къа гIойла-кх, харцо, хьох, хьан цIарах, цIийнах хьан, тIаьхь-тIаьхьарчу тIаьхьенах а, аб-абаден зIе хаддалц, юха, цул тIаьхьа… цул тIаьхьа а – лаьтто гуо мел туьйсу, латта мел ду – латта…

Сан яцара ваха меттиг – Нохчийчоь яцара кхин, кхечу махкахь, кхузахь бен, боьхначу кху Даймахкахь.

 

2000 шо, 23 октябрь.

 

 

 

 

Кехат

 

Цу аьхка, со итталгIачу классе хьалаваьллачу I97I-чу шеран аьхка – сан ялхийтта шо дара хIетахь, – июнь беттан цхьана буьйсана, тхайн классерчу зудаберашна нехан кертара черешнеш а лечкъийна, тхо дIасакъаьсташ, цхьа мерза хьиэгIам буьсура тхоьца, дуьххьара санна, хIорраза а, цхьа хIун ю ца хуу гIайгIа, цхьана ирсе-м сатийсар, тахна-тховса хила дезачу, гуш санна хеташ, хезаш санна, хIара ю ала яккха цIе а йоцуш, хила дезачу цхьана зовкхан, тхайн классера мел йолу йоI, хIора а тхуна еза а луш.

Цхьа доьзал санна дара-кх тхо, цхьаьна хьалакхиъна доьзал санна, массо а буса вовшах а кхеташ, баьллаш а юуш, дийла а дуьйлуш, дIасакъаста доьлча, къаста ца луш, юха-юха соьцуш, чуччахьийзаш, вовшашца цхьаъ-м дицлуш санна, вовшашка ала дезаш долу, ала ца луш, сецош долу, ца даьхьаш, къехкош долу, синхьегамца дехаш долу, метта буьххьехь кхобуш долу, цхьа хIун ю а ца хуу гIайгIа, цхьа хьегар, хьежар, дIаала воьлча, ала ца лууш, ницкъ ца тоьаш, дешнаш, хьайх кхоьруш, хьуо хьайх санна. Юха цу буса, оцу цхьана буса, зудаберашца баьллаш а йиъна, цIеран гонаха са а хьийзийна, шиъ доллуш со чувахча – тата ца дан, байн ког ловзуш, неI дукха еха, меллаша, кIажи тIера хьалаойуш, IиндагI санна, тIе а теттина, со дехьа чохь къайлаоьккхуш:

– Буса леларг! – кхайкхира дада, – буса леларг, кхана лам чу даха кечдел хьайн дегI… стохка-м Iехийра ахь со, хьайх воккха молла хир ву, аьлла, Шинасуьйра – Юкъе деша а вахана…

«Лам» боху дош схьахезча, суо волччахь Iадийра со, кхин дIа ког а ца баккхалуш: «лам» бохург, хала хIума дара, вала вижжал хала дош. Лам суна чIогIа кIордийнера, суо бер долуш дуьйна схьа, хIора а аьхка жехь ваьллина, гурралц цIа а ца вохуьйтуш. Суна балл а, Iаж а, туьрк ца гуора, я паста а, хорбаз а, гуобаьккхина лаьмнаш доцург, дажо деза кIайн жа а. Ас уьш дукха дажийнера, беттанашкахь, шерашка, цкъа БIовлахь, ТIерийчохь, Хилдехьахь, Нашхахь а. ХIора а де лорура ас, хIора а сахьт а, суьйре, буса, вижича, гIенаш а гуш, тхайн класс а гуш, мехкарий а. Iуьйрана суо хьалахьавича – гIенах самавоккхуш, – суо лам чохь каравора суна, велххал аьлла, дог а духуш. Юха, халла хIума а йиъна, жана тIаьхьа хьалаволавелча, ма-хуьллу лакха волура со, лома буьххье, коьрта тIе. Цигара охьа ярташ гуора, машенаша йоху ченаш а. Итум-кхаьлла Пкъерара гуора, Никарара охьа – цхьа кхин юрт, Хола- Коьртара буса цIе гуора, Соьлжа-гIалин йисттера цIе. Цу ярташа са хьостура, ойла яржайора, дог а детталуш. Юха суьйренга сатосура, буса гундолчу гIенашка.

 

                                          –––––––––––––

 

 – Ахь, наха санна, стохка Къоръан а, мехьалш а Iамийна хиллехь… – элира дадас.

 – Тхо цига дIа-м ца кхечира, цу мехьалшка…

– ХIинца кхаьчна-кх хьо цига, вало дIавижа, дукха Iуьйрре новкъавала веза, –  дада дIатийра.

Со меллаша дIавижира, дехьа чу а вахана, кхин набаран суй а ца кхеташ. Суна Юсуп дагавеара, сайна хьоьхуш хилла молла, юха цуьнан кIант а, сан хеннара. Баттахь гергга хан яйича: «Деллахь, кIант, – элира соьга Юсупа, – ма хала дара-кх, хьох Iеламстаг а хилла, ахь сан цIе кху ДегIастанахь малхалаяккха… ламазан арканаш мукъна а Iамадехьа, хьан дех эхь ду-кх хIара, дIадуьйцучух ца кхеташ, хьо санна мутаIелим ца хилла-кх сан цкъа а», – аьлла. Цо дуьйцучух со боккъал а кхета а ца кхетара: «Лам къовла, лам хьалаоза, Ламан тIе ла, – олура цо, – хIиэна кIела хIи», – олий. Суна лам бевзара, лам муха бу а хаьара суна, амма, бакъду, «лам» къовлий, «лам хьалаозий» бохучух, и Юсуп а, со а – тхойша ший а велла гараваларх – со кхета-м ца кхетара. «Васвасил ханнас, – олура Юсупа, – тIаьхьара ала, кIант!» – сан бIаьра а хьожий. «Васвасил-м цхьаъ хир дара, – хетара суна, – «ханнас», бохург хIун ду техь-кх!»

Юсупа дийцина долу ламазан арканаш Къоръанал хала хиллера: хIора Iуьйрана (сахиллалц дачанашкара нехан Iежаш а лечкъийна – цуьнан кIант а хуьлура соьца), нIаьна а екале, моллалла кхайкха дезара сан. Юха, массо а пха а бусийна а, мел чIогIа ас мохь тохарх, Юсуп реза а ца хуьлура, суна тIаьхьа ламаз дан.

– Мохь ма беттахьа, кIант, – олура цо, корта а ластабой, – дукхавахарг, ма беттахьа мохь! Кхайкха ма-веззара моллалла кхайкхахь суна: «Аллахьу Ойкабар» а ца бохуш: «АллахIу Акбар», – ду хьуна иза – «АллахIу Акбар!», – кхийтирий хьо хIинца?

– Кхийтира, – олура ас.

– Кхета-м дера ца кхетара хьо, – хьалагIоттура Юсуп, моллалла кхайкха а волалуш.

Ас тIаьхьара олура.

 

                                   ––––––––––––––––

 

Со цхьаьнцца а ца къаьстира, суо Iуьйрана лам чу воьдуш: суна хала дара цаьрца къаста – сайн классерачу берашца, юха цаьрца а, тхайн мехкаршца.

Со хьалавахара.

 

                                          ––––––––––––––––

 

– Эш-шай, – элира дадас, тIаьххьара лам тIе а баьккхина, тхойша охьанехьа чувирзича, хьацарна пхьош а хьокхуш, – хьо ваха, кIант, ирхе яккха санна хала-м охьанехьа вар а ма хилла хьуна… Биболт волчу жимма са а даьIна, хьала тIе вер ву вайша метта-метта, хIара тов жимма лахъялийтина, – аьлла. Тхан жа дара цигахь, лам чохь, жехь воллуш ГIизлара цхьа суьйли а вара, Рашид бохуш цIе а йолуш. Дадас тешаме стаг ву олура цунна, цхьаьна накъост ца хилча а, жаца вита мегар долуш ву, олий. Цуьнан тешамах дерг-м ца хаьара суна, бакъду, жаца кIезиг бала болуш стаг-м вара иза, хIуманна цхьа а гIайгIа йоцуш, де дIа а даьлла, суьйре тIееъчхьана, кхин цхьа а сингаттам  а ца бевзаш. Ас бала а хьоьгура цуьнца, иза цхьанна а хIуманна тIехь накъост ца хуьлуш, дуьххьалдIа хьоьца цхьаьна воккхах ву алар бен.

 

                                            ––––––––––––––

 

– ХIуйт, дейиса, Рукъихьат, хьан, хIара Хилдехьаройн лам ма дIатуху-кх ахь, – кхайкхира дада, бедана тIехь цхьаъ деш йоллучу йоккхачу стаге. Йоккха стаг хьалатаьIира, хьаж тIе куьг а лоцуш.

– Ваттай, сан Дела, кIант, хьо вац хIара! Дела дахка шу марша, – дуьхьал охьайолаелира иза, – сан болх-м хаац, хьо-м кIезга кхочу хьуна кхуза, – аьлла, бегаш барца, дадина мара а кхеташ.

Уьш кхуза стохка баьхкинера, со воцучу аьхка, шайн йолуш йолу уьстагI-бежана а ялош. Кхузахь Iа  а даьккхинера цара, мангал а хьаькхна. Дадас дуьйцуш хезира суна: «ХIинца-м, сагатделча, чу-аравала Биболт а, Рукъихьат а дара цигахь, хьалха санна цхьа эрна-арахь а ца хета хьуо, буса церан богуш чиркх гича».

Дечиге ваханчуьра Биболт чу а веъна, хIума а йиъна, дадас цуьнга: «Хьун кхачо-м ца гIерта хьо, ва къонаха! СадаIа жимма, ладугIуш хила оцу дегIе, дуй, цхьа цIеххьана дуьхьал долуш Iедал ду хьуна цуьнан, вочу зудчун санна, шех бала беш къонахчунна», – аьлла, бегаш а бина, тхойша араволуш гира суна йоI, цхьанхьара, тилъеллачуьра схьакхаьчча санна, цхьа цеце, сема, акхачу хIуманна хьажар а долуш. Иза цхьа  чIогIа тамашийна а дара, оццулла генахь, лам буьххьехь, суна иштта йоI гар, сел ойла йоьхна кхуза валийначу, сайн хеннара, жима а хеташ, юха цхьа хийра, генара а.

ЙоI шозза-кхузза хьаьжира соьга, дуьххьара гучу адаме цецдаьлла хьоьжу экха санна, корта жимма дIа а хилош белшашкара. Цо цхьа хIума лоьруш санна хийтира суна, я цхьа хIума толлуш санна.

Дада Биболтана мара а кхетта, схьаверзале, едда цIийна тIехьа иккхира иза, кога буьхьара, яйн, массехаза кхоссаелла –  эхь хетачух тера дара цунна, маршалла хатта эхь хетачух.

 

                                        –––––––––––

 

Рашидана чIогIа хазахийтира, тхойша метта-меттахь карийча:

– Дали Къоръанора, Сайд-Мохьамад, стаг гучавар волуш ма вацара шух, – элира цо, ма-варра тIекхетта, къовллуш дада мара а воьллина, – хIара кIанат Лема вуй? – рюкзак чуьра хIумнаш четар чохь дIанисъеш воллучу сан букътIехьашха вист а хилла.

– Вац. ХIра важа ву, – элира дадас, – молла ву хIара, – аьлла.

– А-а-ай, Джабраил ву хIара, сан доттагI! Хьо хIун даш вара оццалла… схьаволли, маракхетал цкъа сони!

Со маракхийтира, цадогIучу дагца.

Суна синкъерам бацара хIара, Рашидана санна, ехачу аьхккано гуш а, хезаш а стаг а воцуш, кхаа-беа баттахь жехь валла везар. Сан са дерриг а – ойла а цхьаьна – тхайн юьртахь, кIотарахь дара, тхайн классерчу берашца. Дадас Рашиде цхьана тайна1 урс хьакхийтина, кхаьрзина дог-пах а диъна, тхаьш дIадийша дIасакъаьстича (четара чохь дадий, сой – Рашид жа йистей), суо боккъал а лам чохь вуйла хиира суна, бегашийна а доцуш. Хиира, хIара берриг а пал юха а дIаболабеллийла: Iуьйрре гIийттар, Iаржъяллалц чу цавар, тIаккха хи дан дезар, юха жIаьлешна доьша дар, хIоразза а – дIавижале – кечъян еза юург а.

Со жимма Iиллира иштта, и декъаза ойланаш а еш. Суна и йоI дагатесира, едда къайлаиккхина йолу: «Цо мукъа  а хIун леладо-те кхузахь, кху дуьненчу а еана, шена цхьанхьа маре а яхана, кIелхьара ца йолуш», – аьлла. Суна, цуьнан ойлаешшехь, набкхийтира.

Суна гIенаш а ца гира, Iуьйрана суо меттахъхьевен Рашид воцург.

Доккха де даьлла хиллера, со вижина Iуьллушехь. Жа  а дIадахнера метта-меттара. Дада а вацара. Иза юха охьавахнера. Ши жIаьла Iуьллура лакха йистте, четар долчу охьа а хьоьжуш, тхойшиннах цхьаъ хьалаволаваллалц, бохуш, сагатдеш. Со ги хаск2 а доьллина – цу чохь юург яра, – гIаж буйна а лаьцна, дIаволавелира, Рашида (тахана тIера мода-хIума а йоккхуш), чохь Iийр вара ша а, аьлла.

Суна Рашид кхин оьшуш а вацара, дохк деана де ца хилча, и лам чIогIа паргIат меттиг а яра жа дажо, цу балхана со дика а Iеминера хIокху  масийтта шарахь.

Жа шайн муккъа лелийтар дара коьртаниг, уьш доьлхучу тIаьхьа дIа а оьхуш. Генна лакха хьала а ваьлла, дежаш доллу жа а гуш, цхьана гу тIехь охьавижира со, турмал схьа а яьккхина.

Суна хазахетара, турмала хьоьжуш – цо сингаттам байбора, лаьмнийн баххьаш, тархаш, хIора Iин улло тIе а далош. Юха, массо а метте хьежна ваьлча, лаха охьахьажийра ас турмал, БиболтагIеран кIотара: уьш хьалха, нах цIера бахале, юрт хиллачохь Iаш бара, тхан жа лакхахь а долуш, лам чекхболлучохь.

ЦIен коч а йолуш, зуда гира суна, шина ведарца хи тIе йоьдуш. Иза и йоI яра, селханлера акха йоI. «Кхо хIун леладо –хийтира суна, – кху Iовдало, лам буьххьехь, цIен коч а юьйхина».

 

                                  ––––––––––––––––––

 

ДоьалгIачу дийнахь, Iуьйранна:

– Даллахьи, Джабраил, Рукъихьате хьакхамаш дайта гIуохьа, хIара гордилаш3 яа ца ло-кха соги,– элира Рашида, – цигахь вай ши галай дама а ду хьони. Биболтан йоI хьайна яйчи… охI, цхьа ламанан масар ю-кха, цхьа акха гази, – аьлла.

Хьокхамаш чу дахка цIена гали а эцна (берхIитта – ткъа хьокхам гижа4 а тоьхна), сайн юха тIебаккха безачу ломан ойла а еш, гIийла охьалестира со, хIара бала иштта такха безаш бу-кх кху аьхка, гуьйре тIеяллалц, олуш, сайн дагахь, ойла а еш.

Биболтан уьйтIа кхаьчча, кхайкха дийзира, чу-араволуш стаг а ца гина. Лохачу гуранна охьа а таьIаш (даьхнашца Iачу нехан цIийнан неIарш лоха хуьлура), араелира селханлера йоI.

Со сацавелира, вист а ца хуьлуш.

Иза а лаьттара, боккха ши бIаьрг а биллина.

– Рашида… цхьа хьокхамаш… шун нене, – хазийра ас, воха а воьхна, соцунгIа дахделча.

– ХIа-а, хьокхамашший… чувола, нана хIинца… – йоI сехьаелира, суна некъ бита.

Со хьажар а доьхна, висира, сайна цкъа схьагина иза, ша ма-ярра ойланехь а соцуш.

«Муха… кхузахь иштта йоI… хIунда…»

– Хьо Лоьмин ваша ма ву…, – лацаделира тхайшинна юкъахь.

– Ву…

– Хьан цIе Джабраил юй? – юха а.

– ХIаъ…

– Суна Лоьмас вийцинера хьо.

– Лоьмас … хIаъ… маца… хIа-а…, – со цуьнга дIахьаьжира.

– Стохка…

Ас хIумма а ца элира. Цо юха а цхьаъ хаьттира. Суна ца хезира. Суна шозлагIа а, ойланехь, цкъа схьа ма-гарра дуьхьал хIоьттира иза ерриг а.

«ХIан-хIа… иштта муха хуьлу, кхузахь иштта йоI…»

 

                                  –––––––––––––––––

 

Суна ца хаьа, цул тIаьхьа хIун хилира. Цуьнан нана схьа а еара. Хьокхамаш а дира. Цхьа хабарш а дийцира оха. Ас хIума а йиира. Юха со тхайн жа лаьттачохь вара, малх чубузуш.

Раиса боху цIе а яра соьца, цхьанхьа-м хезна я сих-сиха карлаюьйлуш.

 

                              ––––––––––––––––––––

 

Суна дуккха а аттох хир дара цуьнан сурт дилла, вуьшта, дешнашца дуьйцучулла а. Иштта йоI суна ган а ца гинера тхайн юьртахь а, кхечахьа а.

Цхьа акха аьрхалла яра цуьнца, цхьа цеце аьрхалла, нехачух тера йоцу я суна хIинццалц ца гина йолу. Iаьржачу аматехь хетара иза, боккха гIуьржа ши бIаьрг а болуш, лекхачу дегIахь. Буткъа нийса мара бара, чекхса гуш санна, аьрха, цхьа детталуш меран тIемаш а долуш. Цуьнан ерриг юьхь а хетара юткъа, тIеяьлла, марий, ши бIаьрг, цIен севсина жима бат бен, кхин хIумма а ца къаьсташ. Ерриг хазалла, я инзаралла, я ойла цхьа Iадориг и буткъа, нийса мара хетара я меран сизаш, цхьа ша-шах къаьсташ долу, ша-шах кхолладелла, кураша5 куьман санна, жимма тIедаьлла меран дукъ а, юха деттало меран тIемаш, садеIар, дехьар, цара сецо карзахалла я карзахе кхайкхар. ТIаккха бIаьргаш, гIуьржа, сирла, догIанах яссалуш, кхуззахь, эццахь сийначу стигалца соьцу мархийн к1айн дакъош санна, йоI-бIаьргана гонаха къега сийна-мокха буьртигаш я жовхIаран цинцаш. ЦIех етта, цIех юкъаелла, цIийца юьзна, кура, жима бат; балдийн дестар, дусадалар, балдаша кхуллу сонталла, цаяшар, цхьа омра оьхьу куралла а. Логах къеста – яьIна, дегIацара уьду накха, хенех къехка болар, боларца уьду йоргIа, цуьнан ерриг а ийялар, гIатта гIертар, хIора меже ша-ша йийлар – хIан-хIа, ас къоламца кехата тIехь дилла мегара цуьнан IиндагI, цу IиндагIан масех сиз, цхьана сизан аьрхалла, ткъа дийца воьлча, сайна кхолла я гинарг дешнашца ала – дош ца тоьа, вастаца дуста я васт гайта басарш а.

 

                                   –––––––––––––

 

Ас кхо де даьккхира, иза ца гуш, ца кхеташ, хила даьлларг я хилларг, маца, хIун ду а ца хууш.

Суна хала дара. Суна иза ган лаьара. Суна хьежа лаьара цуьнга, дуккха а хьежа, нийсса дуьхьал охьа а хиъна, цкъа а тIера бIаьрг а ца боккхуш, сарралц иштта хьоьжуш Iан, юха хIора а дийнахь, юха массо а хенахь, юха гуттар а иштта хьежа. Суна денош дара, цхьаъ вукхунах тера долу, бохь сира лекха лаьмнаш а, дуьхьал дежа кIайн жа а, лила санна сийна стигал, цу стиглан уллохь хиларо лаьмнийн баххьаша кхулла цхьа еза-йоккха локхалла а, тIаккха деган деттадалар, синан цхьалла, ойланийн паналла а. Суна еза лаьара, хьега, ган лаьара, уллохь хила, дIа ца къаста, шабарш хаза, доху синош, деса къуьрдаш, бIаьргийн хьежар, къардалар, бIаьргийн цхьа гIийла кхайкхар.

Ас кхоалгIачу Iуьйрана, жана тIаьхьа дIавахале, Рашид дикка генаваьлча, богийна тIера тIулг хербира, чохь хьокхамаш долчу богин. Суна хаьара, жIаьло уьш дуур дуйла, я метта-меттахула, це а етташ, дIасакхусур дуйла, кхин эца пайда а боцуш.

Со юха а охьакхечира, гихь гали а долуш.

ЙоI яцара. ЙоI деца некъ тобан яхана хиллера, лахахула дIабоьдуш болу, хьалха хилла болу шира некъ. Со дуккха а Iийра, хьокхамаш девлча а. Суна дIаваха ца лаьара. Ас шолгIа а хIума йиира, езаш санна, ехха, ца волуш, ца вузуш, ца деззашехь, чай муьйлуш.

IиндагIаш охьалестира, дахделира IиндагIаш, IиндагIаш хьаладирзира дуьхьларчу ломах.

ЙоI хIета а ца кхечира. Ца оьшу бехк а хьахийна, шу хьийзадо а баьхна (Рукъихьата суна дов а дина), юха а хьоьжуш, дIавахара, хьостана тIе кхаччалц.

ТIаккха циггахь сецира, жимма садаIа, меттаван, цунах йолу ойла Iабо.

Иза гуттар а кхузахь гуора, турмал чу хьаьжча, хи тIе йогIий, хIумнаш юьттуш я иштта дIа, тIехйолуш. Саба Iуьллура тIулга тIехь, цо хIумнаш юьттуш долу, цхьа къорза бехчалг а, горгам санна, хьарчийна.

Юха хьалагIоттуш, хьалагIаьттича, дIавахале дIасахьаьжча, со хиъна Iачу лакхахь, букътIехьашха, ирах баханчу берда тIе: «Асалиева Раиса I970 шо. Август», – цо яздина, стохка, ша дуьххьара кхуза еъча.

«Асалиева Раиса… Асалиева», – ас куьг хьаькхира берда тIе, берд шийла бара, цхьа хаза шийла.

Суна а лиира тIаккха, иштта, цунна уллохь сайн цIе йита: «Эскиев Джабраил I97I шо».

Ца яздира. Эхь хийтира я дозалла. Иштта мегар дацара, цунна цхьаъ моьттур дара, иза кхарда там бара.

 

                                    –––––––––––––––

 

Суьйре юлура. Суьйре сингаттаме яра. Суьйре дукха еха хуьлура.

Суна буса дика хетара.

Буьйса сан яра.

Со буса мукъа хуьлура, набкхетталц цуьнца хила, хабарш дийца, бIаьра хьежа, хIора амат карладаккха.

Юха буьйсано воьра, карзахвохура буьйсано, буьйса тамашийна инзара яра, бIаьрго ма-лоццу, таррашца ирделла, Iаьржачу лаьмнийн баххьаш а къаьсташ; цхьанхьа, генна бухахь, дуьне мел лаьтта, детталучу, лиэтачу, чахчарашца гIергIачу  Органан йовхарш механ асано юкъ-кара лере а кхоьхьуш; ерриг а стигал – маха Iотта меттиг а йоцуш, – кеглуш, аталуш, тиэIаш, лиэпаш, довш, леш долчу седарчаша дийнна хIума санна, меттахъхьееш, охкуш, юуш, куьг кхочче тIеялош, юха, тоттий, генайоккхуш.

 «Iу-Iу-Iахь», «пах-хах», – дарца, дуьзна, синош дохуш, нахаршца сагатдеш, беттан буьхьигаш лаьтта гIортийна, хIора а ша-ша санна, даьржжина Iохку дато жа.

Лахахьий – лакхахь я дехьий-сехьа, тIоьдаш тIе корта а биллина, цхьанхьа жий Iаьхча я нана лохуш Iахар, гIийлла корта хьалауьйуш, наггахь «гIалх-гIалх» деш, юха а иштта дIатуьйш, вовшашна ген-геннахь гIенашка дуьйлу ши жIаьла а.

ДIога бухахь,  кIотарш йолчу лахахь, къуьда богучу жимачу чохь, тоххарехь набкхетта я хIинца а йижаза, йовхачу чохь, хьаьрччина, ша-шеца йижина Iуьллу цхьа цеце кура йоI: «Асалиева Раиса. I970 шо. Август». ХIунда? ХIунда хуьлу иштта хаза я стенна кхуллуш ю, юха ган а хIунда го, гуш хилча, хьан хIунда яц, хьо хIунда кхоьллина тIаккха! Са хIунда гатло гича, я ца гуш, хьеелча, хIунда езалуш ю оццул хала, хIунда еха хьоьца, са кхолочу бIаьргашца, де даьлча – денца, наб ца еш – буьйсанца. Юха еза а ас ала деза, цунна шена хаа ца мега, цо ала ца мега ша; иза схьаян ца мега кхуза, хьо воллучу улло, суна юххе охьахаа, настарш дIа кIел хьарчош, цхьана куьйгаца дIатаьIаш, лакхара охьа тIе хьоьжуш. Дерриг а иштта хIунда нисло, юхамаччахьара? ХIунда?

 

                                        ––––––––––

 

– Схьагайтал, Джабраил, хьайгар а турмал, – элира Рашида, суна юххе охьа а хууш, – дIавала, яра боккха синкъерам бу хьони, а йоI кхуза хилар, цунга хьоьжуш, де тIап олий, чекхдалу сан, – аьлла.

Суна чIогIа ца дийзира, цо Раиса иштта юьйцуш я иза цуьнга хьоьжуш а.

– Со акхарошка бIаьрг тухуш ву, – элира ас, – собардехьа, – аьлла.

– Дали Къоръанор, сохки ахкано Лоьмас хазахета цкъа а турмал кхачайтани ма яц соги, … хьайтал цкъа, – цо турмал дIаийцира, куьг кховдийна, сан карара дIа а йоккхуш.

– Iайт, да ма дала-кх хьо балхан далиI, хьийзаш-м далар ю, бедана тIе а яьлли, – Рашида турмалан пирг хьовзийра, сурт кхин а гергадало, – вахаш-м ца валлара хьони, куьйрано къора кхокха санна… хьан ханнара, дависарг, хьан ханнара  а волуш…

– Рашид, Рашид, – элира ас, – схьагайтахь, схьагайтахь дIога… дIога хьуьна йисте… акха гезарий ю моьтту суна, схьагайтахь сихха…

– Мичахьа, хьуьна йисте, гази окху ханихь тархашца йижана хулу, ва кIант…

– ДIога хьажахь, дIога, гайтахь соьга, гайтахь, – цуьнга кхин дIа а ца хьожуш, цо сайгара санна, куьйгаца турмал схьаяьккхира ас, кIирвелла юха дIаса а хьоьжуш, наггахь Раисе а.

Суна чIогIа дастам хетара, къанвелла волу Рашид – цуьнан зудий, ши бер а дара – Раисе турмал хьоьжуш.

 

                                            ––––––––––––––

 

Аьхке чIогIа йовха еънера, кху шарлера аьхке. Йовха хилча, хала хуьлура, уьстагIашна нIаьний а деш. НIаьна бина уьстагI, дап-дип деш, ког лаьттах беттарца, масех гуо а тосий, ма-баддалу бодий, хьуьна юкъа чуоьккхура, генна лахахь йолчу хьуьн чу, хьо валарх, кара а ца беш. Товна хIоьттина лаьтта жа, ялх-ворхI бIе уьстагI, де шелделча, дажа дуьйлалора, лам мел бу дIа а даьржий, шаьш хиллачуьра гена а дуьйлуш. УьстагI юха кара ца бора, нагахь иза ша цу хьуьн чуьра ара ца баьлча. Сан масех уьстагI байра, цхьа ка ас бен а буьйш.

Куьмана тIулг кхетта хиллера, суна хаа а ца хууш, букъан бист кхачалуччохь, букъан тIехк а, дума а лоцуш. Цигахь юха нIаьний динера, сесий санна, сийсаш, кортош бен гуш а доцуш.

Дечигах буткъа зайл а бина, уьш схьадаха волавелча, ас нIаьна хьалабаьккхинчохь, урс тоьхча санна, цIий хьодура, вуьйш нIаьний ган а ца гуш. Берриг и болх бухура тIаккха. Шина дийнахь собар а дина, кхозлагIчу дийнахь керолин доьттира ас нIаьнешна тIе. Уьш дерриш а схьадевлира, йоккха кIорга чов а юьсуш.

Ас чевна тIе а доьттира тIаккха керолин, кхин а, кхин а тIе а дуьттуш, бухарниг худаделча, чов юха а хьала а юзуш.

ДоьалгIачу дийнахь белира ка, керолин кийра а даьлла, ерриг чоь а ягийна. И тайпа хIуманаш дукха Iитталора: йочанаш яхъелча, жа астагI дуьйлура, тов хIоьттича – нIаьний дуора.

Дика дежаш дохкучу жана юкъе хьо дIахьаьжча, музар боьлча санна, Iахар а, ка а, уьстагI а, гуотуьйсуш, кхиссабала боьлча, нIаьний динийла хаа дезара, оцу сохьтта ахь, тIекхетта, схьа ца лацахь, нийсса охьанехьа чу а хьодуш, хьун елахь – хьуьна чу, хьун яцахь – чIожаца охьа, тIуьна меттиг я IиндагI карадаллалц сацар а доцуш.

Иштта бедда болу уьстагI, буса тIе а буьсий, барзо боьра, тIергIан кIайн чоьш бен, кхин доь а ца карош. Оццул со жехь лелаш, цкъа а газана нIаьна бина ца гира суна, жIаьлинчул башха.

Ткъа гезарий – къаьхьа хиларш – мел сийдоцуш яра аьлча, хьан бIаьрг тIера а болийтий, йовдий, хьуьн чу лелхара, дитташ тIера гIаш даа, хьо тIаьхьа ведча, хьуна хьалхара дIа а уьдуш. Бакъду, кхано, шаьш юьзча, хьуьна чуьра ара-м йовлура уьш, амма жа гена даьлла хуьлура-кх, хьо юха а царна тIаьхьа ваха везаш, цу гезаршна.

Ши-кхо уьстагI, нIаьнеша са сов а даьккхина, иштта бедда бахана болу, Биболта Iалашбинера тхан, сарахьуо уьш, де шелделча, хьуьн чуьра арабаьлла а гина.

Юха и дерриг а жа лахенца охьа ца дигча, уьстагI жах ца кхетара: я гихь бан безара, оццул болу лам а боккхуш, я говр а лаьцна, нуьйрахь, бертал цу тIе а бихкина.

                                       ––––––––––

 

– Во-о, Рашид, Джабраил! – Биболтан мохь хезча, дог карзах тохалора сан, цунна уьстагI карийний а, сайна Раиса гур юй а хууш. Массийттаза хиллера иштта, тхойша дика довза а девзаш, – сой, Раисий. Тхойшиъ чIогIа гергара дара, вовшашна са а гатдеш.

Рашид БиболтгIаьрга хIума яа чувоьдура (жа охашимма охьа ма лохкурий), со уьстагI жах а тухий, хьостана тIе дIавоьдура, Раиса схьаяллалц, бохуш: «Чу а волий, юучух кхета», – Рукъихьата бетта мохь а хезаш. Кхин ванне а со чу ца веъча (со дIалечкъара), нанас Раиса йоуьйтура, бовха хьокхам, тIо а бохьуш. ТIаккха тхойшиъ цхьаьна Iара, Раисас цхьацца хIумнаш а хоьттуш. Цо гуттар а юрт хоьттура, да-нана а, йиша а хоьттуш. Ас цунна дерриг дIадуьйцура, тхайн класс а юьйцуш, ишкол а, тхайн цIа а, чоь а, сой, Лоьмий Органа тIе лийча эхар а, бIаьста оха лечкъош йолу баьллаш а тIехь.

 Иза йоьлура.

Иза елаелча, хала хуьлура. Иза ша-шена санна елалора, шен ойланна йоьлуш санна, ши бIаьрг цхьана кхечахьа генна, кхузахь а боцуш. Суна лаг гуора, кIайн цергаш, беснеш тIера кIаьгнаш, дайн дегадо бIаьрацкъоцкъамаш а. Со цуьнга хьаьжжинчохь вуьсура тIаккха, иштта цуьнга хьаьжжинчохь, цхьана хIумнах-м – сайна хIинца а ца хуучух, – ца хуъушехь хьега а хьоьгуш. Суна цуьнга хьежа хала хуьлура, ца хьажа кхин а хала а долуш. Иза ерриг цхьа шера яра, цхьа хаза шера, ерриг цхьа горга а хеташ, хIора меже ша-ша горга: горга лаг а долуш, пхьаьрсаш а горга, горга голаш а, шуьран чопа санна, кIайн чкъор долу хаза настарш а, йоьттича санна. Цунах цхьа Iаь гIуьттура, цхьа йовха, кIеда, мерза Iаь, хIинццалц суна ца хезна йолу зезагийн тамехь Iаь. Иза ерриг а сурт санна яра, гIенакхоьлахь гина сурт санна, гушдолу сурт бакъ цадалла, цатешалла бакъ а долуш. Сан бIаьрса бIарзлора тIаккха, цуьнга хьоьжучу сан хьажаро цунах кхин васташ а кхуллуш, цкъа хинйолчу хенашкахь гуш санна юха карла а юьйлуш. Сан бIаьрсина гушйолу иза, йоцуш санна, гена йолура, иэсера дагалецаме йоьрзуш, цигара юха – бIаьрахьалхахь. Иза цIеххьана соцура, йоьлучуьра лаца а луш, бере санна, соьга схьа а хьожуш, даим шен дагахь долчу цхьана жимачу бере санна.

– Ма дика ду-кх, Джабраил, хьо кхузахь волуш, сан чIогIа сагатлур ма дара, – олура тIаккха, нийса сан бIаьра а хьожий.

Со цунна жима бер хетара, шен хеннара кIант а ца хеташ, иза уггар а хала а дара, со цунна жима бер хетар, бераца санна, ела а йоьлуш, ловза а ловзуш, сан кийрахь мел Iаь1нарг, мел кхехкарг ган а ца гуш.

                                     ––––––––––

Иштта йоьлий, ловзий, суна дуьне а, лам а бицбой, со гуттар а карзахваьлча, дIа а йоьдий, охьахуура, со волччохь Iадда а вуьтуш, марайоьхкинчу голаш тIе корта агIор а буьллий, узамна тIаьхьа техкаш санна, цхьанаэшшара дIаса а техкаш.

– Некъех къахетий хьуна, – хоттура соьга цхьа ханъяьлча, – некъаша са ма гаттадо, гаттадой, вогIуш цхьа а стаг а воцуш, даим а иштта цхьаьнга хьоьжуш…

Со цунах ца кхетара.

Суна цунах къахетара.

Суна сайх а хетара къа, цунна гIо дан йиш а йоцуш, иза сайна иштта езарна. «Еза» ала, хала хуьлура, хьуна боккъал а езаш хилча, орцахвала цхьа да а воцуш, хьо-хьуо хьайца иштта висича, цунах а, хьайх а – дуьненах а – дегабааме гIийлла къа а хеташ.

 

                                          ––––––––––

 

Суна гуттар а, цул тIаьхьа дуьйна, тхойша вовшах моссаза къаьста, сихха Iаржлойла лаьара, катоьхна жIаьлешна доьша а дина, хIума кхоллуш а, ца кхоллуш а, жана йистте дIавижа, нийсса аркъал, стигла а хьоьжуш. Соьца Раиса хуьлура тIаккха, сила долчу дуьненчохь. ХIара дуьне тхойшинна дара: сан, цуьнан – Раисин. Ас ца кхуллуш хIун дуьтура: цкъа иза елла хуьлура сан, йиллина хан тIе а кхачале, юха иза ша тIаьхьа юьсуш, сан чIир кхаба, суна елха. Со цхьанхьа мехкашкара, гIаланашкара цIа оьхура, догIу-догIучу кеманца, гIала а, мохк а, пачхьалкх а хуьйцуш.

Иза бухахь хьоьжуш гуора, трапа тIера охьаволучу геннара суна ган а гуш, нахаца а йоцуш, ша, аьчкан серийн кертал дехьа, догIанехь яша а йина, тIехь еха сийна палаш а йолуш, корта а Iуьйра, бIаьрхиш а лиэдаш. Юха кеманца хуьлура со, хIурдкеманца, палуба тIера иза лоьхуш. Суна берд тIера йовлакх го, кIайн йовлакх, сайга лестош, мохо цуьнан дIакхоьхьу месаш, байракх санна, уьду палаш, хIордан цинцаша тIадийна юьхь, тIеда бIаьрхиш, цкъоцкъамаш, елха ца елха, Iуьйшу балда а. «ХIинца схьагича, хIинца гича-м, – хIоразза а иштта, буьйсанашца, оьгIаз а оьхуш, чIагIо йора, цуьнга дIаала, цкъа вистхила, цуьнга «хьо суна еза», ала. ТIаккха схьагича, ца алалора, вицвелча санна, вуьсура, я вицвала лууш санна, юха-юха а кхана а бохуш, кхин цкъа а ган, массийттаза, тIаьххьара гарна кхоьруш санна.

 

                                     –––––––––––

 

– Суна хьо кхаа дийнахь ган ма ца гира, хьо чуьра ара хIунда ца йолура? – хаьттира ас, дегабаамбича санна. Суна боккъал а хала хеттера, хIора дийнахь ларъеш, пхеа дийнахь иза лар а йина, ялхалгIачу дийнахь суо охьакхаьчча.

– Со чохь ма яцара, – элира цо, – дадица некъ тобеш яр-кх, лахахула болу шира некъ. Тхойша Iуьйрре дIадоьду, сарахь бен чу а ца догIуш.

– Иза хIунда тобеш бу, цигахула цхьа а ма ца лела, – элира ас, – лакхахула бен…

– Хьалха цигахула бара, боху, дадас некъ, нах цIера бахале. Мелана воллу ша, олу-кх цо, хьайбанех къахеташ, говраш юй, царех. Иза уггар а боца некъ ма бу, лахара некъ…

– Суна хьо цIахь ца хилча, муха хуур ду тIаккха… Хьо ца гича хуур ду-кх, дуй?

– Ас гоьзан буьххье ведар уллур ду хьуна, кIайн ведар. Ведар делахь – со цIахь хир ю, дацахь – дадица, – элира цо.

– Ас вайшинна кхин диъ гIулг а ма деъна, – киснара гIулгаш гайтира ас, сийсара, цIера юххехь, цIий а долуьйтуш, айса тодина долу.

– Иий!, гайтахьа, ма хаза ду, – цо гIулгаш дIаийцира, буйнахь вовшех хьакхийна, «къарчI-къирчIинехь» кег а деш.

Тхойшинна шийтта гIулггий, цхьа тхьоз яра. Тхьоз шиъ хила езара – сан, цуьнан, – иштта шен-шен гIулгаш а долуш.

Тхьоз охашимма рогI-рогIана лелайора, кхосса доллу-долчо дIаса а оьцуш. Хьостана тIехь ловзура тхойша, со хьокхамаш а даттийтина, метта-метта ваха хьала араваьлча.

Рукъихьата хIумма а ца олура: «Хье ма лолахь», – алар бен. Цунна хуучех тера дара, Раисин сагатлойла.

Тхойша дуккха а ловзура, кIордадаллалц. ТIаккха гIулгаш циггахь, хьоста долчохь дIа а дохкий, хабарш дийца хуура тхойша. Цо дуьйцур-кх, ас ла а доьгIуш. Цо суна киншкаш а юьйцура, цхьацца хилла болу турпалхой а. Уггар цунна хазахета киншка «Овод» яра, Драйзеран «Дженни Герхардт» а йолуш. Ас уьш ца ешнера. Суна и ший а йоI – Дженни а, Джемма а –  Раиса йолуш санна хетара, со Артур а, Лестар а волуш.

– Хьо деша хIунда ца яхана, Раиса? – хаьттира ас, цуьнан цIе яккха бахьана а даьлла. Суна гуттар а цуьнан цIе яха лаьара, айса Раиса моссаза олу, иза сайн йолуш санна а хеташ.

– Сой, – иза хьаьжира, цхьа елалуш, геннара, юха, ойлане йоьдуш санна, жимма саца а елла, – гIур ю-кх, – элира, – Ленинграде…

– Со а ма ву цига гIур волуш… со Лоьмас дIавуьгур ву ма аьлла, итт класс чекхъяьккхича, – кхаъ хезча санна, чукхоьхкира ас, сайга боккха кхаъ кхаьчча санна.

– Хьо а ву? ТIаккха вай… Ленинградехь… вай цхьаьна хир ду-кх… Соьца… соьца дика хир вуй хьо цигахь?

– Муха – дика… хьоьца…

– Иштта дика, суна хала а ца хоьтуьйтуш…

Суна хIун ала деза ца хиира – со вуьйхира.

– Хьо кхузахь, лам чу хIунда… – элира ас, сайн вохар хьулдан.

– Лам чохь хаза ма ду… суна лам чохь хаза хуьлийла ма ца хаьара хьалха, –Раисас куьг кховдийра, пхьарс генна дIа а бохуьйтуш, – хьажахь цу лаьмнашка, мел буьрса а хета, хетий? – олуш.

– Хьо Iай а кхузахь Iийр ю, цIа а ца йоьдуш, Iийр юй хьо?

Суна иза кIелхьараяккха лаьара, кху балех кIелхьараяккха, я цуьнца виса, цхьа адам а, нах а боцче, иза йоцург, кхин цхьа а.

– Кхузаххьий? Кхузахь Iен… август бутт юкъе баххалц Iийр ю-кх, тIаккха, – цо цкъоцкъамаш ирах довдийра, ши балда а дусош, – тIаккха… тIаккха… цIа а яхана, тIаккха… вай-й, хIокху сохьтта Ленинград юьйцуш дацара вайша, кхузара-а Ленинграде деша гIур ду-кх вайша цхьаьний! – элира цо, ша кеманна тIехь Iаш санна, ела а елла.

Дуьхьлара лам Раисе кхойкхуш бара, Рукъихьатан аз мохо цига дIа а даьхьна, юха цигара схьакхойкхуш: «Во-о, Раиса – иса – иса», – бохуш.

 

                                     –––––––––––

 

– Цхьа хIиллай ду-кха, кIанат, ахь лелориг, хIара турмал ахь соги ялчи, Биболтан йоI ца го-кх сони цкъа а, – элира Рашида, шина-кхаа дийнахь турмал а текхийна, – хIахI, дIалаца, хьайна йиталахь яра хьайн турмал а, – олуш.

Оцу деношкахь гоьзанах кIайн ведар ца кхозура. Раиса чохь яцара тIаккха.

 

                                  –––––––––––

 

Дуьхьларчу ломах, саьрмак санна, хIорд кедара Iенича санна, дохк ломан баххьашкара, хи санна, охьа чухьаьлхича, ойла хебара, дог а духуш, йочано гIелден дог. Дохк чIожаца охьадуьжура, тIаьхь-тIаьхьа лакхадуьйлуш, лаьмнаш дIа къайла а дохуш. Наг-наггахь бохь буьсура, хIурдалахь хинкема санна, наггахь болчу ломан бохь, мохо дохк охьакъехкош. Йочана таьIара тIаккха, даш санна, еза, буьйса санна, кIиранашкахь малх а ца гуш. ДегI, хатт санна, тIеда хуьлура, эткашна чохь ши ког а лелаш. Партенгаш буса якъайора, цкъа хьалха дикка Iовда а Iовдий, хьо вуьжуш, хьайна кIела, яхйой, охьа а йохкуш. Ши этка бертал хьалаюхура, чу гIожмаш а хIиттайой. Хаддаза зарз6 оьхура тIе, ахь вуьжуш тIетесначу вертана тIехь Iаьмнаш а соьцуш.

Жа а хуьлура даз а лой, соьцуш, цхьана сохьтана дажа кхевдича, сарралц юха нахарш а дохуш. Борз а летара чIогIа тIе, сахиллалц жIаьлеш а леташ. ХIора а буса бохург санна, цхьацца уьстагI а ца хуьлура. Жа астагI а дуьйлура чIогIа. Йочана лаьтташ, массийтта де а даьлла – цкъацкъа баттахь а, шина кIирнах а лаьттара дохк, – жимма-жимма екха йолаелча, дахкарна юккъехула маьлхан йовхо хаалора, кIайн бамба санна, дайделла дохк, акказин пух санна, чекх са гуш, сирла а хеташ. Малх цIеххьана Iаьткъара тIаккха, бIаьрасерло а кхолош, догIанах хебба меженаш, бедар йоццу-йоццуче маьлхан зIаьнарша яга а еш. Малхе иштта хьежа лаьара, бIаьргех хиш а туьйсуьйтуш, цуьнан ерриг а йовхо хьайн дегIах чекхъяккха санна. Хьо малхах ца Iебара, оцу йовхачу серлонех, оццул хаза хIара дуьне дахкарх кIелхьара даьлла, цатешалла воккха а веш.

Дохк хIинца хьоькхнашца гуора, кIайн эттIачу шаршонца, юккъе борз иккхича, дIасадаьржина жа санна, маьI-маьIIе дIасахьаьдда: ламанан даккъашца гуора, хьуьнан коьллашца, боьранашца а, иччархочун тоьпо къахкийна уьду акхарой  санна, даккъашкара стигала гIуьйттуш, боьранашкахь туьлуш, йовхонах юьйлу Iаь санна, кIур хуьлий, серлонца довш.   

Жа шаьш дол-доллучохь – IиндагIера малхе а дуьйлуш, – шаьш лаьттачохь охьалегара, догIано сенйинчу баца юкъехь кIайн лош санна. Маьлхан зIаьнарш таьш санна гуора, эзар хьаса ловзу дашо таьш стиглара охьахьаьлхича санна.

Хьуна денош ца карадора, йочано диъна денош, мичахь, маса ду а ца хууш: бархI, исс а, итт а карадора, цул тIаьхьа юха виц а луш.

 

                                  –––––––––––––––

 

Де кхойтта даьлла хиллера, суна Раиса юха гича, июль бутт  дIа а болуш, августан диъ де а цхьаьна. Суна диснарг цхьайтта де дара, иза цIа яха диснарг, кху аьхккалц шерашца текхна, хIинца цхьамзанца уьду денош.

– Хьо цхьайтта де даьлча, цIа гIур ю? – хаьттира ас, тIекхоччушехь, – гIур яций хьо, яций, ахI?

– Сой… цхьайтта… кхин ца дисна? – ша-шега санна элира, ша-шега хоьттуш санна.

– Ца дисна, – элира ас, – ахь пхийтталгIачу августехь… кIиранде хуьлу-кх иза…

– КIиранде а… ца хаьа, яха-м еза, и терахь тила а делла, бетта юкъара дан ца дахь… Иштта хуьлуш а ма ца хуьлу, хуьлий, хьуна оьшу де охьа а доьжна, цунна метта кхин де хIуттуш?

– Ца хуьлу, – элира ас, – иштта охьадожа йиш хилча, дика-м хир дара, – аьлла.

– Хьуна кхано халахетар ма ду и де охьадоьжча, кхано хьуо воккха хилча…

– Суна а… суна-м хетар дац хала, охьадожийтахь иза, цIа ма гIуохьа… суна… суна… хьоьца… хьо…

– Дика ду, хIета, пхийтталгIа август охьа а дожийтина, тIаккха дуккха а хабарш дуьйцур ду вайшимма цIахь, лам чохь а доцуш, мегар дуй, реза вуй хьо?

– Ву, – элира ас, айса хIун боху ца хуъушехь.

– Вайшиннан гIулгаш цIа далахь, диц а ца деш, сан гIулг бархI ду хьуна, – Раиса елаелира, цхьа кхин хIума ца ала санна, шена багадеънарг а олуш.

– ЦIа ма гIуохьа, – элира ас юха а, – сан да хьалаваллалц, тIаккха цхьаьний, гIулгаш а эцна…

– Хьо волччохь хир ю-кх со, Джабраил, кхин цкъа а дIа а ца йоьдуш… хьуна уллохь, – сан юьхь цо дIахьулйира, ерриг юьхь цхьана хьажарца, хан а, дуьне а сецча санна  хеташ, массо а хIума сецча санна.

Сан бIаьрса бIарзделира, гуш синтIадам а боцуш, бIарлагIе ойла бен, со а, иза а дан а доцуш.

Цо цхьаъ-м хаьттира соьга, я дийцира, сан цIе а йохуш.

Суна хIумма а ца хезира, гIовгIа йоцург, деган гIовгIа, лергаяххашца, къамкъаргахь, садеIарца детталуш долчу.

СадеIар ца тоьара, накха жима бара, дукха готта, хIаваъ чу ца хоьура, некхан ваз лазадора, букъапIендарш лелха санна, дог чуьра хьала ара а гIерташ, пехаш а цхьаьна, кийра а.

 

                                                      ––––––––––––

 

Цу буьйсана, ца хаьа суна, цкъацкъа велар а хьодуш, (сан лаамза хьоду велар), юха со велха хIунда тохалора, ший а ност а, дегI а кхийсалуш, хIора меже ша-ша санна, цхьана зовкхана эга а еш: ирс лан хала ма хиллера, ирс сецо, даг чохь къовла, сингаттам а, бала а санна, цхьа цIеххьана кхаьчна долу ирс. Со самах, гIенах а воцуш, гуш а, хезаш а, кхеташ а воцуш, со цу буса син са дара, син мIаьрго, заррат ойла, чуьркан тIоммал цхьа пардо, Iаьнаран Iаь, узаран ов.

Со кхоьрура, иза кхин ган, цу агIор цкъа охьахьажа: иза ца гарна кхоьрура со, дог эккхарна кхоьрура, даге ца ладаларна, иза схьагича, мотт сацарна, мотт биц а луш, къарваларна.

 

                                ––––––––––––

 

Ас кхо де даьккхира – кхо буьйса а, кхо де а, – суо мичахь ву а ца хууш, суо виц а велла, ван а вайна, лам а, стигал а, хIара дуьне а – са а, бода а гуш а доцуш, Раисин амат бен, цуьнан юьхь бен, бIаьргаш. Суна мохь аьлла, вада лаьара, велха лаьара, юха – вела, цкъа хIара сайн кийра бассо, са цхьалха даккха, дог 1або.

Массо а хIума Раиса дара, сан бIаьргашна мел гушдерг, хIоранна  а чохь са а долуш, тIулг а, бецахал а – бен дIа а доцуш, цуьнан маттаца соьга луьйш санна, цуьнан бIаьргашца соьга хьоьжуш. Со, бохург, дан а дацара, Раиса бен, иза бен, де а, буьйса а цуьнца дара, иза ца хилча, хир а доцуш, само а, гIан а вовшах а ийна, дерриг а цуьнца, дерриг а – иза.

Со суо сайца тилвеллера, хIара денош, денош бен, цул хьалха со хилла а воцуш, юрт а, ишкол а, да-нана а цкъа хила а ца хилча санна. Со Iуьйрре дIавоьдура, жа меттах а дохий, Рашидана дIакъайлавала, суо сайца виса, дIалачкъа. Рашида мел мохь беттарх, дуьхьал вист а ца хуьлура; жа а ца гуора, цхьа а хIума а, сарахь булу бода боцург. Юха оцу сохьтта дIавуьжура, жана йистте, горглуш, стигал хьежа, седарчашка, беттан экханца Раиса йийца. И бутт бара суна гушберг, тхойшинца юкъара хилла, Раисина гуш санна хеташ, цо а цуьнца, ас санна, дагахь дерг дуьйцуш санна, батте хьаьжча, цунна со а гуш, суна иза а баттехула: тхо кхоъ дара-кх дуьненчохь, бутт тхойшинна верас а волуш, тхан уггар а тешаме хьаша.

 

                                –––––––––––––––

 

Рашида сайга мел дехарх, хьокхамаш дайта а ца вахара со цул тIаьхьарчу деношкахь. Суна хаьара, Раиса гича, хала хир дуйла, со верриг а вогур вуйла, чим бен, кхин хIума ца дуьсуш: со цунах ечу ойланех хIинца а Iаьбба а ца ваьллера, иза стиглара лаьтта йоссош, сайна улло, сайца нийсса.

Суна иза дукха еза хетара, цуьнца дуста йиш йолуш, дуьненахь хIума а доцуш. Суна иза малик дара, стиглахь хуьлу бохуш, дуьйцуш долу тIома малик. Я малик а дацара, цул а лакхара, кхин хIума дара, сан дуста ницкъ боцург, цахуург, цадевзарг.

 

                               –––––––––––––

 

Метта-меттахь дада гича – хьалха оццул цуьнга хьежна волчу, – суна кхин бен а ца хийтира, мелхуо а, жимма новкъа деара, цо хIун деъна ца хууш: Iахарий 25-чу августехь бен ларга а ца долалора; мангал кху шарахь хьокхуш а бацара (стохкалера йол яра йисина), жа Iа даккха регIа охьадигна а хилла. Орца даллал хIума ца хилча, кхуза вогIуш воцу дада – со цунах цецваьллера, – итталгIачу августехь метта-меттахь хьийзаш вара-кх, цхьа бохам Iоттабелча санна, сел хьалхе лам чу а веъна.

 

Суна геннара гира иза, гуттар а санна, хьалххе, жа наждаре7 охьа а дерзийна, хи дан а, жIаьлешна доьша дан а чувогIучу.

– Суьйра дика… , – со аьлла валале:

– О-о, Джабраил, дера веъна со хьуна хаза кхаъ бохьуш: вашас зуда ялийна хьан! – элира дадас, шеха-а, церга тIера балда дадош, шина бIаьргаца вела а велла.

– Ялийна… мила… маца, дада…

– Ши-кхо де ду-кх, шеца доьшуш йолу, Шелара цхьа йоI…ХIинца хьо цIахь ца хилча, и той дIадоьрзур дац боху-кх хьан вашас. Кхана цIа ваха веза-кх хьо, дукха Iуьйрре хьала а гIаьттина.

 «ЦIа ваха веза» бохург, ца тайра суна, зуда ялор тайнехь а. Оццул сан мостагIий долу хIара лаьмнаш, суна хIинца нана санна дара – Раиса яра кхузахь, кхузахь суна евзина, кху лаьмнашца. Сан цIа гIойла дацара иштта, Раиса сол тIаьхьа а юьсуш.

 

                            –––––––––––

 

Iуьйрана суо новкъаволуш, (цу буса ас наб ца йира), шина-кхаа дийнахь юхавогIур ву со, элира ас дадига, шуна Iахарий лоргуш гIо дан.

– Вай-вай, хьо ма чIогIа… хIинццалца-м, лам хьахийча, хорш йогIуш ма вара хьо! Дера вола-кх, дукха сиха юха-м, со-м хьо цIахь вита дагахь…

– Цхьана кIирна Iийр ву-кх шуьца, – элира ас, пхийтталгIа август дагахь а долуш.

– Цкъа юхаволахьа, – велавелира дада, – тIаккха дуьйцур вай, хьо мел Iийр ву, – олуш.

Со новкъавелира, сийсара урс хьаькхначу уьстагIан цхьа гIоггIий, пIендарийн дакъа а эцна, дадас БиболтагIарна хьуо, аьлла. РукъихьатгIеран кIотарна герга мел гIоьрти, сан дог, тоххара санна лергаяххашца деттадала доладелира, тIаьххьара суна Раиса гинчу дийнахь санна. «Вухур вац-кх – ойлайора ас, – бIаьргаш чу хьожур ву-кх, иза сайн юйла хоуьйтуш, тIаккха со юхавогIу а аьлла, цхьа воккха кIант санна, меллаша дIа а волалуш, дIагIур ву-кх, са ма гаттаделахь а олуш».

Раиса сох бIаьрг кхетташехь – соьга йист а ца хуьлуш, – сихха араелира, хьажар сецна ши бIаьрг а гуш.

«Ас санна, хала буьйсанаш яьхьна-кх цо, суна шех санна, сох хIинца эхь а хеташ», – хьаьдира сан коьрте, айса лайнарг карла а долуш.

– ЦIа воьдуш ву хьо, Джабраил, вашас зуда ялийна хьан? – элира Рукъихьата, ас ца еза боххушехь, цхьацца схьаоьцуш, кад-пхьегIа суна хьалха а хIоттош.

– ХIаъ, – элира ас, – ялийна, Ленинградехь шеца доьшуш йолу йоI, – аьлла.

– Вашас зуда ялор, хьаха бу, Джабраил, боккха синкъерам, – Рукъихьата суна чай доьттира, – дера бу, дукха боккха синкъерам-м, Дала декъалйойла-кх иза, шен рицкъ ду-кх цо деънарг а, – олуш.

Ерриг къамкъарг а – Раиса ган сихваларна – кийра а багош, шина къурдаца чай дIа а мелла, сихха аравелира со, Рукъихьатан Iодика а йина.

Раиса гуш яцара.

Со цIийнехьа юхавирзича:

– Хи дан яхна хьуна иза, хьостана тIе, – йистхилира Рукъихьат, суна тIаьхьа араяьлла йолу.

 Сайн рюкзак – белшашкара охьайоккхуш – буйна а лаьцна, воккха стаг санна хила гIерташ (Рукъихьатана гуш хиларна), меллаша ваха гIоьртира со, айвала дог доггIушехь.

Уггар а хала и мIаьрго яра суна, Раисина тIекхача йисина йолу мIаьрго – иза дукъал тIехьа хила езара, цхьана жимчу гуна тIехьа.

Со гуна тIе хьалавелира, циггахь юха саца а луш: суна Раиса гира, лакхара охьа чухьаьжча, тIулга тIе охьа а хиъна, тIеттIа хилийначу голаш тIе аркъал Iуьллучу шина куьйгаца шен йовлакх дIаса а уьйзуш, генна цхьанхьа дIа а хьоьжуш, IиндагI санна, сецна Iаш, ерриг а мас цхьана агIор, аьтту агIор охьа а хецна.

Со сихха охьа тIе ведира:

– Раиса… со… со… со хIинца цIа а вахана, ши де даьлча… лама юха, сан вашас Лоьмас… Лоьмас зуда ялийна… со юхавогIур ву хьуна… тIаккха ас… тIаккха вайша… ас итт класс чекхъяьккхича… со воккха…

Иза соьга хьалахьаьжира, бухара хьала, геннара. Суна цуьнан бIаьргаш гира, балдаш гира, кIайн лаг.

БIаьргех охьа хиш оьхура, лаг ийзалора, бухара балда кхийса а луш.

– Хьуна… Раиса… со кхана… со тахханехь… со охьа а гIур вац… ахь… со… хьуна…

Иза гIаьттира, буйнара йовлакх охьа а дужуш, цхьа меллаша гIаьттира, юха дIа а йоьрзуш, дIа а йолалуш, хьостана тIе дIа а йоьдуш.

Со Iадда лаьттара, сайн рюкзак охьа а хецна, декъа-деса къуьрдаш а деш. Сан рюкзак охьаюьйжира.

Раиса схьайирзира тIаккха, карахь кIайн хIума а йолуш; тIееара суна улло, схьахьаьжира, сецира тIаккха.

– Джабраил, – хезира суна, – Джабраил, со ца еша алахь цуьнга цу хIумнех, хIуьмалгех… хIара кехат… хIара дIалохьа… хьайн вешига… ас сайн дош… соьгара дош а даьккхина, соьга хан а йиллийтина… Со кура ю алахьа цуьнга, цунах ца яшшал кура…, – цуьнан ший а куьг эгадора, бат а, балдаш а ийзалуш, б1аьргех схьа хиш а уьдуш, т1етт1а та1ийна йолу цергаш къарш-къарш деш ата а луш…, – хьо суна чIогIа, Джабраил, чIогIа дукха ма веза, – элира юха цхьа хан яьлча, – хьо санна кIант, хьо санна цхьаъ… хьо санна, цхьаъ хилча…, – схьахьаьжира, мела хиш а оьхуш, хиш канашца охьа а 1енаш, ела а г1ерташ, къаьхьа йоьлуш.

Со ведира, дукъах хьала, цу ламанца, ирах хьала, и кехат а, сан буйнахь, сан вешига, Раисас, и кехат буйнахь а долуш.

Ас куьйгашца, тулгIеш санна, ас хIаваъ этIадора, цхьа дуьхьало йохош санна, лам охкуш, бохош санна…

– Хьан рюкзак, Джабраил, – со юхахьаьжча, цуьнан буйнахь, цо схьаэцна, схьакхийдош...

Со юха чухьаьдира тIаккха, цхьа гIулч йина, ши гIулч, рюкзаках ка а тухуш, хьалхачул а сиха, кхин а сиха, ма-ваддалу вада а водуш.

Со дукъал тIехьа иккхира, ломал тIехьа, дуьненал. Со вуьйжира, ког а тасалуш, бертал дIа, аркъал.

Со вилхира, хIан-хIа, со велха ца вилхира, со верриг а хебира, эккха кечлуш, заррат санна, зарратал жимлуш, абадел горгавелла, хIара дуьне дохо санна. Хиш ша-шах охьауьдура, сан сацо ницкъ а боцуш, кийрара йовха алу а гIуьттуш, дегI а эгош, детта а луш.

Ас кехат лехира тIаккха, сайн буйнахь долу кехат, гуш доллушехь, ган а ца гуш, мел лехарх, кара а ца деш.

Ас эзар дакъа дира цунах, цхьа эзар, массийтта, берриг а бехк цуьнан болуш санна, дог Iаба а ца туьгуш, тIе т1улг а бетташ, когаш а бетташ, юха когаца латта дIа а кхуьйсуш.

 Кхано юха, со меттавеъча, делкъал тIаьхьа, сарахьуо, сан кийрара Iовгаш дара, дилхинчу беран кийрара санна, дегабаамбинчу беран.

IиндагIаш охьалестинера, цхьа хаза шийла хIаваъ а хьодуш.

Со меллаша новкъавелира, цхьацца ког а боккхуш, меллаша, кхин цкъа а кхуза юха ца ван, кхин ца ган, ца хаза.

Р.S.

Раиса суна кхин ца гира, цул тIаьхьа кхин цкъа а – со Соьлжа-гIала деша вахара, итт класс чекхъяьккхича.

Суна кхин йоI а езаелира, юха кхин а, кхин а езалуш, гуттар а цхьаъ лоьхуш санна, даим цхьаъ, иза цхьаъ…

 Иза хиллера массо а йоI, массо а суна мел езнарг, цул хаза кхин цхьа йо1 а йоцуш, хилла а йоцуш, хир а йоцуш, ша цхьаъ бен ца хилла йолу Асалиева Раиса, суна цул тIаьхьа ца гина йолу, цул тIаьхьа кхин цкъа а ца гина…

                                                                                        I989-2007шш.

_______________________________________________________________

 

1Тайна, туо – шо кхаьчна куома 1ахар.

2Хаск – уьстаг1ан я газанан ц1оканах бина т1оьрмиг.

3Гордилаш – шийлачу хица, сода а тесна, бод а хьакхийна, куьйггал яккхий, горга хьолт1маш.

4Гижа – гихь.

5Кураша ка – ма1аш йолу ка.

6Зарз – дерз.

7Наждар – даьхнашца я жаца хан йоккхучу меттигера х1усам (бун, кхало) 

Киншка

 

 

 

 

 

 

                                                                                Бакъ долу дела дуьйцу ас хIара,

ма-дарра дIадийцича (мукIарло дар ду-кх я дохковалар), къилах  вала там а бар-кх со, бохуш йолчу бехказлонна.

Автор.

 

Кхузткъе дейтталгIачу шеран бIаьста (цхьа эзар исс бIе), «Пионерски» олучу трамвайн социйлехь – цу хенахь трамвайш а, иштта цIерш а лелара Соьлжа-гIалахь – ас киншка ийцира. 

Юьхь яшаза кIира я ши кIира хила там болуш, хьерчийна горгам санна, верриг а тиша къаьстачу цхьана эгIазчу  муьжгичо: «Купите, пожалуйста! – элира соьга, сагIа доьхуш санна, эгочу куьйгашца Iаьржачу кIадин тиша мужалт йолу киншка схьа а кховдийна. – Проспер… с француз…» – аьлла.

– Сколько? – хаьттира ас, цуьнан бIаьргийн хьестало хьажар сайга кхин лан а ца делла.

– Ну… хотя бы …  два… два рубля, – муьжгичун бIаьранегIарш лацаделира, тхьевсича санна. БIаьранегIарш эгадора.

Еарин де дара. ПIераска а, шоьта де а дара тIаьхьа.

Сайн кисанахь кхо сом дуйла хаьара суна. Амма таханлера де а тIехь, кхин ши де даккха дезара гIалахь, шоьтан сарахь юьрта вахале.

Со студент вара.

Минотехь, – мичара! – масех секундехь: «Эцнехь, ца эцнехь, къаста а дина, сом тIаьхьа дитинехь…» – хьалхахь лаьттачу стеган мискалло эзар ойла хьовзийна, цкъа воьхна, юха цIийвелла, тIаьххьар эхь а хетта, кхо сом дIакховдийра ас: «Вот, возьмите», – олуш.

Стаг «спасибо» ала ца кхиира – иза генахь вара.

 Иза ца тешара.

Проспер Мериме хиллера ас эцнарг, шолгIачу агIон тIехь Чеховн цIарах йолчу библиотекан мухIар а лаьтташ.

И мухIар вуьрхIитталгIачу агIон тIехь а дара.

Киншка лачкъийна хиллера.

Киншка чIогIа тиша яра, тIехьара кIади кIайчу тешца тIе а тегна, юкъ-юкъара листокаш а хедда, массо а агIо дийна а йолуш.

Со иза листа волавелира трамвай чохь, дийцарийн цIерш а йоьшуш: «Матео Фальконе» а, «Кармен» а, кхин дуккха а.

Суна «Кармен» боху цIе тайра, цхьа къайле йолуш санна.

Муьлхха а киншка хьалхара дуьйна еша Iемина волчу ас (я ишколехь иштта Iамийначу), юккъера «Кармен» а ца доьшуш, цунна лакхахьара «Матео Фальконе» боху дийцар деша долийра, юкъарIойле суо дIакхаьчча.

Цу дийцаро чIогIа цец а ваьккхира со, и дай-кIант  французаш хилар бахьна долуш.

И хIума вайца хила дезаш дара, нохчашца, французашца а ца хуьлуш, вай бен кхин къонахий а дац бохуш, деза кхуьйсуш лелачу – цхьанна мотт тоьхна аьлла, дас шен кIант вуьйш долу хIума.

Мацалла кийра Iеха а болабелла, со бепиг лаха араваьлча, буьйсанна шийтта сахьт даьлла хиллера.

«Дац бепиг!» – мохь беара, ас дуьххьара неI тоьхначу зудаберийн х1усам чуьра, сан багара дош а далале.

ШозлагIчо а изза элира, «хIун боху?» аьлла, хаьттинчул тIаьхьа.

– Вай, Дела-кх, – элира Ларисас, – Iуьйранна сайна яа йитина цхьа коржик яр-кх сан, – олуш, коржик соьга схьа а кховдийна.

Ас ах дIаелира, еха еънарг иза йолуш санна.

                                                           

Цу муьжгичух  лазар делира суна, сайна киншка йоьхкинчух, цу тIехь хиллачу  мухIарх а, иза лачкъийна  юй а хууш – со киншкаш лечкъо волавелира цул тIаьхьа, дуьххьара къола Чеховн библиотека чохь а деш.

Бунинан киншка яра иза, «Сны Чанга» боху дийцар а долуш тIехь, дуьненан дийцарех суна уггар а чIогIа  хетачу дийцарех цхьаъ.

Цуьнан долор товра суна чIогIа хIетахь а, хIинца а: «Не все ли равно, про кого говорить? Заслуживает того каждый из живших на земле», – боху дешнаш, тIаьххьарнаш чIогIох а хеташ.

Соьлжа-гIалин Ленинан цIарах болчу урамехь (трамвайш а яра цигахула лелаш), цхьа кегий, херцца дохкуш цIенош дара шина а агIор, хIинцалера гIишлош а йоцуш.

Цу чохь Iаш, берриш а аьлла, жуьгтий, эрмалой бара, цхьацца мачийн пхьераш а, портнойш а болуш.

ХIинца санна, базарахь а, я туьканахь а юхкуш джинсаш яцара цу хенахь. Уьш спекулянташкахь яра, курткех ткъе пхи туьма а доьхуш, хечин мах пхийтта а болуш.

И хорма эца таро а, я аьтто а цахиларна (уьш модни хIумнаш яра) оха, студенташа, гатанан хечеш тоьгуьйтура  тхайна жуьгташка. И болх цара шайн цIахь бора, Iедална къайлах. Цига сарахь ваха везара, адам дIатийначул тIаьхьа, хIусамдена лулахошка Iедале мотт ца тохийта.

Дуткъачу гатех тоьгура хеча, кIайн хилла бос, шекъа деш, сийначу басе а берзабой. Джинсаш санна хуьлура тIаккха, пистонаш а юхкуш хечин борчах, тIехьа наклейка а латайой.

Церан мах диъ туьма бара, юха тIаьхьуо, клиенташ IаьIча, пхи сом тIе а туьйхира цара, сиха волчунна туьмане а боккхуш.

Иштта цкъа, бераша шайца  хеча тегийта цхьа жуьгти волчу вигча, чоьхьа воллушехь лаьттачу ишкапах бIаьрг кхийтира сан, чохь шортта киншкаш а йолуш.

Дуьхьлара ши куьзга тIеттIа оьзна гора. ЖIаьла а дара жуьгтичун, оха неI тоьхча, ванни чохь дIакъевлина, неIаран куьзганах (куьзга чекх са гуш дара) леррина тхоьга хьоьжуш лаьтташ.

Тхо кхоъ вара.

Жуьгтичо зала чу кхайкхира тхо, догIмийн бустамаш даха.

Сайца волу ши накъост хьалха дIа чу а волуьйтуш, тIаьхьа сецначу ас ишкапан цхьа куьзга дIатеттира, киншкаш мукъайохуш.

Бустамаш даьхна девлча, уггар а хьалха сени чу а  ваьлла, юккъера цхьа киншка (уггар а стомманиг) хечин борчах йоьллира ас, тIехула охьа пиджак а хоьцуш.

ДIогара жIаьла, ира а хIуттуш, неIаран куьзган тIе кхийтира, хьерадаьлча санна, лета а леташ.

Жуьгтичо жIаьла чехадора.

ЖIаьла суна лиэташ дара, суна тIера бIаьрг ца боккхуш, со меттах моссаза волу, дуьххьара санна, хьера а дуьйлуш.

Сан мачаш чимчаргIаш доьхкуш яра, охьа ца таьIча, аьтто а боцуш. ОхьатаIа йиш яцара: киншка, маIа санна, хаьн тIе хьалайогIалур яра.

– Злая у вас собака, – элира ас хIусамдега, – зачем держать такую, это же опасно…

Жуьгтичо куьйгаш кхуьйсура, пхьидан бIаьргаш а  къерзош:

 – Не знаю… никогда так не вела… Я просто… я удивлен, – бохуш.

– Бешеная, – элира ас, – до добра не доведет, – аьлла.

– Бога ради, не говорите… она у нас вот с такого, – цо лаьтта охьа куьг даьхьира, – вот с такого щенка, уже семь лет…

– Хоть семнадцать…

– Я извиняюсь, простите, извиняюсь, – бехкала вахара жуьгти, шен жIаьлехь доцчу гIиллакхна юьхьIаьржа а хIоьттина.

Со халла велира ара, буьхьара туьйдина мачаш а йолуш, дIогара жIаьла, неI а кагйина, сайна тIекхетале аьлла.

Ас чета яхийтинарг «Семья Тибо» хиллера, Роже Мартин дю Гар цIе йолчу авторан роман.

Сан ши накъост кхеравеллера, цу чохь шайна хиъна хиллехь, со гучу а воккхур волуш.

                                   

Университет яьккхинчул тIаьхьа, дукха арахь лийлира со, Сибрехахь а, Россехь а, со дIакхаьч-кхаьчначохь  киншкаш а лечкъош.

Ас диъ  шо Новосибирскехь даьккхира, цигарчу цхьана районехь, «сезонни» олучу белхашкахула лелаш, кхин пхи шо Алтайхь а доккхуш.

Цул тIаьхьа а кест-кеста иштта лела дийзира сан, со хиллачу мехкашка гучу а вуьйлуш, бутт боккхуш а, ца боккхуш а, цхьацца гIуллакхна араваьлла.

Суо новкъа моссаза волу киншка а хьора ас сайца, сагатделча тIехьажа, кеман чохь еша а.

Дезткъе кхойтталгIачу шарахь, суверенитет а кхайкхийна, вай хьере хьийзачохь, Новосибирске кхечира со.

Цигахь кIира а даьккхина, юха цIа ван Толмачевн аэропорте со схьакхаьчча, сан тIоьрмиг сацийра (регистрацех чекхволуш), чохь урс дуй а  хиъна.

Китайски урс дара иза, цкъа хьаладаьккхича, цхьанхьа пIелг таIийча бен макъарна чу а ца дуьжуш.

Милицис чу а вигна, берриг а тIоьрмиг бассабайтира соьга, киснашкара массо а хIума стоьла тIе охьа а юьллуьйтуш.

Соьгахь удостоверени а дара, яздархо ву аьлла долу.

Милцочо, урс юьстах а дуьллуш, тIоьрмиг чуьра киншкий, сан буйнара удостоверений дIаийцира.

Юха, хьежна-а, удостоверени схьа а кховдийна, киншка листа волавелира, цхьацца листок дIа а тосуш.

– Да это же… с нашего края, с Северного района, – элира цо, соьга схьа а хьаьжна, – с библиотеки, – аьлла.

– Да, – элира ас, – я там работал, кажется, с 79-го по 82 год…

– Ваш паспорт…

Ас паспорт дIакховдийра.

– Точно, в эти годы… прописка стоит… а книгу-то, выходит, вы… стащили…

– Точно, – элира ас, цо  ма-аллара.

– Писатель, и не стыдно?..

– Я тогда не был писателем.

Милцо велавелира:

– Этьен де Сенанкур, – олуш, мужалта тIера автор а вешна. – А интересная? – хаьттира юха.

– Некоторые рассуждения, вроде философ, – элира ас, – и природу хорошо описывает…

Цо киншка гIеххьа дIасалистира.

– Знаете, я тоже воровал книги, – корта ластийра милцочо, – когда был студентом. Давно это было… Влюбился я… а девочка была… ну… самодовольная такая и красивая.

– И что? – хаьттира ас.

– Дак что! Денег было разве для цветов… книги ей дарил, ворованные…

Со велавелира:

– И согласилась?

– Дак у нас внуки растут! – куьйгаш тесира милцочо, гIантан букъах дIа а кхеташ. Юха вехха вийлира.

Ас а дира жимма велааьшна.

– Ну ладно… как там вас…

– Муса, – элира ас.

– Да, Мусса, – цхьаьннан метта ши «эсс» а олуш, – отпущу-ка я вас с миром, раз мы с вами когда-то ходили под одной  статьей, – элира милцочо, – другой бы оштрафовал или… завел бы дело. Возьмите книгу и нож свой…

– Спасибо, – ас хьала а гIоттуш, куьг кховдийра.

– Нет, нет, вас так не пропустят с ножом… да это и не наша вина… у вас там беспорядки, поэтому велено тщательно проверять вашу национальность, понимаете?

– Понимаю, – элира ас.

Цо дехьа а ваьккхира со, горгали бекачу аьчган неIарехь Iачу метишкане, охьа тIе а таьIна, веларца цхьа хIума а дуьйцуш.

Метишка соьга схьахьаьжира.

Ас пIелг лецира тIаккха, нана пIелг, и милцо кIант ву аьлла.

Метишкано даре дира, шозза-кхузза корта таIорца.

Со кеманна тIе хиира, цкъа маццах лачкъийначу киншкех беркат даьлла,  некъахьовзам а ца хуьлуш.

 

Ас киншкаш туьканашкара а, библиотекашкара  а, наггахь нехан чуьра  а лечкъийна, амма цкъа а – накъостийн, церан шайн долахь йолу, цара гулйина киншкаш.

Накъосташка  йоьхура ас, еша лохьа соьга олий, йицъелла а йиса мегар-кх боху ойла дагахь а йолуш.

Эльбрусан ю олуш  хезнера суна дукха киншкаш, университетан хьехархочун, Минкаилов Эльбрусан.

Суна вевзаш а вара иза.

 Цкъа цуьнан хIусаме кхаьчча (шиъ накъост а волуш цхьаьна), со цец а ваьлла висира, цуьнан киншкаша Iада а вина, – уьш дукха яра, буса наб ца кхеттал дукха.

ГIеххьа цаьрга хьежначул тIаьхьа (Эльбруса цхьацца  дош олура, ша киншкаш иййинчу гIаланийн цо цIераш а йохуш), Фолкнерах бIаьрг кхийтира сан, цуьнан мел  долу дийцар тIехь долчу киншкех. Иза йоккха киншка а яра, «академически издани» олучех.

 Тхо цу чохь мел Iа(тхо дуккха а Iийра), киншка карара дIа ца хоьцура ас, сих-сиха листа а луьстуш, листина ваьлча, мара а лоьцуш.

Эльбруса наггахь куьг Iуттура киншкех, хьоме юй хаийта санна, Фолкнерах дош а олуш.

Юха тхаьш чуьра арадовлуш:

– Фолкнер хьур вара ас, Эльбрус, веша… – элира ас, цо кхин дош алале, – схьавохьур ву хьуна, – аьлла, оца сохьтта тIе а тухуш.

– ДIахьуохьа тIаккха, – элира цо, цхьа гIийлла схьа а хьаьжна, соьга а хьоьжуш, сан карарчу шен киншке: со вевзачух тера дара цунна я цхьамма вийцинчух.

«Вицлучех вац-кх хьо, – хийтира суна, – ма вицлур вац-кх ван-м!»

Иза виц а ца веллера: стохка, ши эзар доьалгIачу шарахь, цуьнан балха тIе (юх-юхехь ву тхойша) чоьхьаваьллачу суна Байрон ги-кх, цкъа маццах айса ешна хилла цуьнан стихаш дага а йогIуш.

Эльбрусца, охьахиъна, чайнан стака а мелла, суо аравала хьалагIоттуш:

– И Байрон хьуо аса, наггахь тIехьожур вар-кх, балха тIехь  Iаш, – бен а доцуш хазийра ас, цигаьрка лохьа олуш санна,  даз ца дан а гIоьрташ.

– Чохь ремонт йолуш… ремонт дIаяллалц аьлла… охьаяхка меттиг а йоцуш… – Эльбрус вехха волавелира.

– Хьан Фолкнер а ву соьгахь, – элира ас, Байронах дерг кIаддан санна.

– Хаьара суна иза-м… Муьлха шо дара, олий хьоьга?

– Дукха хан-м ю иза, дага а ца догIу, – ас аьлча:

– Девзткъе борхIалгIачу шеран гурахь, октябрь баттахь дар-кх… ХIинца вуьрх1итталгIа шо а ду…

– Схьайохьур ас…

– Ма яхьа, хьо кхин верх1итта шарахь иза схьаеъна  вер вац, – цо Байрон схьакховдийра, вуьрх1иттаза бIешо даларх шена киншка йицлур йоций а хоуьйтуш суна.

Иза цIенна бакъдуй а хиъна, дог доьхна-а ваьхьира ас Байрон дIа а: «Цкъа юхаван веза-кх  хьо а!» – гIелъеллачу ойланца.

 

ХIаъ, бакъ а долуш, накъостийн киншкех цкъа а катоьхна вац со, церан шайн долахь йолчу, церан балха тIехь хилла йолу пачхьалкханиш ца йийцича.

Царах яра тIаьххьара, сайн накъост волчу яздархочун, Ахмадов Мусан ас яьхьна хилла киншкаш а.

Бехке иза ша а вара: эзарнех (итт эзар яра уьш) шиъ лохьа аьлла, ас дитинчу хабарна суна ши киншка ца елла волу.

 

Цхьа тIом дIа а баьлла, шолгIа тIом болабелча, массо а хIума дайра сан, иштта нехан а дайна хиллера, ас вуьйцучу Мусан а довш: чоь а, аре а, цIа а, киншкаш а.

 

Бер-кераш идош, цкъа Слепцовске а кхаьчна, юха хьийзина-а Майкопе кхечира со, гIалгIайн и хIуьмалгаш хьех-мерах чекх а девлла.

Цхьа мах а бийцина, ахь квартира лаьцча, цу чуьра гIурт а цIанбеш, ши-кхо бутт а балале: «Ай, даьвеши воI ма вий цIагI вагIаш; йишас хабар тоьхад суога; нец ва хIандза хьакхуочаш», – эзар бахьна даладой, хьо чуьра аравоккхура цара, кхечуьнца кхин мах а буьйций – ахь лучул совнаха.

Цигахь баьккхинчу ворхI баттахь доьазза квартира хийцира ас, хIусамдайша далош дерг (массара а) цхьа бахьна а долуш: хIинцца, кху сохьта, сахилале схьакхочуш церан ворхIе да а хуьлуш.

ВоьалгIа волчу хIусамдас (ас лаьцнарг цхьа чоь  йолу кладовка яра, баттахь бIе доллар а луш: «Ай, дзIама саг, вай воI ма вий Москва-гордера академи а яьккха, саг яло цIагI вуогIаш… ахь хьайна кхин моттиг… эцца багIаш тIа объявленеш хула хьона...»,  – цо аьлча:

– Ай, гIалгIа, Дала дика дар дуца хьона, ма хоза кхаъ ба-кх аз, сесаг ма йоккхаерг я-кх, окху петаре Iачча кхаьчча, – аьлла, тхайн сал-пал вовшах а тоьхна, цу  буса йоьдучу цIерпошта тIе хевшира тхо, Майкопе дIадаха.

Адыгаша чIогIа дика тIе а ийцира (сий дойла-кх церан Дала), цхьа а кехат доццушехь, массо а бер ишколе дIа а оьцуш, юкъарчу транспортна проезднойш а делла, хIора кIирнах юучуьнца долу гуманитарни гIо а деш.

Доьзал цигахь дIа а тарбина, хIонцана аьлла (шайнаш чекхйовлуш яра), Россех дIахьаьдира со, Москвахь ворхI бутт а боккхуш (дисинчух а велира), цигара дIа – Барнауле.

Цхьа шой, ах шой а даьлла, Нохчийчу юхавирзича (доьзал хIетахь а Майкопехь бара сан), хьо лоьхуш Ахмадов Муса ву-кх Назранехь, элира соьга цхьамма, Мусан адрес схьа а дуьйцуш.

Со ваххана дIакхечира.

Муса чIогIа дика Iаш вара, йоккха офис а йолуш, уллорчу чохь – квартира а.

Iамеркан цхьана гуманитарни организацис балха эцна хиллера иза, «Центр культуры и образования» аьлла, шегга фирма а еллийтина, дикка  белхан алапа а долуш. Офисна а цара лора ахча, баттахь ялх бIе доллар.

– Хьой, Абдулаев Лечий ма чIогIа лийхир-кх ас, – элира цо, ша хьегна бала бийцина ваьлча, – кхуза балха вало дагахь. Шуьшиъ суна кара-м ца вира, – аьлла.

Цуьнца дуккха а нах а бара, цхьацца белхаш Iамош иттехь сов курсаш а йолуш.

Мусас кест-кеста яздархо а, Iилманча а вуьгуш хиллера цига, Нохчийчуьрчу хьехархошца цхьаьнакхетарш а деш, царна лекцеш ешийта, ша валочу лекторна бIе доллар а яздойтуш.

Масехазза со а вигира, иштта Леча а кхойкхуш.

Цунах чIогIа гIо а хуьлура.

Цкъа сой, Абдулаев Лечий цхьаьний кхайкхинера Мусас, цхьайтта доллуш дIакхача, лекцеш чекхъевлча, буьйса а йоккхуш, Iийр ду вай аьлла.

Бухахь Эльбрус а хилла хиллера.

Суна чIогIа атта а дара, цигара дIа доьзал болчу, Майкопе воьдуш, буьйсанна Назранехь цIерпоштна а хиъна, Армавире дIаваха.

Наггахь буьйса а йоккхура ас офисехь, цIерпоштаца ваха ца лиъча:  Нальчикера автобус хуьлура, Iуьйранна исс даьлча, со парггIат Назранера дIа а кхуьура цунна тIе, Соьлжа-гIалара ца кхуьуш волу.

Юха, цу Iуьйранна, Лечий, сой дIакхаьчча, сан дерриг а са дIалецира, некхера кхин хьала а ца долуш: Iаламат дара суна гуш  – и офис хьалаюьззина тIекIел тоьхна киншкаш.

Уьш дукха яра, цхьа барам а, чот а йоцуш. Иза боккха бахам а бара, киншкел беза бахам ца лехначу суна хIетте а.

Мусас кхайкхина болу нах а, и лекци а дIа ца йолуш, гIеххьа бала хьийгира ас, гуобаьккхина киншкаш а гуш.

Юха, сарахь, пхиъ доллуш, хьеший дIаса а бахна, тхаьш цхьаьна дисча (Мусаца балхахь волу Юнусов Хьамзат а, Алиев Iусман а вара тхоьца – и шиъ цигахь Iаш а вара, де а, буьйса а цу чохь долуш):

– ХIара ма боккха бахам бу, ва Муса, хIорш мичара еъна хьуна, хIара киншкаш? – хаьттира ас.

– Оцу организацис сан «центрана» эцна ю уьш, – элира Мусас, киншкашка дIа а хьаьжна, – итт эзар ю аьлла, охьаяссийна-кх, ягар а еш, журнала тIе дIа а язйина, мухIарш ду-кх детта дезаш, – аьлла.

– Цхьажимма катоьхнехь хIун дара те, ахь мухIарш тохале? – суо Iаччохь хьакхавелира со, цо дуьйцу и «ягаръяр, дIаязъяр» боху дешнаш  тан а ца тайна.

– ХIара «центр» Соьлжа-гIала дIаяхьа дагахь ву со, цигара хьал хийцаделча, компьютерш а, киншкаш а цхьаьна… вайн ма ю хIорш ишта а, – элира Мусас, суначул дика сан дагара хууш, гIеххьа велар а эккхийтина.

Леча а велавелира, «хиъ» аьлла, шен жима ши бIаьрг тIе а гатбина.

Цуьнан веларх кхийтира со: «Деллахь, ма бакъ дацар-кх, Ахмадов, хьуна а, суна а моьттург, – бохура Лечас шен дагахь, – ма вон Iу а ву-кх хьан кху киншкашца тховса вуьсург».

Муса чу ца воьдуш, шийтталгIа сахьт доладелча:

– ДIавало, Муса, дIавижа, жимма садаIа деза вай, сан Iуьйранна Майкопе ваха а веза, – элира ас.

Иза уллохь Iаш вара шен доьзалца, юкъахь цхьа керт бен, кхин хIума а доцуш.

–Цу берашца готта ду чIогIа, шу дIадига, шиъ бен чоь а яц… Ас юргIа а, гоь а йоуьйту шуна, хIета, буьйса декъала йогIийла, – Муса хьалагIаьттира.

– Вайн ков дIакъовлахь, Хьамзат, гоьй-юргIий схьа а эций, – элира ас.

И шиъ аравала ца кхиънера, со киншкаш кегон хIуттуш.

Киншкаш чIогIа дукха яра, дукха хилла а ца Iара, цхьанхьара хьо талла хIоьттича, кхечарна тIера бIаьрг а ца болуш. Юха, цул сов, схьаеъначара дикка катоьхна а гира суна уьш – кега-мерсаниш юкъе а кхуьйсуш, тоьл-тоьлларш дIакъестийна.

 Ас йоккха цхьа хола йира, сайна тайн-тайна киншка цIенкъа юккъе схьа а кхуссуш.

– Ахь хIун до? – элира Лечас, – хIорш ерриш а яхьа воллу хьо?

– Воллу, – элира ас.

– Вай, цо хIун дуьйцу! Хаза ма дац иза, оццул дукха мукъна а, …, – Леча сан киншкаш (ас лачкъо къастийнарш) юкъ-юкъара юьстах кхийса хIоьттира, – дукха ма хьохьа, цо ехча лур ма ю, ала ца мега, – бохуш, сих-сиха соьга схьа а хьожуш.

–Дика ду хIета, – элира ас, юкъара ши киншка схьа а эцна, – хIара ши киншка йоьхур ю ахь Мусагара суна, ас луо бохура аьлла. Нагахь цо ца ло-кх, и Iохкурш цIа хьур ю ахь – ас Iусманан «Жигулин» багажник чу йохку хьуна хIорш, цо «Газель» тIе дIавуьгур ву хьо, Соьлжа-гIала йоьдучу. Амма Мусас, ас бохура аьлча, хIара ши киншка хьуна ели-кх, багажник чу ехкинарш, схьа а яй, охьа а яхка, вайн хилла барт дIа а буьйцуш…

– Цо хIунда ца ло… лур ю дера-кх, ши киншка муха ца ло… – Леча сихвелира, «цIа хьур ю ахь» боху дешнаш бакъдан дезарх кхеравелча санна.

Ас киншкаш машенан багажник чу ехкира, шиъ Лечига дIа а елла.

Муса балха вале вахара со Iуьйранна дIа: автобус хьалххе яра, Нальчике йоьдуш йолу.

ТIаккха цигахь, доьзалца кхо буьйса а яьккхина, цхьайтта сохьтехь автобусашца некъ а беш, Назране со юхакхаьчча, дикка генаяьлла буьйса яра, офис чохь, цхьаъ-м яздеш, Ахмадов Муса а волуш.

Луьйш-олуш цхьаьна а Iийна, Муса юха дIа чу вахча:

– Оцу киншкех хIун хилира, ши кIант? – хаьттира ас Хьамзатей, Iусманей.

– ДIа новкъа-м евлира уьш, хIун хилира-м ца хаьа, – жоп делира шимма а, Iусмана ша «Газель» тIе Лечий, Эльбрусий дIакхетор а дуьйцуш.

«ХIета, ши киншка ца елла-кх Мусас, – кхийтира со, – ватталхьана, Ахмадов, киншканех-м неца летар хьан тховса а», – олуш, сайн дагахь.

Цу буса кхин итт киншка а йиллира ас Iусманан машен чу.

Iуьйранна иштта цIа а вахара, цо новкъа а воккхуш.

Катаяме охьакхаьчча – Леча цигахь Iаш вара, – «Начало» олучу социйлехь охьа а ваьлла, Лечин неI туьйхира ас, айса тухуш ма-хиллара, хьалха – цкъа, юха тIекIел – шозза, тIаккха кхин цкъа а тухуш.

– ЭхI, деллахь, ма дика ду-кх хьо схьакхаьчна! – элира Лечас, салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа. – И хьан тIоьрмиг эццахь лаьтта хьуна, кхин меттах а баккхаза… дIахьолахь уьш кху чуьра, – аьлла.

– ХIун хилла хIинца? – суна цхьаъ-м хилла моьттира.

– Вай, дIавала, ахь хIун дуьйцу … со цкъа а и тайпа хIума… ахь вуьтур-м вац…Дерриг а дуьне сайга хьоьжу моьттуш… хIара поселок а, социйла а йицъелла, километр сов тIех а ваьлла, тIаккха Эльбруса – со охьаволуш, – хIара тIоьрмиг хьан буй аьлча, сан дегIах яьлла хилла цIе…

– Боккъал а, хьенех, хIара-м чIогIа холчахь ву хьуна, – элира цуьнан хIусамнанас, ела а елла – кхуьнан-м наб яйи ахь…

– ХIара бала-м вай кочара боккхур бу шуна, – зала чу хьалаволуш, диван тIе охьа а хиъна, киншкаш екъа хIоьттира со, цхьацца  юьстах а йоккхуш: цхьанна бархI-бархI кхечира.

– Ма… ма-ма! – Леча хьалаиккхира, – суна ца оьшу… хьашт яц хьуна… суна ма йиталахь…– олуш.

Лечига кхин д1а а ца хьожуш, сайна кхаьчна йолу бархI киншка айса керла йохьучарна тIе охьаехкира ас, тIоьрмиг боккха схьа а биллина.

– Уьш… уьш киншкаш-м яц хьан? – Лечин ши бIаьрг къаьрзира.

– К1егий ду-м ца моьтту хьуна! – элира ас.

– Вай, Дала эшаве-кха кериста аьлча, вон дацарехь, – корта ластийра Лечас, – яла-м ца елира Ахмадовс и ши киншка, да висарг, со… со кхин… со кхин хьоьца Назране вагIахь… со… со вац-кх хьуна…

– Суна хьо кхин оьшуш а вац, – элира ас, неI тIе а къевлина, суо дIавоьдуш.

Леча сени чохь висира, цу дийнахь дуьххьара суна тIаьхьа а ца волуш – вицвеллачух тера дара иза.

Иштта, сих-сиха Муса волчу Назране а воьдуш, Джанаралиев 1имранца «СтелаIад» журнал юхаметта а хIоттийна, Соьлжа-г1алахь Iаш вара со, тхаьшшинца балха схьавалийна Абдулаев Леча а волуш.

Цкъа, ваххана Назране дIакхаьчначу суна, Мусан офис яссаелла гира, бIаьрго лаца киншка а йоцуш.

– ХIара хIун ду? – хаьттира ас оллавелла Iачу Мусага, – кху чуьра киншкаш стенга яхна? – аьлла.

– Д1аяьхьна-кх, – элира Мусас, – со балха тIехь а вацара, хIокхара, накъосташа… кхин дуьхьало а ца йина…

– Къа ца хетарийн караяхийти-кх ахь, кIант, и киншкаш, – элира ас тIаккха, – жимма соьга ка а ца тохуьйтуш…

– Цара и дийр ду хьанна моьттура… цу организацица болх беш йолчу нохчийн боьхачу хIумнаша ма дина иза, ас шайна ахча ца делча – дуьненан саг1а дерриг а шайга хьалакхаллийта бохуш, хьийзош вара цара со, – аьлла.

 МухIажаршна белхаш Iамочу курсех (иттехь гергга яра уьш) цхьа курс бен ца йитинера – ингалсан мотт хьоьхург, белхан алапаш а даьхнера охьа, дуккха а нах дIа а бохуш.

– Сайна болх лохуш ву со, – элира Мусас, –  гуманитарни организацешка программаш кхехьийтина ас, Норвеги а, Франци а, – аьлла.

Со цу дийннахьехь юхавирзира, буьйса яккха а ца соцуш – сан некъ галбаьллера, лачкъо кхин  киншка а йоцуш.

КIира даьллера моьтту суна, Муса Соьлжа-гIала веъча, са а гатделла, шух бIаьрг тоха веъна-кх ша, олуш тхоьга.

Редакцехь чайнаш муьйлуш а Iийна, ши-кхо сахьт зама яьлча: «Ахь хIун до? – хаьттира ас Мусага. – Тховса соцуш вуй хьо?» – аьлла.

– Суна-м ца хаьа, буьйса яккха меттиг хилча…

– И меттиг-м яц хьуна, хIета, – элира ас, – со кухни чохь Iаш ву, соьца вайн чуьра йоI а ю, хьо дIаваха веза, валол, ас машен лоцу хьуна, – Iадийначу ас иза, кхин метта ца воуьйтуш, такси тIе хаийра, хьалхара ахча дIа а делла.

ШозлагIа а веара иза. Юха а изза дира ас цунна, хьалха санна, такси а лаьцна.

Муса жимма воьхна-а вара, буьйса яккха а ца олуш, ас ша иштта новкъавахарх.

КхозлагIа  Муса веъча:

– Валолахь, хан ялале дIаваха веза хьо, – аьлла, со тIаккха а шена хьалха ваьлча:

– Ва накъост, – элира Мусас, ша лаьттачохь саца а велла, – хIара дан хIун ду... Со хьоьца буьйса яккха охьавогIуш, ахь юха со дIахьежош… Суна хаьа хьуна, ахь киншкаш лечкъийнийла… валохьа, хIинца мукъна а цхьаьна витахь вайшиъ, – аьлла.

Со воккха велавелира:

–Хьалххехь иза схьа ца олуш, хьо хIун деш лела тIаккха, Назранехула чууьдуш! – Муса мара схьа а хьарчош.

Киншкаш полки тIехь яра сан, моггIара дIанисйина, дуьхьал лаьтташ диван а йолуш – дивана тIера дика гора уьш, фамилеш а къаьсташ – цара дог а хьостура.

Сан бахамах тIаьхьадиснарг и полка бен, кхин хIума а дацара, диван ас цIера еънера, тхайн вешин кертара.

– Ма дика ду-кх ахь хIорш лачкъийна хилла, – элира Мусас, киншкаш тIехула куьг а хьаькхна, – кхин а еъна хилла елара ахь, еша-х хир юй хIорш, – аьлла.

Юха, ша дIавоьдуш, Iуьйранна ши киншка йийхира цо, еша яхьийта шега, олуш.

– Дера лур ю-кх, – элира ас, – юхайохьур елахь-м!

Цо и шиъ схьа а еара.

Хаза гIиллакх а дара цуьнан иза, ша еша яьхьна сан киншка (шен лачкъийна ю а ца бохуш), хьем ца беш, юхаерзор.

Суна тан а тайра и амал: ша да воцчу хIуман да хIотта а ца гIерташ, Муса сайца резахилар.

 

Юха, хьасттагIа (цхьа бутт сов хан ю-кх иза), чуьра схьаэцна, айса балха тIе яьхьна хилла Кортасаран киншка стоьла тIехь а юьтуш, цхьамма кхайкхина ара а ваьлла, чувеъначу суна, цхьа кIант ги-кх сайн стоьла уллохь лаьтташ.

– Лиана… яц кхузахь… Лиана лоьхура ас, – боху цо, цхьа воьхна-а, мотт а тийсалуш.

– Яц хьуна, тхоьца яц и тайпа цIе йолуш… – эли ас, – кхечухьа хьажахьа, – аьлла.

ТIаккха, иза дIа араволуш, хенан маьIиг тIееъна ю-кх, пиджак генна хьала а яхна.

Охьа бIаьрг тоьхча, стоьла тIехь сан киншка яцара.

Цкъа «ловв» аьлла хийти суна, кIантана тIаьхьа дIа а тохалуш, юха цIеххьана сеци-кх со, кхаъ хилча санна, вела а луш.

НеIара юххе дIа а вахна, неI херъеш, арахьаьжча, пхи-ялх метар охьавалаза, киншка схьа а йиллина, цу тIе а хьоьжуш воьду-кх кIант, ши ког лаьттах текхаш санна, меллаша, цхьацца ког а боккхуш.

Цхьа хазахийти суна тIаккха, боккъал а цхьа чIогIа хаза, и воьду кIант суо волуш санна, цкъа маццах хилла волу суо.

Хийлазза, эхI! Ма хийлазза ас лелийна хIума дар-кх иза, къола динчуьра гена валале (чукхаччалц са ца туьйш), иштта киншка схьа а йоьллий, и дIасалуьстуш, цуьнга хьоьжуш, мужалт толлуш, юха – йоза, тIаккха – автор, цуьнан цIе, кхин мехкаш, амалш гуш, кхин гIаланаш, порташ… цу массо а гIаланашкахула, цу порташка, кеманашца ирс толлуш ваьлла лела со, интервьюшца, зезагашца…

Суна дуьне ца гора кхин, суо воцург, и киншка, авторан цIе, турпалхо, хIора а со хуьлуш волу.

Киншка ас чекхйоккхура, чукхачале я чукхаьчча, чекхъяьлча а чекх ца йолуш, юха-юха йоьшуш, юха-юха, карара кхин дIа а ца хоьцуш, суо-сайга луьйш, айса-сайга: Констанс1 гуш, Анни2, тIаккха – Кэтрин Баркли3; юха Мартин Иден4 хуьлуш, Граф Монте Кристо5 а, – даим а соьца бисина хилла, суна безнарш, доттагIий сан, бIешерашца чекхбуьйлуш, сан баьрчехь лаьтта хьеший, дуьненан иэс хилла севцца, хьехархой, йиша-ваша, со нахах ларвина болу, кIезгаллах ца вашийна, осалчух са кхардош, тешамна куьг кхийдийнарш…

Ма дукха бар-кх сан уьш бан-м, хIара дуьне даьккхина бар-кх, аб-абадаре дуьйна схьабевлла, кху дийне кхаччалц богIуш…

ХIинца цуьнан а хир бу-кх уьш, дIога воьдучу жимчу стеган – са а, бода а, некъ а ца гуш – дуьне а, ша а, со а вицвелла, цхьана махкахула, гIаланашка, са-Iаьршашка, ойла-панахула тилла воьдучу цу кIентан (сан а, цуьнан а, цхьаьннан а йоцчу) киншки тIе ши бIаьрг а боьгIна, чу кхаччалц са ца туьйш, иштта киншка схьа а йиллина, и дIасалуьстуш, цуьнга хьоьжуш, мужалт толлуш, юха – йоза, тIаккха – автор, турпалхо…

«Дала лолда-кх хьуна иштта ирс, цу киншкаша суна делла долу, дуьненахь ца тоьънарг я лехнарг, хьегнарг… цкъа чIогIа сайн сагатделча, сахьаьвзича, цхьа висча, цара суна елла хилла йолу синпаргIато лолда-кх хьуна, нехан диканах хьегар а доцуш я вуонах кхерар а, цхьана Даллий, хьайний бен декхарийлахь а воцуш цкъа а!» – элира ас цу кIанте, сайн киншка эцна воьдучу цуьнга, геннара дIа тIаьхьа а хьаьжна, дIа вист а хилла, мохь а тоьхна, со а, дуьне а, ша а вицвелла воьдучу цуьнга – сайга олуш, цкъа маццах хиллачу сайга, цкъа со санна, хIинца воккхавечу, сан дайна ирс кхаьчначу цуьнга…

 

Ас киншка кхин ца лачкъийра, цул тIаьхьа кхин цкъа а – цу кIанта сацийра со, сан киншка лачкъийначо, иза шен хенан гIуллакх дуй а, сан зама дIаяьллий а хоуьйтуш суна.

            Иза бакъ а долуш, бакъдерг а дара: шен-шен яра хIуманан зама, шен-шен долчу хаттаршца.

 

 

____________________________________________________

1Ирвин Шоун «Византехь суьйре» романан турпалхо.

2Оноре Бальзакан «Аренан лили» романан турпалхо.

3Эрнест Хемингуэйн «Iодикайойла, герз» романан турпалхо.

4Джек Лондонан «Мартин Иден» романан турпалхо.

5Александр Дюман «Граф Монте Кристо» романан турпалхо.

 

 

 

Кхин бердаш, шераш а кхин

 

Леча, хьуна - Абдулаев, юха царна а, царна...

Ца хаьа-кх, ма ца хаьа-кх суна иза, цкъацца со суо мичахь ву, я мила ву, муха ву... Цхьа кхетам д1а а боьдий, геннара сайга хьоьжу-кх со, сайн сибат а, амат а довш, синб1аьргашна гушволу суо цхьа кхин стаг волуш санна хеташ.

        Соьга хьоьжург со а воцуш (х1инцца, кхузахь, тахна волу), гуттар а кхин хета-кх суна, х1етахьлера, маца-мацах, бераллехь яйна х1ума санна, тахана волчу суна дага а вог1уш, сох хьирчина, вийлина хилла, дагара кхин д1а а ца волуш, 1индаг1 санна, даим а соьца, цкъа мацах ваьхна хилла волу. Суо цуьнан – цигахь волчу – иэс долуш санна, хета-кх суна, я г1енахь дисина г1ан, г1ангушверг самавала х1еттахьехь виц а велла.

Со иштта цхьа гом хуьлу-кх, ойла бен, дег1 дан а доцуш, буйннал йолу цхьа жима х1ума, кора б1аьргара – боданехь яьржа – чиркхо лун серло санна. И серло, синан серло – д1айоьду-кх, панахула д1а (д1адаьлларг а, хиндерг а доцуш), дерриг а х1инца цхьаьна долуш санна, 1а а, б1аьсте а вовшах а ийна бералла а, шераш а сан…

Цкъа цхьа жима бер го-кх суна суо, цхьана кхечунна гуш санна хеташ, тхайн хилла ц1а, сийна уьйт1е, диттийн г1аш, маьрк1аже а.

И бер юха доьлуш а хеза, х1ума яош, д1адижош, шен нанас т1аьххьара до1анащца Деле луш а.

Юха г1ан го, цуьнан г1ан, бер меттахь меттаххьуьйш, чкъург санна, иза д1асакерчаш, ког кхуьйсуш, юха куьг, г1енасамах – цхьана х1умнах-м –юрг1анах мокъа долуш.

Цуьнан ойланаш а го-кх суна шера, б1аьргаша доьшу йоза санна, х1инца-х1етахь ма-гарра сайна, суо а вицлуш, х1ара дуьне а.

Цхьаъ-м хуьлу-кх соьца сих-сиха, соьга ша со ву а бохуш: суна уллохь ву-кх и цхьаъ, суна боккъал а суо вуй а хууш, наха ву боху со а воцуш.

Х1унда, х1унда диси-кх дерриг а цуьнца, хоьтту ас юха цуьнга-сайга, оццул хилла шорта дуьне, абаде, заманаш... сан са хьоьца муха диси-кх, мича бехкана, хьенан къина...

Маца къаьсти-кх вайша вовшах, муьлхачу 1ай я гурахь, хьо цигахь-дехьа вуьсуш, со кхузахь – сехьа; мила вар-кх и палтеснарг, бозбуанча ямарта ша… хиэ доькъу бердаш санна, вайн синош д1асадаьхнарг...

Хьо гуттар а х1унда вац-кх соьца, цхьа наггахь, со цхьаъ висча, со г1елвелча, к1елвисча, юкъ-юкъа гучувийлар бен, юха жимма 1ай, д1а а воьдуш, бералла а юьйций суна, сан жималла, бакъдерш сан, сан безамаш, г1енаш а вайн...

Хьо д1авахча, хала ма хуьлу, ма хала ду-кх хьан бехкаш, х1ета цигахь, вай цхьаьна долуш, хилла волу суо суна юха гича, – дуьненан цхьа а харцо, цхьа а эшам, я шалхо т1е ца йита хилла ч1аг1о, сайн шераша малйина гича, суо эшийча, къарвича цкъа, цкъа г1елвича, х1оьттича.

Хьуна цигара атта ма ду, кхузарчу соьга бехкаш даха, сан шераш а, зама а эцна, 1ожаллех 1индаг1 санна, со цхьаь вуьтуш, д1а а вахна... х1ун бохуш я х1унда х1уьтту-кх хьо суна хьалхахь, мича лам т1е вала-кх со, мича 1аьршашка, ойланашка, лам а, 1аьрше а ахь д1аяьхьча, сан лакхе а, шовкъаш а сан.

«Хьо бен, кхин вац хьуна», – бохуш, соьга дуьненна бохь а бийг1ийтина, х1осташ деш, кураллица, абаде а кхийдийна суна, юха уггар а суна хьуо эшча, воцуш санна, къайла а ваьлла, х1инца юха стенна оьху-кх хьо, х1ун де бохуш, мича къовсамна...

:                       Вайша цхьаьна волуш хаза ма дара, ма хаза дар-кх дуьне х1етахь, тулг1е
санна, листина латта, вайн боларо сеца а деш; х1инца, сецначу дуьненахь,
дег1 ма леста, патар санна.

Дагадог1ий хьуна цкъа, вицвелла хир-м ма вац хьо, г1алара цхьа деган хьаша, х1ара дуьне дитина боьду дашо малх суьйренца санна, г1ала юьтуш, Терках а яьлла, вайн са а эцна, дегнаш а цхьаьна, цхьана 1уьйранна цу раьг1нашца, шех дагайийла хьулъелла шеца...

Ма б1аьрзе хьаьвзир-кх вайша, ма готте, йиш йоьхна, г1амаршлахь лечкъина зезаг, хи а кхачийна дисарна кхоьруш, дуьне кхарза бохбеллачу малхо тхир д1а а хуьйдина.

Юха ваххана вайша д1акхаьчча, д1ах1оьттича, хаьттича – юрт-юьртал т1ехьа юьтуш, Терк хадош, некъ толлуш – и марг1ал ц1ен зезаг ц1ечу беснешца дуьхьал деъна, 1уьйренан маьлхан з1аьнарш, ломан даккъашца ма-лесттара, шина б1аьргана горга х1оз беш, хьаьвзина хилла 1аьржа цкъоцкъамаш, цецдуьйлуш, юха-юха а «лоп-лоппехь» кхийсаделла... Шен йоккхаер цо сецийна, цо са лецна, балда диъна, куьйга п1елгаш, гаьннаш санна, декарехь кегделла; бордаха дилха, чожехь санна, некхехь дог а кхийсалуш.

      Юха меттаеъча, метта йог1уш, 1ожа беснеш ц1ен-к1айн уьдуш, мотт басталуш, хецалуш, бенан 1уьргара к1орни санна, к1айчу цергийн х1азарера, цициган санна, ц1ен, жимма мотт сеса санна, цо сиха ловзийна, и дешнаш – буьртигаш – х1ора а вайн даг чу а дужуш, буто г1ура малхо санна, дог дашарца, б1аьргаш а лелаш, хинт1адамаш цкъоцкъамех, жовх1арш санна тийсаделла. Цуьнан, д1аваха 1одика еш, геннара вайша юхахьаьжча, гу лакхахь к1айн дакх санна, кхокхан т1ам-куьг лестийна, цхьа к1айн марха, 1индаг1 санна, анайистехь ешна д1а а йовш.

                Дагалацахь, маьрк1ажехь цкъа, цхьанна-м цхьаъ яло вахча, там-
тиэкъамна, баккхална т1ехь лер-алар а даьлла церан, ша а йоцуш,
ю
хадирзича, ша йитина доьлхий хиъча, коран б1аьргах хиш а хоьхкуш, и
зудабер г1ийлла дилхина: «Хьо велар-кх со езаш, со хьашт йолуш, оьшуш со»,

– цуьнан хьажаро вайшинга баьхна, цуьнан даго, шераша цуьнан.

Цуьнан дуьне доккха ма дара (йо1ан дуьне, ойла цуьнан), барх1 латтий,
ворх1 стигал буьртиган меха а доцуш, йо1ан даге, шовкъе хьаьжча, куралле,
б1аьргашка...                                                                                  

Дависа-кх, делар-кх сан х1ара дуьне цхьана м1аьргонна, цхьана марг1ала йо1а-саьрган когашка кхосса, кегадайта, курчу цициго к1орни санна, дехкан к1орнех ловзадайта.

     Юха х1инца, оцу «х1умнаша» юха (мел дукха а ю-кх уьш), шаьш йоцурш яра шаьш бохуш, цхьаъ-м текхош, ала г1ерташ, геннара цхьа п1енда ийзош, цхьаъ кхуллуш, дестош, б1аьрацкъоцкъам тохар а доцуш, цхьа деза, онда хабарш церан...

   Вайшинна-х хаарий, мила, мичахь муха вара, х1ун доьналла, комаьршо яр-кх цаьргахь хилларш а.

Д1абеха-кх х1ара нах иштта, цахилларг теш а кхуьллуш, цхьа мох бен кийрахь, дог а, яхь а я эхь а доцуш, лоппагех буса а белла, цхьана доьзалан дай а болуш, шайн зударшна, зударшна шайн къонахех беза а беш, цхьа нах а хилла, нах а хилла юха, муьлххачу а киртигехь шаьш хилларш бен а боцуш.

Ахь вита-м ца витира со а жимма а д1а к1адвала, хийцаделлачу кху хьелашца, цхьа к1еззиг тарвала г1орта, х1ара дуьне дош дац бохуш: «Же, варий, варлахь»,– бохуш.

   Цкъацкъа-м хьо бакъ а хета суна, кху дуьненан ойла йича, цкъа хилларш а, лелларш а гича, наха баьхнарш а, дийцинарш а.

Цу хиллачех, леллачу, цу къонахех т1аьхьадисина дош бен, х1ума ца ги-кх суна, оццул хьал-бахам болчу Сулейман-пайхамарх а.

Тоьлура хьуна, бакъ а долуш, х1ета, цигахь вайн хилларг, кхеначу йо1а шен дег1 санна, вай ларйина ойланаш, к1езгаллах цадашар, яхь йоцург, цхьа х1ума а кхин коьрта а ца хеташ.

   Дахаро ч1ог1а 1еха ма во (ма 1ехош хиллера кхуо), ког баккха 1ема бер санна, чуьра ара цкъа уьйт1а даьлча, юха уьйт1ара ураме дуьгуш, кхин а, кхин а д1а гена доккхуш, т1аккха ц1еххьана ша юхахьаьжча, бере болу мохь санна, хьуо тилавелла караво-кх хьуна, наха тилийна, 1ехийна, массаьрга а дерг –ловзар, бохучу цу харц х1илланца, хьайн декхар а, хьуо а вицвина, хьайн гураш а, ч1аг1о а хаьдда.

Юха цхьаллехь, цхьаь хьо 1аш, буьйсанан къоралла бен, улохь кхин накъост а воцуш, хьан са юха хьоьца дисича, иза самадаьлча, дистхилча, цхьа кхин стаг го-кх хьуна хьуо, цкъа мацах хьайца хилла волу, х1инца волуш ву бохучу хьайна аьттехь а воцу стаг. Ма тамашийна хета-кх хьуна, д1огарчу цуьнга-хьайга хьоьжуш, иллешкара турпалхо я туьйранера элан-во1 хьайна дуьххьара гуш санна хеташ.

Хьо, виц а лой, шерашка волу, цу заманашка, замане, хьан-муьлха
вицвир-кх вайша, муха къаьстира, маца бохуш, д1огарчу цуьнга айхьа хьуо
хоьттуш, ган лууш, кара ца веш.                             

Хьан ойла юха иштта г1елъелча, хьуо х1оьттича, к1адвелча, иза цигахь –кхузахь волчу хьайн г1ан дуйла хаьа-кх хьуна, хьан г1енех дисина г1ан, хьан дуьне, маршо, тхьевссинчохь юьсу наб санна, ахь виц а велла, т1аьхьа дитина. И г1ан юха лен долало, синметтан мотт а буьйцуш, ши куьг генна д1асатийсарца, яйн белшаш а те1ош.

   Хьуо ц1ийлуш хаало хьуна, хьуо вухуш, вогуш цунах: «Кхин... соьгара кхин дера дац хьуна... кхин цкъа а... со кхетта хьуна», – хеза хьуна хьайн дешнаш юха.

     Иза воьлу т1аккха, вист а ца хуьлуш. Д1а а воьрзий, д1авоьду.
    
Хьуна букъ го, белшаш цуьнан, цо паргг1ат боккху ког.
    Хьуна эхь хета, иза д1авахча, хьуна хьайх юха эхь хета, цигара дуьйна –
жималлера – хьайн жималла цо ларъярна, хьан бакъдерш, безамаш хьан, хьан
до1анаш, дуйнаш.
                – Д1а ма г1уохьа! – мохь болу хьоьга, ма г1уохьа д1а, сацахь... Дешан да ван г1ортахь сох, г1о дехьа суна къонаха хила, мацца а цкъа вайша цхьаьнакхетча, т1аьхьа дуьсург сий а долуш. Дашо раьг1наш хуьлда-кх кхеран, кхеран хуьлда-кх х1ара дуьне: «И хьенех къонаха вара», – дош дитахь сох т1аьхьа. Хье ма лохьа, иштта гучувийла, кест-кеста цхьаьна витахь вайша, цкъа мацах – х1етахь санна – Бахьдаран во1 Муьстарг вийца, цу курачу Айбикига, цу Дадин хазчу йо1е, Муьстарга аьлла и дешнаш сих-сиха юха карладаха:

 

Къуьша къола дуьйцучу

цу дуьхьал оти чохь,

Шу баьрчехь ва долуш,

Тхо дуьхехь ва долуш.

Ц1оцкъамийн багара и

Бора ши б1аьриг

Ас сайга хьажабе аьлча,

Моьттура ва хьуна-м

Кхоьлина буьсур бу.

Хьо тахна хьажалахь

К1ант майра мила ву, –

Олуш ша вистхилла,

Даьккхинчу цу туьрца,

Т1амна юкъа хьаьвзира тов

Бахьдаран ва Муьстарг...

 

 –––––––––––––––––––––

 

Х1уйт, маржа, маржа я1-кх хьо, къонахчун яхь-шовкъ, хьо йоцург ма ваха-кх, ма кхиа-кх ненан а хьо!

                

                  –––––––––––––––––––––

– Д1авало, д1а1е хьайна, сада1а х1инца, сада1а – олу ахь цуьнга г1еххьа ханъяьлча – жимма набарна товжа со, цкъа мацах ненан к1антана 1аьмаран йо1 Заза санна, ганза ши де даьлла долу кху шахьарера цхьа зудабер набарха гур дацара-те шен дашочу к1озалшца…

      Же варий, виц а ца луш, гучуволуш хилахь суна, соьгара цхьа валар даьлча, бехк баккха а ца вог1уш: цхьалло са дуткъа до-кх сан, хала ма ю шерашна цхьалла…

 – 1одика йойла!.. – иза д1авов.

 – 1одика Дала, Дала йойла-кх хьан 1одика… Же, г1уо х1ета, баркалла хьуна, баркалла  со дагаварна…

      Хьо юха а хьуо хьайца вуьсу, хьайн ойланашца, баланашца, юха а кху дахарца къийса, ца каро, леха…

 

 

                                                                                          2004 шо, май

 

 

 

Къастар

 

Иштта ваха-кх хьоьца гуттар а, хьох къастар – гIенаш хуьлуш, хьо схьагар – денош а, суна цигахь, вайша хиллачохь, хьо леллачохь, сецначохь, бIаьсте юлуш, юха аьхке, кертан яххашца, урамашца, хьан елар, бIаьргаш а гуш, хьан стигал, Iаьрше…

…вайн хенаш ул-уллохь, юха цхьабосса, сибаташ санна, сан гIена чохь шалха юьйлуш, цкъа хIетахь, кхузахь санна, хIинца цигахь-кхузахь хуьлуш, со хьуна тIехьийзинчохь, хьо езначохь, хьегначохь…

...суна даим а хIунда дицло-кх, гIан хилар, самаха а доцуш, я самаха долуш санна, со юха а хьуна тIехьийзаш, дуьххьара гуш, езалуш, «Океан» туька йолчухула, зудаберашца хьо схьайогIуш, «Зарга» аьлла, цхьаъ кхайкхича, хьан хьажар, сацаеллачохь…

…юха хьо цаьрца дIасакъаьстича, со хьуна тIаьхьа, генна тIаьхьа, хьан болар а, настарш а гуш, гаъ болчохь таьIна коч а…

…буьйсана юха, шиъ доллуш, со самаваьлча, цхьалхха цхьаъ, хьо цхьанхьа а йоций хууш, хьан сурт а гуш, аматаш, хьо шена чохь ас лехна, пенах кхозу куьзга а…

…тIаккха со, хIетахь дуьйна я цул а хьалха, хьо еллачохь, дуьххьара санна, юха гIенашца, дерриг а цхьа – хьалх-хьалхара – мел хилларг долалуш, сан дахар шиъ долуш санна, цкъа кхузахь хилла – хилларг, юха цигахь – дуьххьара гуш…

…суна самаваьлча, хаа ма хаьа, цигахь вайн дIасакъастар, кхузахь цкъа иштта хилла дуйла, цул тIаьхьа вайша гар а хууш, гIена чохь сайна дицлуш долу…

…вайша шозлагIа я уьссалгIа – дагадогIий хьуна цигахь? – Соьлжа йисттехь кхузахь гина (суна гIена чохь гур ду иза, дуьххьара иштта долуш санна), керта юххехь лаьттира-кх вайша, букъ тIехьаша Соьлжа а долуш… Хьан когахь цIен кIархаш, кIайн зезаг долу сийна коч а…

Суна дагадогIу, малхбузуш, Соьлжа тIехула идда олхазарш, вайша вовшашка ца хьажаделла, хьан кIайн чкъор, сецна бIаьргаш, сан кхетам бахо санна, кийра бузийна хьоьцара архь…

ТIаккха ахь сихха, ларамза санна (йицъеллачуьра меттайогIуш) схьа а хьожуш, садаьккхина, «хIа-хIа-хIахь» деш, са а лоьцуш, юха меллаша «хIа-а-а-а» дарца, сан когашка охьа а хьоьжуш: «ДIагIой вайша… хан ма яьлла…» цхьа генара, чIогIа генара, халла хезаш, айса-сайга санна: «Суна хьо… сан йиш ма яц, хьо ца хилча, хьо лозур ма ю сан… хьо сан чIогIа лаза ма лозу…»

…юха тахана, хIетахь санна, ткъе ворхI шо зама кхаьчча, суна цигахь, сан гIена чохь, изза юха карладаьлча, самавалар хала ма хуьлу, хьо йоцчохь воций а хууш…

 

…кафе ю, малх Iаьткъа, ахь чайнан стака кегадо.

«Вайша жима ма ду, – хеза суна, – со цкъа дешна ялийтахьа, ишкол чекхъяьккхина…»

Вайша хьалагIотту, дIадоьду, хьоьгахь мокха портфель ю, шола коч, Iаьржа фартук, лергаяххашца – кIайн билзигаш.

Ахь сих-сиха бIаьргаш детта, – Iаьржа ц1оцкъамаш, сийна бIаьргаш; – полларчий: мокха, можа – хьуна гуонаха, хьан юьхь тIе.

Ахь царна куьг ластадо, кIайчу олхазаран кIайн тIам санна.

Юха елало, кIайчу цергашца, ши бIаьрг а хебаш, ц1оцкъамаш а – самаволучу суна хаьа тIаккха, иза кхузахь, бархI шо хьалха, иштта, ма-дарра цкъа хилла дуйла, сан ткъаессана шо долчохь, хIинца кхузахь, кара ца еш, сайн тIепаза хьо яйний а …

ХIунда, тахана хIунда, дерриг а дIадаьллачохь, хьо а йоцчохь я со а, сан куьйго хIара дешнаш, ца яьхна хьо яхо санна, я суо веха моттуьйтуш, нахаца цхьаьна, кху дешнашца, хьоьца цигахь, гIенах а воцуш.

Иштта хIунда нислора-кх (со тIаьхь-тIаьхьа цец ма вуьйлу), хьо ган чIогIа са а хьаьвзина (ган бахьана доццушехь), дийнан делкъехь я суьйрана, со гIали юккъе ваьлча, майданахула я ураме, туькан чу, музейхь – хIоразза а гуора-кх вайша, бина цхьа а барт боццушехь.

Юха тамаша а ма ца буора, иза иштта цхьа нисдаларх, я хатта а ца хоттура («хьо хIунда, муха, мича гIуллакхна?»), дIадоьдур-кх иштта цхьаьний, ул-уллохь, вовшашца, я адам а, IиндагI а доцчу, вайн дегнашка, ойланашка…

Хьо дилхах а, цIийх а яцара, я хьох тера цхьа а хIума а… хьо сан кIайн марха ма яра, сенчу стиглахь кIайн шершаш, кIайчу духарца, садеIарца, кIайн тIемаш детташ кIайн… со хьажа а ма кхоьрура, кIирвелла хьан бIаьра хьажа, хIара дуьне а, хьо а юьтуш, суо царна чохь доьзаварна, хьан бIаьргашца хьо лоьхуш, хьоьга кхойкхуш, орца дохуш, цу сирлачу, сийначу паналлехь виса кхоьруш; ас лараш ма лоьхура, хьан когийн кIайн лараш, кIайчу куьйгаша хедийна хIаваан кIайн тIемаш… юха хьо гича, дуьхьалкхетча, суна хьох чекх са гуора, хьо дилхах а, цIийх а йоцуш, кIайн IиндагI долуш санна, кIайчу пардонан кIайн IиндагI, кIайчу Iаьнарца кIайн садоьIуш… тIаккха ц1оцкъамаш, бIаьрнегIарш «лап-лаппехь» тохалуш,  бен толлуш, биэна йистехь тасаделла бенан кIорни санна,.. хьан беснеш цIийх хьодура, Iожан хьоькхнаш алла уьдуш, ткъесан цIеран дуткъа теш санна, чкъура бухахь цIен кхоллалуш… буткъачу меран кура буьхьиг, кIайн деттаделла меран тIемаш, балда балдех кIайн херлуш, цергийн кIайн чов яржар, маьлхан зIаьнарша, IиндагI санна, хьан еларо беснеш тIехь гуохьовзо горга кIаьгнаш; некхехь цициган ши кIорни, самадолуш, батт Iуьттуш; хенийн чIаж куьйгашца хьайн, кIайчу куьйгашца хьулдеш, хьо суна гича, дуьхьалкхетча, дешнаш доцу мотт буьйцуш, дуьхь-дуьхьал вайша сацаделча, хIара дуьне къон ма лора, къар ма лора, цIан ма лора, дуьххьара ша кхуллуш санна, кхоллалуш санна, кхоьллича санна, хьан ирсах хьаьгна дуьне, вайшиннан ирсах.

Сан гIенашца вайшиъ бен, цхьа а адам хIунда ца хуьлу… суна дерриг а иштта хIунда го-кх, хьой-сой бен ца хилча санна, хIара гIала а йолуш хилча, хIара адамаш а, урамаш а, хьо даим хьоьжуш хилла (вай вовшийн ца карийча), лоха, баьццара, деха гIант а…

Юха, тIаккха а, моссазза го, хьан ялар стенга доьду, цу тIе кхаьчча, дIа хIунда дов, хьо цхьанхьа (со самаваьлча) гIенах, со хьоьца санна, дийначу соьца ю те хьо, суна цигахь – кхузара дерг, цигара кхуза гуш санна…

ТIаккха хьуна а ган ма деза, хIара йоза а, буьйсанаш а, буса Iуьйкъехь, хьох къаьсташ, самалелхачу сан гIенаш а…

Суна дагадогIу гуьйре хилла, можа гIаш эгна гуьйре, гIалин юкъ, шуьйра урам, хьан палаш, стигалан басахь, герз буйнахь адамаш, цхьа маьхьарий, цIогIанаш, цхьанхьа цхьа йоккха топ, юха тоьпан тата, татанаш.

– ХIара хIун ду… цIий ма ду… – хьан пхьуьйшара цIийн тIадамаш, хьан куьйгаца, пIелгашца хьан, пIелгийн дуткъа баххьашца…

– Муха, цIий ду? – ас катоьхча, дIакатоьхча, схьалаьцча, сан марара, карара сан, – кхачалу хинтIайра санна, – хьо шершшина охьаяхана, охьакагъелла, охьакхетта.

– ХIун хилла цунна?

– Хьан туьйхи?

– Суна гира… машен чуьра… кIайн машен, хоттех юьзна…

Со юхакхаьчча, машен а йоцуш, мохь биттина, йиш а хаьлла, больницера кехат цуьрг, хьан ялар бакъдеш…

 

____________________

 

Буьйса а яц я де а, цхьа сийна таьIна серло, дей-буьйсий ийча санна йолу. Кегийра лоха гунаш; баьццара буц, куз болуш санна, цхьатерра, жимма хьалатоьхна.

Суна хаьа, иза гIан дуйла, кхузара доцу, цигара гIан, вайшиъ цкъа а ца хиллачохь, ца леллачохь, доцчохь.

Хьо цIеххьана лаьтта юссу, тIейогIуш санна хета хьо, латта бухара дIаоьхуш санна.

Хьуна тIехь изза палаш, кIайн шипон, зезаг, хьормакан кIайн зезаг.

Хьо елало, елаяла гIурту.

Со ца теша, теша ца ваьхьа.

Хьан пIелгех тIадамаш, кIайн тIадамаш, хIетахь санна, хIетахь хилла цIийн тIадамаш.

«Со лама цIа кхаьчна… хьо кхетий, цIахь ю со… иза кхана кхузахь ву, цу дийнахь со йийнарг…»

– Муха, цIахь? ЦIахь-мичахь?

«Сайн цIахь, со хиллачу…» – дIайоьду юха, лаьтташ санна, латта бухара схьаоьхуш санна.

– ТIаккха хьо кхин, суна кхин… кхин ца гуш, иштта дIаяха… дIа ма гIуохьа, ма гIуохьа дIа…

 

______________________

 

«ХIей, хIей къонаха! Ахь хIун до, хIун дуьйцу ахь? Мила ю и дIайоьдушъерг, хьо хьаьнга кхойкхуш ву хIинца!.. КIордийна-кх хьан жинаш, жоьжахатахь ю-кх со хьоьца…»

– Жоьжахати… мичахь… хIа-а, хьо ю иза… – со самаваьлча, самаваьккхича, со гIенах къаьстича, цхьана кхечуьнца, цуьнца, кхузахь зуда ю бохучуьнца…

ЭхI, дуьне, ва-а дуьне, иштта Iовдал хIунда ду-кх хьо! ХIунда моьтту-кх цхьана адамна, кхин адам шеца деха, дегIах дегI Iехалучохь, синан Iаьрше юзуш санна… ХIунда, са даим хIунда кхийда-кх, цкъа бIаьрса дицделлачохь, цхьа амат я хьажар сих туьлуш, са хьаьгначохь: самах дерг гIан ма ду… гIенан само муха хьаста-кх: «Ва хьомсар, хьомсар!» – олуш, сийна бIаьргашца, куьйгашца сайн, иза денлуш – со лечохь, зил хедачохь, сецначохь, Iожаллах мIаьрго еш, абаден еха мIаьрго…

Телепон, цIогIа цуьнан, хаддаза къора кхийсалуш, «заррранцехь», зар хезаш, ца хедаш, детталуш.

– Ва-а, Дела! ХIун ду-кх хIара! – зудчун мохь, оьгIазалла. – Хьо а йиса-кх хьайн да велла! – катохар, мохь беттар: «Алло! Алло! Алло!»

– Мила ву иза…

– Мила хир ву, хьан жинаш ду-кх хIорш, дистхуьлуш адам а доцуш. ДIасацаехьа, сацаехьа хIара! – стоьлах етта телепон, кагъян гIерташ, кагъеш, дакъош деш, йохош.

«Заррра» хIетте а цахадар, цасацар, декар.

Ас схьаэцча, сан кара кхаьчча:

«Вай тахана тIаьххьара, дуьххьара вай цхьаьна – лоха, баьццара гIант долччохь».

Со хьаьдира, ведира со, буьйса а, де а дицделла, чохь, сонехь горгъеллачу зудчун хьере ши бIаьрг а гуш.

Со охьакхаьчча, охьакхочуш, арахь Iаьржа буьйса яра, – цу гIантара (лоха, баьццарчу) яйн, марха санна айалуш, цхьа ца гучу лаьттахула – хIаваэхь ког боккхуш, – оцу сийначу палашца, пIелгех цIийн тIадамаш а Iенаш, суна букъа тIера, букъара гуш, тIаьххьара гуш, къаьсташ…

Суна хиира, эрна дуйла, мохь беттар эрна дуйла, сайна иза ган йиш йоцийла, гур йоцийла, йоцийла.

Суна гинарг бIарлагIа яра, бIарлагIан IиндагI.

 

Март, 2004 шо.

                                               

 

 

                                                            Иза бен зовкх ца хиллийла…

 

…х1унда аьлча иза, д1адахнарг, х1инцца юхадолалуш хета, бераллехь хилла чов санна, дагалецамца лазам а боцуш…

…я дахар а, хьо ваьхнарг, дагалецам болуш санна, ца хиллачу дахаран хиндолчух дагалецам, долушдерг хилла а доцуш, мацах цкъа дайнарг бен…

…я х1умма а ца хилча санна, цхьа муо бен, иэсан муо, гина моьттучу цхьана г1ена чохь, хьан кхетамехь бисина болу…

 

…дега1ийжамаш, сатийсамаш я дагахьбалламаш…

 

…хьан хиллачу я хьегначу, хьан дайначу дахаран…

 

… «бералла гур юй-те суна, сайн нана а, иштта къуона..», – до1ийна метта сатийсам, леш 1уьллучу цхьана мискан…

 

…дерриг а юха циггара хуьлу-кх, юьхь хиллачуьра, цига юхакхийдаш, мел лелларг д1а диц а луш, х1инца кхузарчу хьуна гушйолу, хьан – беран – сецна хан йоцург: масех шо я шераш, нана дуьне хилла зама, да стиглан тхов а болуш, дерриг а цига юхадерзарца: дагалецам а, 1ожалла а, валавезар а, бералла а…

…цу деношка, лацаделлачу, дуьххьара хьуна гинчу суьрташка…

 

…сайн нана дуьхьалъеъча (г1енакхоьлах, дагалецамца), суо ма атта караво-кх суна, ненан кучан бист а лаьцна, гуьйриг санна, нанна т1аьхьа, мотт ара а керчош, вог1у…

 

…цхьанхьа ган нана хилчахьана, жима бер ша схьах1утту-кх…

 

…х1оразза а юха, цул т1аьхьа, хьо ворх1ара ваьлча дуьйна схьа, схьагинна бер хьо хуьлу-кх, цхьана ханна хьан хаарш а довш, хьо виц а луш, иэс а туьлуш, цунна хьо вицвелча санна – берана ша дицделча санна, хьуна – берана – хьайх къа а хеташ…

…х1унда аьлча иза, д1адахнарг, х1инцца юхадолалуш хета, дуьххьара довза 1емаш санна, дагалецамца г1енаш а хьуьйш…

 

…дега1ийжамаш, сатийсарш я дагахьбалламаш…

 

…шен нанас я кхечу зудчо, т1ехдолучу зудаберо – бен а доцуш, цу кхаамма – бер хьостуш, тидам бича, синкъерам хаало-кх хьуна, бер делорца, шаьш а буьйлуш, ненан болчу къинхетамца цу берах уьш хьерчаш…

 

…ден куьйгаца г1айг1а лозу-кх, бер хьостучу ден куьйгаца, б1аьргаш чохь – дагалецам а, 1ожаллех болуш санна, я шех болу, дуьненах, ша во1ана т1аьхьа дуьтучу, дуьсур долчу весетах….

 

…. «нана яла хьан!» – ненан белхам, шен во1 велча я йо1, «ах1и» дарца я узам, тийжамашца я балхамца, шен синг1айг1а т1ома эккхош, д1акъахкош, пана йоккхуш…

 

… ткъа ден, к1ентан ден, шен к1антал т1аьхьа висинчу к1ентан ден б1аьргаш чохь дуьненнал сецна м1аьрго, м1аьргоннал абаде, сецна, иккхина я 1адийна…

 

… суна хета-кх, бакъ а долуш, цу дена, к1ант веллачу дена, гушверг шен к1ант а воцуш, к1ентан бералла йолуш санна, 1ожаллин гурашкахь дагалецамца сецна бералла…

 

… да леш гина-кх суна, сайн дахарехь дай леш, (к1ентий шайл хьалхабевлла дай), к1антал т1аьхьа бутт балале я ши бутт, ши к1ира…

 

… лам чохь цкъа, Денин к1анта, шен карах ша леш, (шен карах топ а яьлла), шен йижаршка, т1аьхьабуьсучу, шайн ден г1айг1а кхиллинера-кх, т1аьхьавуьсучу шен ден г1айг1а: «Ненига, – дех Нена олуш хиллера цо, – воха ма воха алалаш, са туоха алалаш цуьнга…», – ден г1айг1анна орца а дохуш…

 

… иштта д1аэр я лерам, цхьа доза а, барам а боцу (ден к1антаца, к1ентан деца), мичара, муха кхоллабелла-кх, бералла-м яц-те иза, цу шинца дийна т1аьхьайисина, азаллехь синош кхуллуш, и ши бер иштта диц а делла, заманца тилла бералла церан…

… вайн синош цхьаъ дуй-те, дуьххьара шаьш ма кхоллара…

…. бераш ма цхьатера хуьлу-кх ( к1айн а,1аьржа а – бен а доцуш), массо а х1уманца цхьаъ, ткъа адамаш – баккхий нах, х1ора а цхьа ша-ша, шайн г1уллакхашца, хьаьг1нашца а, кхин цкъа а юха нислур а боцуш, шаьш бераш ма хиллара, массо а х1уманца цхьаъ…

… дика нах а бу-кх иштта цхьаъ, вон нах – дукха бен-бен а болуш, шайн г1уллакхашца бен-бен…

 

… дукха хан ю-кх дуьне доьхна я дуьне жимделла,цхьана кошан барз балла бен, кхин латта а я каш а доцуш, хьо адамаш довза волавелча, доьхна хилла долу х1ара дуьне.

 

… мел веза-воккха хьо хиларх, сийллахьчех сий долуш, хьо хьуо хьайца, хьайн кхетамца, хьайн цхьаллица цхьаь висча, механ диттал юткъало-кх ойла, цкъа мацах тилла г1ан санна, ахь кхехьнарг хилла а доцуш, дуьххьала цхьа бералла бен – ненан карахь кхехьна бералла, – хьан са хьага я 1ехадала, хьо вицвала х1ума а доцуш…

 

…х1ара дуьне ма дицло-кх, синкъерамаш а жималлин, дерриг а хьуна циггара гуш, юьхь хиллачуьра, цигга юхакхийдаш, мел лелларг – ца хилча санна (х1ума довзале я кхиале), бераллехь гина сурт бен, сац1ена, сирла, са 1ехадала…

… х1унда аьлча иза, д1адахнарг, цахилларг, дайнарг – х1инцца юхакхоллалуш хета, йочанашца лозу чов санна, хьан кхетамехь меттах а хьуьйш, мел хилларг – цул т1аьхьа дуьйна – г1енакхоьлах хилча санна, хьо боккъал а х1инца самаволуш, кхиа г1ерташ, кхеташ… иза бен зовкх ца хиллийла, хьо ирсах ца кхиъна ирс, я дуьне а, дахар бохуш, хьо тилла лелла, 1ехавелла г1ан, цкъа ларамза, м1аьрго санна, м1аьргонца цкъа самаиккхича (цхьана 1индаг1ца – безамца цхьаьна, хан сецначу хенаца), юха а иштта д1авицлуш, д1а1ехалуш, тилалуш, шозза-кхузза самавалар бен, гина а, гуш а х1ума а доцуш:

хьалхара цкъа хьайн ненаца – ненан карахь ког баккхарца;

юха цуьнца, цхьана безамца, дуьне а, малх а, хан а соцучохь;

т1аккха, т1аьххье а, хьайн гуьйренца, х1инца санна, хьо цхьаь висча, хьайн цхьаллица цхьаь ц1ена, дагалецамца, сатийсамца я дега1ийжамца… х1унда аьлча иза, д1адахнарг, х1инцца юха схьах1уттуш хета, мацах хилла безам санна, хьо къинойх ц1енна ц1ан а луш, мел хилларг – цул т1аьхьа дуьйна, – г1енакхоьлах хилча санна, хьо боккъал а х1инца самаволуш, кхиа г1уртуш, кхуьуш…

 

…иза бен зовкх ца хиллийла, да-нана а, х1етахь санна, дуьне а, малх а, сийна стигал а, х1унда аьлча иза, д1адахнарг, Далла гушйолу абаде санна, некъан юьхь хилла-хилла-кх, юкъ хилла-кх, чаккхе а, и дерриг а шеца цхьаьна хилла – берахь хьан хилла бералла, сац1ена, сирла, са 1ехадала, кхин гина, хилла х1ума а доцуш…

 

…дерриг а иштта, дуьххьара санна, дерриг а цига юхадоьрзуш, х1унда аьлча, иза, д1адахнарг – д1адахна а, дайна а доцуш, – даим хьоьца хилла – хиларна, дуьххьара санна, т1аьххьара – хьо т1аьххьара д1аваххалц, сатийса сатийсам а боцуш, сац1ена, сирла, са 1ехадала…

 

                                                                                            2006 шо, ноябрь.

 

 

 

 

Иэсан биста йисте

 

Суна дагадогIу денош, денош а, буьйсанаш а, юха дийнан лакхенехь малхо лоьху IиндагIаш.

Кертан яххашца – бIаьстенаш; га дерзина – гуьйре; тIаккха яххьаш адамийн, олхазаран тIемаш, гезгамашош, некъан таьш, акхаройн лар-сибаташ а. Юха суо а, цхьана ненан бер – къора, бIаьрзе, экама.

ХIинца а го изза буьйсанаш, малхах лечкъа IиндагIаш, амма бIаьргашна хIума ца девза; хIинца а хеза, хIетахь санна, амма лерехь – кхин аьзнаш, кхин амалш, васташ кхин, жималлехь (беран хенахь) суьрташ санна, лацаделларш.

Зама кхетамо дакъошка йоькъу: суо юьххьехь караво суна, хIетахьлера, бархI-исс шеран, дерриг а соьца кхоллалучохь.

Сан кхетам карзахболу, цхьаъ-м ган гIерташ я хаза, синхаамо Iехош, бIарлагIаша цецвохуш. Со шерашца лела иштта, хIинц-хIинцца бохуш, дагалоьцуш, дагадогIург лаца ца луш, цхьана заманера цхьа дуьне, цхьа хаза хилла, шорта хилла, стигланаш иштта яьржина, цхьа инзаре хаза лаьмнаш, коьрта тIехула идда мархаш а…

Юха со иштта лацавеллачохь, хIинцалера суо кара ца во, воцуш хуьлу, я вицвелла, я сайн доцчу сибатца…

ДогI-догIу-уш дагадогIу тIаккха, «хьенех» аьлла цхьа цIе а йолуш, нах а бевзаш, нахана а, доьзал а болуш, да-нана а, цхьана кIоштара вуйла иза – суо.

Цхьанна хIуманах а ца кхета тIаккха.

Юха дерриг а дагара долу.

Нахах терра, нах санна, лела, доцу-оьшучунна ведда-хьаьдда, ков-керт, юург-мерг.

Зама йоьду. Зама йолу. Чо къежло. БIаьрса оьшу. Юьхь хебарша гезгъян юлу.

Цхьацца баланаш, къестарш, дахаран эшамаш – дIадицло гIан-набарх, я хила а ца хилча санна.

Цхьана гурахь (гIа дужу хан) Iаьнна кхаба цIинтерчий  эца лам чу воьду – Хилдехьа.

Хече-Дукъах тIе а ваьлла, Пкъерахула, Гарбалчу, Шина-Торха юккъера меттамотт а хадийна (со лелла цигахь жима волуш, сайн деца жа дажош), «Масаран мохь гIорийна шовда» олучу хьостане кхаьчча, хи мала дагахь охьалахло ……. …………………………………… багахь цхьа бур-бур а деш, хи тодеш доллу бер, хина гонаха тIулгаш дохкуш.

Гена воццуш гуш да а ву, жа а дохку даьржжина, тIелатийча санна, дежаш.

Беран мотт а бу арабеъна, цергашна юкъахь Iовдуш. Куй, эткаш, тужурка а Iуьллу юьстах кхоьссина. Тужурка чоьхьара йоьхна къаьста, кIайн-мокха бамбеш а гуш. Малхбузу хан ю аьхкенан, анайистехь мархаш а го.

Бер сих-сиха хьалатаьIа, шен дега бIаьрг тоха. Да басехь вижина Iуьллу, аьрру гола дIа а гIортийна.

Беро даккхий тIулгаш кхоьхьу, хене кхаччалц хьала а уьйуш. Когаш лазабо. Айраш ду когийн ховха, аьхкенна мачаш лелорна.

Цу балха юккъехула шайн урам дагабогIу берана, шайн кертара йоккха туьрк.

Юха дега кхайкха хьаланисло, туьрк мадъеллий аьлла, хатта.

ТIаккха, хьалатаьIча, аьрзу го, шуьйра-даккхийчу тIемашца, корта дIаса а боьхкуш, хьийза. Лаьтта тIехула цуьнан IиндагI, IиндагIах къехка жа.

ТIаккха юха а тIулгаш, хина гонаха, хи сацош.

Хи доккха хуьлу, лакх а луш.

Бер ша-шена делало. Цкъа Iаббалц хи а мелла, дега кхаъ баккха дагадогIу цунна, ша хьоста тодина, аьлла.

Ши голий, куьйгаш лаьтта а гIортийна, хи мала юха охьалахделлачу берана – суна – суо го, шамар ихна юьхь а йолуш, гIеххьа хьалатоьхна къоьжа маж а ………………. со цеце Iадаво, цхьа инзара, аз а доцуш…

Бер ца хуьлу – жа а, дада а…

Иэс дIадов. Зама а яц. Иза хIун дара?! ХIун ду иза?!

Хьанна хуур… Маца?

                                                      

      1999 шо, август – 2000 шо, январь.

 

<< Navigate to Saturday, February 25, 2012 Add New Comment
No records found        
Add New Comment
Your name   
Subject   
Content   
*Required fields



FLASH INTRO
ГЛАВНАЯ
ПРЯМОЙ ЭФИР TV
МУЗЫКА
ФИЛЬМЫ
БЛОГ
ФОРУМ
ФОТОГАЛЕРЕЯ
РЕГИСТРАЦИЯ
ГОСТЕВАЯ КНИГА