FLASH INTROГЛАВНАЯПРЯМОЙ ЭФИР TVМУЗЫКАФИЛЬМЫФОРУМФОТОГАЛЕРЕЯРЕГИСТРАЦИЯГОСТЕВАЯ КНИГА
January, 2012
March, 2012
April, 2012
May, 2012
June, 2012
July, 2012
August, 2012
September, 2012
October, 2012
November, 2012
December, 2012
БЕКСУЛТАНОВ МУСА. ДИЙЦАРШ (1 дакъа)
Saturday, February 25, 2012 - 3:23 PM

Элеонора

 

Нана маре яхнера.
Со деца вара.
Ден зудчун ц1е Маржан яра.
Маржана кхо йо1 йира, йоьалг1аерг елла а еш.
И кхо йо1 суна хала яра, лелон хала, йитта а.
Маьхьаро воккхура сама, д1а а вижавора маьхьаро. Со уггар а т1аьхьа вуьжура, юьрта юкъахь кхин стаг а воцуш, суо лела к1орда а дой.
Ишколе а кхочура т1аккха, цхьайтта-шийтта доллуш. Охьахуура парти т1е, т1ехьара меттиг а лохуш.
Соьга х1умма а ца хоттура.
Со ялхалг1ачу классехь вара, пхийттех шо хан а йолуш, кхузза висинера я доьазза, цхьана классехь шозза  а вуьсуш.
Б1аьсте яра, сийна-баьццара; стигал а яра, лила санна, сийна, к1айн марха а хаалора, г1езан мас санна, яйн а йолуш.
Суна кино дагаоьхура, бутт хьалха сайна гина йолу, цу чуьра йо1, месаш цуьнан, к1ин ча санна, можа а йолуш.
Суна иза г1енах гира, цо сайца къамел деш.
Цкъа ца гира – масийттаза, х1ора буса гуш, х1ора буса.
Моза боьдура кора т1ехула, бераш цхьаъ яздеш дара, хьехархо а лаьттара, доски хьалхахь, букъ а берзийна.
Цуьнан месаш мокха яра, жима ши лерг а къаьсташ.
«Элеонора, –  хезира суна, – Элеонора», – кино чуьрчу йоь1ан ц1е, оцу к1анта цуьнан ма-яккхара, кино чохь хиллачу к1анта.
К1ентан ц1е Эрнест яра. Цо йо1ах Нора олура, юха наггахь, хьостуш:
«Элео, ты моя Нора, Элеонора» – олий.
Сайна хьалхахь 1аьчу йо1ера к1айн кехат дийхира ас.
Цо къолам а белира.
Суна юьхь йилла ца хаьара, я б1аьргаш а, бесни а.
Йо1 ас цкъа а ца йиллинера. Со т1ехьара волавелира, месаш а йохкуш, белшаш а, т1е коч юха виц а велла.
Юха хенашка со охьакхаьчча, горгачу хенашка, доски т1е д1ахьаьжира: Элеонора гуора, х1орда чохь луьйчуш йолу. Ас цхьа сиз охьабалийра, аьрро сиз, генна охьа, ха а дуьллуш, юха ност а...
– Вот ты чем... мерзавец! – со хьалахьаьжча, кач лецира, кучан кач, хьовза а беш.
Тхойша дехха тийсаделира – хьехархой, сой.
Хьехархо онда яра.
Кабинет а яра дуьхьал, директоран кабинет.
– Голых женщин рисует на уроке русского языка! – пенах а тухуш, д1ахийцира, директорна хьалххахь.
Директаро «Правда» газет стоьла т1е охьадиллира, корта т1аьхь-т1аьхьа гучу а болуш.
Корта боккха бара, можа а болуш, аьттан шин санна, т1ехь чо а боцуш. Балдех мотт д1асахьаькхира, баьхьан бистош санна, стомма, шуьйрачу балдех, бухара балда шозза ц1уб а деш.
– Мила юьллуш вара хьо?
– Цхьа а...
– Муха цхьа а!?
– Цхьа йо1...
– Хьенан ю иза?
– Цхьанне а яц...
– Цхьанне а йоцуш, йо1 хуьлу?! Ц1е х1ун ю...
– Хьайниг яц...    цуьнан йо1 цу классехь яра.
– Сан а! –  т1ара кхийтира, юха муьшка, кхин цкъа а т1ара.
Суна галстук кара еара, костюман киса а.
Г1ант дуьйжира, портрет а т1ехь, Ленинан бат бертал а кхеташ. Со араэккха д1ахьаьдира.
– Марина! – мохь хезира, – Мари Иванна! Держите, он... убежал, дер...
Со кхор болчу д1авахара, 1ин чуьра боккха кхор болчу. Цигахь кехат тоссура оха, нехан котамаш а йохкий. Ловзушберш уьш хуьлура, тхол дуккха а баккхийнаш, тхо котамна юкъа дуьтура, шайца охьадилла ахча ца хилча. Котамаш нехан яра, буса лачкъо езаш.
Султан 1ара, литт санна, йоккха шляпа а йолуш, когаш чучча а дехкина. Пондаран хут санна, папиросан муштакх а яра, сатта а йина, багахь йоллуш. Маттаца д1асаидайора, бетана дехьа-сехьа йохуш.
Кхин кхоъ вара: Цаплик, Кхабий, Виннетуй.
Банкехь пхийтта сом гуора, Кхабин сахьт а, Виннетун 1аьржа бохча а.
– Кто? – Султан соьга б1аьрг та1ийра, сан юьхь т1е а хьожуш.
– Котовский... –   элира ас, директоран къайлаха ц1е.
– Х1а-а... т1аккха-м...
– Хьайна ловза! – Кхабас куьг тесира, кхоалг1а карта д1аэцча. Юха п1елгех шеташ а тоьхна,  карта озо волавелира, цергашца балда лоцуш,  аьрру б1аьрг а та1ийна.
Султана шегарниш бертал охьадехкира.
Цаплик, Виннетуй ваьгнера.
– Ткъо! – элира Кхабас, кехаташ схьа а доьллуш. Султана банк д1агулйира, к1уьрана б1аьрг т1е а къуйлуш, папиросан к1уьрана.
Кхаба кехаташна т1екхийтира.
Цхьа туссий, итт б1аьрг яра.
– Сбегай, малыш... –   пхи сом дара.
– Меланах?
– На все. Ч1ара дикаберг харжалахь....
Со пиво дан вахара.
Султана т1ера жимма д1а а мелла, пивон шиша кховдийра соьга, ч1еран корта а луш.
Ас къурдашца молура, цхьацца-шишша къурд а беш.
Суна х1орд  гира,  г1амарш, Элеонорин дег1а т1ера жовх1аршца лепа т1адамаш а.
Со к1айчу духарца вара, к1айн шляпа а йолуш, б1аьргех 1аьржа куьзганаш дара. Дечиган тахти т1е, аркъал д1а 1уьллура со, к1айчу туфлин буьхьиг а къиэгаш, сигара а йолуш, узуш.
Йо1 х1орда чуьра схьайог1ура, цхьамма д1а юхаийзош санна,  г1амарла когаш а оьхуш, хин т1адамаш а 1ийдалуш охьа.
Ши б1аьрг боьлуш бара, я малхана хебош.
«Элеонора, – хазийра ас, – Элеонора...»
Юха кино чекхъяьлча, кулубехь т1аьххьара хуьлург, тхайн коре вахара со, дада вижна ву-вац хьажа.
Дада гуш а вацара, ден зуда а, кхо бер а.
Со меллаша чоьхьавелира, не1аре тата ца дойтуш.
Т1аккха хи мала со охьахиъча, бете яьхьна куршка а йолуш, – дехьачуьра дада схьах1оьттира, чухула юхучу бедаршца.
Со хьалаэккха ца кхиира, п1ендарш т1е мийра кхеташ. Мийра кхин цкъа а туьйхира, кхин цкъа а, уьттаза а.
Бетах  т1ара деттара, цхьана куьйга качметаш а лаьцна.
Сан мерах ц1ий оьхура.
– Метишка юьллуш вара хьо, ерззина ц1ена... директоран йо1... леташ вара, костюман киса эт1ош, галстук а йоккхуш... ах1? Вара?.. хьо... хьо виначу са мел даьлларг валла 1аьржачу хьакхийца...
Юха бере мохь белира, дехьачуьра, «1аьй-й» олуш.
– Ма ехьа, къонаха, г1овг1а, х1ара бераш кхерадо ахь... – дензудчун аз деара, цхьа дехха, халла хезаш.
Сан вада каделира, дада зудчуьнга вистхила аьлла, цигахь д1авоьрззушехь.
 Эвлаюкъе веара со.
Цхьа а вацара, хехо бен, туькана ха деш волу. Суна ц1еш гира сайна т1ехь. Юха крант дагаеара, ишколан кертахь йолу.
Ас ц1еш д1адехира, корта а буьлуш, юьхь а.
Ахтобус гира суна, белхалой а эцна, г1ала йоьдуш йолу. Со т1ехьа хиира охьа.
– Хьо стенга воьдуш ву, к1ант? – мохьтуьйхира шопаро, ахтобус г1ала кхаьчча.
– Сацаехьа, – элира ас,
Цо не1арш схьайиллира, корта схьа а берзош. Со сихха охьаиккхира, ахтобуса чуьра лаьтта д1а охьакхоссалуш.
– Тпуй. Дела оьг1аз ваха хьуна... ахчанан  кепек...
Со ведда д1авахара.
Нах дукха а бацара гуш.
Трамвай яра, корашкахь адамаш а долуш.
– Х1ара х1ун ю? – хаьттира ас, «общежите» олуш хезча.
«Общежите» – элира соьга.
Дуьхьал гуш цхьа ц1а а дара, диллина кораш а долуш.
Эшар а хезара.
Трамвай чуьра дуккха а нах цу ц1а чу бахара. Со а вахара т1аьхьа д1а.
Наха цхьа х1ума д1агойтура, хиъна 1аьчу цхьана адаме, шайн киснара схьа а йоккхий.
– Ты куда! –  мохь белира, буйнара г1аж а ойуш.
Со ведира.
Юха корах чухьаьжча, иза зуда юйла хиира суна я маццах цкъа зуда хилла.
Кхор санна бара цуьнан корта, гаьн т1ехь кхозу кхор санна, бухара д1а шуьйра а болуш.
Б1аьрг бу-бац а ца къаьстара. Белшаш бен, ворта яцара.
Корта некха т1ехь 1уьллура, черма санна долчу гай т1ехь бижна, тускар санна, накха а болуш, гай голашца охьадижнера, зуда меттах моссаза хьов, тулг1енашца детта а луш.
Суо мел вехха, цул т1аьхьа а, киснахь цхьа кепек а йоцуш, г1аланашкахула ваьлла лелаш, царал суна ца безаш, цу вахтерил, цхьа а нах ца хилла сан, вокзалера милцой а т1ехь.
И зуда цхьа хуола яра, зингатийн барз санна, 1аш, карахь г1аж хилар бен, кхин къаьсташ а йоцуш.
Со вехха лаьттира, чекхбуьйлучу нахе а хьоьжуш.
Зудчо не1 т1екъевлира, пурах д1а швабра а юьллуш.
Трамвай кхин цкъа а сецча, нах юха а чубахара.
– Все? – хаьттира зудчо.
– Нет еще.
Зуда д1а а яхна, охьахиира, ша хиллачу г1анта т1е, г1аж стоьлаца д1а а х1оттош.
Корта генна охьаоллабелира, тур тухуш, хадийча санна, некхауьн т1е ч1ениг а
г1оьрташ.
Самаиккхира, балдаш а тухуш.
Юха а иштта язъелира, ц1енкъа охьакхета санна, ши куьг дехха дах а луш.
Со меллаша чекхвелира, баххьаш т1е а х1оьттина.

  Юха шолг1ачу г1ат т1е ваьлча, т1аккха    кхозлаг1чу, пхоьалг1ачу    массанхьа а маьхкарий бара, юкъ-юкъехь к1ентий а болуш.
К1ентий 1ачу чоьнийн не1арш йиллина гуора. Эшарш яра, беларш.
Сеничухула, к1архашца, охьахецна месаш а йолуш, цхьацца-шишша йо1 т1ехйолура, к1айн шера настарш а гуш.
Лачкъа меттиг яцара, къайла а ваьлла, д1авижа. Умывальник чу нах оьхура, коча гатанаш а кхозуш.
Ас дуккхаза юьхь йилира, когийн тата моссаза хеза, суо а иштта чувеъча санна, д1авижале, юьхь йила.
Ши-кхо сахьт даьккхира ас, охьахаа а меттиг йоцуш.
Юха ц1еххьана, бераша ц1ахь олуш хезна, вокзал дагаеара, деха даккхий г1анташ а долуш.
Швабра яра гуш не1арехь, г1ант деса гира суна, уллохула хьалалаьтташ тохарлера г1аж а йолуш.
Зуда яцара.
Ладуг1уш со сацавелча, со волчуьра жимма лахахь, хи 1енаш тата дара.
Со цигахь охьаведира.
Юкъахь кехат а диллина, т1ететтина не1 гира суна. Хи цу чохь 1енаш дара: «Умывальник», –   дагатесира, корехула д1а аравала. Не1 д1а а тоттуш, чоьхьаваьлча, кхин а не1 хилла меттиг яра, дуьхьал кхин дуьхьало а йоцуш.
Юха цига со д1а т1евахча... суна... цхьа ерзина дажал гира, т1ехь цхьа х1ума а доцуш, тилийна ча я хьайба санна, ерриг ц1ен хьоькхнаш а йолуш... ц1ен жижгаш кхозура охьа, цхьа детталуш, дегалуш... хи а 1енара, месаш а яра, д1ога бухахь п1елгаш а гуора, адаман коган долуш санна... цхьа пен бара, я б1ог1ам, я орамашца лаьтта дитт...
– Че смотришь, паразит! – цу дажалан аз дара, –  голых баб не видел, сволочь! Смотри! –   ши куьг дара хаьн т1е х1уттуш, схьа чу хьада г1ерташ дег1 а.
Со меттах ца валалора, дег1 делча санна, доцуш санна.
Б1аьрса дара, цхьа б1аьрса, б1аьргашна цкъа а цагинарг а.
Со не1арх тасавелира, не1  лохуш санна, пенах. Пен хедира, белла а луш. Сени яра, ехха сени. Швабра ас кагйира. Юха когаш сецира сан, гор а кхеташ, лаза а веш.
Со пенаца д1ах1оьттира, шина когах г1ортор а еш.
– Элеонора, –  вилхира со, корта пенаца д1аса а боьттуш. – Эле-о-но-ра... хьо а ю те иштта зуда, иза санна зуда, иза санна...
Арахь гуш буьйса яра, буьйса мел ю – лампанаш а.

 

1994-2003 шш.

Мила ву-кх, ша мила ву хууш

Со даим цецвохург адам дац кху лаьттахь (адмаш суна IиндагIаш хета, цхьана кхечух вайна гушдолу, иштта вай-вукхарна а), и адам лелош долу кхин хIума ду, суна цIе ца хууш долу.
Суна ца хаьа, сайга хIара хIунда язло, дага муха догIу, мичара ду я хьан дуьйцу, хьан хьоьху…
ХIора а адамца лелашъерг Iожалла ю, адам дац, цкъа каш чу юьжуш йолу, вайна ваьш ду а моьттуш: суна велларг гIенах го, со цунна а го хир ву-кх, сайн адман сибатехь, хIинца сайн йолчу цIарца, юьхь-аматца, лерца а.
Цхьанне а ( хета суна, со цунах тешна а ву) ницкъ ца кхочу, гIан ма-дарра довзийта, шена гинчу хена чохь, я хенашца, кхетамца а. ГIан цхьа дакъош хуьлу, дIадахнарг хиндолчуьнца карарчух хоттаделла, сюжет а йоцуш я туьйра а (юьхь а, юкъ а, чаккхе а къаьсташ) юьхьаьнцара дуьйна схьа чекхдаллалц хоттаделла долу.
Бер доьлуш гина суна, вайна тхьевсина ду моьттучохь; хьайбано корта лестош а, наб кхетча санна, дижина Iуьллуш.
Цкъа жIаьла а летира гIенах, тIебиллина ши бIаьрг а болуш.
Хьан эр ду, шен гIенахь дийлина бер, цу гIенах а иштта бер ду, ша самадаьлча хуьлуш долу?
Хила там бу цунна цигахь (ша доьлучу хена чохь) ша цигахь хилла хан го, кхузахь ша бер хилале.
Бер доьлхуш а ма нисло, цунна гуш дерг хIун ду те?
ХьастагIа ду-кх, сарахь (2002-чу шеран, январь бутт) балхара чу кхоччушехь, чайнан цхьа стака а мелла, дIатаьIначохь суна наб кхетча – суна моьтту-кх, наб кхетта, – киншка йоьшуш ву-кх со, юха хин тата хеза суна ( хи ца догIу дикка хан ю), тIаккха хи тIех а даьлла, кухни чу охьадоьду, со, горгам а буйнахь, теса чу юха и хи охьадуьттуш а воллу, со цIеххьана самаоьккхуш.
Суна хезнарг (гIенах) бакъ а долуш,  хин тата хуьлу, раковина чу детталучу, суна самах гушдолу.
ТIехдаьлла-м ца хуьлу иза.
Цу балхах дукха воккхавеш, маьIан черма чу а дохьий, хи цу чу хоьцу ас, цхьана жимчу цIузамца. Хи кIезга догIу, кеста хьала а дузур доцуш.
Сайна гина гIан дагахь а долуш (айса цIенкъара хи дIадаккхар), сих-сиха чермига хьожу со, – хи боккъал а гIийла догIу, цхьана юьткъачу тIайрица дог1уш. Суна хаьа, лаххара а ахсахьт-м черма хьаладуза оьшийла.
Со киншка а карахь агIор волу (гIан суна дицделла), хи суна тIехьа а долуш, букъатIехьашха.
Киншка атта ешалуш хуьлу, Виктор Некрасовн «Записка зеваки», чIогIа дика мукъам болуш.
«Ванах,  хи!» – суна дагаиккхича, ерриг а цIенкъа хих юьзна лаьтта.
Айса тас схьа а эцна, хих тIадийна горгам теса чохь Iовдуш, сан ши куьг цIеххьана соцу, хIара болх ас тховса шозлагIа беш буй а хууш.
Суна ца хаьа, иза хIун ду, гIан а, само а шозза муха хуьлу, гIенах гинарг самах а долуш.
Ас киншка толлу тIаккха, айса гIенах ешна йолу. Суна иза дага ца йогIу, цхьа киншка
хилар бен, самах айса йоьшуш йолу Некрасовн «…запискаш».
ГIенах дерриг а девзаш хета, самаваьлча кхин дуй а хууш, кхетам а хуьлу цигахь кхин, хьо хьуо хьайна дага а вогIуш.
Со дахарехь (хIинца шуьга дIалуьйш волу) йозанца цхьацца лелош ву, яздархо цIе йолуш.
Ас чIогIа хала яздо, цхьа дийцар яздан воьлча, шерашкахь чекх а ца доккхуш: «Суртдоккхург» боху дийцар ас лело цхьайтта шо ду, хьалхара тIом а хилале. Сюжет товра суна цуьнан чIогIа, амма къаго ницкъ бацара: «Дависа, Борхеса  я Кортасара  »ма яздийр дар-кх хьо!» – бохуш, суо-сайна оьгIаз а оьхуш.
Цкъа цхьана буса (ас буьйсанна яздо), цу дийцаран ойла еш, хаддаза чухула дIаса а ихна, дIа а ца вуьжуш, агIор волу со, самонний-гIанний юккъахь цхьаъ-м хиларе сатуьйсуш.
Суна набкхеташ – сема ву-кх со, цхьана кхечахьа самаволуш.
Хьун ю иза, малх а боцуш, гобаьккхина сирла а го.
Юха кхин нах а хуьлу цигахь, со царна а, суна уьш а бевзаш. Кхузара-м бац уьш, соьца кхузахь хуьлучийх.
Кхин адмаш ду-кх тхо, хьалха гуттар а цхьаьна хилча санна, вовшийн дикка довза а девзаш.
ЦIераш а яц оха йохуш, къамелаш а ца до, юха вовшийн кхета а кхета, дан дезарг, цхьаьний а деш.
Экха лохуш ду-кх тхо, ден а дийна, тхайна даа.
Карахь цхьацца цхьамза а бу, буьххьера ира а болуш, кхоккха метар барамехь.
Ехха месаш а го суна сайн, малхехь даьгна йоьза дегI а, хенашкахь – дегI хьулдеш – кхозу мокха цIока а.
Цхьа бугIа ю-кха оха эккхийна, бердах чукхосса юьгуш. БугIа чIогIа инзаре ю, Iаьржа-сийна, еха а йолуш.
Цхьа лам бу-кх, бугIа аьлча а, мерахараша дохк а гIийттош, бергаша схьакхуьйсу тIулгаш, коьрт-коьртал а хеталуш.
Берриг цхьа букъ бу-кх иза, токхам санна, хьаьдда боьдуш, генна лакхахь айъелла белкорта а хаалуш.
Иза дуьхьал ерзахь, дойур дуй а хаьа тхуна тхаьш.
Тхан цхьамза цунна дIа а ца кхета. ДIакхеттарг а охьабужу, цIоканах чекх а ца балалуш.
БугIа цIеххьана сацаяла гIурту, кхос-кхосалуш, тохалуш, тIаьхь-тIаьхьа дIа бертал а йоьдуш.
Тхоьга цхьаьний маьхьарий довлу, тхаьш тоьлла-кх моттаделла.
Тхо тIегIурту, гобаьккхина, дехьа-сехьара хIоз а къовлуш: ахк дуйла хаьа тхуна цигахь, кхин дIахьада меттиг а йоцуш.
Оха цхьамзаш цхьаьний туху, серий санна, догIа санна, стигал-латтий дузу юкъ маьхьарца къора къаръеш.
БугIа юхайоьрзу, дуьне санна, Iаьржа пен санна, доккха хьаж а долуш. Ши маIа чучча хьаьвзина го, бIаьргаш а ду, лелха санна, кедаш чуьра арадеъна.
ТIаккха мохь болу, бага а гIаьтташ, кIайн мазаш кхозу бетах.
Латта дегош санна хета тхуна, даьхнийн гурт йогIуш санна.
Цхьа а ца хуьлу.

 Тхо цхьацца хуьлу, цхьаццанхьа дIасахьаьдда.
Суна лом го, цIоькъалом, Iодан пха санна, сайна тIаьхьа догIу.
Ма-хьаддалу дIахьоду со, пийлиг санна, ийалуш, га лоцуш, пел лелхаш, ког лаьтта охьа ца кхочуш.
Юха со вужуш, цхьана кIаг чу – со букъара аркъал воьрзуш, – суна тIод го, тоха ластийна, сайн коьрта тIе, юьхь тIе догIуш, цхьа мохь эккха, инзаре мохь, со Iуьллучохь, чкъург санна, хьаьвзаш – бесни йогу, урс кхетча санна, цициг а го, сайн юьхь тIера, кхосса а делла, цIенкъа хIуттуш: берриг а чо гIаьттина бу, дIовш тоха санна, айдина цIога, чилдакхаш дIасахьадийна, кIайн цергаш, цIен мотт: – со кхета, сайн хиндолу дийцар – «Суртдоккхург» – тIаьххьарчу дашца хила дезийла, цхьана дашо дерриг а дуьйцуш, кху гIенан чаккхе санна, – ас юьхь тIе дIа катоьхча, куьг дерриг а цIех дузу.
Соьга хIинца, хьан эр ду соьга хIинца и цIоькъалом цициг дац, шен гIенах суна тIаьхьа даьлла, хIара мIараш – сан юьхь тIера – цIоькъалоьман лараш яц а?
Цициг тоь, цициг а хуьлуш – цунна шен гIан дицло, сан гIан соьца даха дуьсу, со виснарг а Iадош.
Суна хезна (я дешна) цхьамма-м цкъа мостагIчунна гIенах шаьлта тоьхна бохуш, веллачуьра юха гIенах гIан гучунна дуьхьал а веъна.
Ша леш, СоIдин Малака (кхетамчохь а воцуш), доь доцуш вайначу Iежин цIе яьхнера, цIий хьанал дехьа шена бохуш, ша хьан Iанийна цIий.
Казахстанера цIа а еъна, Хадишатан йоI Секимат (нана цигахь елла хуьлу) Залубина йилхинера, гор-бертал а етталуш, шен нанна, Секиматина, къинтIераялахьара хьо, буса набарна дIатаIа йиш йоцуш ю-кх ша, нанас и дехарш деш, цIа а гIой, хьо къинтIераяккха шена, бохуш.
«ДIаяло, дIаяла, ели со хьуна къинтIера, хIара йоI а ма хьийзае – йистхиллера Залуба, шена дуьхьал дIа а хьаьжна, – бедарш ма тиша ю-кх хьан, эхь а ма ду иза-м», – олуш.
Корталин Хантоти (сан денана), шен цIийнада Iедало вийча, ЦIийлла1 яхнера, шен майрачо – Адама – воттана делла хилла долу уьстагIий схьадало.
Вукхо ша Адамера эцнера уьш, аьллера, воттана делла дацара, аьлла.
Цу буса хIара, Хантоти, Махьмад волчу буьйса яккха сецча, Махьмада гIенах Адамца къамел деш хезнера Хантотина, уьстагIийн сибташ а дуьйцуш, вотта хилар а чIагIдеш.
Тхан дас, Мозис, ша цIа далийра олура и уьстагIий, духкучо схьа а делла…
Мила кхетта-кх къайленах, мича кхетамца, хIун некъ толлуш?
Мила, мичахь веха техьа-кх вайх, мича хена чохь, маца, ша мила ву, хIунда ву хууш?
Суна ца хаьа, суо мила ву, хьо мила ву, иза а, – со суо сайна мила ву, я хьо а – хьайна, важа – шена а, гIан хIун ю, тIаккха само а…
…Цкъа къаьстар хир ду-кх иза, кхузара цига боьду некъ, цигара кхуза юхабирзича, ша дуьххьара хиллаче, хинболлуче, боллуче…
Цхьалха ду-кх тхо, я Аллах1! Хетар бен, хаар доцуш, тхайн некъан юьхь ца гуш, некъах тилла, некъ байна…

1 Хилдехьарчу юьртан цIе.
2 Динбухкаключица.

                                                                                    2002-04 шш.


 

                Мичахь, муха дицделла хууш

Ткъе кхойтта дешархо ву хьуна еллачу классан, – элира соьга завуча, ишколе со балха вахча, – царах цхьаъ отличница яра, иза цкъачунна оьхуш яц, кхин шийтта дика доьшучех а ву, Имани г1олехь а йолуш, – аьлла, – директоран йо1…

«…
мичахь, муха дицделла хууш, х1ума дицдала йиш ма яц, – и дешнаш цо муха элир-кх, – дицдаларан юьхь яц, – аьлла, – мичахь, муха дицделла хууш, я х1ума диц а ца ло, – аьлла, – цкъа хилларг, б1аьргашна гуш: гар, хазарцхьаъ ма дац…»

гуш
ма къаьхьа хилла-кх иза, хезча санна, генахь а доцушкхена йо1 ност йоцуш гарса лозу-кх, дерриг а са, пхенашца ц1ий а г1орош, верриг а къих вузу-кх хьо, хьайн дег1ах эхь а г1оттуш: шовдана т1е хьаьддачу некъан, геннара гучу б1аьстенийн, болар доцчу цу когийн, къоналлин марзо йоцчубер долуш ност яккхарх (хьалхарчу т1еман кемано), цкъаголлец, юхакхин а лакха, эххар ахенан юххец, т1ум талха а йолалуш, ц1ий а телхаш, дилх а

иштта гуш болу хийцамашд1адаьлларг дац а моьттуш, – я хеташ, доцуш санна (б1аьргашна кхин гушшехь), цхьаъ дуй-те, хийцамаш а боцуш: б1аьсте аьлча, заза х1унда го-кх, цкъа хиллачу б1аьстенан; гушдерг юхаматтацадешнашца карла муха долу, хьуна гинчух тера а долуш, дешнаша кхин кхуллуш санна: тера мел дерг изза  дуй-тецкъа гинарг, – тера а хеташ….

 со муха, муха кхетар вар-кх со цунах, арахькевл арахьнийсархойн аьзнаш а лозуш, боккхачу кхура к1елахь, лохачу г1анта (декъа ца хилийта, юткъуо миндар а йиллина, белшаш т1е тесна кортали а долуш)  хиъна 1ачу я яйначу, йицъеллачу цу йо1ах

 суна дуьххьара, кевл чоьхьаваьлча, суна дуьххьара б1аьргаш гира, суна уьш х1инца а го, пхи-ялх шо сов даьлча а, уьш бен, б1аьргаш, кхин х1умма а доцуш санна, меллаша сайга схьахьаьжна долу, елаяла а  тохалушса, дерриг а, б1аьргашца дара, массо а х1умах1ара дуьне ашайна чохь горгдича санна

 суна иштта б1аьргаш кхин ца гира, иштта сирла, иштта дийна, схьагушдерггушдоцург ашайна чохь кхехка сирла б1аьргаш

 памили евзара суна, журнала т1ехь гуш хилла йолу…

 ас гуттар а хоттура иза…

 бераша: «Яц!» – олура…

 ас «н» х1оттадора; иштта массо а меттехь а дара, х1ора а предметана

 октябрь бутт болабелча я юкъал т1ехбаьлча, иза  цомгаш ю элира соьга, б1аьста дуьйна меттахь ю…

 керт йоккха яра, чоьхьаваьлча, лоха, к1айн ц1а а  хаалуш; уьйт1ахь сийна бай а къаьстара, юккъехь лаьтташ – къена кхор а… … кхура к1елахь гира суна йо1, т1ерг1ан пазатна т1ехула йовха пошмакх а туьйдина, гуш цхьаъ бен ност а йоцуш… б1аьргаш гира, шаршу санна, к1айчу юьхьт1ера, стигал санна, сийна б1аьргаш, цхьанаметта сецна, 1аьмнаш санна, лацаделла, к1ежйохуш, кхехкаш санна, алу хилла, догуш санна…………………………..б1аьранег1ар а ца кхетара…

 «–  хьо ишколе… со шун классан куьйгалхо, Мансур ву…»

 «хьо ву иза, Мансур Салманович… зудабераша…», – иза елаяла г1оьртира, балдаш а хьовш: суна цергаш гира

 со улло охьахиира, голаш т1е, ч1инч1ура……………………………..
… со вехха 1ийра, мотт а бицбелла, суо мила ву а ца хууш…

 элира т1аккха: «Зингат, – аьлла, – д1огара зингат… ас бепиг теснера цунна… д1а ца дахлуш… къар а ца ло…»

 со зингате охьахьаьжира, бецахаьлга т1е хьала доьдучу, шел а доккха бепиг а эцна…

 бецахал сеттара, зингат чудужуш санна…

 зингат хьаьвззе охьадуссура…

 «– г1оле юй хьуна? – хаьттира ас, – г1оле хетий хьуна?»

 хьашт доцу хаттар дара, ца оьшуш дара хаттар: суна кхин дош ца карийра…

 « – мархаш, – элира цо, – цхьа адмаш санна хилла-кх, наггахь цхьаьна хуьлу, юха д1асакъаьста… цкъацкъа жа долуш санна а хета, бай т1ехь 1охку к1айн жа санна…»

 со мархашка д1ахьаьжира

 « – д1огарниг-м говрах тера ю», – элира ас, цуьнан б1аьргашна гойтуш, генна д1а п1елг а хьажийна: со воккхавера, дийца х1ума хилла

 « – х1а – а, ишта-м массо а х1ума хуьлу… дитташ а хуьлу… суна сайн кхор а го цигахь, сайн г1ант а…наггахь со а хуьлу…», – цо церга т1ера балда хьадира, ша аьллачунна йоьлуш санна

 юха д1атийра

 « – зингат д1адаха, – охьахьаьжира бай т1е, – кхано юхадог1ур ду…»

 «– хьуна девзий иза?» – ас хаьттира

 «– девза… ши к1ира а ду ас цунна бепигаш туьйсу… шеца накъост а кхуьйллу цо…тахана ша деънера…», – цхьанаэшшара элира, садоь1у а ца хезаш; бага жимма г1аьттина гуора, х1аваъ чуьра арадолуш, дуьхьало ца хилийта санна

 «пехаш а ду-кх кхуьнан цомгаш», – хийтира суна, цо чуьра схьа ара садоь1уш

 «– де ч1ог1а деха хилла-кх, – элира юха, – цхьа доккха… суна хьалха ца хаьара…1аба ца  ло-кх сарралца а … х1инца-м хаьа…, – б1аьргаш къиэгара, кхехкаш санна, – иштта цхьа де тергалдича…цхьа де а дац, сарралц, тоьаш санна хета-кх…»

 со х1етахь, цу дийнахь, я, цул т1аьхьа, х1инца а, кхин  кхета а ца кхийтира, адам иштта, цхьана дийнахь я сохьтехь, цхьана м1аьргона муха соцу-кх, дуьненах д1а а къаьхкаш, доцуш санна, д1а а тоттуш, ца хилча санна, хер а деш шех………………… …………………………………х1унда, 1ожалла х1унда езало-кх, къинхетаме хеташ санна, дуьненах  эмгар а хеташ, 1ожаллин эмгар санна…

 ас цул т1аьхьа сайн дагахь йоккхура цуьнан памили, берашна д1а а ца хозуьйтуш; ас кхин цкъа а  «н» а ца х1оттийра: мог1а беса битира, балдаша цуьнан ц1е а йохуш…

 не1 ц1евзича, йоккха стаг гира, карахь жима кад а болуш, кедахь гуш сакан
 
1айг – молханаш яра йо1ана йохьуш…

 со хьалаг1аьттира, дедикадар хьалха а долуш: «Далла везийла, – элира соьга, – хьо  а веъна… Асмаъ йолчу веъна хьо… х1ун деш ду… зудабераша вуьйцу кхунна хьо…»

 йо1 йовхарша хьовзийра, чож санна етталуш, еса беснеш а хаалуш, деса  чож санна, етталуш

 цу дийнахь – иза еллачу – юрт хьалха санна ехаш яра, д1асалелаш нах а болуш; цхьаъ воьлуш а хезара, бераш а дара арахь ловзуш…

 – ахь х1ун до, 1усман?

– эцца, Маккин йо1 кхелхинчу…

– мича Маккин?

– Хьасанах йиснарг…

– х1а-а! жима-йоккха – берашха стаг ю?

– ишколе лелаш, итт-пхийттара яьлла…

– тахана д1а-м ца юллу?

– х1ан-х1а, кхана…

– кхана гучувер со, х1ета, цкъачунна-м йиш яц, – цо элира, йиш йоцчо

 со ишколан  кертал чоьхьа вара иза хезча, арахь уьдуш бераш а долуш………………..

…….ас цигаьрка латийра, х1умма а хаа ца лора……….де кхоьлина къаьстара, т1едог1уш дерз а доцуш, цхьа  т1уналла хаалуш санна………… мархаш яцара, алхха дохк дара, бой санна, т1екхозуш, стигал ца гуора, мархашца хуьлу стигал: суна кхор а ца гира т1аккха, кхура к1елахь г1ант а, я и йо1 а, г1антахь 1аш – мархаш яцара иза схьаган я стигал а яцара – уьш цуьнца д1аяхнера, цуьнан б1аьргашца, дуьне а эцна, къахетар т1аьхьа а дуьсуш…

 къа хьанах хета техьа-кх? стаг велча хуьлу г1айг1а шех юй-те т1аьхьавуьсучун, веллачух йолуш санна а хеташ я цуьнан хьох юьсуш, х1инца а вала везачу – стаг велча бен боккъал а ваха волалуш а ца хилча………… ахь къаьсташ аьлла дешнаш, гуттар а иштта дуьсий-те, цхьанна 1одика йинначохь, я цо шеца д1ахьо-те, саламца кхана юхадерзо…

 «Гур ду вай», – элир-кх ас, иза т1аьххьара сайна гуш……………………………………………………………………………………

 ….д1адевлларш даха муха дуьсу, г1енашца терра дуьхьал  оьхуш – суна сийсара гир-кх и йо1: «Со ю!» – аьлла, хьалаг1оттуш, класс чохь цкъа а гина а йоцу – сан  б1аьргаша кхоьллир-кх иза, памилин элпаш гича…

 1ожалла а, безам санна, цкъа гича я хааелча, гуттар а хьоьца еха-те, 1ожаллера – безамо дуьненчу яккхарца, безам санна, хьан сих хьарча, дерриг а зовкх шех а дозуш, ца  бевзачу некъан зовкх…

 «… суна цигахь самаяла лаьа, кхузарчу сайн набарх… иштта хир ду-кх иза, дуй? цхьа лазар д1атийча санна…»

 хьоьга дуьхьал ца х1оттаделира цо аьллачу дешнийн хьажар:  дешнаш цигахь б1аьрзе дара, цигара схьадаьхкина доцу, уьш кхузахь кхолладеллера, г1енаш а дара кхузара, хьан  кхетамах терра кхоллалуш, гушдолчун 1индаг1 санна…

 «…ц1еххьана хилча, хала хир ма дацара иза, дацарий? цхьа тешар  вацар-кх  стаг, иза х1ун ду а  ца хууш… иштта, денна-денна дог1уш хилча, кхин хала а ма  дац… ца кхеташ хир дац-кх, даций?» – элира цо, цу дашах уьдуш санна, «валар» боху дош а ца олуш

 «– хир дац, – элира ас, – самаволуш санна хир ду-кх, кхечахьа самаволуш санна…»

 «– иза ца хаьа-кх суна, кхечахьа иштта муха хир ду… набаран тар тесча, кхечахь ду моьтту-кх суна, юха, самаяьлча, хала ма хуьлу…»

хьуна хьайн ваша дагавеара, веллачулла т1аьхьа хьайна гина волу…

 «– хьайн классера зудабераш х1ора денна х1унда ца кхойкху ахь, царна халахетар ма ду, – элира ас, –  царна хьо дукха ма еза?»

 «– суна уьш х1инца… х1инца хьалха санна ма дац… уьш суна ган ца го-кх, мел  гича а…
довза ца ло-кх суна уьш х1инца, хьалха санна, ган а гуш… генахь хуьлу-кх, мел  гича а, цара дуьйцучух а ца кхеташ…»

«– цигахь хилларг ду-кх хьуна, дуьненчохь хилларг», – элира хьан вашас г1енах, ахь эхарт хаьттича

 «– нах го-кх суна… дуккха а нах, массо а юрт – г1ишло а йоцуш, цхьанхьа иштта д1аоьхуш… юха хьо хуьлу…»

 «– со мичахь… х1ун деш…»

 «– цу нахаца волуш санна… цаьрца а воцуш, хьуо цхьаъ, дог1анехула… хьайн г1енашца волуш санна…»

 цхьана дийнахь сарахьуо вахара хьо иза йолчу, чуйигаза хилахь, жимма  цуьнца 1ер-кх хьуо, аьлла – нанна ч1ог1а  хазахетара, ахь йо1аца ханйойуш: «Жимма тар тосу кхунна, хьо д1авахча, – олура цо, – ойланашна г1оле хуьлучух тера ду-кх кхунна», – олий

 йо1 хиъна 1аш яра, гуттар а санна, кхура к1елахь, шен даккхий гучу б1аьргашца, диттийн баххьашка д1а а хьоьжуш, царна т1ехула, генна д1а…

 «– малх а, бутт а цхьана аг1ор кхеташ хилла-кх, – элира цо, нана д1аяхча, – хьалха хаа а ца хаьара…», – куьйган п1елгаш меттаххьайра,  некъ лоьху сагалматаш санна, хьуна уьш цхьа дийна хийтира, тхьевсинчуьра самаюьйлу ненан-куьйган к1орнеш санна

 суо кхуза х1унда оьху суна хаа а ца лаьара– цкъа веъна дела оьху хир вар-кх, г1илкхана санна, г1иллакх лоьруш: со  ца веъча ца 1алора – суна буса наб ца кхетара; кхуза ца веъча, арахь 1ара, дийнахь иза ма-1арра, буьйсанна суо, цуьнца 1аш санна

 «– хьуна гирий сийсара, бутт  г1оттуш гирий хьуна?» – элира, шега олуш санна; дикка 1аржъелла ялаза яра, батто буьйса кхолош… бутт  х1орда чуьра г1отту моьттура, садукълучу хи бухара – бутт ц1ен бара, дато а боцуш

 «– гира, – элира ас, – мархано шиъ бича санна, юккъехула ах а боккхуш…»

 схьа а ца хьаьжира: «– гар бен, дицдалар дан а дац-кх!» – элира цо

 «– муха «дицдалар»? – ас хаьттира

 «– х1ума гина меттиг яц? мичахь, муха гина хууш: адам а, дитт а, урам а… иза иштта юьсу-кх, дуьххьара хьуна ма-гарра, дицдалар  дан а доцуш… дицдаларан  меттиг яц-кх, мичахь, муха дицделла хууш…, – иза саде1а елира сихха, хеззаш, дехха, – суна  дуьххьара б1аьста гир-кх бутт, малхбалера г1оттий хууш, суо чохь  йисинчу б1аьста, и суьйре го-кх суна, х1оразза а цхьа суьйре, х1инца а иза…  тховса а, дуьххьара сайна ма-гарра…»

 «– иштта хьуо хьайца ма йисал хьо…»

 «– шеца цхьа а ма ца вуьсу…гуттар а нах хуьлу-кх хьоьца, хьо цхьаь хилча, гуш а боцуш, хьоьца хуьлу-кх, дагарадийца вовшахкхетта, хьох гуш йоцу меттиг а йой, дагарадийца меттиг…»

 «– иза ала г1ерта-кх со а, хьуо хьайца ма хила, ала, хьайна безарш цхьаьна боцуш… бераллица хилал хьо, хьуо гуттар а жима йолуш…»

 «– уьш шаьш схьа ма бог1у, суна бевзаш а боццушехь… сох шиъ хуьлу-кх: со а, уьзаш а… суо цаьргахула го-кх суна…кхин цхьаъ ю-кх соьца даим, соьга ша со ю а бохуш… цо дуьйцу-кх, ас цуьнга дуьйцуш санна…»

 «– буса маха тухий хьуна, наб кхетийта?», – хаьттира ас: суна жоп дала ца хиира, цо дуьйцучунна жоп дала…

 «– суна ца лаьа… йицъелла йиса ца лаьа суна…»

 «– йицъялар ма дац иза, сада1а г1орта ма еза, жимма хьайна набкхетийта…»

 «– стаг ша цхьаъ бен вац бохург бакъ ма дац, даций? хьуна хетий, хьайца кхин цхьаъ волуш санна, хьуна бен кхин гуш а воцуш…»

 цунна уллохь – корталех а хьаьрчина 1ачу цунна уллохь – суо жима бер хетара суна, я цхьа жима ховха к1орни, цхьана кхераме, кхерамах кхоьруш, дедда деана жима бер санна

 « –гур ду вай, – элира ас, маца гур ду ала виц а велла, – са ма гаттаделахь», – аьлла, иза чуйига нана схьаеъча, лакха т1ехула бутт а гуш

 бутт генна лакхахь гуора, мархаш – д1асаяьржина к1айн мархаш – 1аьнан охана долуш санна а хеташ, лай к1елахь 1уьллу охана, стигал 1аьржа латта а долуш.

Цу буса, суо чувоьдуш, юха, чукхаьчча, д1авуьжуш а, оцу йо1ах сайн са хьарчар, со кхета а ца х1оьттира, иза еллачу 1уьйрана бен.

Юха, тезет д1айирзинчу доьалг1ачу дийнахь, 1уьйрана, цу буса иза г1енах гича: «Со ю!» – аьлла, хьалаг1оттуш, журнале хьаьжира со, шо хьалха церан хиллачу.

Цунна дерриш а пхеаннаш дара, наггахь шиъ а лаьтташ.

Масех пхиъ хуьлура, юха – доккха шиъ, дог 1абош х1оттийча санна, ерриг а меттиг д1алоцуш.

Шиънаш литературина дара. Иштта цхьанне а дацара, иштта дуккха а пхиънаш, юкъ-юкъехь шиъ долуш.

Иманина – директоран йо1ана – пхеаннашца деаннаш дара, сих-сиха кхоъ а хаалуш, шиъ цхьанхьа а дацара.

 Юха х1инца, Иманина, итталг1ачу классан журнала т1ехь, дерриш а пхиънаш гуора, ас х1оттийна ши диъ доцург.
– Асмаъ мичахь 1аш яра, муьлхачу парти т1ехь? – хаьттира ас, пенах кхозу цуьнан сурт а гина, цкъа хиллачун, еллачун сурт.

Суна дуьхьларчу парти т1ера директоран йо1 хьалаг1аьттира, пена уллохь 1аш йолу, тетрадаш вовшах а детташ.

Цхьа а вист ца хилира.

Со кхийтира.

Шена уллора йо1 а г1аттийна, Имани – директоран йо1 – д1аяха йоьлча:

–Хаий 1е, хаий 1е! – элира ас, сайгара цхьаъ даьлча санна.

Иза ца 1ийра: «Елча а сан кочара!» – хазийра ша д1айоьдуш, т1ехьарчу парти т1е.

Юха сан б1аьра хьаьжира, т1ехьара схьа, еларца.

Ас урок хаьттича – кхечаьрга а, цуьнга санна: «Ца 1амийна!» – элира, корта аг1ор а боккхуш.

Со вуьйхира.

 Шоллаг1чу дийнахь парта еса яра, суна дуьхьлара цуьнан хилла парта, Иманица 1ийна йо1 цуьнца т1ехьа 1аш а йолуш.

 

Суна 1уьйре дагаеара, иза елла хилла 1уьйре.

Цу 1уьйрана, бой санна, дохк кхозучу 1уьйрана (со кхаа дийнахь иза йолчу ца витира – цо аьлла бохура иштта, ша леш суна ма гайта, аьлла), ишколан кертахь лаьтташ (мархаш яцара цу дийнахь), иза елла, аьлла, суна хезначу 1уьйрана, со суо сайца вацара, цхьа кхин вара сан метта, суна шерра гуш а волуш: цу кертахь а – иза 1ийначу, – тезетахь а, кхузахь а волуш, цхьа масийтта волуш санна, юха цхьанна а меттехь а воцуш, ишколан кертахь лаьтташ…

 ……..стаг ша цхьаъ бен вац бохург бакъ ма дац, даций? хьуна хетий, хьайца кхин цхьаъ волуш санна, хьуна бен кхин гуш а воцуш………………………………….

 Юха бутт баьлча, нийсса бутт, шоллаг1а т1ом болабелира, лаьттахь гуш салти а воцуш, стиглахь лела кеманаш бен.

Кеманаш шишша дог1ура схьа, уьш д1адахча, кхин  шиъ дог1уш.

Малхбузера оьхура, х1иришкара, цигахьара.

Дерриг а ялх хуьлура.

Юьртан йистошка тухура хьалха, нах юьртахь гулбан санна.

Делкъахан хиллалц иштта кхуьссура.

Т1аккха сарахь, малхбузуш, юьрта чу етта йолайора.

Латта лиэстара, дуьне а  цхьаьна, стигал эт1а моьттура.

Декъий буса лехьадора хьала, д1а а буьйсанна духкура.

Ерриг а юрт йодуш яра, барз бохийна зингат санна, гихь а, марахь а бераш а дохкуш, вуьс-вуьсучуьнга даьхни а кхуьллуш, х1усам а кхуьллуш, юрт а.

Ахьа а д1аваха сацам бира, хьайн къена нана а эцна.

Нана йоьлхура, ма йига, бохуш, ма яккха ша махках, бохуш, цкъа хьегначу махках.

 «хьо д1а ма г1уохьа кхузара … кху юьртара д1а ма г1уохьа, юхаван ма веза хьан…», – хезира суна цу буьйсана, д1аваха х1умнаш а кечйина, суо вижначу буьйсанна.

Со сецира, ц1е хьаьрчича, хьуьнхара уьду акхарой санна, акха д1асауьду адамаш а гуш.

Ерриг а юьрт г1аьттина яра, маьхьарий дара, белхарш.

Юрт къора яра, хоте санна, кешнаш санна, чиркх а ца гуш, нах берриш а д1абахнера, х1ора а буьйса 1ожалла йолу къена къаной боцурш.

Кеманаша иштта т1ееттара, стигал а цхьаьна, латта а догуш.

Буса ж1аьлийн г1ара лаьттара, даьхни дара буса 1оьхуш.

Сан гуттар а са кхачийча, дуьне доьхча, иккхича, г1ан-г1енашца  кхийс-кхийсалуш, г1ан-самой иэкегаделча, кхин цкъа а сайга, цуьнан озаца, цу йо1а сайга олуш санна: «д1а ма г1уохьа, – хезира  суна, – к1иранде т1екхаччалц…»

 Шинарин буьйса хетара иза, соьга г1енах саца аьлла буьйса

 Кхин ши де делира д1а, бераллера къанваллалц стеган оьмаралла деха ши де

 Еарин буьйса т1ех1оьттича – суна г1ан тида ца хиира, – ас д1аваха сацам бира, сахуьллуш новкъа вала.

Нана йист а ца хилира: «Кхин гур яц-кх суна Дег1аста… Дег1аста кхин гур яц-кх суна…», – элира ша д1аюьжуш, ша д1айижа дехьа чу йолуш.

Юха, 1уьйрана, сахилале, хьалхара н1аьна кхайкхича, нана хьаян х1оьттира со, не1 херъеш, ц1е а йохуш.

Мохь иккхира, орца санна – со вацара, цхьа кхин вара, – кхин вара сан ц1арца кхойкхуш: нана еллера, бер санна, ненан кийрахь 1уьллуш санна, бета буьхье голаш а яьхьна, куьйгаш т1е – корта а.

Каш буьйсана даьккхира ас, шоьтан буьйсанна, цхьаллехь.

К1иран буса йоьллира д1а, за1ма а я кадам а боцуш.

Юха дог1анехь, дог1анехула, кешнашкара – юрт а йитина – воьддушехь со д1акхаьчча, нахана т1аьхьа, уьш соьцучу, эзарнаш адмаш дара, т1екхочуш буьйса а йолуш.

Наха ц1ераш летийнера, ц1еран  серлонца салтий а бара, дуьхьлара некъ бихкина лаьтташ.

Де делкъана к1адделира,  т1ехула хьийза кеманаш а гуш.

Салташа герз долийра т1аккха, ха долчуьра нах къахкош.

Латта иккхира шозза-кхузза, кеманашна т1аьхьа к1ур бисира, лар туьлучу кеманашна т1аьхьа – г1ар яьржира, керчаш санна, бомбанийн лелха г1ар.

Декъий дара, меженаш, стиглан 1аьрше г1ийтта мохь, дан воцу орца, къематде, г1а лехна оьгу адамаш а.

Адамаш юха д1ахьаьлхира, салтишна т1е, ха долчохь.

Герз деттара, хаддаза  герз, дехьа-сехьара т1е а уьдуш, когашна к1ела, коьрта т1ехула, т1еман техника дуьхьал а кхуьйсуш.

Юкъ-юкъара цхьацца вужура: «Йа-а Аллах1!» – мохь а болуш.

Воьжнарг иштта 1илла  вуьсура, когашна к1ела, хотталахь.

Цхьа дакъа генна д1адахара, хьаьттаро хьо чалх санна, и дерриг ха а хьошуш, д1асауьду гуш салтий а болуш: «Т1етоха герз», – дека омра а.

Цу нахаца, нехан хаьттарца, Дибир-юьрта хьо д1акхаьчча, стигал т1еязлуш санна, т1еда дазлучу дерзаца, т1ейог1уш буьйса а йолуш,  шен рожехь, раж эцна, дуьне охьадилличхьана ша йог1уш ма-хиллара – кхин х1ун дар-кх цуьнан дан, х1ун дийр дар-кх буьйсано: «Тхан  кеманаш дац уьш, – бохуш, – бомбанаш оха ца тоьхна, Гуьржехара кеманаш ду», – Россин мохь хезачу буса, къорачу буса, къерачу, мел велларг кхойкхучу  буса, мел вайнарг лозучу…………………………………………………………………

 «– нах го-кх суна… дуккха а нах… цхьанхьа иштта д1аоьхуш… юха хьо а хуьлу… дог1анехула…хьайн г1енашца волуш санна…»

 …сайн г1енашца, г1енаш… сан дахар мичхьа дар-кх, мичхьа ду-кх хьан хилар а…х1ара г1айг1а а, эзар г1айг1а… вайх йисина 1уьйре а… «диц ца ло-кх цхьа х1ума а, цхьа х1ума а диц ца ло-кх… мичахь, муха дицдина хууш, цкъа хилларг, б1аьргашна гуш…»

 

1997-2005 шш.

 

Мичхьара схьа, д1а а мичхьа

 

Иштта хуьлуш хиллий-ц хIара, хIета, хIаъ, дера хилла, хьуна дагахь а ца хилларг цхьа цIеххьана схьа а хIуттуш, дарба доцу лазар санна, валар а санна, хьоьца даьхна долу, эшаран мукъам а санна, тIаьхь-тIаьхьа дIа бицлуш болу.

Меллаша кхочуш хилла-кх хIара, догIу-догIу-уш, сих а ца луш, юхахьежар а, сецар а доцуш, шен хоршахь доьду хи санна, я де санна, суьйренга теIа.

ТIаккха тIаьххье а, цхьана дийнахь, цхьа а салам-Iалам а доцуш, цецвалар а, вохар а доцуш, хьоьца схьауьйш хилла-кх хIара, хьоьца юха иштта дIадаха, хьан шерашка, чаккхене, Iаьнна кечлу гуьйре санна, лай кIела даха, дицдала.

Хьо хIинц-хIинца, тIаьхь-тIаьхьа, шо-шерашца кхета-кх тIаккха, гуьйре хIунда язлуш хилла, хIунда Iаь1аш, есташ хилла хьан цхьаъ бен доцучу синна, хьан ойланна, дагна хьан, къастаран къахьо санна, я мIаьрго, тIепаза яйна.

Ма геннара, геннара схьа беш хилла-кх кхуо шен некъ, цкъа орамца хих Iебий, юха гIоттий зезагашца, кан кхуьий, дIасалестий, де дацлой, лахлой.

Теша ма ца тешара ткъа (ахь хIун дуьйцу!) мича тешара, хьанна моьттура, мила хьежнера!

Ткъа хIинца-х хаьий хьуна, гуьйре хIунда лозуш хилла, хIунда Iаь1аш, есташ хилла, ларамза хьоду лазар санна, я дайна гIан денлуш санна. Гуьйре ехха ма юлура, хьан тидам а, са а артдеш, шеца аьхке йохьуш санна, аьхке а цхьаьна, бIаьсте а, мажделла гIа наг-наггахь хIаваэхь ластар бен, хаалуш кхин башхо а йоцуш, кхин хийцам а, хийцадалар а.

ГIа дужура, малх а Iаьткъаш, мела догIа а хьодура цкъацкъа, мархаш а гуора тIелахъелла, дикка яхло маьркIаже а.

Юха догIа тоьхча, шийла догIа (хенаца хан хийцаелча санна), дитташ доьхна ма дуьсура, шайн кIужалшна-патаршна тIаьхьа деса кортош дIасалестош, бедаршна каетташ санна, генах га а тасалуш.

ГIа дужура, дитт Iаржлора, буц а хуьлура макхъелла гуш, сел къайлаха къайлакхехьна алкханчан бен а кхозура, кха тIера ялта чудерзийча, араюккъехь мунда санна.

Цхьа тамашийна хан хIуттур-кх, хан сецча санна, йицъелча санна, цхьа Iийжаме мерза хан, дагадеъна а далале дагадеанчух гIан а хуьлуш, дагалецамаш я хилларг, хила кхиале дайнарг цкъа.

Хин шабарш дIа ма тоьра, малх а хуьлура дикка лахбелла, цхьацца аьрзу а хуьлура гуш, маьркIажехь цхьанга-м кхойкхуш, аренгара ламанца хьала – бердашкахь дIадижа доьдуш.

Иштта хуьлуш хилла-кх хIара, иштта кхочуш, тIехIуттуш, сатийсамаш дIа а хедий, дагалецамашка юхавоьрзуш, гуьйре гуш даима а, даим а хьуо гуьйренца гуш, ойла хьаьвззий юха цIа йоьрзуш, хьан сица яха я ша-шеца, нанна херехь хьийза бер санна, хьан шерийн иэсехь йиса.

ЦIенна чаккхе-м яцара хIара, юьхь янне а яцар-кх, маьркIажехь яхлуш хилла гуьйренан суьйре яр-кх, дIога цигахь, анайистехь, къоьжа лацаелла сирла суьйре.

Дукха хан йоццуш, балха тIехь, хьайна цIена кресло деъча, айхьа лелийна тиша кресло – тоххарехь кхелли тIе дIакхоьссина хила дезаш долу – чIогIа цIа дахьа лиира хьуна. Хьан накъоста машенахь цIа а деара хьуна иза: «Чувуьтур вуй-те хьо?» – забаре бегаш а беш.

И кхетта хирг хир вацара, хьуна и кресло стенна оьшу. Хьо цунах дIавоьллера чIогIа, цу креслица, шина-кхаа шарахь, цунна чохь вехха охьа а хуьйшуш, юха хьала а гIуьйттуш иштта, цуьнан тишалла хьоме а хеташ: цхьа хан-зама дIалестича, керлачу  хIумнах са къехка-кх, хьайн хиллачу бедаро – цIеначуьнца ша ахь хийцича – бехк боккхуш санна а хеташ.

Иштта хир бу-кх, хетарехь, хьан хилла болу безамаш а, хан яларх, тIаьхь-тIаьхьа дагара цкъа а дIа а ца бовлуш, я кхечаьрца уьш бицбина, хьо вицвелла, де а ца догIуш.

Цхьацца сарташ дуьсу-кх хьоьца, маца-мацах хилла сарташ, иэсан дагалецамашкара ген-генара гучудуьйлуш: «Кхин а хир-кх – бохуш, – кхин а хир-кх», – ахь тергал а ца дина долу, юха, тахна, меллаша, цхьанна тIаьхьа важа схьахIуттуш, хьан са хьоьсту генара сарташ, дагалецамаш, иэсан гIайгIа, шаьш бен хьан дахарехь – шаьш бен кхин хIумма а – ца хуьлий а хоуьйтуш, хир доций а, доций а хIинца.

Юха, хьежаваьлча, цаьрга хьежаваьлча (цу хене юхавирзина), уьш хиллий хаьа-кх хьуна хьайн денойн мерза денош, и масех хилла долу сурт, тIаьхьа хьежа хIинца тIаьхьа дисина: цхьаннан юьхь, бIаьсте санна, бIаьсте санна къорза елаелла; кхечуьнан сецна хьажар, бIаьргаш чохь зама сецош;  хIордан тулгIеша хин тIиэ санна, латта техкийна цхьа болар а; маццах цкъа гина Iалам а, гIенакхоьлара охьалуш санна, Гарбалчу цIе йолу меттиг, Хилдехьан ламанца…

Цу сарташца вуьсу-кх хьо, цхьа цIеххьана схьахIуьттучу, хьо дIахьаьжча – хилларг бен – гуш хIумма а доцуш кхин: дIадаьлларг – хета-кх хьуна –  дIадаьлларг ду-кх тешаме, цкъа хилларш – безамаш а хьан, хьох къаьсташ дIаихнарш хьо доггах везнарш а болуш.

ХIара дог ткъа, кху даго, некхан готтехь детталучу, кхуо а вуьтий-ц дерг ду ала, схьагушдерг бакъдан, и эмгаралла кегош шен, цхьа «гIогIа» беш, кхийсалуш…

Дагах ма тешалахь хьайн, дог тешнабехк бу хьуна хIинца, ши бIаьрг а бу-кх ларвала безаш, схьа мел гург нехан а гуш.

Дан ма дара цхьана хенахь, хьан а ма дара, ма дукха дара, Iана даххала шорта-м дара, Iенича, юха тIаьхьа диса а, дIадекъа а, дайа а долуш.

ХIинца дуьххьала цхьа сарташ, хилла хиллачух тера кхоллалуш, бIаьргашна гуш санна хеташ, дагалецамехь дуьхьал оьхуш, цкъацкъа денлуш, юха кхулуш, даим а хьоьца даха дисина.

Цкъа куьзганахь лоху ахь хьуо, юха – урамехь, шерашца; мас а ца юьжу хьалха санна дIа, болар а доьду кхечуьнца, кхечаьрца хьан хилла мехкарий а, ахь гуттар а хьайн лийрина.

Хьоьца мукъам денлой-ц тIаккха, хьан шерийн хилла мукъам, Iаьнан хотехь – берзан угIар, гIаргIулин мохь-цIогIа, гIала байначу сен гIергIар а, цаьрцанна хьайн цхьалла кхайкхош, хьайн шераш, денош  хьайн, юха ца дан дIадахна долу, кхин ца гуо – дIадайна а.

«ТIекхета-кх хIара дуьне, хIара дуьне кхета-кх тIе, вайшиъ бен стаг а ца вуьсуш!» – элир-кх кхуо цхьана йоIе, геннара шен ойла хьерчачуьнга,  шен шерийн геналлера. Иза цхьа яйн елаелира, цкъа бIаьра хьаьжна – бIаьрса лоцуш,– шина балдин дайчу еларца (вас ца ян, ца лазо), хIара а, кхуьнан шераш лаьрра, цу дешнийн чулацамо, цара кхуллучо, оьхьучо цIечу басах бос а кхохкийна, дIа а йирзина дIа а йолалуш, шена уллора-дехьарчу цхьаьнга цхьа бен доцу дешнаш а аьлла, хIуъа а цхьаъ алархьама, цхьана бахьнийна, бахьана  доцчу, кхуьнан сих ша ца кхетча санна, цу гIайгIанах, зама тиллачу…

Цхьа гIело юьсий-ц хьоьца, эшамашца еъна гIело, мел чIогIа ахь каеттарх, некъ каро кхин некъ а боцуш, хьох дозуш, ахь нисдан я доло декхар а доцуш, хилладаьллачуьнца резахуьлуш, бертаза берта хилар бен, дерриг чекхдаьллий хууш, дIадаьллийла, дайнийла хIинца, хьайна улора дIайоьдучу йоIе кхайкха ца оьший а, хьайн шерашка – цкъа хиллачу, цкъа кхихкинчу бIаьстене а…

Раж хиллий-ц кху шерийн, кху денойн, марзонийн, цкъа хилларг юха ца хуьлуш, цкъа гинарг ца гуш кхин… БIаьсте юха ца йогIий-ц, малхаца Iеткъа кIайн бIаьсте, дог орамашца къонлуш санна, керлачу цIийца, ирсаца, дуьне хIинцца кхоллалуш хеташ, хьан денойн къона дуьне, эзар тIам гIоттуш сица, эззарза эзар тIам, оццул дукха сатийсамаш, деган акхалла, карзахе ойла…

Гуьйренашца вуьсий-ц хьо, хьайн шерийн гуьйренашца, мел дезнарг ойланца хьеста, ойланца генна тIаьхьа хьежа, Iана кIелдаха кечделлачу диттан тIехь цхьалха стом санна, малх геннахь чубуза хьаьдда, бIаьрхи санна, лацабелча, бесни тIехь бIаьрхи санна, анайистехь кхозалуш, малхана кхойкху суьйре санна, ойла деношка кхайкха яьлча, цу хене вуссий-ц хьо, цу деношка, жималле, цхьа датон буьйса еанчу хьан ткъа шеран ирсечу Iай: и кIайн буьйса, лайн чимашца, цхьа зудабер, болар цуьнан, садаьхьначу цхьамзан санна, сихделлачу сахьтан болар, «так-тик» деш,  «так-тик», сан кхетам, дог сацош, са доькъуш, даржош: «Хьо веза суна… суна хьо веза…», – цу дешнаша динарг сох, сох, ойла бен, хIума ца дуьтуш, цхьа ойла бен, цуьнан сица ийна, иза лайн чим болуш санна хеташ, сан некхехь, Iаьнарца сан, сан балдийн алуна тIехь бохбала сецна экама чим… цу буса юха, эхI, цу буса (Минуткерчу юкъарачуIойлахь), цу буса иза яларна кхоьруш, кхин ца гуш, суна ца гуш, хIара дуьне эккхарна кхоьруш, ткъа шарах дуьзна сан дог цу буссехь эккхарна…………………………………………………………………… ………………….ойла хьаьвззий юхайоьрзий-ц, кху суьйренга, маьркIаже, кхин цкъа а цу бIаьстене, акха кхойкхучу деган цхьалле, кхерамах хьодуш санна, кхузара юха цига дIа а хьодуш, цхьана кхечуьнца, хаза кхиъначу, хьан юьртахь кхиъначу, метта буьххьехь дешнаш дууш: «Со хьан ю…», – баьхначу хьоьга, шен даккхий бокъан бIаьргаш стигланашца керчийна, дог чахчош, тIекIелдохуш, дагах гIийла буо деш…………………………………… ……………………юха, яьлла иза тIепаза яйча, цхьана Iуьйрана йоцуш гича, дуьне дуоха ма дуьйхира, Iаьршашкара мукъам бен – азаллера цхьа мукъам – гуш а, хезаш а хIумма а доцуш, хьан даго кхоьллина хилла дайначу ирсан гIийла мукъам, хьан са юхакхоллалуш санна, дуьххьара санна, хьуо бер долуш, юхакогбаккха Iемаш санна, дуьххьара юхакогбаккха, цкъа лазийча девзина хилла дуьра бIаьрхиш дакъа а луш……………………………………… …………………….и бIаьрхиш дакъадалале, чов ерзале, верзале, хьормакан коьллашлахь кхорбIаьлг санна, каде-сиха, буйннал хеташ, цхьа жима йоI, цхьа тарсал, дингад санна, кхийс-кхийсалуш, т1ехлелхаш, эццахь гича, кхузахь йовш,  геннахь гуш, са кхачош, дог этIош, и жима йоI, и цхьа бер, цхьа буьхьиг… кIеззиг са тедер-кх моьттуш, са Iехор-кх, вицлур-кх хеташ……………………... ……………………..маржа, ма сих а хьаьрчир-кх иза, ма дуьне а дохийра-кх, шех цхьаннах эхарт деш, валар деш, вахар а; къа а, бала а, мел а иза хуьлуш, хьан воккхавер, таIзар а хьан, шеца толам а, эшам а болуш, Iай-бIаьстей санна ийна, гарна хуьлучу синзовкхах къстаран къахьо а хьодуш, цхьа лаза иза йолаелир-кх, цхьа лезир-кх, лозура-кх……………………………………….. ……………………..уьш хIора а лезний-ц сан, де-дийне, тIаьхь-тIаьхьа, хан мел йолу, къан мел ло ша цхьаъ бен ца хиллачу бакъдолчух тIаьххьара кхеташ – къонахчо шен къаналла тешоезарг иза хиллийла, шеца ваха хьо волавалале шерашкахь сица лезнарг, шайн юкъарчу дагалецамашца и «лазам» карла а бохуш…

ЭхI, маржа яI-кх, маржа-кх хьо! Цкъа иштта хIара хир дуйла хууш, хIара хьалххехь хиъна хиллехь (хIинца санна хIара хир дуйла хууш), цу хенахь, жималлехь, цу шерашца – къона иддачу, къовла дарий-ц сайн дог буйнахь, синъаьрхалла йоьхка ярий, марзонашна Iама ца Iама, дIа ца вуола, ца хьага тахна (хIара санна долу де схьадеъча – эшамаша эшийна де), ненан хаза мел кхиъна йоI цхьана кхечуьнца йоьдуш гича, массо а йоI хьайн а ца хеташ – кIантаца тIех мел йолу йоI, – веха варий воцуш санна, ца хилча санна юха дIа а ваха: мичхьара схьавеар-кх хьо, д1а а мичхьа гIор-техь-кх хIинца, цхьа «маржа яI-кх» дуьсуш тIаьхьа, цхьа «байтамал», гIан хаьдда гIан, самавала а хьо кхиале хьан карара карах долуш… хIара иштта дуйла хиъна хиллехь – хIинца санна хIара хир дуйла – сонта воцуш-х хинварий, хинварий воцуш санна, «маржа яI-кх хьо» – ца лазийта, ца Iийжийта «байтамал» а, мичхьара схьавеъна а хууш, дIа мичхьа ваха веза а…

 

 

2004-2005 шш.

Цкъа гинарг, шозлаг1а х1унда…

 

Дика ду-кх иза д1авахна, х1ара дуьне а ца дохош: цхьана стага  доь-кха массо а х1ума.

– Суна х1умма а ца оьшу, – элира ас, делкъанга даьлла де а гуш, олхазарийн эшарш а, керташкахь хезаш йолу, – майн т1аьххьара денош дара, генна лакхахь малх а гуш.

– Муха, х1ума ца оьшу! Хьуна а цхьа пайда, бохуш, – куьйгаш д1аса тесира цо, хьалха ша хьахийначу кепекийн ц1е а ца  йоккхуш, суна хир ю аьллачу.

Цхьа тиша машен ю кху кертахь, маццах дуьйна йоьхна лаьтташ, ворх1-барх1 шарера, ц1енаниг г1азкхаша д1а а йигна.

– Суна х1умма  а ца оьшу, – элира ас юха а, – кертара д1аялар а хир ду…

– Иза-м бакъ а ду, бечо-м цхьа пайда а… эцца болт а, гайка а хир ю-кх аьлла… делахь, кхана, камазана т1аьхьа а тесна, хьуна кхин оьшуш а ца хилча…

– Дика ду, г1уо, – со хьала а ца г1аьттира. Иза дукха лоьра, ч1ог1а дукха. Ас веллачех лерира иза, дийна воллушехь, веллачех. Ас иштта доькъу адамаш: белларш а, дийнаберш а. Суна д1адийца ца хаьа иза, сайна кхета-м кхета со.

Тезетахь го-кх иза ч1ог1а, «белларш» беллачу тезетахь: ма г1овг1а йо-кх цара ян-м! Церан тезет а  хуьлу-кх г1овг1а, базар санна, нах а луьйш.

 

Сийлахьчуьнца тийналла хуьлу-кх, хьан сина дазделлачуьнца: мотт  боцуш хилла-кх сан мел хилла безамаш, къорачу буса, тийналлехь, саде1ар  ойла а йолуш, синан ойланаш, дешнаш а доцуш…..

 

Суо хиларна долчу хаарх тоам бан лаьар-кх суна, сайн са гучу б1аьрсина а, ойла къаьстачу ойланах а…

Дукха-м ца доьху-те ас, оццул зовкх сайн цхьана синна…, цхьа а доцчо х1ун  до техь-кх, вахар бен, х1ума доцчо – дахар ма хала хир  ду-кх, цхьана вахарца долу дахар…

 

«Хазалла яц! – элир-кх цо, оцу сарахь леволчо, – вайна кхузара ю моьттуш йолу, цхьа ц1еххьана гина хазалла, иза  кхин юха ма ца йог1у,  цкъа ма-гарра, кхин цкъа а ган…, д1айоьду-кх абадеца, кхузахула т1ехйолуш санна, цхьана кхечахьара вайна гина йолу… суьйре а яц, малх байна хан, кхузара  бода цигахь летча, анайистаца чиркх летча санна, – иза ю-кх суна гина хазалла, стаг, ойла санна, латта а вуьсуш, йилбазб1аьра вахча санна,  д1адахна са юхадерззалц………………………………………………………

………со гуьйренца хийла велла-кх, цуьнцанна д1а новкъа а вуьйлуш, сайн шераш – денош сайн – патарш санна, охьа а кхуьйсуш: хьоьца лешверг хьо ма вац, хьуна гина хилла сарташ ду-кх, кхечунна кхин цкъа а гур а доцуш, хьан сица хьоьца д1адахна долу, мархашца къеста беттаса санна, т1аьхьа йоьлхучу к1айчу мархашна…»

Иза сарахь велла хиллера (аьлча а, д1а новкъа ваьлла), анайисте д1ахьаьдда са, цигара юха схьа а ца доьрзуш.

Со тезета ца вахара, наха лоручу  тезета – сан тезет соьца йисира, цо шех суна т1аьхьа йитина: и анайист а, чиркхаца йогу, х1ора гурахь ле гуьйре а, беттасана йоьлху нилха мархаш а, дег1ан г1арашца1 дисина са а…

 

Сан валар а хир ду-кх иштта,  хир дуй-те? Хилахьара, суна гинарг т1аьхьа а дуьсуш, цхьана кхечунна, суна санна, ган…………………………………………………….

…………..тоьар дар-кх, цхьа са-м хилча, хьан ойланех – сартех кхета, буьйса къаръелча – набарна  юьжуш, – цкъа хиллачу  хьох са кхаба, цхьаь цхьаллехь боданца цхьаьна, хьоьца – ша-шеца – дагарадийца………………………………………………………………………..

………………………………стаг ша-шех х1унда уьду-те, цхьана  кхечаьрца д1а а ветталуш, цаьрца хилча шен цхьалла йовш санна: дег1 1абарх, са мича 1еба, мичара-муха ца девза са, йист ца го б1аьрса а санна, ойла а  санна, х1усам  йоцу………………………

………………карийнарг дайна х1унда хуьлу, цахилларг – хилла а долуш; адамаш х1унда, х1унда тешна-кх, куьг кхочехь дерг – ду  моьттуш, доцург бен,  шен ца хилча, даим а шеца дехаш долу: со хьегнарш бисна-кх соьца, сан ца хилла со хьегнарш, безамаш а – ас ца биъна, абадех ас ен ойла а……………………………………………………………….

…………………………гар х1унда оьшу, ойланца  хилча (цкъа схьагар, гуттар а доцуш), цкъа гинарг дайна-кх сан, шозлаг1а кхин иштта ца гуш, ганза диснарг – данза а долуш, ма-дарра сан ойланца лелаш………………………………………………………………………….

…………………………………….дагадог1у цкъа, жималлехь, гур ду аьлла, хан аьллачохь, со хьежнарг ян хьеелча, кхин иза ган сайна ца эшна, х1унда аьлча сайн мел 1аь1нарг, цуьнга ала ас мел лийринарг, со дерриг а аьлла ваьлла хуьлу,  сайн ойланехь цуьнга – дерриг а, кхин т1е ала х1ума а доцуш, кхин воккхавер а я ирс а кхин – оцу м1аьргона (абадехь) – цхьана дахарна тоъала долу………………………………………………………

…………………………………..цхьана х1умане вехха хьежаваьлча, хиндолчу  суьртан хазалла йов-кха; дикка хан ю-кх со ца хьоьжу, со даим а кийчча волу х1инца, бераллера суо ваьлчхьана, хьежа везар ца эшшал хьежар доцчу  бераллера…………………………

………………муьлха ву техь-кха декъала вайх: некъ хаьддарг – боллийначохь, я чаккхе евзинарг цуьнан,  чаккхе йоцчу некъан чаккхе…………………………………………………

………….ойланийн ницкъ ма боккха бу-кх, юьхь а, чаккхе а цхьаьна хаалуш, хьайн хилар – цкъа хилла гуш, кадам хьайх айхьа эцча санна……………………………………………….

…………………цхьа сарташ, ц1еххьана гина, гуттар а хьоьца муха дуьсу-кх, дег1аца буьсу чевнан муо санна, хьан синан сибат хуьлуш, цхьанхьа охьа дезаш санна,  кхузара цига хьайца д1а а даьхьна………………………………………………………………………...

…………………бер долуш, ламанца, цхьана тархашца суо д1авоьдуш, тарх хеди-кх моттаделлачохь, чоь гир-кх суна, йоккха горга чоь, лила санна сийна, жима буц а йолуш, юккъехь схьадеттало хи а…………………………………………………………………………

…со лакхахьара охьахьоьжура, адаман ког кхетаза долчу цу инзаречу 1аламате, гуобаьккхина бердаш а долуш. Юккъехь гучу цу суьрте, цкъа маццах яйна хиллачу  ялсаманин васт гуш санна, лакха т1ехула мархаш а шершаш, 1индаг1аш а, бердашца дежа ………………………………………………………………………..……………………………

тхаьш салташа, гуо лоцуш, юьрта чуьра д1а ара а даьхна, 2001-чу шеран июль баттахь, кхаа дийнахь-буса латтош (тхоьцара шиъ велира, мерачухула ц1ий а хьодуш), и сурт дар-кх суна дуьхьал, ас лакхахь дийцина сурт, суо цигахь волуш санна хеташ (хин къурд боцуш, бала хьоьгучохь), цигарчу  цу шийлачу хица…………………………………

……………………………………………………………………………………………………

……………………………………………………………………………………………………..

 

………«хьоьца  цхьа а, цхьа де а ца хили-кх сан,  дагалеца цхьа хаза х1ума долуш… х1ара бераш а, х1ара къел а х1инца а, кху т1амо ц1а а, ц1е а аьтта…», – юьхь куьйгашца къайлайоккхуш, хиъна  1аччохь иза йилхича, цуьнан кхийсалучу  белшашка  хьаьжча, дегабаамечу  озе – хьалха санна, жима гир-кх суна иза, ткъа шерера, ткъаессана, дуьххьара ша суна гуш санна, г1о доцуш, ховха, экама………………………………………

……………………………………………………………………………………………………..

……«…бакъ дац хьуна, элира ас, бакъ ма дац, дагалацахь, майн дийнахь, б1аьстенца вайша, Соьлжа йисттехь лаьттина сахьт, шийлачу  т1улган г1опаста т1ехь гуш хьан к1айн ши куьг а долуш, хьан юьхь а гуш, бесни а хьан, 1ожан бос санна, ц1ийелла хилла, хьоьга еза ала дош  лоьруш, ца карадеш, мотт  тийсалуш, б1аьрасерло б1арзделча санна, хьо бен кхин гуш х1ума доцуш, дуьне эккха къарделлачу, зов г1аьттинчу къораллехь хьан балдийн бустам лоьцуш, аз лоьцуш, ойла  хьан, хьайна уллохь со лаьттина, дуьненахь цхьаь ц1ена, хьой, сой бен – дагалацахь – адам доцчу  дуьненахь и дерриг а вайшинна хилла… хьан  коч а цхьа, къорза коч, ах к1айн, ах 1аьржа а йолуш, хьох шиъ еш,  йоькъуш санна……………………………………………………………………………………………», –  суна го т1аккха  – суна т1аккха гира, – д1огарчу зудчун хьажар соцуш, кхузара цига – цу деношка – х1етахь санна, иза къонлуш, бос ц1ийлуш, бесни юзуш, церга т1ера балда – балда делалуш, куьйган п1елгаша г1опаст  къуьйлуш, шийлачу т1улган шера г1опаст – ховха, экама, к1айчу куьйгаша…

 

Х1унда, адамаш х1унда тешна-кх, гушдерг бен, ирс дац моьттуш, я ирс деха хуьлу моьттучух а….

 

Цкъа шена гинчу  хазалле шозлаг1а юха х1унда кхийда стаг, шозза гинарг хаза ма дац, дуьххьара цкъа гича санна, хаза……….

Шен сица кхаба ца мега-те (хилла аьлла, диц а ца деш), аб-абадехь хиндолчу сица, коьртан б1аьргех а ца тешош, нур кхулучу, довчу, дешачу…

 

Саьхьара-ара2, хин сеса санна, сихаллехь серса г1ум а, хин шабарш а тийналлехь, хотехь дужу къена дитт а – цхьа х1ума  а – х1умма а дац-кх, цкъа хилла бен, дуьххьара хуьлуш, х1ара г1айг1а а, сан синг1айг1а,  цхьаннах суна иштта йисина, сох а – кхечунна, юха цунах а, цул т1аьхьа а, т1аккха а…

 

______

1Кевнан г1уркхаш

2Сахара

 

2005 шо

 

Ц1архо

 

Xlapa мог1анаш яздеш волу со хезаш а, гуш а ву,  х1инццалц сайн хилла болчу кхетам чохь а ву со.

Соьца хилларг иштта а дара, ас лахахь ма-дийццара. Т1ехиндерг-м ца хаьа суна я муха, мишта доьрзур ду а.

 

Нийсса бутт хьалха г1ан гира суна.

Со цу гуьйранна экхе ваха нигат дина вара, сахилале хьала а г1аьттина, де далале, лам баккха.

Экха дийнахь д1алечкъа, 1аьржа йоллушехь к1ел ца вахча.

Цу буса даьттаг1а байтира ас зудчуьнга, – иза ц1енна дагадог1у суна.Топ а ц1анйира.Цхьа жий а белла, эцна, пхийтта патарма а бара сан.

Цхьана-шина сохьтехь набъер-кх аьлла, д1атаь1ча, суо велла г1ан гира суна, самаваьлча, лозуш аьтту ха а долуш.

Со цкъа а ца тешна цу туьйранех, алмазех, я г1омалха оьху бохучу зударех а.

Со гучух тешна, шина б1аьрго схьалоцучух.

Ламаз а эцна (ламаз дан хьалхе дара), говрана нуьйр а тиллина, де кхолахь а аьлла, гатанан палаш а, ц1енчух цхьа гали а – экха ер нислахь а, – ч1оьрбалш а кечдина, яах1ума чохь йолу хаск нуьйран х1оьънах д1а доьхкуш, говран юьхь а лаьцна (бергийн тата ца хазийта), новкъавелира со цу буса.

Буьйса ч1ог1а кхоьлина яра, некъ цабевзарг тиллур волуш. Ши-кхо к1отар дехьа ваьлча (доккха 1ин а хадош), кхашкахь хьалавирзира со, дуьхьларчу бердашка.

Бердаш дикка генахь дара, шина сохьтехь некъ бан безаш. Цигара д1а некъ а бацара, бердаш долчуьра д1а.

Говр циггахь, берд к1елахь, ши ког боьхкуш, д1а а хецна, ламаз а дина, топ а, п1аьлдиг а карахь, со д1аволавелча, т1улг хьодуш хезира суна. Со кхийтира, экха лакхахь, бердашка дуйла.

Юха махе ладоьг1ча, мох лакхара охьахьоькхура, кхузара хьала экханна хьожа кхетар а йоцуш.

Бердашца нийсса хьалаволавелча, экханна т1е1оттаваларах а кхеравелла, гобаьккхина вахара со, сахиладоьлча тархашка дижа доьдучу эккханна лакхахь хила ойла йолуш.

Сохьтехь герга некъ бина хир бара ас, цхьа узарш суна хезча. Со сацавелира, саде1ар чета дерзийна, суо лаьттачохь охьа а хууш.

Узарш ц1енна хезара, цхьа a г1ap йоцчу лам буьххьехь.

«Ванах, сол хьалха цхьаъ веъна-кх кхуза!»,– хийтира суна. Юха узарш тийра. Цхьацца аяташ а дешна, салават а диллина, акхаройн 1у хуьлу бохуш хезначу хабарех г1еххьа воьхна а хуьлуш (цхьаь висча стеннах а теша), со хьалаг1аьттича, мохо узар карлабаьккхира, лакхара охьа чу хьоькхучу.

Дег1е «зуз» хьаьдира суна, хорш хьаьдча санна, шело а тухуш.

Дог пхенашца кхийсалора, лерган яххашца детталуш.

Дог сол а ч1ог1а кхераделлера.

Дог дийна дара, са долуш. Дог ша дара, соьца а доцуш.

Соьца цхьа а вацара.

«Адам ду хьо я йилбаз?» – кхайкха лиира суна цкъа.

Цкъа-м юхаваха дага а деара, некъан хьовзам бу-кх хьо, аьлла.

Т1аккха а, айса суо те а вина: х1ун хаьа, юьртара я вевзачех (кхузахь ца вевзаш цхьа а ма вац) цхьаъ хилахь, юьхь1аьржо хир ю-кх кхана, боху кхетам меттаххьайра, са, дег1 а, ойла а – дерриг а дуьхьал доллушехь.

«Х1ей! – мохь туьйхира ас. – Мила ву хьо, х1ун хилла?!» – олуш.

Мохь генна д1абахара, бердаша юха карлабохуш.

Дуьхьал аз ца хезира.

Патарма тоьпа чу а баьхьна, совнаха йолу бедар охьакхуссуш, дег1 цхьалха а даьккхина, хьаланисвала ца х1уттуш, охьа а таь1на, цхьацца ког а ловзуш, саца а соцуш, узаршна т1евахара со, топ хьалхахь д1а а лаьцна.

Стаг аркъал 1уьллура, аьтту ког г1ог1аца цхьаьна нийса пурах а болуш.

Уллохь герз а я х1ума а яцара, деккъа-ц1ена дег1 доцург.

Г1ог1 аьттийла хиира суна, хенан 1уьргара арадоккхуш.

Гена боццуш чхар а 1уьллура, х1инцца торхах схьакъаьстина,г1еххьа к1айн а хаалуш. «Суна хезна болу т1улг бу-кх хьо, бердашкара чухьаьдда болу», – т1улге д1ахьаьжира со.

Со мел ч1ог1а г1ортарх, стаг вист а ца хилира, узар беш хазар доцург.

Ког дег1аца охьанисбан ас куьг тоьхча, стеган узар ч1аг1белира, доккха, к1орггера са а доккхуш.

Юьхь-кха суна ца къаьстира, жимма хьалатоьхна маж-м яра цуьнан, сайчух терра, йоца а йолуш.

Лере а вахна, ашх1ада далийра ас, т1аьхьа такбир а олуш.

Цхьа а хийцам ца хаалора; узарш цхьана эшшара дара, я лакх а, лах а ца луш.

Цкъа саца ойла хилира сан, са даллалц меттах ца воккуш, юха а, говрана т1е охьавахьавелча, сахилале юьрта кхача там бар-кх хьо аьлла, ши пхьарс сайн вортана уллохула схьа а лоцуш, ги воьллира ас иза.

Ши ког лаьттах текхара. Ц1ий дерриг а – сан хеча а, барч а т1адош – настаршкахула охьахьаьдира.

Стаг веза вара, дег1 т1улгах долуш санна. Соьга са а ца де1алора. Са лаьцнера, жим-жимма бен ца даккхалуш. Са хьаладала герга дахнера.

Говраца йитина палаш дагаеара суна т1аккха, цу т1е а виллина охьатакхо ма атта хир вар-кх, аьлла.

Сайн когаш лаьттах чу оьху моьттура суна, са а даьхьна, айса иза ги моссаза вуллу.

Со говра т1е охьакхаьчча, ц1ийн хьожана къаьхкира говр, мерах цхьа «хур-хур» а деш.

Говр сох а къехкара, 1ад санна, ворта саттош, мийра тоха гуо а туьйсуш.

Палаша юкъа а хьарчийна, халла нуьйра чу виллира ас иза, бертал, ч1оьрбалшца д1а а воьхкуш.

Са далаза вара х1етахь а, дег1 довха а къаьстара. Я са а ца хиллера. Буьйса  1аьржа яра, маьрк1аже ч1аг1ъелча санна.

Буьйса сецна моьттура суна, д1а ца яла, дуй а бууш.

 Буьйса суна сецнера тховса, юха цунна а, ц1е йоцчунна, хьенан-мила ву ца хууш, ас говрахь ц1а вохьучунна.

Ц1а ду-дац-м ца хаьара.

Мохь белира, ирча мохь, лам а, тархаш а декош, стиглара охьа хезаш санна, я лаьттара – бухара хьала: «Во-о, Элберд д1аваьлла, хезий шуна, Элберд вац! Велла! Яй схьаба, гуллолаш, – «ах1и-ух1», «вай-вай», т1аккха маьхьарий, ц1ог1анаш, юха белхарш, тийжарш, чаг1алкхаш ц1ийзаш санна, я уг1уш бертийх.

Говр терсира, тоха а луш. Говр шина кога ирах1оьттира. Говр карара яла г1epтapa, хьалхара т1а лаьттах а детташ, юх-юха а кхийсалуш, д1акъехкаш, яда г1ерташ.

Ас стагах катуьйхийра. Стаг вацара я дакъа а, палаш яра, цхьа палаш, ч1оьрбалшца ч1огг1а д1айихкина, юкъехула хи а дер доцуш.

Ц1ий а дацара – дакъаделлера я хила а ца хиллера.

Со говрана т1екхийтира, вортанах д1а а хьаьрчаш, говр «гаррехь» эгош яра, берда йисте кхаьчча санна. Говр, хи санна, охьа1енара., хи чуьра хьалаэцча санна. Говр хьацарх хьала юьзнера, дог1а санна, охьаоьхучу.

Ц1ог1а-маьхьарий ца совцура, орца дохура, кхойкхура: «Во-о», – бохуш, юха – «х1ей-й! Элберд вац, д1аваьлла, гуллолаш, схьагулло!»

 

                –––––––––––––––––

 

Шен дег1 ц1ена лелош къонаха-м хилла xlapa, – элира дакъа лийчиначо.

 –Хьеше хьежна хилла-кх, миска, ца кхойкхучу хьеше, – кхечо корта ластийра – дера хилла, вай мел ду а ма ца хаьа.

– Харцо йоцуш къонаха вара Элберд... х1окху т1аьхьарчу цхьана баттахь лер-алар д1а а хаьдда... цхьа ц1еххьана къежлуш, ши ц1оцкъам а цхьаьна...

–Са даьхьна вара, са д1адаьхьна...

– Исмайл, хьан декхар д1атекхири Элберда ша валале? – хаьттира цхьаьнга Юсупа-моллас.

– Ши к1ира дац-кх цо сан говран мах схьабелла, со шена къинт1ера а воккхуш, – Исмайл бохург вилхира, – хьуна мичара хаьа иза, ва Юсуп, – аьлла, хатта а хоттуш.

Юсуп вист а ца хилира.

– Валар иштта хилла кхуьнан, аш ма-дийццара? – кхин цкъа а хаьттира Юсуп-моллас.

– Хилла... Ши метар сов охьа басе а аьхкина, юха цу басеца т1улгаш хьалабоьттина ма бара Элбердан ц1ийнан пен. Йочанаш ма лаьттирий вайна ч1ог1а, мухха делахь а, пенний, цу басенна юккъе хи а деъна, пен гара баьллачух тера ду-кх цу деношкахь...

 И пен т1ехаьрцина-кх цунна сийсара, дог1ано схьа а хербина. Г1ог1 дойнера, ха а кагдеш...ч1ог1а хала ваьккхира оха иза цу т1улгаш к1елхьара схьа, – элира кхечо, – caг1a даккха деза шен, бохуш а вара, миска, цхьана х1умнах шекволуш санна...

 –Х1усамнана а, бер а...

– Уьш ц1ахь ца хилла. Ши бер а эцна, шен нана йолчу буьйса яккха яхна хилла-кх Небила… зама т1аьхьа хилар ду-кх...

Юсуп-молла сецира, кхин хаттар а ца луш.

 

                                   –––––––––––––––––

 

Элберд сарахьуо веара кхунна х1етахь, шеца и х1ума 1оттаделлачу шолг1ачу сарахь – цхьа бутт, ши к1ирий хьалха, цхьа бос баьхьна, г1ийла а хуьлуш.

Ирча сурт-м дера ду иза, Элберд, делахь а... – xlapa цкъа сацавелира, «хан кхаьчна-кх хьан, миска», олуш шен дагахь, ма-дарра цуьнга д1а ца ала, – кхин х1ума долуш дац хьуна иза... цхьа охьаделла, г1ан-набар санна...

– Сан ц1е ма йохура цара, ва Юсуп, со велла бохуш... и стаг суна гар а, ас иза говрахь охьавалор а, юха и дакъа цахилар а бакъ ма ду, – Элберда аьлча:

– Декхарх х1ума-м ца йоллу хьох? – хаьттира кхуо, хилларг тида г1ерташ санна, дагахь доцу хаттар а луш, ма-дарра цуьнга ца дийца.

– Йоллу... Исмайлера говр ю-кх ас эцна...

– И декхар сихха д1алуо, caг1a а даккха, хьайн дег1аца ц1ена хила – элира кхуо, – декхар хьеделла хила там бу хьан, – олуш, ша дуьйцучух иза гена ваккха, декхарх дерг ч1аг1 а деш.

– Лахьа дечу хенахь сту лур бу аьллла, дийцина ду-кх тхойшинна, 1а х1инца а генахь а ду, – Элберд цецвелира, шен декхар кхунна хаарх.

– Декхар хала дуьйцу жайнахь, – элира кхуо юха а, бакъдерг д1а а ца олуш, – caг1a ч1ог1а деза а дуьйцу. Массо а вочу х1умнах ларошдерг саг1а ду-кх, Элберд, саг1а даккхахь хьайна т1ера, буьйда caг1a, – аьлла.

 

               –––––––––––––––

 

Юсуп-моллас цу воне ладоьг1у г1еххьа ханъелира, лаххара а цхьа бутт, ши к1ирий зама. Кхуьнан дас, Махьмуда, баттера кхаа батте а, ахшаре а долу олура стеган валар, шен ц1архо веллачун т1аьхьа, цкъацкъа ца хуьлуш а дуьсу, олий: «Саг1ано юха а туху, – олура цо, –

кхел йийриг Дела ма ву, дерриг а Цуьнан карахь а ду».

 

                        –––––––––––––––

 

Элберд хье ца велира: кхунна говрахь бере гича хиира, иза воцуш вуйла, ша новкъа вала везий а х1инца, тезетахь кадам бан. Баттал т1аьхьа ши к1ира дар-кх Эльберд кхунна т1аххьара гича.

Де п1ераска лерира кхуо (иза велла де), цуьнан кошах са а хьогуш.

 

                  ––––––––––––––––

 

«Элбердана велла гинарг шен ц1архо Элберд вара, цо ша суна ма-дийццара, Дала лаьтта т1ехь кхоьллинчу массо а стеган хуьлуш волу: бусалбачунна – бусалба а, керистан – кериста а: синан сибат я г1аларт, террачух долу – терадерг, де кхоларца дов 1индаг1, орам хаьдча дужу дитт а. Хьалха ц1архо велчий бен леш вац стаг дуьненчохь: – 1еламнаха иштта ч1аг1до, х1ума гинчара, динан дайша, – элира Юсуп-моллас – шен кадам д1аберзош, – хуург, гург-м Дела ву, вайна хууш х1умма а дац, мискъалазаррат а», – аьлла, т1аьххьара т1е а тухуш.

Нах 1адийра цу хабаро, Дала кхоьллинчу лаьтта т1ехь ц1ераш бен яц-те тхо, тхайн ц1архойн беса ц1ераш, церан иэс, я 1индаг1, я лаамийн – лаамаш, боху ойла синна язъелла.

 

Хуург, гург-м Дела ву.

Вайна хаа делла х1умма а дац, тешар бен, кхерар.

Кхийринчех дойла-кх вай, Аллах1ах тешначех!

 

                                                                 28.10.2003 шо

 

 

Цу дийнахь, Нохчийчохь, и жима к1ант вийначу дийнахь

                                                                

                                                                  К1отарарчу цхьана поэтана – Бисултанов Аптина

автор

           

 – Са деза кхоьллина ду-кх…

                                                                                              – Са дац деза кхоьллинарг,

                                           деза кхоьллинарг дегI ду,

                                   цхьана ханна аьлла,–

 маццалц?– лело делла

                                                  стешха дегI.

Халкъ цIера даьккхина кхо шой, ворхI бутт баьллачу гурахь, 1947-чу шеран ноябрь беттан юккъерчу деношкахь, дайн луо а кхуьйсуш еанчу, бутт ловзучу буьйсанна, Хьаьхечу цIе йолчу ламанан кIотарахь, бевддачу нахана (обаргашна) кIел баьхкинчу НКВД-ен салтиша ялхитта шо долу жима кIант лоцу, ведда кIелхьара волучуьра, гIогI лоцуш, топ а тухий.

Тоьпан хIоъ тIехках1 кхета.

К1ант жижиг дахьа веана хуьлу Хьаьхечу, тархийн херанашка дакъадалийта дитина долу, Iанна болчу кечамна аьлла, хьалххехь дайинчу акхаройн.

К1ант бердашка вулу, салтишна гуш а волуш. Цунна ца хаьа, ша гуш вуйла.

Шен гихь бахьа мохь а кечбой, суьйренга хьежа волу кIант, баккхийчара ма- аллара – уьш метта-мотт болчохь бу, Iа даккха хIорш севцинчохь,– шена тIаьхьа мотт ца бан: моттбеттарш дукха бу, жашкахь болу суьйлий а цхьаьна, – лаьмнаш царна дIаделла хуьлу, Шуьйта гIали чу кхаччалц.

МаьркIажан бода къовлалуш, хьалха даккъашка бIаьрг а тухий, кIант ламанца ирах воьду, ша схьавеанчу агIор, Гарбалчухула а ца воьдуш.

Ло жим-жимма кхуьйсуш хуьлу, мархашлахь бутт а лечкъаш. К1анта сих-сиха са а доIу, ши-кхо бIе метаршкахь некъ бича, сохьтехь гергга хиъна а Iаш.

Масийттаза иштта соцу кIант, кхин а дIаваха ницкъ боллушехь, баккхийчара аьлларг деш, буьйсанах ларлуш санна.

Чамхашкара лам тIебаккха масех гIулч йисича (цигахьара схьа бутт кхеттийла хаьа кIантана, М1айстошкара дукъ серладаьлча), кIант тIаьххьара соцу, баттана гIеххьа оьгIазло а еш, Чамха ша дIа тIеваьлча, ша гур волчу баттана.

«Мичхьахула –ойла йо цо, – мичхьахула вахча тоьлу-кх: кхузара кхин лакха ца волуш, Пуожа-Пхьархула чувоьссинехь – беттан серло хиндоцчухула – я тIехьахула дIа а вахна, Доккхачу-Iинахь собар дича?»

«Ушел, – хеза кIантана, ша сацам бина валале, – ушел, сволочь, упустили», – лакха тIехула мохь тухуш:

«Нет, не ушел, не вышел еще, он там, спрятался… учуял, бандюга…» – важа дуьхьал кхойкхуш а.

КIантана ша вуьйцийла хаьа, хIун дуьйцу а ца хууш.

К1ант Iадаво цу кхетамо, цIеххьана шега боьссинчу: х1ара царна гучуваьлла хуьлу, дуьххьара дуьйна цара ларвеш.

 

1даь1ахк – (диал.)

 

          К1ант дIатоь, бецан пхьид санна, ша Iаьччохь аркъал а вуьжуш, дерриг а гуобаьккхина ган, сица схьалаца, бIаьргашца тида. Нехан аьзнаш хеза юха а, ца бевзачу маттахь луьйш, лам буьххьера охьа чу догIуш, гуо лаьцча санна, маьI-маьIIехь.

К1ант охьатекха, букъара охьа, шина бIаьргаца ирах а хьоьжуш, неканца хи тоьттуш санна, пхьаьрсан голашца дегI а ийдеш, хьуьна тIекхача йолчу ойланца, цхьанхьа генна юйла хуучу. Мохь гай тIе бихкина хуьлу, каялахь, кIелхьара баккха. Мохь хала хуьлу, даш санна беза, дегIаца цхьаьна хьалаийбан.

Т1улг хьов тIаккха куьйга кIелхьара, куьйго ца лаццалла боккха. К1ант бертала тIулга тIе вужу, шен дегIаца лаца дагахь. Т1улг, маьхьах а тасалой, керча. Лаца ца ло, карара болу.

Т1улг керча-аш, хIоз санна боьду баца тIехула, тата а доцуш, сихалла дикка гена яллалц, «фарр-фарр» дарца, хIаваъ а цоьстуш.

Юха кхоссало, «данк» а хезаш. Цул тIаьхьа кхин а, кхин цIекха а.

Эххар а кхечу тIулгах кхета, «тIох» эккхарца, тата а гIоттуш.

Герзаш дуьйлу, дуккха а герзаш, тIулгана тIаьхьа, гIар яьллаче.

КIант охьатекха, мохь дIа а кхуссуш, бIаьргашца иштта ирах а хьоьжуш, даккъашца я бердан баххьашка стеган гIаларт ду-дац а хьожуш.

Цхьа цIогIа эккха, инзара мохь, са лаьцначу хIуманна санна, «цIийцIIийц1», дарца, орцанца кхойкхуш, гуо Iадош, лам гIоттуш.

 К1ант вуху, шех ка а етташ, хьозана мохь схьалаца санна, букъ кIелахь орца дохучу, бен хьаьшначу хьозан мохь.

Дог деттало, схьаэккха санна, дог некхах дала гIерта, дуьненнал шорделла дог, некхан готтехь тар а ца луш, я садеIа хIаваъ дац, я накха а, хIуо чуоза.

Герзан тата, эзар герз, гонаха лелха даьндаргаш, цIеран суйнаш, адамийн г1ар, церан когаша хьадина тIулгаш, дехьа-сехьахула, уллохула, боьраца охьа, чIожа чухула.

КIант, хьала а эккхаш, воду, коган кIажошца кхийс-кхийсалуш, гуш бIаьрсин тIадам а боцуш, хIаваэхь ийлуш санна.

 Г1огI къовзош санна хетало, гIогI дегIаца доцуш санна.

Бертал кхета. ХьалагIотту юха, кхин цкъа  а вужу, юха кхин цкъа а: гIогIан даьIахка «къарш-къирш» до, гIогI эгадо, дерриг дегI а.

ДегI дохло, малхехь санна, цхьана довхачу хи чохь санна, ц1еран тулгIеш уьдуш санна, пхенашкахула – цIеран мехаш.

Даьндаргаш кхин а, кхин а лелха, маьхьарий хеза, цхьа дешнаш, ца кхетачу меттан орца, экхана гуо лоцуш санна, экха дуьйш санна, доруш санна.

К1ант бертал охьатекха тIаккха, дегI хьаьшна боьду моьлкъа санна, тIаьхьа текхаш цхьа гIогI а долуш.

Г1ар тIаьхь-тIаьхьа уло гIерта, когийн тата, дуьйлу герзаш.

Т1улгаш а уьду уллохула, коьрта тIехула, кхийс-кхийсалуш.

К1ант бердашца дIалачкъа вулу, Iай акхарой соьцучу, аьрронгахь гучу бердашца.

Цхьана лабана кIел нисло, бухахь шортта луьст а болуш, екъа йисинчу хьиэха кIелахь.

Юха а цхьа йовхо хьоду, хIара цIахь хуьлу: деца, вешица… накъосташца, яй кхехкош… юха нана а цхьаъ дуьйцуш… ма вижахь, нана яла хьан, пхьоьраза охьа ма вижахь… Исмайл а ву, кхуьнан ваша, «та-та-та» бохуш, котамашна тIаьхьа, гай а дерзина, хIинц-хIинца когбаккха волавелла…Воккха Дадий, дадий а го, кхарна юккъера дIа а ваьлла, цхьаьний иштта дIавоьдуш…

Т1аккха самаоьккху, бода а гуш, юха а кхетамчуьра волу.

Цхьа аьзнаш, нехан аьзнаш, гIенах санна, гIан хиэдош, цкъа шен цIахь, т1аккха – уьдуш, есачу паналле, тIома – олхазарх шершаш санна, тулгIенаша айвина хьош, аганахь техкош санна: кIант лайлахула охьахьош хуьлу, кхо-диъ чуокха2 тIекIел а тоьхна, салазца вуьгуш санна, чокхеш тIехь, нийсса аркъал, дегIан дохалла хьала вах а вина.

Хьуьнйисте шаьш охьакхаьчча (цигахь церан говраш хуьлу), салтиша кIентан варо доьхку, цIий сацош, муш а къовлий.

К1ант циггахь меттавогIу, шех хилларг хIун ду а хууш: гобаьккхина салтий го, кхоьссина тIедогIуш луо а. Луо доккха ду, гезгамаша санна, кIайн бамба санна, севсина Iуьллуш. «Сатохалахь – вистхуьлу цхьаъ – кестта хьан чов цIан а йина, Итум-кхаьлла охьакхаьчча…».  Вистхилларг нохчо хуьлу, да волуш санна, ден дола деш, бIаьраэшарца гIо-орца лоьцуш.

Дечигех сихха барма бо. Иза говран букъ тIе буьллу. Цу тIехь хIара аркъал воьхку, тIехула тIе чуокха а тосуш.

Г1енаш хуьлу, самавийлар, дегIехь цхьа мерза зовкх, юха лазам, тIаккха йовхо, цIе летта догу пхенийн саьргаш,3  балдаша детта деган ов.

Юкъ-юкъехь  хилларш а го, нах ц1ера баьхна бутт балале, цхьа сарташ, цкъа гина долу: даьхнишка ихна шийла мохь, шаьш к1ирнах уьш лардар, к1елхьара даха аьтто лоьхуш, салтиша чудоьхкина долу, х1орш гучубаха, гучубовлийта, даьхнашна кхаьрга орца даккхийта… К1ира чекхдолуш, ворх1алг1ачу буса, Идрис г1отту, Байн Идрис: «Со Делах ца ваьхьа-кх и даьхний иштта далийта, хан йоцуш х1ума хир дац…». Ибрах1им хьалхаволу, ша бен стаг г1ур вац, олуш. Т1аккха «1ожалла» кхоже юьллу, т1аьххьара шиъ виссалц. Шинна тесина 1ожаллин кхаж Ибрах1иман болу юха а. Иза д1авоьду, буьйсанца уьйш, кхаа декъе буьйса екъаелча. Хан ялале дуьне оьккху, лаьмнийн ч1аж бекош. Дуьне леста, тохало,тийналло 1ададо т1аккха.

Ибрах1им юха ца вог1у.

Даьхний кхин к1ирнах а 1оьху, кхара турмалца лар а деш.

Цул т1аьхьа туьй, ца хилча санна, мохь а, ц1ог1а а, орца а доцуш. _________________

2 чоа – (диал.)

3 серий – (диал.)

Ибрах1иман дакъа схьалехча, докъа т1ера корта д1абаьхьна хуьлу, дег1ан чарх 1илла а юьтуш. Мацалла делла даьхни а 1охку, ц1уокеш чохь даь1ахкаш а, яккхий, можа цергаш а гуш.  Шен денда го кхунна тIаккха, букъ берзийна, юьхь а ца къаьсташ, цунна уллохь лаьтта шен да а. Иза г1ан дуй хаьа к1антана, важа сурт дуйла а хууш, ша боккъал а теш хилла волу.

                                                ­­­­­­­­­­­__________________

Юха кхунна ша верзина го, тIехь бохкуш цхьа нах а болуш, Iаьржачу чохь, чиркх а латийна. Мехий детта, ира юнаш. Цхьамма бетах горгам хьокху, тIеда горгам, хица тIадийна – нохчо хуьлу, тоххарлера, олуш – хоттуш хIума а доцуш, да-нана санна, Iуналла деш.

Наггахь цхьацца дош а дожадо, ша-шега луьйш, кхуьнга санна: «Эхь дац иза… хIара беран тIорз… шаьш бахна дIа а левчкъина… ден цIе хIун ю хьан… иштта хуьлу къонахий… жижиг чекхдаьллера шун… сел генара муха… ТIуьйлла хала меттиг ма ю… эцца Хьаьна я Пуожах… дика меттигаш ма ю цигахь, дийнна жа-мотт а чугIур болуш, дукха яккхий хьехнаш… э-эхI, маржа яI-кх, маржа… массо а стаг цIера воккхуш… Дубин кIант-м вац хьо… дика ду-кх хьо царна гуш воцуш…»,– тIаккха араволу, схьа а ца хьожуш, цIеххьана цхьаъ дагадеъча санна.

Ши буьйса йолу я кхунна хета, тхьусвоьллачуьра меттавогIуш; уллохь цхьацца стаг а хуьлу, бодашкахь юьхь а ца гуш. Хоттуш цхьа хIума а дац, сих-сиха маха  тохар бен.

КхоалгIачу буса юург йохьу.

ХIума яъйо, шаьш гIо а деш.

Сахуьллуш цхьаъ чувогIу, хьалха хилларг а воцуш, кхин, карахь сирла чиркх а бу: «ХIун хьал ду? – меллаша хотту, чиркх юьхь тIе а лоцуш, – ИдрисагIар мичахь бу, маса вара шу, Иби вуй цаьрца… ахь цIераш яьхнарш-м виъ бен вац… уьш шийтта хила ма везара…

…ас хьенан цIе… муха… соьга хаьттина…

…сийсара, буса, набкхетча, цаьрга кхойкхуш вар-кх хьо… кхарна хаахь, бойур бу, къайлаха хабар а тоьхна, кIелхьара баха беза уьш… со хьан ден доттагI ву… со дага ца вогIу хьуна, хьан да волчу со ихна… Дуба дика къонаха вара… хьо… хьан цIе суна… жима бер дар-кх хьо…хIетахь…», – хьан ден доттаг1а… кхуьнан да… «сан хьо бен т1аьхье а яц», – ден т1аьххьара дешнаш.

_______________________

НеI тоьхна дагадогIу кхунна, Iаьржачу чохь, неI етташ.

«Собар де, мила ву хьо, неI буха а ца йоккхуш!» – кхуьнан да гIотту. Нана а ю, метта хьалахиъна: «Цас-сс… вижалахь», – кIант тевеш, кхо шо долу Исмайл.

«Уьш хIун гIовгIанаш ю, ванах! –денда хуьлу  резавоцуш – цхьаъ-м велла-кх, милла веллехь а».

Дас неI йоьллу.

НеI иштта йиллина юьсу, арахьара чу шело а хьодуш.

Салти ву, тIе топ лаьцна.

Цо дега цхьаъ дуьйцу.

Да ца кхета.

Салтичо мохь хьокху.

Арахь кхин цхьаъ го.

ЖIаьла лиэта, кхеран жIаьла, зIе хадо гIерташ санна, сих-сиха детта а луш. Юха топ йолу. «Цкъу-ув» хеза, дахделла туьй ж1аьлин аз. ЖIаьла доьлхуш санна хета.

ХIорш берриш а ара боху, арахь дайн луо кхуьйсу. Нах кхин а бу, кхин дуккха а. Са серла долу. Маьхьарий хеза, нах кхойкхуш, боьлхуш.

Бераш а ду нанойн марахь, тIе юргIанаш а хьерчийна.

Юьртана кочча дIагулбо. Ерриг юрт а цигахь ю. Зударий юха чу бохуьйту, шина-кхаанца салти а волуш.

Кхуьнан нанас цу бохьу,  пунт хиллал кхорийн цу; кхекхех дина тIоьрмигаш а, ден кетар а, масех куй а. Вортанах охьа дуьмеш а кхозу, тIийригах чекхдаьхна.

Хьиэбелларш чехабо, стигал хьала герз а тухуш.

Цхьана зудчуьнга мохь болу, ша йолччохь охьа а кхеташ; кхабичуьра ахьар Iена.

Салтичо гIаттайо, кхин юха чу а ца йохуьйтуш.

Дас хIара вуху, буьйса тIеяккха вуьтуш санна, куй а, маша а кхунна а луш, цу букъа тIе а боьхкий, кхаа декъе бекъча – цхьа дакъа: «Хечен дукъах вай охьадирзича – ас хаам бийр бу хьоьга, – ши некъ бекъалучу меттехь, бердашца охьа чу вадалахь, юха цигара пурах д1а а верзий, пкъеройн хьуьнахула Шуьндала г1уо, цигахь бевдда нах бу хьуна, б1ов санна, ирах бахана, боккха гуш болчу берда кIелахь… тхох хIун хир ца хаьа, сан хьо бен тIаьхье а яц… же, варий, саца ма сацалахь, вадалахь, хьуьнчуьра кхин ара ца волуш…».

Де самадолу, дакъошца тIекхозу дохк лакха бердашца хьала а нислуш. Яйн кIац оьгу. Iинан дехьара кIотарш а го, иштта арабаьхна лаьтта нах а.

Цигахьара схьа топ йолу. Кхузарчара дуьхьал кхуссу.

Нехан тIийриг яхло тIаккха, хьалхий, тIаьхьий салтий а болуш. Салтий юкъ-юкъехь а бу.

 Зударий боьлху тийжамашца, Деле орца дехарца.

Церан букъ тIера бераш а доьлху, бухкаршца тIедихкина долу.

Даьхний лаьтта, нахарш а дохуш, божалш чуьра арадаьхна. УьстагIий кертийн яххашца лела, алл гонаха йинчу кертийн, алан хелаш хьалалехьош.

Даьхний кхарна тIаьхьа хьуьйсу………………………………………………… …………………… Къам махках доккхуш хуьлу……………………………………….

                                                _____________________

…сан цIе Къахьарма ю, хьайн цIе йийцал, дукхаваха иза… хьан нанас хийла кхача белла ву хьуна со… дика ду ахь цхьаьнгге а хIума ца аьлла… соьга ала мегар ду хьуна… х1ара г1азкхий вайн мостаг1ий ма бу… ИбигIаьрга хабар а тоьхна, цигара дIагIуо ала деза цаьрга. ХIорш тIекхачахь… мича меттехь дара шу, йийца хаьий хьуна иза… кхара хьайна ницкъ бале… хIорш чIогIа къиза нах бу… чов лаза-м ца лозу… ас хIинцца лор а валийна, хIоккху сохьтта, хаза маха а тохийтина, тIаккха парггIата Iийр ву вайша…………………..

                                                ______________________

– Кийча хилалахь – хеза кхунна, тIехьа вогIучу ден аз, – кхера ма лолахь… нийсса охьа а вадий, тIаккха дехьа-сехьа а лелхаш, гIолахь Шуьндехьа дIа, кхийтира хьо… вист ма хила… хIах1, хIинца… Делан карахь… охьа чу вада… – хьалхарчу бердах ша къайлаоьккхуш, кIантана маьхьарий хеза, юха тIаьхьа детта герзаш а.

КIант вуху я вицло, цу вохаро кIелхьаравоккху – кIант Шуьндехьа дIа а ца водуш – дас шега ма – аллара – шайн кIотарехьа юхаводу, генна бердашца чу а водий. КIант дIалечкъа некъа кIелахь, шаьш Iуьйранна схьабинчу, ах гергга аьлла, ша дIавахча.

Цо цигахь ши буьйса йоккху, стаг лачкъалла йолчу хьиэхахь, меттан тIадалца цу а бууш. Цунна дуьхьлара кIотарш а го, кIотаршкахь хьийза салтий а. Буса Iоьхуш даьхний а хеза, наг-нагахь йолу топ а, дехьа-сехьара угIу жIаьлеш а.

ДеалгIачу дийнахь, сахуьлуш, сай-бодий къаьстачу юкъахь, кIант некъал дехьа волу, мацалла тIаьхьа кийра а Iоьхуш.

КIант буьйсанна ваха ца ваьхьа, кIант дIалечкъа буьйсанна, ша бертиша4 ваарна кхоьруш.

ПхеалгIачу сарахь Шуьндала кхочу, дас бийцина берд болчу.

Берд боккха хуьлу, Iокъа санна шера, хьуьнан юккъехь сецна лаьтташ, бухара дуьйна хьалавеъча бен, улло тIе а ца кхачалуш. Иза бен тIегIойла а яц; тIевогIург гуш а хуьлу.

Лакхара стаг меллаша хьоьжу, бухара хьалавогIучу кхуьнга, хиъна Iачуьра хьала а ца гIоттуш, голашна тIехула топ а йиллина.

Уьш цу буса дехьа бовлу, шайна дуьхьларчу басах, цигара схьа берд ларбан, кIантаца «орца» ду-дац хьожуш.

Кхо буьйса йоккху. КIанта кхаъа а буса набйо, сама моссаза волу хIума а юуш. Юха, бердан хьиэха бирзича, шина кIиранахь ха латтадо, рогI-роггIана хийца а луш.

Хи буьйсана бен ца дохьу, цIе дахкарца латайо, дохк деанчу дийнахь, буьйсана цкъа а ца латайо, жижиг бен даа хIума дац, хьех юьззина дакъийна жижиг.

КIант цаьрцара кхин ца къаьсташ, ялхитта шо шен дуьзча, халкъ цIера даьккхина кхо шой, ворхI бутт баьллачу гурахь, 1947-чу шеран ноябран юккъерчу деношкахь еанчу, луо догIучу суьйранна, юкъ-юкъа гуш бутт а болуш, баккхийнаш къар а бой, хьиэхашкахь дакъо дитинчу жижигах цхьа дакъа ян воьду, хьуо боххушехь, герз а ца хьош: кхунна  салтий гина а бац х1окху шарахь а, жашкахь бохку гуьржий бен; гуьржиша цкъа а мотт а ца туху. Цу буса к1ант лаца а лоцу, дуьххьара ша ваханчу буса, х1инца Итум-Кхаьллахь а ву, т1улгех йинчу набахтехь, даьндарго г1ог1 а дойна, шех хиндерг хууш а доцуш, я, аьлча а, шера хууш: мотт тохахь – виса а мегаш, ца тохахь – вуьйр а волуш………………………………………………………

Не1 ехха ц1евза, кхо г1аларт гучу а долуш.

Ца боьвзачу маттахь луьй, вовшех дагабуьйлуш санна. Нийсса юьхь т1е серло туху, х1азарехь гун горга серло. Цунна т1аьххье х1ума а кхета, тухушверг гуш а воцуш.

Кхунна дикка етта; шад а, г1ожмаш а, кагдинчу г1ог1ах мийраш а туху. Лазам бац, цхьа а лазам а, са кхерамо 1адийна хуьлу, дег1ачуьра са, дерриг дег1 а, цхьана кхечуьн долуш санна хеташ, шена кхечахь гуш санна.

Аьрру куьйга лаг лоцу т1аккха, пенах д1а корта а бетташ: «Где остальные, где!..убью, змеенышь, размажу….».

Цхьаъ чуэккха, мохь а тухуш: «Ишто такой…убьети малчика…биссовистни…уходите, – цо уьш чуьра аракхуьссу цхьацца пхьарс а лоцуш, леста а беш, вуьйш дуьхьало еш санна бу, – лор ца карош, со ара а валийтина, оцу жIаьлеша… тховса стаг вахийта веза ИдрисагIар болчу, цхьаъ кечвина ас… дукха салтий бахна уьш лаха ТIуьйлла а, КIента-чу а, Хьак-Боса а… текхачахь… кара ма бахьара-кх уьш, кхузара стаг д1акхачале… же, дагаяийталахь хьайна, шаьш хиллачу меттиган цIе… тховссехь вайшиъ ца хьовзахь…»

К1ентан дегI лаза долало, хIинц-хIинца денлуш санна, меженаш а эгаеш.

«Лам бар-кх иза, – олу кIанта, – охьахьаьжча гуш доккха хи а дара… со хилла меттиг-м яцара иза…» – иштта дIа олу,  лам чохь лам буйла а хууш, лам болчохь – хи дуйла а.

«Лам бара… бIаьвнаш ярий, бIаьвнаш… М1айста олуш хезирий хьуна я Б1аст-Лам… муха меттиг яра… даккъаш дарий… муьлхачу агIор гуора… бутт тIекхетарий шуна буьйсана… я IиндагIехь хуьлура шу… дуьхьлара меттиг муха яра… хьун ярий… бердаш дара я… зезнаш-м ца гира хьуна…»

«Лам бар-кх дуьхьал а, цунна тIехьа а лам бара…», – кIанта меллаша хазадо, меттиг дагалоьцуш санна.

Къахьарма бохург вист а ца хуьлу.

«Лам бара? – хотту юха, – лам бара боху ахь?»

К1антана иза кхетча санна хета, ша дуьйцучух кхетча санна.

Т1аккха Iийна-а: «Со ван а воцуш, кхин хьайна цара еттахь: «Я все сказал Кахиру, язык ваш не знаю»,  аьллахь,– чуьра араволу, и дешнаш цIенна схьа а олуш, цхьана хIумана-м сихвелча санна, я цхьа кхин   дагадеъна.

К1ант кхета цара лелочух, шеца лелочу х1илланах; меттиган ц1е еза царна, 1а доккхучу меттиган ц1е, кхара туш тоьхна меттамотт, лаьмнашка ло охьадиллича, ваха-ван некъ боций а хууш, массо а цхьана меттехь вен.

К1ант цу буса Соьлжа-гIала вуьгу, цкъа а ца гинчу машенахь, кузовна тIе а воккхий.

Цхьаьна ха деш салти а хуьлу.

Некъан бохалла Iеттаво кIант, уллохь волчу салтичо: «Ну, хватит, мать твою», – сих-сиха мийра  а тухуш.

Сирлачу чохь самаволу тIаккха, чохь дуккха а нах а болуш, хIара санна, маьнгеш тIехь.

Чоь кIайн ю, нах а бу кIайн, кIайн схьа мел гушдерг а ду, нехан духарш а, пенош а цхьаьна, корехь кхозу кIайн шаршош а.

_____________________

«Как самочувствие, не болит? Скоро домой, к родным, вот придет мать и заберет тебя»,– олу кхуьнга, екъа чукхетта юьхь а йолуш, сийна бIаьргаш гучу гIазкхичо. Иза кхуьнан нийсса юьхь тIе хьоьжу, бIаьргаш чу, хаттаре, кхуьнан юьхь т1ехь хила там болчу. «Мать» боху дош кхета кхунна, вуьйш дешнаш ца девза, «дом» бохург х1ун ду а хууш.

Юха кхечахьа ша дIавигча (набахте юй хаьа кхунна), нохчийн мотт буьйцучуьнга – тоххарлера Къахьарма хуьлу- ненах дерг хотту кхуо, лоьро шега аьлла хилла долу.

Вукхо иза тIе а ца дуьту.

 Цхьана Iуьйранна, сахуьлуш я суьйренца, маьркIажехь – де-буьйса кхунна хийцаделла хуьлу, наб а йоцуш, барт хеттарна, – тIехьара цхьамма неI а йоьллий, IиндагI санна, нана схьахIутту, неIаран гуран беасонехь, тезетахь лаьтташ санна, воI вийначу тезетахь.

Меллаша тIейолало кхунна, неI а къовлало иштта тIе, цхьамма йоьллуш а, къовлуш а йоцуш, шен лаамца йолуш санна.

Кхунна иза гIан дуйла хаьа, гIенах бен хир доцийла.

Нана охьахуу кхунна хьалххахь, бат, муо санна, тIекъевлла ю, бIаьрнегIар а ца кхета тIе, юьхь тIехь цIел тIадам а бац, еса къамкъарг уьду хьала-охьа.

Нана цIуока тIехь санна Iа, ламазана хиъча санна, кхуьнан бIаьрг тIера бIаьрг а ца боккхуш.

«Нана яла хьан, – хеза кIантана, – нана яла хьан», – шозза олуш.

Хиш меллаша охьадуьйлало, боккха биллинчу шина бIаьргех; балда цергашна юкъе лоцу.

Балда деттало, корта а цхьаьна.

Балдах цIий долало.

– Со хIокхара цигара дуьйна… хьоьга уьш схьабийца ала… со юьйр ю, боху-кх кхара… суна хьоьга… муха…

«Дада могуш…шу мичахь ду… Исмайл воккха… хIун деш ву… – кIанта шега хоьтту, ша-шега санна, гIенах гIан хоьттуш санна, – Воккха Дадий, Дадий ву-кх  суна гуттар а гIенах гуш… я самах хеташ санна… хьо боккъал а я суна иштта…»

– Хьан да… дика… дика Iаш ву… хIара хIумнаш а елла хьуна… цIена хIумнаш, хьо дIавига… цIерпоштаца… уьш дIабахна хир ма бу… хьо кара вахча… уьш цигара дIабахна… суна хьоьга…хьоьга хIун ала… – нана елхаршка йолало, юха узаршка, г1уьрашка – цара йиттина… хьо Iехаве, дийцийта бохуш… нана яла хьан, хьайн нана! – Нанас чоь Iадайо, нана тIекхета, аьрзу санна, шен кIезишна зудборз санна, кIант хьестарца, къа дехарца, неIалташца, девнашца.

Нах чу лелха, дуккха а нах. Етта буьйлало, дуьххьара етта. Нана бертал текхош хуьлу, нана лиэташ, лата тийсалуш, нанна етташ, дIаса кхуьйсуш…

Геннара мохь, маьхьаран орца: «Ма дийцалахь… вейталахь хьуо… кхарна хIумма а ма дийцалахь, хьан да кхара вийна хьуна… вийна хьуна кхара… хьан да – цхьаннан мохь, йилбаз мохь санна, кхерсташ, цкъа бовш, юха карлабуьйлуш, тховх лиэташ, пенойх,– ………хьан да кхара вийна хьуна… ма дийцалахь… вейталахь… хьуо вейталахь…»

Хи детта юха, догIа санна хи, хих юьззина цIенкъа, цу хи чохь, чIара санна, кхийс-кхийсалуш, деттало гIогI, дегI а доцуш, ша долуш санна, дегIах дIакъаьстича санна………………………………………………………………… ……………..кIант пенаца хьалахааво, ненан мохь хеза, маьхьаран орца… нана юьйр ю, олу кIанте, бакъдерг дийца, дийца бакъдерг…………………… ……………..

«Тхан дуккха а  даьхний дара, – кIант ца хеза халла бен, кIант дуьххьара дийца волало, – доьтту даьхний дара тхан… со жима бер дара хIетахь… кхо-диъ шо кхаьчна бер… шура чу йотта хIума яцара… ца тоьара, шура дукха йолуш… тIаккха нанас боги чу а, кедашка а юттура шура… соьга чохь Iе, олура цо, цицигах шура ларъян… цу хIора а пхьегIана тIе хIуттуш, чекхдолура цициг, массанхьара шура молуш, бат Iуьттуш, чам боккхуш… юха нанас сайга: «Цициго шура бехйирий?» – аьлла хаьттича: «Ца бехйира», – олура ас, дуккха а шура а йиъна, дижина 1уьллу цициг а гуш: цициг сан доттаг1 ма  дара, ас муха эр дара дIа…»,– кIант дIасоцу, вист а ца хуьлуш, ша ваьллий хаийта санна.

–Да жIаьлеца… ва бежIу… хьан да валла жIаьла дууш… ахь Iехо вара хьуна со, мезиша юьзначу хьо хIумано! – дуккханах цхьаъ чухьоду – царна юккъера Къахьарма бохург- хьалхара мийра коьртах а тухуш…

«Чичилов!5 Таварищ Чичилов! Нельзя так, угробите, он нужен…» – хеза к1антана шен са долуш, са далале, са д1адахча: «Чичилов… Къахьарма… нельзя так… нужен… ден «доттаг1а»…  кхуьнан ден…»

                                                ______________________

Цу дийнахь я цу буса – и жима к1ант вийначу дийнахь – Нохчийчохь пайхамар вийча санна хета-кх суна, Нохчийчоь дуьххьара цу дийнахь йийча санна.

Цул тIаьхьа а моссаза йий-кх, моссаза юьйр-кх Нохчийчоь…

 

5Чичилов памили йолу г1азкхи, нохчийн мотт а хууш, нохчий махках бахале а, ц1а бирзича а МВД-н белхало хилла ву, Т1ехьа-Март1ант1ерачу Бакриевг1еран йиша яхана нуц а волуш.

                                                                                                  1995-2005шш.

Цхьа декхар а, бекхам а боцу...

           

            Селхана ду-кх, тезета ваха аьлла, со кху чуьра араволуш, комара  тIехь йоллур-кх иза, бухахь, зIуга санна, шортта бераш а гулдина, царна комарш эгош.

            – Дедика дойла хьан, ваши! – мохь бетта соьга тIера охьа, беснеш тIехула дIасахьекхна комаран шекъанаш а долуш.

            –Ва Далла езийла, Iайшат, хьо езийла Далла, – эли ас, сайн дагахь вела а луш – жима бер дар-кх и йоI, бераллера яла гIерташ, хIинц-хIинца кхиа йолаелла, я кхуьуш, кхиа гIерташ.

            Сан хIоразза а де дика дуора цо, сарахь а, Iуьйранна а – бен а доцуш.

ТIаккха цIийлора, ела а луш, ши бIаьрг генна хьайла* боьдий, беснеш тIе кIаьгнаш а хIуьттуш.

            Гуттар а бераш хуьлура цуьнца, кху урамера кегий бераш: «Iайшати, Iайшати!» – бохуш, цхьамма куьг лоцуш, вукхо – коч, кхечара пIелгаш къуьссура, цхьаццамма цхьацца пIелг а ийзош.

            Нана а хуьлура дов деш цунна: «ДIадаха и бераш тIаьхьара, къанъелла йоI»,  – бохуш.

            Де даллалц (буьйса йоккхуш) тезетахь а Iийна, шолгIачу дийнахь, сарахьуо цIа вогIучу суна, дуккха а машенаш ги-кх тхайн куьпахь, берриг а урам дIалоцуш, цхьана хIуманна-м гулъелла.

            «Ванах, дан мукъна а хIун-ду те хьо, хезаш гIар-гIовгIа а ма яц», – аьлла, машенех а, царна гонаха лаьттачу кегийчу нахах а бIаьрг а бетташ (уьш суна ца бевзара), керта уллохула схьавогIучу суна, лулахойн ков диллина ги-кх, цIа чуьра арабуьйлуш цхьа кечбелла зударий а болуш.

            Цкъа сацавели со, юха а, дIаволавала дагахь, тIаьххьара дIа бIаьрг тоьхча, нускал ду-кх суна гуш, чу дуьгуш я чуьра схьа арадоккхуш.

            «Ваши… де дика…» – со цецваьлча, полла бар-кха, цхьа кIайн полла, кIайчу тIемашца – бIаьргнегIаршца, зIаьнарш санна, къегина гуш бIаьргаш; кIайн цергаш, ела хьадар, юха цIийлуш, йохар цуьнан, «ахIи» аьлла охьаелхар: «со…со…хIокхара… со маре луш ма ю..»

            Цхьа гIар-тата, гIовгIанаш, зударийн «къар-къар», цунна гонаха, цу берана: «Иза мила ву? Шен новкъа дIа а хIунда ца воьду? ХIун бала болуш…» – букътIехьашха хезара суна, букъ каглуш, хаьдча санна, дог сецча санна, иккхича санна, сайгара цхьаъ-м даьлча санна, бIаьрса а дайна, суо дIавоьдуш.

            Ши-кхо кIира-м даьккхира ас, сингаттамо дIа ца хоьцуш: «Ванах, хIара хIун ду-кх?» – аьлла, дIа ойла йича, дага а оьккхуш.

И бераш а ма лелара, тхан куьпара кегий бераш, йоI яьхначу керта хIуьттуш: «Маре яхана, цIахь яц», – аьлча, хIун боху а ца хууш шайга.

            Цкъа соьга а хаьттира цара, Iайшати стенга яхана аьлла.

Сан ала дош ца хилира.

            Барх1 бутт бара моьтту суна – гуьйре яр-кх иза, – Iайшатах сан бIаьрг кхеташ: масех де а ма дара лулахойн ков къевлла долу, чу-ара волу стаг а ца гуш.

            Цхьа «чхам-м» аьлла хийти суна и йоI гича, шийла хорша сайна хьаьдча санна: цIе а тосуш, схьаэккхийна хиллера, миска, йоккха доьзалхочух а йолуш.

            Кхин иза суна дуьхьал ца кхеташ (эхь хета хин дарий цунна, шена хилларг хIун ду а хиъна), шо гергга зама-м дера елира, кевнаш дуьхь-дуьхьал а долуш, лулахь тхо Iаш доллушехь.

            Цуьнан эхь-бехк лара гIерташ (цо сайца лело гIиллакх), цхьацца бахьанаш ас а лелийра, кертан дехьа маьIIе (ков доцуш санна) кхин цхьа неI а яьккхина, цигахула бен дийнахь чу-ара а ца волуш. Буьйсанна-м лелара со, Iайшат сайх ларлой а хууш…

            Ма эхь дар-кх – къонахчунна ма эхь дар-кх, – зуда юьгу аьлла, бер дIа а дигина (бераллера далаза долу, кхиаза долу жима бер), къена пхьу кIезанца санна, сел маьттаза цуьнца «ловзуш», и бера-тIорз Iеха а дина, иштта ирча, кхин дин доцуш, иштта юьхьIаьржа хIоттош и бер сел гIелдар ма эхь дар-кх къонахчунна, ша къонаха-м хилла хиллехь…

            Мичахь бу-кх къонахий а ткъа! – хIу хада-кх шу лайн-нехан, ма IаьIна-кх, дебна-кх шу, ма дукха а ю-кх шу ян-м, цхьа а декхар а, бекхам а боцу, мехкан а йоцу, юьртан а…

 

                                                                                                                        23.07.2004 шо.

 

Цхьалха ду-кх тхо, цхьалха

 

Х1ан-х1а, цхьа бала хилча я цхьа г1айг1а ца долу-кх б1аьргех хи, стаг ирсе хилчий бен, ирсан чаккхе гуш хиларна, ирс довзарна, ханна долу ирс…

 Муха язде-кх цхьана ирсах, цхьана г1енах, дагалецамах а… я гуьйре а муха юьйцур-кх, можа г1аш эгна екхна гуьйре, гуш санна хетта ц1ена х1аваъ а, наггахь гучу цхьалха мархашца шеран маьрк1аже те1а суьйре а.

 Со гуттар а хьоьжура цуьнга, балхара ваьлча, суьйрана, «Филармони» олучу тарамвайн социйлехь, нахана жимма д1анехьуо, трамвай гучу моссазза йолу, цкъа, д1а т1е а волалуш, т1аккха, сайниг йоцуш санна, суо хиллачу юха а воьрзуш, цунах б1аьрг кхетталц бохуш, иза некъал сехьаяллалц, х1ора сарахь иштта суьйрана гушйолу иза схьагаллалц.

Хьо иштта цуьнга хьоьжуш хилча, езаеллачу цхьана йо1е, иза д1огара, ц1ийнан маь11ера – барх1-итт я пхийтта минот хан ялале гур юй а хууш, шерашкахь цуьнга хьежаваьлча, хьоьга цкъа а, мел лаарх, ирсан ц1е ца тиллалора, чуьра са хьалаг1ертар бен, цкъа а кхоччуш, дог 1аборца, улохь цхьа кхерам боцуш, ца лацалора хьайна хетарг, цхьа чекхдаьлла сурт санна гуш, гурашкахь схьалаьцна долу.

Хьо кхоьрура, ирс даржарна, мархашлахь стигал санна, дерриг чу а ца тарлуш – хьайн даг чу дерриг а ирс – хьуо цо верна, цу ирсо, цо, чимбеш, вагаварна, 1аьршашкарчу мукъамо паналле йоккху ойла санна, я са а санна, суьйренашца, малх бузучу анайистаца, доь доцуш даьржа са санна, верриг а суо цкъа кхачорна, узар бен – байн узар – хьох хилла кхин х1умма а доцуш, хьох дисина, я дуьсуш, я дагалеца, дагадан х1ума…

– Хьо суна кара ца во-кх цкъа а, со кхера ма кхоьру хьо ца гича, хьо кхин хирвоцуш санна, – олура цо, дегабаамечу аьзнашца, ша х1инцца схьа сехьаяьллачу некъе д1а юха а хьожуш, – оццул бен йоцу меттиг а херо ма хета суна, цигара хьо кхузахь ца гича…

            Со вист а ца хилалора, жимма велавала г1ортар бен, сан дагахь мел хилларг – ас цуьнга ала дезаш долу, тхайн синош цхьаъ долуш санна, цхьаьна кхоьллина я цхьаьна дала, – цо схьааьлча, кхера а лой.

            Со а хьоьжура иза санна цуьнга, д1ога цигара, ц1ийнан маь11ера, ишколера араяьлла иза, трамвайн некъ а хадош, схьайолучу цу м1аьргона тхойша вовшийн доврдолуш санна, машенаша, я трамвайша, я адамийн хьаьттаро, ца хоттадала хеда тай санна, цхьаннан г1ан хада а дина, шинна а го юкъара г1ан.

            Цунна х1умма а ца хаьара, ас лелорг – цхьа х1ума а…

 

 

Иза йовзале, мила ю хууш, иза дуьххьара сайна гичхьана соьца хилла болу и кхерам – къастаран кхерам – кхин д1абала ца туьгура, со даим хехь хилча санна, мохана хехь, я мархашна, я мархийн 1индаг1ашна, царал башха я кхин соьга ца лацалучу ирсана хехь.

 

 

Ялхалг1ачух ахсахьт даьлча волура со балхара  ара, шина-кхаа, пхеа минотехь социйле г1аш схьа а кхочуш. Букъат1ехьашха дитташ дара, когашкахь патарш а 1охкуш.

            Патарш цкъа сийна хуьлура, юха сийна-мокха, т1аккха можа, дог1анаш дуьйладаладоьлча, алхха 1аьржа а хеталуш. Х1ета денош а хуьлура доца, цхьа ц1еххьана бода хьаьрчаш, д1а ца дан сецна хетта де, ша-шех дедда къайла а долуш. Стогарш летта трамвай гуора, некъ лоьху сагалмат санна, аьчкан мекхашца букъат1ехула, бетан юьххьехь богу ши б1аьрг а.

            Ялх доллуш я ялх дала пхи минот т1аьхьа йисича, и бер иштта гучудолура, полла санна, цхьа зудабер, тайниг санна, хаза кечделла, цеце уьду б1аьргаш бен, юьхь т1ехь гуш х1ума а доцуш.

Йо1 дуьххьара соцура цкъа, дуьхьларчу социйлехь, т1ехйол-йолучу машенна т1аьхьа корта а берзош. Т1аккха, йодий, к1елхьарайолуш, аьчкан некъа т1ехь лацалора, юха а иштта д1аса а хьоьжуш, машенех кхин а сехьаяла.

            Цкъа а, шозза а, уьттазза а, ларамза санна, иза сайна гича, цуьнга хьоьжжучохь вуьсура со, иза некъал сехьаяллалц, трамвайна т1е а ца хаалуш. Цул т1аьхьа дуьйна иштта ларйора, суьйрене са а туьйсуш, цкъа вицвелла со висахь, иза кхин хирйоцуш санна.

Со кхийтира, къизалла санна, хазалла а лан хала юйла, жим-жимма ахь ловш ца хилча, къурдашца молу шийла хи санна, ерриг цкъа ган а ца г1ерташ.

            Тхойша «ловзура» я со цуьнца, суо цунна гуш а воцуш санна, я ца гайта, къайла а волуш, нагахь сан тидам а бина – беттанашца ша тергалъечу – иза ларамза цкъа йицлахь, дерриг а д1адаларна кхоьруш, трамвайно я машено, г1ан хадош, де 1арж а дина.

 

            Цунна со гира цхьана суьйрана, цхьана суьйрана схьахьаьжира, цу суьйрана, ша сехьаяьлча, беснеш а, бат а юсийна: «Со сехьа ма яьлла х1инца!», – бохуш санна, схьа а къаьрзина.

             Ас байн корта та1ийра, суо кхеттийла хаийта санна, б1аьрахьажарца маршалла хоттуш, цунна т1аьххье – иза хьалаяьлча – трамвай т1е хьала а волуш.

             Охьайолуш ца хиира – иза хьежна-м хила мегара, – со цуьнга д1а ца хьаьжира, со кхоьрура цуьнга д1ахьажа: суна цунах къахийтира, тхойшиннах юкъара къа, даллалц лиэха кхоьллина долу, сел хьалххехь вовшийн гарна, кху дахарх кхета кхиале, дахар чекхдаларна кхоьруш.

 

Х1етахь дуьйна, цу суьйрана, иза сайга схьахьаьжначу дуьйна, со гуттар къайлавуьйлура, иза гича, суо цунна ца гайта, трамвай гучу моссазза йолу, т1ехаа санна, т1е а волалуш, т1аккха сайниг йоцуш санна, суо хиллачу юха а воьрзуш. Со кхоьрура, со гича иза, ша йиц а елла, ойла санна, машен а, некъ а – х1ума ца гуш, цхьана ойланна схьахьадарна, хьажаро некъ байича санна, вовшийн тхойша гучу хьажаро.

 

 – Хьо суна цкъа а кара ца во-кх, хьо сох д1а х1унда лечкъа: со кхера ма кхоьру, хьо кхин гурвоцуш санна, хьо геннара ган ца гича…

 

Со а кхоьрура иза ца гича, суо цунна д1агайта а кхоьруш, иза, йиц а елла, схьахьаьддачохь, машено ерна кхоьруш: суна мохь хезча, нехан орца, машенан чкъургийн тата, г1аш а оьгуш, можа г1аш, екъа 1аьржачу асфальт т1е, к1айн кхокха санна, т1емашца боьжна, к1айн пхьаьрсаш д1асатесна, пардо санна, яйн йижна коч, 1аьржа месаш, еллаелла бага, хьаьжжинчохь сецна ши б1аьрг, ц1ийн т1адам а лергара охьа… сан марара, карара йоккхуш, «цкъув-цкъув» дечу машено, чу а йиллина, и д1ахьош, со 1аччохь хиъна а 1аш, дуьххьарлера дуьне гуш, цхьа бер гуш, доьлху бер – сан б1аьргара хинт1адам а…

И сурт дара со кхоьрург, сан кхерамо кхуллу сурт.

 

 

            – Ас хьан сурт… хьан сурт ца диллина-кх ас, хьан баьццара коччий, сийна юбкий, месаш 1аьржа, боккха сийна ши б1аьрг а хьан, ерриг а юьхь д1алаьцна болу…

– Маца? Ас уьш ц1ахь ма йитина… цхьа месаш ю-кх хьан х1инца…

– Хьо яц т1аккха?!

– Со а ю…

– Хьо хилчхьана, бедарш-м д1айохкур яра вайшимма, х1етахь, цхьана хенахь цкъа ма-хиллара хьан 1аьржа месаш а йохкуш, чкъургаш санна, горга хьийзина…

– Муха – х1етахь, мацах цкъа? Ас, кханнехь ц1а а яхана, схьайохьур ма ю уьш. Хьуна хазахета и х1умнаш, хетий хьуна, со цаьрца хьайна гина дела…

– Х1аъ, дуьххьара цу х1умнашца… нуьдарш тосу баьццара коч, пондаран хут санна, дакъош долу сийна юбка а, хьан мачаш а – уьш муха яра, лолам тосуш-м ма яра уьш, ярий, цхьа к1айн къега а болуш…

– Яра, замшеви яр-кх, юбка санна, сийна замш.

– Сийна яцара уьш… 1аьржа я таь1на баьццара…

– Муха яцара?

 –Дера яцар-кх!

– Яцарий?

– Яцара.

– Собар… дагадаийталахь… со х1етахь иссалг1ачу классе… уьш суна децас… х1а-а, х1аъ, яцара, 1аьржа яр-кх, цхьа бархат санна а йолуш…

–Лекха к1ажа а бара церан, нийсса охьа, буткъа а боцуш…

– Бара, бара, к1ажера охьа горга а болуш, ахбеттаса санна…

– Бакхарш, и ма хаза элира ахь – ахбеттаса…

– Сох Бакхарш а ца олуш… цул г1олехь-м 1ахар а ду… дадас сох х1ун олура хаьий хьуна?

– Х1ун олура?

– Месаш олур-кх! Ас цундела ма лелайора ч1аба…

– Лелайора?

– Сацахьа х1инца, со оьг1аз…

–Дика ду х1ета, 1ахарш эр ду ас, еха месаш йолу 1ахарш.

– Цулла-м Бакхарш тоьлу, сан йолу ц1е – Раиса – ахь йоккхуш а ца хилча…

Соьга цкъа а ца яккхалора цхьана а йоь1ан шен йолу ц1е, иза нехан юйла хууш, цхьана кхечо цунна тиллина, сайна дагаеънарг бен, йоь1ан аматаша сайна хьехнарг. Раиса 1ахарх тера а яра, цул  хьоме Бакхарш а йолуш, 1ахарх хилла Бакхарш.

 

 

 Б1аьста ас иза ялийначу, цу гурахь, хьалхарчу, Бакхарш, сой вовшахкхетта пхи бутт гергга хан яьлча (суна Бакхарш ала лаьара), сан накъоста лам чуьра цхьа х1усам а йийцина – таллархоша йина кхало, – катоьхна т1оьрмигаш а кечдина, мольберт а эцна, вайшинга жижиг эцийтахь, шашлык ян, Бакхарша боххушехь, цигарчу хи чохь бакъ-ч1ара хуьлу боху аьлла, цхьа г1енах санна, ц1еххьана новкъаделира тхойша, ший а цхьаьна дела а доьлуш, вовшийн тергал а деш, тхаьшшиннах цец а дуьйлуш, юха теша а ца тешаш.

 

 

Со дукха шерашкахь хьежнера цу гуьйрене, Бакхарш сайна евзичхьана, цуьнца и декхнаш ган, нускал санна, к1айн декхнаш, еха дашо к1ажарш а лесташ, мохехь г1ийлла листина долу, б1аьрхи санна, цхьацца патар, – наггахь цхьацца б1аьрхи а дужуш.

Соьга цкъа а, мел лаарх, чуьра са хьалаг1ертар бен, цкъа а кхоччуш, дог 1аборца ца диллалора церан сурт, шаьш ма-дарра уьш схьагайта, церан ойла а, шабарш а цхьаьна, мохехь леста к1айн пхьаьрсаш а, и к1ажарш а, деших 1ена…

Амма х1инца со суо вацара, соьца ирс дара дуьненнал, ц1арца йийца ц1е йоцу дуьненнал доккха-жима ирс. Со тешара, теша лаьара, ца тешшал карзах а вуьйлуш, ирсан ц1е ирс хиларх, цхьа жима ирс, цхьа к1орни, кхин дуьне оьшуш а доцуш, я кхин зовкх а, кхин воккхавер а: и мархаш а, бух сирла хи а, и лекха-лекха стигал а сийна, к1айн декхнаш а, хьажар а цуьнан, т1аьххьара санна, х1оразза а, дуьххьара суна гуш хета.

 

– Ва-а Дела, х1ара ц1а ма жима ду, цхьа хаза а долуш, жима…

 

 

Иччархойн ц1а жима дара, чохь аьчкан пеш а йолуш, лоха паднар а, цу пеша уллохь лаьтта чукегделла готта кресло а, корехь цхьа куьзган б1аьрг а. Хи дара доккха, к1айн сирла хи, бухахь 1охку чхернаш а гуш, йистошкахула хьаладаьлла декхнийн лоха синтарш а долуш. Тхойша сарахьуо кхечира д1а, малх дика охьалестича. 1индаг1аш дахделлера, ломан басах ирах а довдуш. Ц1а, боккъал а, жима хиллера, боккхачу тарха к1елахь лаьтташ, хьалхахь шера майда  а йолуш, и майда чекхйолучохь бухарчу хин берд а болалуш. Берда йисттера охьа чу хьаьжча, шурин чопа санна хетара хи, дуьхьларчу ломан хьун а гуш. Хьун иэкегаелла яра, тайп-тайпанчу диттех лаьтташ, къорза куз санна, бес-бесара: мохан дечигаш а, зезнаш а йолуш, шаьш къаьсттина, мехкарий санна, к1айн декхнаш а лесташ.

Хьун лахахь бен яцара, ломан г1одаюккъелц аьлла, лакхахь гуш сийна буц а йолуш, мокха тархаш а баца юкъахь. Дерриг са д1алоцура, саде1ар хала долуш санна, гучу суьрто 1ада а вой, са а, б1аьргаш а ца 1ебаш. Ойлано кхин а ч1ог1а ницкъ бора, хьайн г1енаш гуш санна а хеташ, мацах цкъа гина хетта, дагалецамехь долчу г1енаша.

Тхойшиннан х1умнаш охьа а ехкина – де дикка т1аьхьа дара кхин а, дуьхьларчу ломан лакхе серлаяьккхина малх а хаалуш, ч1ожа чохь тхуна гуш бацахь а, – ч1ерий леца удочкаш, турмаллий, маь1ан сийна ведар а карахь, берда йисттехула долчу некъан тачанца, лаха чу охьаделира тхойша, цигара генна кхин а хьаладаха, хин бурош хьийззачу: соьга йийцинера и меттигаш, билгалонаш а йовзуьйтуш.

Бакхарш генна т1аьхьа хуьлура, массо а х1ума ган г1ерташ, массанхьа а куьйгаш хьоькхуш: т1улгаш т1е а, бердах а, зезнаш т1ера охьалегга багалгаш а лехьош. Юха кхойкхура: «Схьавадахь, х1ара х1ун ю, кхуьнан ц1е муха ю?» – бохуш, цхьацца дечиг я бецан хал, т1улгах хилла х1ума а гойтуш.

Удочкаш д1а а нисйина (шиъ яра тхойшинна уьш), буьххье т1улг буьллуш, юккъера кожалгашца хьала а аййина, Бакхарше т1ийриг тохалахь, хи чуьра м1ара сихха хьалаайалахь а аьлла, декхнаш харжа вахара со, кхана малхехь церан сурт дилла.

Со генавала ца кхиънера, Бакхарш соьга кхайкхича, ч1еро удочка а яьхьна, хи а д1адахна, бохуш.

Удочка дика охьа а яьхьна, тасаелла йоллура, ерриг а аьлла, гуш а йоцуш. Ч1еро яьхьна хиллера иза, кожалга т1ера охьа а йоьжна. Иза дуьххьара ч1ара бара, цу дийнахь охашимма лаьцна, т1ехь ц1ен т1едарчий а долуш, цхьана шацца хиллал болу «паччахьан» бакъ-ч1ара.

Ворх1 ч1ара лецира охашимма, Бакхарша, уьш ша лаьцна бохуш, ведарна гонах а хьийзаш.

Юха, сарахь, чудог1уш – малх д1а а буьзна, кхулуш яра, – ведар, удочкаш цуьнга д1а а елла (турмал а Бакхаршехь яра), жимма дечиг лахьийра ас, тхойшинна ц1е лато.

Ц1е сиха хьалалетира, Бакхарша ч1ара ц1анбешшехь. Ши картол а ц1анйира, масех хох а отуш. Стогар кийчча болуш бара, мехкадаьттан стогар, ас ч1урамаш а деънера. Чоь г1еххьа серлаелира. Яй пеша т1е а х1оттийна, жимма сада1а йоллу ша аьлла, паднара т1е д1атаь1начу Бакхаршна наб озийра, аьтту аг1о к1елахь а болуш, соьгахь схьа а йирзина, жима бер санна, горглуш, хаба а хебна, 1уьллучу.

Со пеша хьалхахь 1ара, наггахь цуьнга д1а а хьожуш, не1 йоцчу пешахь йогу сийна-можа ц1е а ларъеш.

«Дависа, иштта, – хийтира суна, – иштта ваха-кх, к1еззигчух тоам а болуш, шен ойланашца, 1аламца цхьаьна, и хьаштдоцу х1умнаш а дитина, и хабарш, г1овг1ий, цавалла бен, вист а ца хуьлуш, цаторру бен, нах а ца гуш, Делан парзал т1ехдаьлла, лелош кхин х1ума а доцуш, и г1а а, буц а, дечиг а санна, шена деллачуьнца реза а волуш, д1авахар а – схьавар санна, кхин хала а, деза а доцуш, гуттар а кийчча, д1аваха кийчча, нана кхайкхича бер санна, кхин х1илла а, шалхо а йоцуш, дог ц1енна иштта, иштта ц1ена, иэхьо даха бехкаш а доцуш, дохковийла къа а ца дуьсуш, х1ара дуьне нехан а долуш, хьуна ойла бен, эхартан ойла…» .

Юха Бакхарш меттаххьайча, иза йоьлуш, елалуш гича, со цуьнгахьа д1ахьаьжира, цунна а иштта вела а луш. Иза елалора, т1аккха д1атоьра, юха ц1оцкъамаш хьалахьовдура, юха т1аккха а ела а хьодуш. Дикка йийлира, цхьана балдашца, эххар бат а озалуш, балда а хьовш, т1аккха б1аьргаш т1етт1ата1орца, елхаран синош а дохуш, т1аьххье а  «ах1и» аьлла, самах санна, охьа а йоьлхуш. Сихха цунна д1а т1ехьодуш, йистте охьа а хиъна, меллаша ц1е яьккхира ас, белшех дайн куьг а 1уьттуш: «Бакхарш, ва Бакхарш! –  аьлла, лере охьа т1е а таь1на.

 «Х1а-х1ах1-х1ах1! – самаиккхира, оцу сохьтта сох схьа а хьаьрчаш, – суна г1ан… хьо воьлхуш, машено со ен а йийна…со некъал сехьайолуш, г1алахь вайша… трамвай… д1огахь гуш хьо а воцуш… юха хьо гича, со некъал… машено…

  Саца, саца, х1ума ма дац… г1ан ма ду… елха ма елха, хьо сама ма яьлла х1инца! Ас дийций цигара д1а… хьо некъал сехьайолуш, ишкола чуьра ара а яьлла, «филармони» социйлехь, со лоьхуш, хьо схьахьаьжча, т1аккха со гича, йиц а елла, сехьайолуш, суна мохь хезча, нехан орца, машенан чкъургийн тата, г1аш а оьгуш, можа г1аш, хьо екъачу асфальт т1е, к1айн пхьаьрсаш д1асакхуьйсуш, кхокха санна, т1емашца боьжна, пардо санна, коч а юьжуш, 1аьржа месаш а, жимма хиэре хьаьдда балдаш, хьаьжжинчохь сецна ши б1аьрг, ц1ийн т1адам а лергара охьа… сан карара, марара йоккхуш, хьо лоьрийн машено, т1ехьарчу не1аршкахула чу а йиллина, хьо д1аюьгуш, со 1аччохь, хиъна а 1аш, сан б1аьргех хиш хьаьдча…, – масийттаза, шерашкахь, иза некъал сехьайолуш, трамвайн социйлехь, нахана жимма д1анехьо, трамвай гучу моссаза йолу, цкъа д1а т1е а волалуш, т1аккха сайниг йоцуш санна, суо хиллаче юха а воьрзш, цунах б1аьрг кхетталц бохуш, иза некъал сехьаяллалц, ас лелийна и кхерам, машено иза ерна кхоьруш, шен г1ан санна, ас лайнарг, ас шега д1адийцича:

– Хьуна а гира, и г1ан гира… со хьо гуш… со цара д1а ма яьхьира… со кхайкха ма кхайкхира, хьо вист х1унда ца хилира… со гушшехь,… хьо… х1етте а… соьга вист а ца хуьлуш… ах1и-ах1и, –  иза юха а охьайилхира, шена гинарг г1ан а доцуш, боккъал а ша д1аюьгуш, со шега вист ца хилча санна, ша кхойкхуш хеззашехь.

– Иза х1инца д1а ма даьлла, г1ан ма ду хьуна гинарг, вайшиъ хьоьца цхьаьна ма ду, гой хьуна, д1огара пеш, вайшинна яй, кхехкаш лаьтта, чохь ч1ара а болуш… елха ма елхал хьо, д1асахьажал гонаха…

– Со кхоьру… суна ца лаьа… иштта дика… иштта дика хилча… хала ма ду… суна елха ма лаьа хьоьца, саг1ийна санна, вайн ирсана, б1аьрхих саг1а даьккхича, цхьа а х1ума хирдоцуш санна, цхьа а вон х1ума…

  Вон х1ума дан а ма дац, цхьа дика х1ума т1аьхьа доцуш… сацал иштта, хиш д1а а дохуш, х1инца санна, 1адда 1иллал, кхин меттах  а ца йолуш, сада1ал, – элира ас, марара кхин д1а а ца хоьцуш, ерриг а – белшаш – кара, къевллина схьа мара а юллуш, аганахь бер санна, цуьнцанна иштта д1аса а техкаш.

Дуккхазза а «хиъ-хиъ» дина, сих-сиха 1овгаш а даьхна, даккха-даккхий синош а диъна, меллаша туьйш, иза д1атийча: «Х1ан-х1а, – хийтира суна, – бакъдац-кх иза, х1ан-х1а, стаг балийна воьлху бохург я г1айг1анна, бала беанчу, цкъа хиллачу ирсана бен, бала т1аьхьа болчу шен ирсана, сел ирсе долчу ирсанна……»

– Я Аллах1! – ойлайира ас, – цхьалха ду-кх тхо, Я Аллах1! Мел ирсе хетча а – цхьалха, х1ара дерриг а г1ан дуй а хууш, тхаьш г1енан хьеший дуй а! – сан б1аьргех меллаша охьа, тийса-тийсалуш, меллаша хинт1адам охьакерчира, цунна т1аьхьа кхин цхьаъ а керчаш, юха кхин а, кхин а – хаддаза охьа.

Со суо вара, Бакхарш а йоцуш, иза а яра ша цхьаъ: тхойшиннах цхьа а дацара, цхьа г1айг1а бен, ирсан г1айг1а, кароле – д1адовшдолчу, хила кхиале – дицлучу ирсан.

 

                                                                          2002-2007 шш.

  

 

Цхьанхьа цкъа гича санна – маца?

 

…догIа дар-кх цу дийнахь, хаддаза тIеIеналуш, хатт а бара, тIеда некъаш, букар таьIна баккъаш а нехан… Iома йистте схьахIуттуш, ког ловзале, ког ловза, цо бIаьргаш схьахьовсийча, Iадийча санна висир-кх со, вицвелча санна – цкъа цхьанхьа-м гича санна – маца? – маца гина а ца хууш…………………………………………………………………..

……………………………………………………………………………………………………

…иза соьга генна юхахьийжира, сих-сиха сеца а луш, дIа а йолалуш, лаца а луш, балдаша цIе лоьхуш санна, балдийн иэс меттах а хьуьйш………………………………………………

……………………………………………………………………………………………………...

…со гIенашка, бералле, сайн шерашка юхакхийдарх – цхьанхьа-м цкъа  гича санна – маца? – суна дага муха ца еара, оццалла гина, евзаш йолу, дуккхаза а гина хиларна, мичхьа гина ца хаъалла…………………………………………………………………………...

…………………………………………………………………………………………….цхьаъ-м

велавелча – са ма чIогIа кхерало-кх сан, милла а цхьаъ иштта велавелча, «кIахь-кIахь» дарца, аркъал а оьхуш, тIараш а детташ,  ветта а луш, – дерриг а дегI хебир-кх сан, буса  лаьцначу хьозана санна, са инзара тоха а луш, и стаг иштта воьлуш гича, цигара кхуза ца веъча санна, сан сих цхьа а мазаI а боцу………………………………………………………..

………………………………………………………………………………………меттавогIуш,

со дIахьаьжча – иза дагаян, йовза санна, – догIа дара гуш, тIеда некъаш, букар таьIна баккъаш а нехан,  юха кортош а тайп-тайпана, йовлакхаш а, четарш а церан………………

………..суна гинарг кхин ца гуш, дагаяле, йицлуш санна……………………………………..

 

 

…сийна буц а йолуш, раьгIнаш яра, геннара лам а хаалуш, ломан кIожжехь кIайн жима юрт а… цхьаъ дуьйцуш а вара тхойша цуьнца, гу лакхара лаха чу а вуссуш, юха а иштта хьала а вуьйлуш, тхайн юрт а гуш,  лекха таьллаш а, суьйренца юлу маьркIаже а… цу юьрта юха тхойша дIакхаьчча, чуваха, дIаса къаьсташ санна, Iодикаярца, куьг кховдийча – Iаьржачу чохь волуш санна, со меттахь самаиккхича, – и юрт а, суна гуш хилла йолу,  сан накъост а, соьца хилла – цхьанхьа цкъа гича санна – маца? – тхо мичахь хилла-кх цхьаьна, и дерриг а дага а догIуш, гуш долуш санна, довза а девзаш, цхьана шерашца,  жимчохь дуьйна, массо а хIума хаа а хууш………………………………………………..

 

 

…цкъа Гуьржех, Калака2, таксисташка адарс хатта, со дуьххьара дIавистхилча:

–Схьавола, кхуза схьавола! Суна хаьа хьо стенга воьду – проспект Руставели, цIа… цIа муьлха дара? – геннара дуьйна велавелла, и таксист суна маракхетча (да-нана а, доьзал а хоьттуш, юх-юха а мара а хьерчаш), цхьа ваьхьна-а висир-кх со, цо  лелорг хIилла долуш санна. Юха, чу а хиъна, дIаволавелча: «Клиент иштта воккху ахь?» – со хаьттина валале, машенан тормаз а лаьцна, некъаюккъехь сецир-кх иза,  шопарашка маьхьарий а оьхуш…

 

– Со дага ца вогIу хьуна, ахI? Баград ма ву со, Багратион!

–Сан цIе Муса ю…

–Муха ю! Цхьа кхин цIе ма яра хьан… вай цхьаьна лелаш: хьо а, Гиви а, Отар а – дагалацахь!

–Со хилла вац кхузахь, хIинца дуьххьара…

–Муха ца хилла! Аса моссаза вигна хьо дIа? Машен кхин яр-кх сан хIетахь – Iаьржа Волга, хIара йолу-м кхо шо  а дац… Натэла… хIа-а! Натэла дагайогIий  хьуна, студентка… хьо варий иза… иза езаш я Гиви вара иза – шуьшиннах цхьаъ-м вара…

–Со кхузахь дуьххьара ву, ахь хоьттург…

– Сайн бераш ма гойла суна, хьан аз суна девзаш дацахь… цхьа гуттар а хезча санна, даим а соьца…

– Сацае ахь, со хIинца схьакхаьчча… ахча мел… мах хIун бу…

– Ахь хIун ахча… вай доттагIий хилла ма ду, сан воша, ахь мукъна а алахь… вайшиъ цхьаьна мичахь вара… хIун гIала я… я… суна дага  ма  ца догIу…

 

                                                      ––––––––––

 

…ши бер дар-кх суна гуш, дIанехьо со охьахууш, гIамаршлахь ловзуш доллуш, улохь кхин гуш стаг а воцуш.

ЙоьIан коьртахь билзиг3 дара, полла санна, хаза даржийна, тIехьа теттина шляпа санна, коьртана  доккха IиндагI а деш… хьаьжжинчохь висир-кх со, вицвеллачохь, лаца а велла, синбIаьргийн кхетамца цига, цу берашца, цаьрца цхьаьна… машен ма хаза яр-кх сан, дечигах йина яр-кх, тIехьа йоккха кузов а йолуш… йоIа белаца гIум юхкура, маьIан цIечу белаца… тIаккха «був-вв» деш, ас машен, цу лаьмнийн некъашкахула, аренашца, бердашкахула, гуо боккхуш схьа а ялайой, «пIи-и-ипI» олуш, сацайора, тIехь юьззина гIум а йолуш, юха шопар – со охьаваьлча,  машено садоIура, со а хуьлура, гIамар тIехь «оххIай»  дарца, куьг а хьоькхуш, хьаж хьацарх дакъош сайн………………………………

……………………………………………………………………………………………………..

….охьаяссаехьа, охьаяссаехьа, вайшинга бIов йоттийтахь, йоттийтийтахьа…. – йоI хьастаелча, балдаш а дусуш, ши бIаьрг боккха къарз а бина, бета йисте шат а йолалуш…………………………………………………………………………………………..

…– Зарема-а, ва-а Зарема, чуйоьлла сихха, кIант а валош……………………………………

…и ши бер дедда  дIадахча – со ведда цу йоIаца дIа – машен иштта латта  йисира, юьззина тIехь гIум а йолуш, бел а Iуьллура, маьIан бел, лаьмнашкахула хилла некъаш, гуш адам а доцуш цхьа а, цхьа кхетам, ойла санна, синбIаьргийн сарташ санна,  цхьанхьа цкъа гича санна – маца? – я хилча санна, долуш санна… и бер юха, соьцара бер я бераца хилла со – маца, мичахь дIасакъаьсти, со мила ву – соьцара со, цхьанхьа цкъа кхин хилча санна, я вайча санна, велча санна,  дагалецамашца – хьанна? – муха гуш, суо сайна гуш, сайна суо, цкъа цхьанхьа-м – маца? – гуш санна……………………………………………..

…………………………………………………………………………………………………….

… бехк ма биллалахь, хьо юьхь тIера дага а йогIуш… метта буьххьехь хьан цIе… вай цхьанхьа… кегий долуш… мичахь я…………………………………………………………

… со нехан… со марехь зуда ю… хьуна гойла… со евзийла дац хьуна…  хьо суна цкъа а гина а я…………………………………………………………………………………………….

…хIунда, мичара, муха нисло-кх, гуттар а цхьа  тамашийна хуьлуш, новкъа воьдуш я вогIуш, кемана чохь, цIерпоштаца, я хиъна Iаш, уллохула тIехйолучу цхьаннан бIаьргаш, цхьа цIеххьана схьахьаьжначу, лацаделла, доьхна, иштта дисина, дагалецамийн гIенаш санна, я дуьне – маццах хилла, дагадалла иштта ширделла доцу, хьо ваьхна долу, я вехаш, я хIинца а гуш санна – маца……………………………………………………………...

………………………………………. юха, чувахча, хьийзина-а (гинарг кхин дага ца йогIуш), хьуна зуда гича: « – Хьан зуда а?» – и бераш а: «– Сан муха ду?» – хьайн хIумнаш евза-кх хьуна, хьайн кресло а, къолам а, жим-жима хьуо а вовза волалуш, и бераш а, нана а церан – хьайн доьзал буй хууш, – дагалецам шира ма бу цу берел а, вахарал а – суо бер долуш мел хилларг (суо бер хилар а тIехь) сайн берийн  бераллал дикох дагадогIу-кх суна, хIетахьлера сайн бедарш а, маццах  цкъа гина хьажар а, тIехъяьллачу цхьаннан  бIаьргаш, ас хьоьстуш – со хьистина, бIаьрхишца цкъа дийлича санна, цхьанхьа цкъа гича санна – маца? –  азаллехь, мур болалуш, абаден юьххьехь цкъа……………………………………………………………………………………………….

……………………………………………………………………………………………………...

…хIусамдас, той чекхдаьлча, дIавижа маьнга гайтира суна, кхузахула неI ю хьуна вайн, бешахь дIа арайолуш, наб йоцуш, буьйса яхлахь, хIаваэ ваьр-кх хьо, аьлла………………..

………………………………………………………………………………………….буьйса

къаръелча я юкълуш, юкъал тIех лестича, волу-волуш ара а ваьлла,  цу беша со юкъе вулуш: «Веза хилла Дела! гIан ду-те, гIан а ма дац, хIун ду-кх хьо!» – ойла Iаьрше яхар-кх сан, цу суьртах дукха цецваьлла, масийттаза сайна гина долчу я даим  а соьца даьхначу: мотт  биллина, паргIат а доцуш, голашна тIе тевжича санна, набарна тхьийса лекха лаьмнаш; бIаьрац1оцкъамах сийна-Iаьржа, Iаржаллехь бIаьргаш санна, жовхIарех мерца стигал; къена къаной узамна санна, мохехь техка диттийн кортош, патарийн  шога шабарш; лаьттара хьала я стиглара – стиглара чуIенаш  санна – цхьа тийналла синхьааме, синхьааман тийна мукъам, хан-хенаца йицъелча санна, хан сецча санна, етча санна… юха сан са а, сан ойла а, сан бIаьрхиш а кху орцанна, цхьанхьа цкъа гича  санна – маца? – тилладеллачу цхьана ирсана, со цкъа а ца хиллачохь –  масийттаза  хилла волчу, дуьххьара санна хIара сурт гуш, кхин ца  ган – тIаьххьара санна………………………………………..

……………………………………………………………………………………………………...

…хьо дуьххьара – цхьанхьа а вац-кх, тIаьххьара – кхин дIа а ца вахна, миччахь а – цкъа хилла  ву-кх хьо, цхьанхьа а  цкъа а хилла а воцуш….

 

_______________

I Уьйр

2 Тбилиси

3Бантик

 

Май, 2005 шо

 

 

Бала

 

Цхьанхьа-м яра гIаланаш, цхьа яккхийра, сирла, синкъерамах юьззина, цIеран суйнех лелхаш, дитташца сийна йогуш, адамех екхаелла, мехкаршца къонлуш, цхьа хаза башха гIаланаш, цхьана шуьйрачу урамашца…

Ткъа кхузахь-м, Нохчийчохь, къаьхьа-къематденош, цхьа Iаьржа буьйсанаш, деган цхьа гIийла мукъам, дог ша-шен цIела эхар, юха деган цадашар, цу деган куралла, цо некхехь буьйгIу бохь, накха вотанца беттабалар, пиллигах ийалуш, мукъамах баржар цуьнан, деган сахьаьвзича:

 

Ламанан сос бууш,

Теркан хи ва муьйлуш,

Ша басна хазбелла

Къоркхокха ва санна…

 

ЭхI, маржа! Кура кеп йолу ламанаш (сос кхачло даккъаш а шу), цIеста-можачу тархашца дойн ленаша суй кховсуш, маьрша ойла идийначу къонахийн чIагIонаш…

Ткъа хIинца-м, тахана-м ткъа, цхьалхачу буоберана дера кхуьйсу элан воI санна, хинтIадам божжал йоцу тхан жима Нохчийчоь, дохк-марханах тIелетта, куралла ян лам боцчу аренан муьжгичо ма тIекIел туьйхи-кх хьо, ма эвхьаза ери цо, хьун-бошмаш заьIап еш, гIаланаш отуш, хIусамашкахь цIе юьллуш, кешнийн гуо шорбеш, амма хIетте а – хIун дер ткъа – ламанийн кура теIар, хотешкахь цIий худуш цистинчу меженашца аренга дIа геннара цхьа сонтуо бIаьрг а бетташ:

 

Да велла диса хьо,

Кийрара дилха дог,

Хьо стенах дина ду,

Хьо маца Iебар ду.

 

Хьо маца къарлур ду,

Кийрара дилха дог…

Баланаш хилла, тов,

Хьо тусу и пхьалгIа!

 

ХIаъ, баланаш, бала ма бу хIума зуьйш берг, хIуманан мах хадориг а. Бала ца хилча, ма хинбара дуьненан синкъерамаш, ненах екха дин-бекъа санна, Iаьнан чам а ца бевзаш.

Марша богIийла, бала, хьо, хьуо лан де доллуче, дог мукъамах тийжачу, юха Iаьршашка гIуьттучу, бехк буьллу-х даций хьан, хIусамда воьхна а гина…

Ма хийлазза Iийна-кх вай цу дуьхьал оти чохь, кхо ког болчу жIайн гIантахь, мерзах байн пIелг а туьйсуш, вешин метта дин лоьруш, нускалан метта – ойла, ког биллал лаьттан цинц тешаме а боцуш, буьйсанах накъост хилча, Iуьйренах – кIело, гила-берзан йорт идош кху декъазчу махкахь.

ДагадогIий, бала, хьуна паччахьан Iедал, хьалха хьун ва хьаькхча, тIаьхьа некъ балош, кхачаделлачу тхан ялтех сийна цIераш йохкуш, хIара акха Нохчийчоь кIайн йийсар дина, дуьрстано алаша санна, караяло гIиртина?

Вай-м хIетахь а цхьаьна дарий, ва букара бала, дин хьаддал боцчу махкахь бIешеран «той» хIоттийна, юкъ маьршачу хьаьжочо а инарлех шишша а вуьйш, цкъа мацах Дадин-Юрт цIарах ахь морцуш а.

Вай стешха-м ца гира хьуна цул тIаьхьа а, саьхьара бала, ГIум-Азин аренаш юьхьара а  лаьцна, цу некъан бохалла декъий дIа а Iеттош, мацаллина чоь къуьйлуш, болх Далла тIе а товжийна, цхьана йоьхначу бIаьста оха кхечу махка ког ловзуш а?

Маржа бала яI-кх, бала, хьо, ца кхойкхуш веъна хьаша, ворхIе а дайн зIе хуьйцуш, тхан некъийн «накъост» а хилла, малхо тхи худу зама а тхуна маьрша ца юьтуш, ма хьалха-тIаьхьа бели-кх хьо, ма ула-кара хьаьвзи, кхин тIаьхьара ца болуш, тхоьца Махьшара хIотта санна. Ма мостагIа хили-кх хьох, тешамна дуй а биъна, хIума хьулда къайле йоцуш, дагарадийца – дог а.

Наха-м беза буьйцура хьо, «коьртера бала» ва бохуш, хьо кхоллам болчу тхуна-м «мерза» езар хили хьох, нускал а хилла, цкъа а кирхьа хьайн юьхьа тIе а ца лоцуш.

Амма, бакъду, цхьана дийнахь-м, кху мехкан нус а хилла, мотт кхаба хьо хIоьттича, вай гатте-м хьовзор хьо: «ДагадогIий, мелIун, хьуна, оцу бIешеран цу гурахь, айхьа мекара каеттар дилхачу дегIах?» – бохуш.

Оцу дийнахь-м, сутара бала, бухдIашхула къежаш, нускалан кеп лелош, корта лестор бай ахь-м, хьуо хьоме буйла хууш, бIаьцанашца дацаре а деш.

Гаур яI, хьо, гаур, хьуо эшча-м кIеза хуьлу, бала, тахана ма эвхьаза хьийза, карзахе каетташ, муьжгичун Iеса васт хьайн юьхьа тIе а озийна.

Хьан белара Дажалан бос, бустамаш къонахийн а долуш, тIаккха-м цхьа бух а барий, куьйге дахча, дов дицдан.

Хьоьца хIун яхь юьйцур ю, дешан да а мичахь ву, мичахь бу ахь тIамца нийса баьккхина толам а?

Цхьанна дуьхьал итт воьдуш, иттамма бIе вожош, гила-барзана тIе чагIалкхаш санна, шу дукха хиларо йиш йохий-кх, муьжгийн бала, цхьамма цхьайтта шун хIаллакварх шу кхача цадаларо.

ХIетте а дог ма ца деша, шу оццул дукха доллушехь, шун цIарах боьссина бала бIешершка бахбелча а.

Кху дагна хIун де оха, хьох даша ца туьгучу, кхолха гуо ахь лацарх там хуьлучу дагна!

Кху гIалина хьо тIе а летта (тхан цхьаьнца бIе нислуш), гIала хьан караяхча, тхо доьхна ма дисира, къинхетам а бина, ахь гIала ца отуш йитахь (къинхетамо лерам кхуллу), цкъа а бекхам гур бац-кх кху Нохчийчоьнна аьлла.

Юха гIалин меженаш ерриш ахь вовшахъяьхна, аьхьна, аьтта, хIаллакйина тхайн бIаьрго схьалаьцча, тхуна боккха кхаъ хилира ахь хIоттийначу «ловзарх»: тхан бIаьргашна къизалла гира – оьзда доцу адамаш меца-мекара даьжна лараш.

Хьуьжарш йолчу хIиттира тхо – уьш хиллачу кхечира; тхайн мехкан иэс-бух ган – уьш а лаьттинчу метте; больницаш, гIишлонаш – кIуьрах дуьзна, тхов боцуш, ахкегделла хьуьйсу пенаш, инарлаша мотт хьакхаза ца дисина цхьа цIа а.

ГIала ахь (карсах лаьхьа тарбеллачо меттавеъча муш санна), хьайн кIезга са Iабош, бекхамца дIашарйинера, гIаличохь хилла бахам (буьсучух цIе тосуш) берриг а цIенна, цхьадика, куьг хьаьккхина дIа а хьош.

Шен «толамца» эшна йолчу Кремлан салтий бен, воьлуш стаг а вацара, бала, цу къаьхьа-хазчу дийнахь.

Тхан дегнашка даккхийдер хьаьдира тIаккха, кху Россин пачхьалкхах диъ, бархI, я берхIитта дакъа хила йоккха хан ца йисина боху аз тхайн лере кхаьчча санна.

Тхуна дуьхьал хIоьттира Шихуанди – Цинь орамах ваьлла Хьалхара Император – ша тоьлча (шел хьалха мел хиллачеран массо а жайна дагош), Китайна гонаха – хенан ницкъ а бицбина – тIулган пен боьттина волу.

Чингисхан а гира тхуна, нехан кортойх ламанаш дуттуш, дуьне дIалоцучохь, шен долчух ваьлла, каш а доцуш вайна волу.

Ахдуьненан да хуьлуш, бетонан Iуьргахь шен Iожалла ша-шен эцна Адольф Гитлер а.

Массо а дин хIаллакдеш, Делан некъ бихкина, СССР цIе йолу жоьжахатин не1 а къевлла (тахана а лаьтто тIеэцаза, жIаьлех леташ, садаьлла) шун корта копар волу Ульянов-Ленин а.

Тхуна тIаккха хиира, бала:

Къинхетамо ларам бохьийла,

ГIелоно бен ца кхуллий ницкъ,

Харцо шен цхьана коьртах йоьдий,

Ткъа къизалла – марша яриг, – цуьнца богIу бекхам.

Къизалла ю нисбеш ерг къиза волчунна эшам а.

Ельцин тхуна тIаьххьара го шен боькъучу махкаца.

Пачхьалкхаш барх1 хIуьтту тхуна Россин карта дIасаийзош.

Цу дийнналц (хIун бен ду и мацца кхаьчча а) дала ма лолда, бала, тхо, хьох цкъа кIайн нускал данза, Маршо аьлла, цIе хуьйцуш, хьо экама хьастталц цкъа…

ТIаккха-м, цхьа ловзар а дина, той кхолучу стоьлашца…

…Цу дийне а стенна хьоьжу хIета, тешам вайн дийна хилча… ДIасахьакхал и нехаш, ког шаршшол меттиг боккхуш; хуьтах кескаш яха санна, озабел, йоI, пондар; вотанча, ахь дайн куьг тухуш, хелхаран вота ялаехьа, кху херцаршна юккъехь цхьа куро бохь богIа вай:

 

ХIоррос-тоъ,

ХIорс-вай!

Вай кIентий деций!

КIенташна бийца

КIентийн дай беций!

 

ХIай-хIай, иштта тов! Пондарча яккха, пондарча…

ЛагI ма е деган кеп, йоIана хьовза меттиг а бита.

Куьг-куьг!

Куьг ларде хьакхадаларх, йоI-м экама пхьегIа яй, цхьа иэхьан уьйриг, хIай!

ЙоI йоцург дуьне а дац,

Цуьнца боцург – тIом а.

 

1995 шо, июль – 1996 шо, август.

 

 

 

Паччахь

 

Шен дахаран ткъе кхойтталгIачу шарахь цхьана паччахьо (къам а, мохк а маьIне дац), дуьххьара ша безамах кхиийна йолу хIусамнана кхелхича – ахшо доккху цу шимма цхьаьна, – кху тайпа сацам бо:

«Ас куьйгалла дечу пачхьалкхехь дуьне толлу карта а, шой, кIирий, бутт къаьста хенаго а, адамийн сибаташ гойту суьрташ а, цхьа а тайпа куьзга а ма хуьлийла», – олий.

Цунна шен хилла болу я хIинца а болуш хета безам азаллехь бахбан лаьа, хан а, дуьне а, Iожалла а йоцуш санна.

Дуккха а шераш довлу дIа (цо ца лору – маса бIаьсте) адамийн юьхь паччахьна я цуьнан юьхь вукхарна ганза – паччахьо дихкина хуьлу, юьхь ерзина шена гайтар: цунна цхьа юьхь юьсийла лаьа шен кхетамехь даима, дагалецамашка дирзинчу дерригчу дахарехь а – шен хиллачу, болчу, гуттар а хир а болчу цхьана безаман юьхь.

Цкъа цхьа хьадалча, ша деллачу хаттарна жоп луш, вистхилча (цунна озах бевза шен лаьш а, ша бахаман дай бинарш а), паччахьна шен бералла дуьхьал хIутту, бIаьра хьалхахь лаьтташ санна.

«Юьхь гайтал, хIай сан лай!» – омра до паччахьо.

Важа, бертал а кхеташ, воьлху: цунна ца хаьа, ша хIунда воь я шегара хIун даьлла а.

«Хьан озо жималле йиги-кх сан ойла, юьхь гайтахьа», – олу паччахьо кхин цкъа а.

Вийначуьра денвича санна, кхоанна цхьа а барам боцуш, бIаьрхишна юккъехула юьхь йосту лаьно.

Паччахьна цхьа бер хаало, пхийтта-ялхийтта шарера, юха чIогIа тера а хета жимчохь шеца левзинчу бежаIуьнан кIантах.

«Хьо иза вуй?» – хотту паччахьо. Вукхо, ахь цIе яьккхинарг, шен денда вара, олу.

Исс де долу паччахьо цхьа а стаг шена тIе ца вуьтуш.

ИтталгIачу Iуьйранна шена чухьажа куьзга доьху цо.

Цунна ца вевза шена гушверг: иза дукха къена воккха стаг хуьлу, маймалан сибатехь, хебаршка ихна юьхь а йолуш, хишца тIуьна бIаьргаш цIарула цIен а къаьсташ, верриг къежвелла, пIелг санна юткъа ворта а гуш.

Цо ша лоьху хIетахьлера (зуда ялале хилла волу), куралла эккха гIертачу дагца, синкъерамах вуьззинна, чкъург санна йолчу месийн цхьа кIайн чо а хаабалаза.

Паччахь чуьра араволу, юьхь къайла а йохуш.

ТIаккха, арахь, юьхь мукъайоккху, гонаха дIаса бIаьрг тоха.

Юха дIаоь массаьрца а, уьш берриг а хуьлий.

ХIолламаш хуьлу хIора маьIIехь, дечигех бина, тIулгех, цхьаццанхьа – йоьзах, кхечухьа – детих а къаьста.

ХIолламаш кхунна боьгIна хуьлу (кхунний, кхуьнан зудчунний), безам буьйцуш, хестош, безамах Дела веш, адамийн, хьайбанийн, дийнатийн – бен а боцуш, цхьа безам, цхьа шовкъ, цхьа маьттаза баьлла кхетам я кхетам боцу эхь.

Паччахь тIаккха мохь хьекха волу: «Бакъ дац шуна, бакъ дац, дахарна дуьхьал дерг дерриге а харц ду! Адамаша кхолла хIума ца дисина… раж хуьйцург тилла ву. Со ву шун паччахь, и тIулгаш, дечигаш дац… со кхетта, суна маьIна…».

Наха цунна гуо бо.

Шена дуьххьара гIорза кхетча, ша вуьйш вуйла хаьа паччахьна.

Паччахь цхьана хIумнах-м кхета, стенах кхетта ала ца кхуьу – хьеречу пхьоьхано садаьлча а тIеетта цунна.

 

1997 шо, сентябрь.

 

 

...Сан деган мохь хаьдда мерз...

 

   Суна-х доло-кх х1ара чаккхенгара я юьххьера, юккъера ах1ун бен дар-кх мухха хилча а, дахар санна, 1адда дитчахьана, ша хилларгма-хиллара, схьа ма-гарра охьа яз а деш (цхьана кхечара цхьаъ лелорахпох1ма долчара, хуучара), ас дийцар муха кхуллур-кх кескашца болчу дегалазамех, оццула къаьхьа кхуллу дийцар, буьйсанашкахь, беттанашца, вала вижжал хала деш долу................................................

   ...ас х1ун дора-кх цу дийцарех, хиндоцург-долуш санна, кху дахарал толо г1ерташ, ца нислуш, къаьхьа вужуш, сел дукха ас яздеш долчу, цхьана ирсана, зовкхана бохуш, цхьа дахар хаздан санна, цхьаъ мукъна а нис а ца луш.......................................

    ...хьох а кхин цхьа дийцар х1унда, цу дахарх дог а диллина (х1етахь долчу цу дахарх), со 1индаг1ан кхечу аг1онцасо б1останехьа дехьаваьлча, ца яшшала кура хиллачу, ца еззала генарчу хьох х1унда доладо-кх х1ара дийцар, дийцина со вер а ца хилча, цунах цхьа маь1на я сайхцхьа къайле йовззалц вайх............................

   ...суна-х, эх1! суна-х х1ара дийцадала-кх чаккхенгара, юьхь а йитина, я юьххьера, чаккхе а йоцуш, х1инца иштта дийца мегаш долу х1ара, шерашкахь сан 1аь1нарг, ца 1аь1ча санна, хеца а луш, бехк сан а болуш, берриг а бехк...

 

   «Хьо иштта ган ехийла-кх, х1ара суьйре кхин цкъа а ган!»со т1аьххьара д1аоьхур-кх, дуьххьара кхин юха ца верза; со юха а ца воьрзура, уллора ган, геннара бен: хьо геннара тоьар-кх суна, геннара цкъа ган хилчхьана.

   Сох буьйлура. ..        

   Со а воьлура. Со суо сайна воьлура т1аккха, цкъа мацца а суо вовзийта, х1етахь-х1инца изза ву ала, хьо йоьлуш – сайх вийлинарг, цхьана денца цхьаьна доьлур-кх, бохуш, мацца а цкъа вовшийн гича: «Дагадог1ий?»хоттуш хьоьга.......................................

    ...ховха, экама, 1индаг1 санна, бошхепахь кхиийча санна, стиглара охьайоьссича санна, ког ловзардозалла долуш, кху лаьттана ден дозалла, дуьне хьайна декхарла дуьгуш, ца яшшалакура хилла йолу, ца еззаласох хьирчина, зудаберийн ж1уганашца, гу буьххьехь зезаг санна: «Х1урла1ан йо1 йог1у», – бохуш, шабаршца т1аьхьа синош дешаш, хьоьга тийсинчу синан синош, анайистанасинг1айг1а санна, диттан патаршнаузар санна, геннахь гучу малхбузарна цхьалха ойла санна, хьох йолу ойла...................................

...д1аоьхура, д1айоьдура, 1ат1аран архь яйн йижош, х1урда т1ехула хинкема санна, х1аваах шершаш санна, ша цхьаъ бенхьуо цхьаъ беннанас кхин ца йича санна, хенан гаъ к1аьгнашка уьдуш, кучан бисттулг1ешка, пистиго хин т1иэ санна, я1ч1ажаро1 шенчирг санна, пхьаьрсан куьйга х1аваъ тоьгуш, ког хьакхалуш, ца хьакхалуш, доьдучу хица акха бад санна, лаьтта т1ехула йоцуш санна, хьо геннахь – хьо д1аяйча, хьо жимлуш, кхачаелча, бовчу чиркхан серло санна, б1арлаг1ах хьо лацаелча, дуьне акха ма доьрзура, гуобаьккхина паналла бен, анайист бен, орца а доцуш..............................................

...юха хьо гича, геннара гичахьо геннара тоьар-кх суна, геннахь цкъа ган хилчхьана, иштта схьаган х1оразза а, х1оразза а эзарза кхета, хазалле кхача хазаллайоь1ан хазалла бен йоций, к1ентан б1аьрго кхуллуш йолу; сан даг т1ера – курра г1оттуш, попан гаьн т1ера к1айн куьйра санна, синг1айг1ан некъашкахуласан ойланашца хьо д1аяхча, хьо хиларх воккхавера-кх, хазаллехь – хазалла ган, сайн ца хила йоьг1начу хьан, хинйолчун ирсах хьага: «Ва-а декъала хила-кх хьо, хьо яха-кх декъала!» – баха, дийнахь цкъа хьо схьаган, кхин цкъа а хьох са ца 1аба, хьо юй хаа, суо а вуй, юха вайшинца – Нохчийчоь а, хелхаран гуо ч1агарехь санна, лаьмнаша гуо  хьовзийна 1уьллу, деган аьрха Нохчийчоь, букътухийла – Къилба а долуш, когхецийла –Къилбаседе, хьан дег1ан к1айн сурт санна, сан некхехь гуттар а лезна......................................................

  …т1аккха, цул т1аьхьа, цул т1аьхьа юха, т1еман к1омсарша, акхароша санна, йо1-б1аьргал эвхье йолчу Нохчийчоьн дег1 цестича, гу лекхачу лам буьхьехь (дог1а доьлхучу дахкаречу буса) барзо жа къахкийча, наношна 1оьху 1ахарий санна, шун маьхьарий – тхан хьомсарш, – шун маьхьарий тхоьга кхайкхича, шу лардан оха х1ун дир-кх, мичахь яра тхан куралла, орцана хьада аре а йоцуш, я ч1аг1о а – букъ г1орто..........................

   ...говран берго хьаьшначу  барз-т1уьйлигах зингат санна,   тхо д1асаида ма девлира, шу мостаг1ашна охьа а кхуьйсуш, тхайн синош а, дог1маш а цхьаьна, тхайн даржаш а, бахамаш а эцна, геннара ечу курачу кхийсаршца, буй лесторца, хан ехкарца, кхечу мехкашка, пачхьалкхашка, б1аьрзе гуо б1агорна санна, кайоьхна аш гуо туьйсучохь, дерриг а шуна охьа а кхуссуш: шу а, тхаьш а, х1ара Нохчийчоь а герз карарчу мостаг1чунна, дохкуна3 дийна зуд-борз санна, ч1ир йоцу къера ч1ир кхайкхо, шу шаьшлахь цхьалха а дуьтуш.......................................

...вуьйриг – вуьйш, водург – водуш, т1аьхьа виснарг – маттах вухкуш, ц1аро яьжна хаьштиг санна, Нохчийчоь т1амо аьхьча, тхо вовшех ма хьаьрчира, эшна ж1аьлеш ма-хьарччара, вовшашлахь мостаг1 лохуш, мостаг1чун хилла «мостаг1», ардангашка, тобанашка, тайпанашка декъа а делла (дехье – хьан, сехье – сан),  тхаьш доькъург къола долуш санна, тхайн мостаг1ех вежарий а бина, кху махках «хьена» х1онс еш, раз-пурах дозанаш детташ, инарлин даржаш а эцна, пурстоьпийн бахамаш а болуш, ши-кхо б1е да ваьхначохь, цхьанна ваха гатте а йолуш, цхьаццанна т1аьхьа эзар а волуш, эзармо кхин цулла вуьйш, юха цара – тхан мостаг1аша, оха доттаг1ий бинчара – тхо хастамна хаста а деш, мидал а луш, дарж а кховдош, Маскохахь я Ростох дийнна урамашца каппаш а оьцуш, «Метелица», я «Корона», я «Арбат»  казиношка б1е эзаршца долларш а кхуьйсуш................................................

...соьга-х, эх1! соьга-х х1ара дийцадала-кх цхьаь цхьаллехь, стаг а воцчохь, цхьана кхечунна хазарна кхоьруш, я гарна кхоьруш, хаадаларна, ерриг а г1айг1а сих хьарчош – хьох йолу г1айг1а! – сайн цхьана сих, гуьйренан хатт-ткъаршлахь, базархошца базар къуьйсуш: «Пиряшкаш хьанна еза?» – бохуш, кхойкхучу хьох сан б1аьрг

кхетча ...................... ца яшшала кура хиллачу, ца еззала генарчу хьох, ховха, экама, 1индаг1 санна, бошхепахь кхиийча санна, ша цхьаъ бен – хьуо цхьаъ бен, нанас кхин ца йича санна...................

...муха дийца-кх сайн воккхавер, хьо хиларх воккхавер сайн, тахана сел бала хилла долу, хьо иштта гича, иштта г1ийла-беркъа, овкъар бос болчу месашца, къоьжа гиччошца, т1елхигашца, уьншарлера мачаш а йолуш, дукха йиттарна беса яьллачу, бос боцучу кучан бахьанца: «Пиряшкаш хьанна еза?» – бохуш, мохь бетташ, кхойкхуш, х1ораннан а мера к1ела оьхуш, эцахьара, бохуш, б1аьра хьоьжуш, кху т1еман къеллехула, кху къематехь, къаьхьаллехь, дог1анехула, кху хаттахь, кху   герзашна юккъехула, базархошца базар къуьйсуш, цаьрца лахъелла, царел а г1ийла.........

...ховха, экама, 1индаг1 санна, стиглара охьайоьссича санна, когловзар-дозалла долуш, кху лаьттана ден дозалла, хьайн лорах синош дешаш, хьоьга тийсинчу синан синош, анайистана – синг1айг1а санна, диттан патаршна узар санна, хьайн дег1ан к1айчу суьртаца, сан некхехь накха лазийна... хьо иштта гича, иштта г1елъелла, куралла хьаьшна, хазалла яйна: «Ва-а декъала хила-кх хьо!» – хийлазза со т1аьхьа хьежна йолу, сайн ца хила йоьг1начу хьан, хинйолчун ирсах хьогуш... хьо ларъян ас х1ун дир-кх! Х1ун дир-кх оха шу лардан! Х1ара Нана-Нохчийчоь шайн боларехь техкийна шу, б1аьргаш чохь малх белош, бутт лечкъош некхехь шайн...............................

...тхо   девдда   д1аса    ма   дахара,    шу мостаг1ашна охьа а кхуьйсуш, б1аьрзе гуо б1агорна  санна, кайоьхна аш орца доьхучохь, дерриг а шуна т1аьхьа а дуьтуш: шу а, тхаьш а, х1ара Нохчийчоь а. Тхо вовшех ма хьаьрчира, эшна ж1аьлеш ма-хьарччара, тхайн мостаг1ийн доттаг1ий а хилла, вовшашлахь мостаг1 лохуш, кху махках хьена х1онс а йина, тхаьш къола декъа гулделча санна..........................................

.. .хьан куралла лозу-кх сан, тхох тешна хилла куралла хьан, шу ларо тхо нах а доцуш, г1елонца ахь хийцина йолу, цкъа маццах – сан даг т1ера, попан гаьн т1ера к1айн куьйра санна, т1ам баржжош ахь хьийзийна, хьан деган горга куралла......................................................

...соьга-х, эх1, соьга-х х1ара дийцадала-кх цкъа а цхьанне а ца хезачохь, я юьххьера, юкъ а йитина, чаккхе ян а йоцуш санна, х1инца иштта дийца мегна долу х1ара, шерашкахь сан 1аь1нарг, ца 1аь1ча санна, хеца а луш, берриг а бехк сан а болуш,    сан    цхьаннан,    кхин    цхьанна а...................

...хьо ларъян ца хилла волу, хьан  саг1ийна лолда-кх со, сан хьомсар, бобер сан, сан деган мохь хаьдда мерз.......................................

 

                                                                                                   1996-2005 шш.

 

 

Сан вешин т1ехьийза йо1

 

– Хизир, нана яла хьан, и йо1 ма ца го суна... зудаберашца... иза... иза стенга яхана, 1арбин т1ехьийза йо1,.. – схьа а ца хьожуш хотту, цхьаьнга луьйш санна а ша-шега.

Нана ц1ийнан маь11ехь лаьтта, ши б1аьрг а бу горгбина, генна новкъа д1а а хьоьжуш, зудаберийн аьзнашна т1аьхьа я цхьанхьа – анайисте.

Ненан куьйгаш демах дуьзна го, йовлакх а ду т1ехьа дихкина, хьаьжт1ехула, чухта санна.

Со ишколера вог1у, белшах т1оьрмиг а оьллина.

Суна нана геннара го, суо цунна а гале.

Бод хьакхош 1ачуьра... аьзнаш а хезна... иза яц-те аьлла, – нана дитташка хьалахьожу. – Заза дала г1ерта-кх вайна... б1аьсте, – д1айоьрзу, д1айолало.

– Иза...– иза д1аяхна, нана, кху юьртара... деша яхна .. иза кхузахь яц, – олу ас. Сихха олу.

– Яц боху ахь... д1аяхна, – нанас корта схьаберзабо.

Т1аьхьахьожу зудаберашна, ишколера дог1учу.

Дуккха а хьоьжу, ехха. Ши б1аьрг цхьанаметта соцу.

– Х1аъ, д1аяхна... яло, чу доьду вайша, – со нанна уллохула т1ехволу, шек а воцуш санна.

Ас суо ца кхета кеп лелайо, сайна цхьа бен а доцуш санна, Кемса гича а, ца гича а.

 

Зудабераш дуьйлу, соьцу, д1адуьйлало.

Кучамаш тайп-тайпана, фартукаш, ч1абанаш. К1айн-к1айн пазаташ.

Юха а соьцу д1огахь, боккхачу хьоча к1елахь. Заза лехьадо, охьаэгна хьечийн заза, настарийн голаш цхьана аг1ор а ерзош, охьа а таь1ий.

Хьаьж т1ера месаш т1ехьа кхуьйсу, корта ласторца.

Цергаш го, к1айн яххьаш; дийлало т1аккха, бокъех терса, аьзнаш хиэда, атало аьзнаш, полларчий ловзуш санна, дуккха а цхьаьна полларчий.

– Нана яла хьан, хьан Даймохк ма генахь хилла хилла-кх... хьан Даймохк, – нанас боху. Хьаьнга?

Чу еъча боху, бод хьакхо охьахууш.

– Нана, хьо хьаьнга,.. – со вистхила вуллушехь соцу, кхид1а вист а ца хилалуш. Айса пенах д1алатийна б1аьстенан де го суна, 1арби ц1ера д1авахна де.

Со водий, араволу чуьра.

Со раг1у т1ехьа волу.

Б1аьсте, заза, урамера к1айн ц1енош, к1айн дуьне, цхьа 1аьржа а... Ваша арме... кху дийнахь... баьшна корта, хурашка, белшах кхозу т1оьрмиг...

«1аби, 1аби, соьга кехат... яздийр дуй ахь... суна сурт, хьайн сурт доуьйтур... 1аби, дуй ахь, т1ехь хорма а йолуш, мидалшца, ах1?»

«Дера дуй, х1аъ, велха ма велха, хьо х1унда воьлху...»

«Со-м вац воьлхуш...»

 

«Иза х1инца кхузахула х1унда ца оьху, х1унда ца оьху кхузахула, кху новкъахула, шен новкъа», – деттало ц1ийца, ов деттарца, дегабаамца даг чу дуьжуш, лазамца сан легашкахь, ца хецалуш, 1аь1аш, эккха г1ертарца, эккхаш.

Иза хецало. Хецало, деса къурдашца сацадо.

Мархаш а яц стиглахь гуш, кху стиглара мархаш стенга... стигал ц1ена, оццул ц1ена, иштта ц1ена х1унда ю-кх стигал...

 

Буьйса. Беттаса. Кора хьалхахь 1ожан га.

Тхойша цхьаьна чохь – сой, 1абий, ул-уллехь вижина 1уьллуш. Иза кора хьалхахь, кора хьалхарчу маьнги т1ехь. Со – аьтту аг1ор, цуьнга леррина д1а а хьоьжуш.

Цо доь1у са, синош, кхана арме д1авоьдуш...

Корехь гун беттаса, 1абин метта т1ехула, ц1енкъа юккъе охьакхеташ; 1ожан га а иштта сирла, заза дато долуш санна.

Вист а ца хуьлу, соьга вист а.

Цо дуьйцур ма ду соьга, со иштта жима воллушехь... цунна хаа ма хаьа, суна дерриг а хаьийла... Суна и шиъ ган ма гира, цкъа а ма гира, кхузза а... Иза х1инца кхана, сахилча, иза арме воьдуш ма ву...

– Хизир, наб-м ца кхетта хьуна... са ма гатделахь, дика дуй?

– Ах1? Ца кхетта суна-м... дац... гатдийр дац аса-м, – со сихха метта хьалахуу, т1ера юрг1а д1а а кхуссуш.

Со цуьнгахьа д1ахьожу, цо бохург т1екхетта, шинна а куьйга схьалаца санна, х1ора а дош, х1ора а...

Иза вист а ца хуьлу.

 

Суна цуьнан б1аьргаш го, беттасин серлонехь нийсса ирах хьежош болу. Ши куьг коьрта к1елахь ду, г1одаюккъец – юрг1а.

«Кхин х1умма а х1унда... х1унда ца олу... иза х1унда ца... Кемса, уьссалг1ачу классера Кемса...»

– Хизир...

– Х1а-а!

Соцунг1а.

Сан са лоцу. Со хьоьжу. Сан ши б1аьрг лацало. Къурд бо беса, цкъа а, шозза а, дукхазза а.

– Цигахула хьажалахь, дика дуй?

– Х1аъ, ду, дика ду! Со хьожур... 1аби, со хьожур ву хьуна,.. – соьга ц1е ца яккхало, суна эхь хета цуьнан ц1е яккха, соьга Кемса ца алало... цо Кемса ма юьйцу, ша цуьнан ц1е а ца йоккхуш.

– Цунна хьо вевза хьуна... ас цуьнга хьо вийцина хьуна...

– Дика ду! Ас цуьнга цхьа а, 1аби, цхьа а вистхуьлуьйтур вац хьуна ас...

– Х1ан-х1а, иштта ца оьшу, х1умма а ма дац вистхилча... вуьшта, наггахь хьажал хьо. Хьуна хазахетий иза, Хизир?

– Ах1?

– Хьуна хазахетий иза?

– Суний,.. – со вист ца хилало, суна эхь хета иза ала. Иза ишколехь уггар а хаза ма ю. Иза массарна а еза ма еза, массо а берана, сан классерчарна а т1ехь, пхоьалг1ачу классехь бен доццушехь.

Цуьнан цхьа баьццара юбка ма ю, г1одаюккъехь доьхка а долуш. Иштта коч а ю, цу басахь, иштта доьхка а долуш. Иза гуттар а йоьлуш ма хуьлу, урокера арадевлча.

Юха елаелча, ши б1аьрг жим ма ло, хиш къегаш санна. Т1аккха к1аьгнаш ма х1уьтту беснеш т1е. Уьш тамашийна ма хуьлу, и к1аьгнаш, цхьа горга а долуш, ал гуо а къаьсташ. Цуьнан х1умнаш а ма хуьлу хаза, тайп-тайпана х1умнаш, ерриш а цхьа яйн а йолуш: к1айн, сийний, баьццарий...

Суна 1ин чохь ма гира 1абий, изий, ишколера ц1а вог1уш. И шиъ хина дехьий-сехьий лаьттара.

Хи юккъехула охьадог1ура.

Хино к1айн заза кхоьхьура, акказийн к1айн заза.

Акказеш ма ю 1ин чохь, хин бердашца лаьтташ.

Церан заза хи чу оьгу. Сийна бай а го д1ахьаьжча.

Кемсас т1оьрмиг шина куьйга схьалаьцнера, ши ност къайлайоккхуш санна. Кемса д1асалестара, 1абига а хьоьжуш. Иза йоьлура, йист а ца хуьлуш.

Йовлакхан т1ам т1оьрмиг чуьра гуш бара.

Кемса хи чу хьоьжура.

Хино заза кхоьхьура.

Хи чохь кегий ч1ерий дара; Кемсас, цхьа куьг мукъа а доккхий, хи чу п1елг а хьажабора.

Юха т1оьрмиг схьалоцура. Кемса сих-сиха 1абига хьожура. 1аби гуттар а хьоьжура цуьнга.   

 Со 1абина д1агира.    

Кемсина а гира со.          

 Со ведда д1авахара.

– Хаза ца хета хьуна иза, ва Хизир? – 1аби схьавоьрзу. Суна иза воьлуш го, иштта цхьа шена воьлуш, со хьийзо г1ерташ санна.

– Вист х1унда ца хуьлу хьо?

–Х1аъ...

– Х1ун «х1аъ»?

– Х1аъ, хета...

1аби юха а велало. Дуккха а воьлу.

– Дика дешалахь, – олу т1аккха, – хьо актер хила везаш ма ву, вуй?

–Ву...

– Нанина г1о делахь, дуьхьал а ца луьйш. Хи а далахь... Нанна хи дарах эхь дац хьуна, чохь горгам а хьакхалахь…

– Дика ду... ас дерриг а, 1аби, массо а х1ума дийр ду хьуна... Ахь соьга кехат яздийр дуй...

– Х1аъ, яздийр ду.

– ...ахь цуьнга а, 1аби, цуьнга а дуй ахь...

– Ду, цуьнга а яздийр ду... д1авижа х1инца, д1авижа хьайна, – иза юха а, тохара санна, куьйгаш коьрта к1ел а дохкуш, тхевне хьоьжу, нийсса ирах.

Беттаса х1инца пена т1ехь ду, ц1енкъара хьала лакха а даьлла.

Беттаса кора юккъехь ду, т1ехь 1аш хета к1ант а гуш. Суна иза жима к1ант хета, суо санна, жима а волуш, стигалхула иштта лелаш, седарчашца, мархашца, юха, цул т1аьхьа, сахилча, цхьанхьа вижа д1а а воьдуш, т1аккха кхано, буьйсанна, баттаца схьа сама а вуьйлуш.

 

Со нанас меттахъхьавира. Ц1енкъа юккъехь т1оьрмиг бара, хиъна 1аш 1аби а волуш. Со 1абина т1екхийтира.

– Вадал, юьхь-куьг а дилий, схьавоьл, цхьаьна х1ума юу вайшимма...

Охашимма цхьаьна х1ума йиира, дуьхь-дуьхьал охьа а хиъна.

1аби суна велалора.

Нана йист а ца хуьлура.

Иза цхьанхьа д1ахьоьжура, д1ахьаьжжинчохь йиц а луш. Юха доккха садоккхура.

– Делий, Делан Элчий, устаз – кхоъ накьост ву-кх хьоьца, – элира нанас, тхо арадовлуш.

– Къобалвеш схьаийци, – 1абис со маравоьллира. Со вилхира.

Юха 1аби ахтобус т1е хууш а вилхира со.

Цигахь дуккха а нах бара, шайн бераш новкъа дохуш. Эвлаюккъехь дара иза, ишкол а гуш, туька а.

Суна Кемса гира.

1абига хьаьжча гира суна иза, цуьнан хьажарца д1авирзича.

Иза кертал чоьхьа яра, ишколан кертал чоьхьа, дуккха а зудабераш а долуш.

 

Суна цул т1аьхьа сих-сиха г1енах гуора ахтобус, 1аби д1авоьдуш а воцуш, тхойша цхьаьна цигахь лаьтташ.

Ахтобус еса хуьлура, чохь шопар а ца гуш; т1ехууш стаг а вацара я т1ера охьаволуш а.

1адда лаьттар-кх ахтобус, нахана гуш йоцуш санна.

Т1аккха 1аби т1ехуура, соьга геннара схьа а хьожий.

Со вист а ца хилалора.

Ахтобус д1айоьдура, хьаьвзаш гуш чкъург а йоцуш, цхьа лаьтташ санна хеташ, цхьа айелла йоьдуш санна. Чохь шопар а ца хуьлура.

 

Суна Кемса гуора ишколехь.

Кемса суна елалора.

Суна урок сихха чекх а яьлла, Кемсига хьежа лаьара.

Со даим а цуьнга хьоьжура.

Зудабераш дийлалора т1аккха, Кемсига: «Хьажахьа?!» – со волчухьа п1елг а хьежош.

«Витал к1ант!» – олура Кемсас.

Кемса суна елалора. Со водий, къайлаволура, урок юха чекхъяллалц.

Ас нене д1адуьйцура.

Нана йоьлура: «Стаг ву-кх хьо, стаг!» – олий, со мара а вуллуш.

 

Дуьххьара кехат цхьа бутт баьлча деара 1абигара, Узбекистанехь ду шаьш, аьлла.

– Ма йовха меттиг ю-кх иза, – элира нанас, – ма хала а хир ду-кх цунна.

Шолг1а деъна кехат т1ехь адрес доцуш дара, цхьа дуккха а терахьаш бен; т1едиттина мух1арш-м дара, «полевая почта» аьлла, ши дош а долуш яздина.

Ас доьшучу кехат т1ехь, «Афганистан» дош хезча, нана ц1еххьана кхоссаелира, б1аьргех охьа хиш а хьолхуш.

Буйнара сурт а дуьйжира охьа, танки т1ехь даьккхина долу.

1абин коьртахь шляпа яра, к1адех йича санна а йолуш.

Цуьнца дуккха а салтий а бара.

Суна сурт хазахетара.

Со сурт а эцна, ведира, массаьрга а д1агайта – йоккха танк яра цу т1ехь, буьххьехь 1аш 1аби а волуш. Куьпара бераш цецдуьйлура: «Схьагайтахьа, гайтахьа!» – бохуш.

Суна суо цхьа воккха хетара, 1аби санна, воккха.

Со ч1ог1а кура а вара, сайн вешех кура.

 

Аьхке чекх а яьлла, гурахь ишколе д1адахча, со ялхалг1ачу классехь вара.

К1айн коч яра суна т1ехь, 1аьржа хеча а йолуш.

Суна Кемса ца евзира.

Кемса ч1ог1а йоккха хиллера.

Кемса хаза яра, велххал хаза, цуьнга д1ахьажа эхь хеттал.

Со цуьнан б1аьра ца хьажалора, цхьа догучу, къегачу, геннахь сирла лепачу сийна–1аьржачу ц1оцкъамашлахь, стиглан басахь долчу б1аьргашка.

Со вухура, иза гича.

Со ц1ийлора, латта вуьсура.

Суна цунах къахетара, 1аби а воцуш, ша йисинчу.

– Схьавоьл кхуза, схьавоьл, – Кемсас куьг схьакховдийра, куьйган п1елгаш а лестош, – хьох ма хаза к1ант хилла!

Со меттах а ца велира.

Т1аккха иза ша т1ееара.

Сан кучан кач нисбира, коьртара мас а тоеш.

Сан балдаш детталора, дог детталора сан балдашца, сан хьажар кхоьлинера, ши б1аьрг а кхулуш, дуьне а.

– Суьрташ... суьрташ дуй хьан?

– Ах1?

– Хьажал! – букъ т1ехьара аьтту куьг, цу куьйгахь – 1абин суьрташ.

Уьш кхоъ дара, сайчух дерг а, сан доцчех кхин шиъ долуш, т1ехьа яздина:

«К..., хьуна. 1арби. 1983 шо. Афганистан».

– Ду, – элира ас, сайн доццушехь элира.

 Горгали бийкира.

– Вада х1инца, т1аьхьа ма висалахь урокана...

 

Ас цу буса 1абига кехат яздира, Кемса а юьйцуш, суьрташ а. Сайна а даийта элира ас, цуьнан санна долу ши сурт. «Кемса хаза ю, – яздира ас, – хьо ц1а маца вог1ур ву, ц1а волахьа, 1аби, сихха, Кемса йоккха ма хилла...»

Со цуьнца воьдура ц1а, иза яллалц собар а дой.

Тхан новкъахула лелара иза, тхан кертан уллохула. Зудабераш а хуьлура цуьнца, шайн классера зудабераш.

Ас т1оьрмиг схьабоьхура, сайга бахьийтахьа, олуш.

Сайниг цо д1аоьцура.

Зудабераш дийлалора: «Хизир, хьо воккха хилча, со юьгур юй ахь хьайна, ах1? Юй ахь?» – х1орамма а хетта а хоьттуш.

– Ма хьийзавел иза! – Кемса суна т1ех1уттура, цхьа боккъал а долуш санна, цкъа а ела а ца луш.

Ас нене д1адуьйцура.

Нана хьожура корехула, тхойша цхьаьна хьожура цуьнга корехула, иза т1ехйолуш.

Эца-кх хьо Дала д1а аьлча! Ши ност ма хаза а ю, тпу-тпу, – нанас туй кхуссура, нана йоьлура, йиц а луш, йицъелча санна, саца а луш. Б1аьргаш чу хиш х1уьттура, деладеллачу б1аьргаш чу: «Биъ бутт-м д1абаьллера... Сан к1ант ц1аваллац... йитахьара... наха юьтур ма яц атта... Хаза ма ю, б1аьргхиллал...»

– Д1аяздел, Хизир – иза хаза йо1 ма хилла ч1ог1а, – д1аяздел хьайн вешига кехат... наха юьтур-м хьаха яц... Ц1а вола боху алал ас, и йо1 дешна яьллачу буса ц1ахь хила боху алал цуьнга... Оьшшу кехат доуьйтур ду ала, со елла аьлла даьккхина а...

Охашимма кехат яздира т1аккха, нанас аьл-аьлларг д1а а яздеш, цхьа доккха, деха кехат, тетрадан йиъ аг1о.

Яздина ваьлча, дийшира ас, сайгара а х1умнаш а дуьйцуш.

Нанас кхин а дийцира, керл-керла дош а карош.

 

Кемсина б1араш кхоьхьура ас, хьуьнб1араш.

Хьуьнб1араш мерза хуьлура.

Юха гурахь, г1а дужуш, ц1абалгаш а девлира схьа. Тхан юьртан малхбалехьа, Хилдехьаройн-к1отар олучохь дара уьш, шаьш лардеш хехо а волуш.

Дитташ даккхий дара церан ч1ог1а, нийсса ирах, ткъа а, ткъе итт а метр лекха хир долуш. Лакха буьххьехь, ц1абалгаш кхуьучохь бен, т1евала цхьа а га а дацара. Дитт шера дара, стомма а долуш, ког таса шад а, куьйга схьалаца х1ума а доцуш.

Дитта т1е цхьа а ца валалора.

Оха, бераша, бухара хьала г1ожмаш кхуьссура, ц1абалгаш эго г1ерташ.

Ба1 бужура, горга ба1, юккъехь гуш до1ахан басахь шера ц1абалг а хаалуш. Уьш цхьанна чохь пхи-ялх дара.

Оха пазаташ кхоьхьура цига, зударийн тен пазаташ; пазат чохь ведар гергга ц1абалгаш а гуллора.

Уьш кхехко а мегара, зайли чохь датта а.

Ас буьйсанна, сайца накъост а оьций – суо ваха ца ваьхьара, – Кемсаг1еран кертал чоьхьа кхуссура пазат.

Кемсас, кхехка а дой, ишколе кхоьхьура уьш 1уьйранна, ас деъна шена бохуш, массаьрга а дозалла а деш.

 

Хехо ч1ог1а сийдоцуш вара, гихь кхозуш топ а йолуш.

Цо т1аьхьа говр хохкура.

Тхо жа санна д1ахьовдура, цхьа-цхьацца а волий.

Иза цхьанна т1аьхьа волура т1аккха.

Важа водура, хехо шена т1аьхьакхиа воьлча, пазат охьа а кхуссий.

Оха цунна юха дакъа дора, массеран а ц1абалгаш цхьатерра хир долуш. Юьртара ара а довлале барт бора оха, вада муьлха водур ву хьалххехь къаста а вой.

Уггар а чехка Салахь водура.

Хехо тхуна т1аьхьа ваьлча, Салахь жимма соцура, иза шена т1аьхьа вадийта. Т1аккха цо иза хьуьна юккъе д1авуьгура, тхан юьртана аьтттехьа а йоцчу, Ч1ишка аг1ор йолчу хьуьнха.

Делкъал т1аьхьа (ишколера девлча), малхбузучу хенахь кхочура тхо цига д1а.

Таь1начу чохь д1алевчкъара, шишша-кхоккха цхьаьна а волий.

Хехо, цкъа хьалха говраца гуо а боккхий, моллалла кхайкха х1уттура: «Аллах1у акбар, Ал-ла-х1у акбар», – олуш.

Юха соцура, ла а доьг1уш, тата хезий хьоьжуш санна.

Тхуна шозза иштта тешнабехк бинера цо, тхо ц1абалгашна т1ехьовддушехь, ламаз а дуьтуш, т1аьхьа а ваьлла.

Цул т1аьхьа дуьйна, цо некхе куьйгаш дахккалц 1адда1ара тхо, гучу ца довлуш.

Т1аккха г1ожмаш йолайора, цхьацца дитт схьа а лоций – кхо–йиъ минот хан хуьлура.

Хехочо ж1аьла далийра.

Ж1аьла доккха дара, уьстаг1 санна, кочахь доьхка а долуш.

Цо «Моряк» олура цунах. Морякна кхаа дийнахь, де юкъа ца дулуьйтуш, киснашкахь д1а а даьхьна, т1улгаш диттира оха, ворх1амма вовшах а кхетта, цу балхана д1а а оьхуш.

Ж1аьла тхо гича додура, дена юххера схьа а ца долуш. Хехочо шад еттара, шен ж1аьлина къа а доьхуш.

Ж1аьла т1епаза довра т1аккха, «цкъув-цкъув» деш, ц1ога когаш юккъе а лоций.

Эххар а шеца к1ант кхийлла велира и хехо.

К1ант воккха вара, армера ц1а а веъна.

Цо тхуна еттара, цхьацца схьа а лоцуш.

Иза т1аьхьаваьлча, цхьаьний довда 1емира тхо, цхьа-цхьацца а ца водуш.

Тхо вовшах летара т1аккха, тхо ворхх1е а цу цхьаннах.

Иза х1етте а тхол тулура.

Цхьана дийнахь, к1ант а воцуш, ша веанчу хехочунна хьалхалера х1илла а дина – ламазан х1илла, – дийла а дуьйлуш, ц1а дог1уш дара тхо, кочахь кхозуш пазаташ а йолуш, и к1ант тхуна т1е1оттавелча.

Иза сецира, вист а ца хуьлуш, со волчухьа схьа а хьаьжна. Цуьнан ши б1аьрг ц1ийбелла бара.

Тхо а севцира, лата дагахь.

– Хизир, – элира цо, – Хизир, – бат эго а йолалуш.

– Х1ун боху ахь? – элира ас, шина б1аьрга г1аж а лоьхуш. – Хьайна дуьсур ду моьтту хьуна... 1аби ц1а ваийта ахь цкъа... цо хьан бат-м, хьан муц1ар...

– Хизир... хьо... хьо суна... суна... – ша лаьттачохь охьахиира, шина а куьйга юьхь а хьулйина, цхьа велха а волалуш.

Тхо девдира.

– Дада... дада гирий шуна? Дада варий цигахь? – кхайкхира иза.

– Далла т1екхаьчна хьалавоьдуш хир ву хьуна, – элира оха, – ламазаш деш.

– 1абих кхера ма велла иза, – ас «х1иъ-х1иъ» дира, – гирий шуна, воьлхуш? – аьлла. Бераш а дийладелира.

Ас 1аби вийцира т1аккха, 1абис турник т1ехь «солнце» а йора, уггар дукха штанга а ойура цо, б1е кийла а ойура бохуш, дукха г1озваьлла, пуьташ а буьттуш.

Тхо юьртахь д1асакъаьстира, кхана юхадаха барт а бина.

Тхан ков доккха диллина дара, милици а йолуш.

Нах а бара дукха.

Ши салти а гира суна, нахана цхьаъ дуьйцуш лаьтташ.

Наха цу шинна гуо бинера.

Цара нохчийн мотт буьйцура, цу шинна а салтичо, т1ехьа дехкина куьйгаш а долуш, б1аьргаш лаьтта охьа а доьг1на: «Х1аъ, дара... цхьаьна дара тхо. Танкист вара 1арби... Танк иккхича, ц1е а яьлла, чим бен, х1ума ца дуьсуш...»

Нана соьга йист а ца хилира.

Нана 1адда лаьтташ яра, б1ог1ам санна, 1адда лаьтташ, пен санна, к1айн, ло санна, хи санна, сецна ши б1аьрг а болуш.

– Иван Алексеевич! – элира цхьамма, милцочо.

Со д1ахьаьжча, г1азкхи вара, т1ехь сийна хорма а йолуш, погонашца, хурашка а.

Хурашка т1ам санна яра, бохь ирах а бахна.

Вукхо:

– Иза мила...

– Вайн кхузара... районера военком... Езжайте, мы подежурим, – милцочо элира, – до утра будем...

– Мои соболезнования, мать, ваш сын ... погиб, как мужчина, как настоящий чеченец, защищая свою Родину, геройски погиб.

Ненан карара цхьа х1ума охьаюьйжира.

Цхьана зудчо схьаийцира.

Мидал яра. Цхьа г1утакх а.

Со кхийтира.

Соьга мохь белира.

Суна х1умма а ца гира кхин.

 

Суна 1уьйранна яьшка гира, к1айчу аьчган к1айн яьшка, юккъехула пурх дихкина ц1ен цастар а долуш.

Цу т1ехь цхьа йоза а дара, цхьа терахьаш, шераш а.

Нах бара, дуккха а кхин нах а болуш, кху юьртара боцу нах.

Г1азкхий а бара, нохчий а. Г1азкхий т1еман хормица бара, уьш дукха бара, дуккха а милици а йолуш цхьаьна.

– Нет, нельзя! Таков приказ, нельзя открывать... – г1азкхичо куьг ластийра, т1ехь плащ йолчу г1азкхичо.

Цуьнан коьртахь шляпа а яра.

Наха цуьнга цхьаъ дуьйцура, дуккха а т1е а гулбелла.

Г1азкхичо корта лестабора:

– Нет, нет... только в ящике... Москва, не я решаю, – бохуш.

Цул т1аьхьа яьшка д1аийцира, веамма белшаш т1е а юьллуш.

Нах берриш а т1аьхьах1иттира, цхьа зуькар а долош.

Мохь г1аьттира кертара схьа, зударийн мохь, ц1ог1анаш.

Нана яцара, гуш а яцара.

Кхаа дийнахь а яцара нана.

Гуш а, хезаш а яцара иза, йистхуьлуш а, йоьлхуш а.

Цуьнан бат т1елетта яра, ши б1аьрг а бара сецна лаьтташ.

 

Суна меттахь гира иза юха, уллохь ши зуда а гуш.

Кора дуьхьал х1умнаш а яра, чохь, к1ора санна, 1аьржа а йолуш.

Наг-наггахь стаг а вог1ура: «Ма, ма хьае, Халист ма хьае... ялсаманин хьаша войла-кх цунах, дика к1ант вар-кх 1арби», – олуш.

 

Лулахочо беттара етт.

Цо хьокхамаш а доттура.

 

Кехат деара пхи де даьлча, 1абис тхоьга яздина кехат.

Нанас схьа ца дастийтира, – иштта дисира, схьа а дастаза.

 

Со гарингаш т1ехь 1ара, ламин гарингаш т1ехь, и цхьа стаг вистхилча.

Иза говрахь веара схьа, цхьа доккха гали а дохьуш.

Хехо вара, оха хьийзийна, ц1абалгийн хехо.

– Ас хьуна ц1абалгаш ма деъна, Хизир... ц1абалгаш ма деъна ас... хьо ван ма ца вог1у... – суна юххе охьахиира.

Маравоьллира.

Вилхира юха.

Со цуьнга вист а ца хилира:

Суна х1ун ду а ца хаьара, сайна хилларг х1ун ду а – со вистхила вицвеллера.

 

– Во-о, Хизир!.. – чуьра аз дара, ненан аз, геннара схьа, халла хезаш.

Со улло д1авахара, нанна улло, маьнги т1е.

– Ишколе г1уохьа... ши к1ира а ма даьлла... нанна виса хьо...

Берашна со ган а ца гора.

Уьш цхьаьна дара, шаьш-шайца.

Бераш суна т1ехдуьйлура, со д1агича, шабарш а деш.

Кемса цкъа т1ееара, сан белш т1е куьг а дуьллуш.

Ц1е яьккхира: «Хизир»,– олуш.

Юха кхин цкъа а яьккхира ц1е.

Д1аяхара, д1а а йирзина, цкъа меллаша, юха сиха, яда г1ерташ, йодуш санна.

Сан иза бен цхьа а вацара.

Суна иза бен цхьа а ца гора.

Цо наггахь корта та1абора. Ела г1уртура, балдаш а соцуш. Урамехула т1ех а йолура, тхан урамехь, корера гуш.

 

Ло диллира, доккха ло.

Ло к1айн дара, бамба санна, к1айн.

Тхо ц1а а хецна, керлачу шарахь, ишколе юхадаьхкича, суна к1ант гира, актер санна, актер санна хаза к1ант, сийна ши б1аьрг а, месаш а йолуш, белшаш т1е х1уьтту 1аьржа месаш.

Иза лекха вара, ч1ог1а лекха, воккха а вара, маж а йошуш.

Уьтталг1ачу классехь вара, Кемсаг1еран классехь, г1алара кхуза деша веъна.

Боксер ву бохура иза.

Суна цкъа иза леташ а гира, юьртарчу цхьана воккхачу к1антах, кулубна т1ехьа а ваьлла.

Тхо дерриш а хьовса дахара, ишколехь мел долу бер.

Цо йиттина бохуш дуьйцура, шен классерчу цхьана к1антана.

Вукхо ваша валийнера.

Цунах уьш кхоъ летира, цхьанна цо буй тоьхча.

Буй кхеттачо урс даьккхира.

Бераш д1адевдира т1аккха, хьехархошка маьхьарий а детташ.

Хьехархоша къа доьхура: «Нах ма яц шу, нах, кху берана урс а даьккхина,..»

Юха цара иза д1авигира, хьехархоша, схьа а лаьцна, цо, латийта боххушехь ша, шеца цхьацца схьа а воккхуш.

 

Массара а иза вуьйцура, кино чохь волуш санна, цо цунна а, вукхунна а – оцу 1аьржачу лаьттора, – цо еттар ма яра бохуш, массара а дуйнаш а бууш.

Массо йо1 а хуьлура цуьнца, шайн классера массо а йо1, уьш массо а, Кемса йоцург, сан, тхан, 1абин йо1...

Кемса цхьаьнцца а ца хуьлура, я шайн зудаберашца а.

Иза ша яра, цаьрца а йоцуш, урокера арадевлча а.

Кемсица зудабераш хилча, и к1ант цаьрца ца хуьлура, я уьш цхьаьна вовшахкхетча, Кемса а ца хаалора цаьрца.

Кемса ша гора, даим а ша, цхьанхьа ша д1а а х1уттий, букь диттах а тоьхна, лаьтташ.

Суна иза т1аккха дика хетара, Кемса цхьаьнцца а ца хуьлуш.

Иза буьрканах а ца ловзура физкультуран урокехь, сетки т1ехула кхуьйсучу буьрканах.

Физкультура арахь хуьлура, б1аьсте яьлча.

Апрель бутт бара.

Наг-нагахь цаьрца йолу йо1-м хаалора суна Кемсица, гуттар а цуьнга цхьацца дуьйцуш, шен тобанах схьакъаьсташ, юха царна д1а т1е а оьхуш.

Юха т1аьххьар а, цхьа хан яьлча, и шиъ цхьаьна лела елира, гуттар а цхьаьна, даим а, т1аккха и к1ант а, и лекха к1ант а (массара а вуьйцуш волу) хуьлура цаьрца – Кемсица а, цу йо1аца а, ша цаьрца а воцуш санна, вист а ца хуьлуш, цу шинца лелаш.

Уьш даим а цхьаьна хуьлура, цкъа а вовшах а ца къаьсташ.

И к1ант цу йо1аца вара, Кемсица хуьлучу йо1аца, гуттар а цуьнга цхьаъ дуьйцуш,

Кемса шайца а йоцуш санна.

Кемса цхьа ч1ог1а хийцаеллера, цхьа х1ума а ца гуш санна.

Иза, со гича, т1ехйолура, со воцуш санна, сох чекх а хьоьжуш.

Цуьнца йолу йо1 а хуьлура иштта, со шена ган ца гуш санна.

Кемса, со гича, д1айоьрзура.

Иза йодура, со гича.

Со гича, иза къайлайолура.

Ц1а а кхечу новкъа оьхура иза, тхо долчухула а ца оьхуш, ша цигахь 1аш йоллушехь, тхан новкъахула д1авахча.

Суна муьлха 6у а ца хаьара, иза х1инца д1асалелаш болу некъ.

 

Май бутт бара, май баттахь дар-кх, тхо д1ахеца к1ира дисча, со берашца арахь лаьтташ – ишколан кертахь, – и йо1 суна т1ейог1уш, Кемсица цхьаьна хуьлуш йолу йо1.

– Схьавадал, – элира цо. Аса:

– Сой? – аьлла, хаьттича: «Х1аъ, хьо!» – элира юха. Со д1а т1е волавелира.

– Х1ах1, д1алаца... х1орш, –  цо т1ехьара, букът1ехьара куьг кховдийра, цхьа кехаташ.

Со схьалаца ца кхиира.

Кехаташ охьаигира.

Д1асадаьржира, дуккха а д1аса, диъ-пхи сурт а дужуш охьа: 1аби вара, 1абин суьрташ,.. т1ехь яздина «Кемса» а долуш... Юха кехаташ а, кехаташ, 1абис цуьнга, Кемсига...

– Х1орш хьоьга... Кемсига... – со хьалахьаьжча, йо1 яцара: д1аяхнера, яйнера.

Горгали бийкира ч1огг1а, бераш ишкола чу а доьлхуш.

 

Со иштта суо латта висира, массо а ведда д1а а вахна.

Со юха т1аккха... ас юха т1аккха не1 туьйхира, классан не1, ишкола чохь, ламеш т1ехула шолг1ачу г1ат т1е хьала а ваьлла, уьтталг1ачу «А» классан, Кемса чохь йолчу классан не1, цуьнга кехаташ д1адала.

Не1 йиллира.

– Кем..,

– Вам кого?

– Кем... са...

– Зулкарниева! –  хьехархо д1айирзира, цхьана куьйга лаьцна не1 а йолуш.

Цхьа г1овг1анаш евлира чохь: «Ее нет, Надежда Васильевна... ей плохо стало... она ушла...»

– Как ушла! Я ей устрою на экзаменах, голубке этой! – цхьа дов дира, схьа а ца йоьрзуш:

– Ушла она, мальчик, иди, – не1 сихха т1екхийтира.

Со висира, не1 т1е а кхетта, карахь и кехаташ а долуш, х1ун дан деза а ца хууш айса.

Со меллаша охьаволавелира ламеш т1ехула, сайн кехаташ а, суьрташ а эцна.

Уьш сан карахь дара, цхьа дийна, чохь са долуш санна.

Суна сайн нана дагаеара, юха 1аби, тхайн керт.

Суна дерриг а цхьаьна гора: суо а, нана а, 1аби а, и кехаташ а, Кемса а, тхо дерриш а цхьаьна долуш санна, вовшашна гуш, хьоьжуш.

Машено сигнал тоьхча, со 1ина йисттехь вара, дуьхьал йог1уш машен а йолуш, 1ин чуьра хьала, суна дуьхьал.

Со кхуза муха кхаьчнера?

Ц1а воьдуш хилла-кх со, я, виц а велла, иштта д1авоьдуш, ойланашна т1аьхьа, 1инчухула, нах лелачу новкъа а воцуш.

– Ши б1аьрг бац хьан! – шопаро.

– Ах1?

– …хьо мера1уьрг! – к1айн машен, заза санна к1айн.

Машено бехдина хи.

«1инчухула ц1а г1ур ву-кх. Хин йистаца хьала а вахна, лакхахула д1а дехьа а ваьлла... Цигахь т1ай а ма ду... Ч1ерий... ц1аза п1елггал бен дац-кх, цхьа баьццара, кегий... хи а ду-кх иштта баьццара, чохь дитташ а уьдуш... Нанина хазахетар ма ду... т1аккха цо важа кехат а... схьа а даьстина... Уьш муьлш... х1унда лаьтта хина дехьий, сехьий... и к1ант... иза... х1унда воьлу... Кем-са... Кемса ма ю... иза... цуьнца... цу к1антаца... шайн классерчу... еха месаш йолчу...» – со сецира, латта висира; суна Кемса гира, кехаташ, – со кехаташка охьахьаьжира, юха цига д1а, цаьрга.

К1ант воьлура.

К1ант сецира.

К1ант соьгахьа охьахьаьжира.

Т1аккха юха,.. Кемса... Кемса сихха д1айирзира, букъ а берзош, д1ахьаьдира, самаелира, цхьаъ олуш, цу к1анте куьг а ластош.

Д1аяхара генна хьалха. К1ант меллаша воьдура, хечин кисанашкахь ши куьг а долуш.

Суна хаьара... ца хаьара, суна цхьаъ-м дуйла хаьара... суна х1ун ду ца хаьара, –х1ара х1ун ду .......................................... муха ду...

Сан легаш къуьйлура, хиш оьхура, некъ ца гора.

Суна нана гира, сайн нана, лулахочуьнца, Хедица лаьтташ.

– Нана-а, – элира ас, ва-а нана-а, нана-а! – со сайн нанна т1екхийтира, цунна т1е д1а буйнаш а детташ, мохь а хьоькхуш, велха а воьлхуш. – Иза к1антаца ма ю, нана... нехан к1антаца ма ю иза... Иза кхузахула ма ца лела... вайн новкъахула ма ца йог1у... Иза 1абин йо1 яц хьуна... иза вон йо1 ю хьуна, нана… ас 1абига, сайна гича... сайна г1енах гича... – со ч1инч1ура охьавахара, са хада санна, мохь а хьоькхуш; хьалаиккхира, д1аведира, сан кехаташ охьаийгира.

– Ма... Хеда... лацалахь… ма вахийталахь...

Со ведира, д1аведира, кертахула д1а, кха т1ехула, со божал чу иккхира, кара ца вайта, ца лацийта.

– Нана яла хьан, – хезира суна, цхьа хан яьлча, дуьне доьхча, – х1ума ма дац, нана яла хьан... Иштта хуьлуш ма ду иза... хьайн т1оьрмиг байина ахь... маре яха ма еза цуьнан... Хьо воккха хилча, иза бен... и йо1 бен хьан дог хьаста... Хьалаг1аттал, нана яла цуьнан... ма дукха кехаташ деъна ахь... хаза суьрташ а хьайн вешин...

Сан марахь б1ог1ам бара.

Ас б1ог1ам ца хоьцура.

Сан кийрара 1овгаш дара, «х1иъ-х1иъ» дара, хиш а доцуш.

Хиш дацара, кхачаделлера, цхьа х1ума а дацара кхин: со а вацара я дуьне а… цхьа Кемса яра, Кемса, 1абин Кемса нехан к1антаца…

                                                                                                    

    1986–2005шш.

 

 

Сел уллора – генахь

 

Дукха уллора, дукха гергара – цундела сел генахь хилла, цIарца йийца там ца хетта, еза ала тар ца делла, парти тIехь цхьана маьIIе, кIорни санна, тебна Iийна; некхан юьхь цIубъял бен йоцчу беран бетацуьргаца, зезагах дусаделла балдийн цIен патарш а гуш …………………… босбуургаш хьаьрсинчу кIайчу горгачу юьхьа тIера, нуьйдарчий санна, Iаьржа бIаьргаш цхьа цеце дIасаидда; ларамза санна, цIеххьана со хьайга дIа мосазза хьожу, ши бесни горглуш, суна геннара йийлина хьо …… ……………… тIаккхахула а – цул тIаьхьа а – наг-наггахь я сих-сиха шайн урамехь, кетIахь шайн цхьаъ-м дуьйцуш со сацавелча, ненах хьерча буьхьиг санна, нанна тIехьа къайлаюьйлуш, горга кач хадийначу ненан басмин кучахь, оццул со сецаваларх – дIасахьийзаш, гуо бохуш, – нанна уллора схьакъаьстина хьо ган гIерташ, ерриг а ган …………………  юха тIаьххьар а, са кхачош, ас дIаваха букъ берзийча, кхин хьуо суна ца гойтуш, едда кел чоьхьа йийлина, ………………… тIаккха гIалахь, балхахь хьан, тайп-тайпана кIентий хьуна; кIайчу духарца – ерриг а кIайн, – бIарлагIа санна, хаза хилла хьо а.

– ЙоI лахахьа, цхьа йоI суна, цхьа уггар а хаза йоI, – хIоразза а хьоьга бохуш, дукха уллора, дукха гергара, цундела сел гена яьлла, цIарца йийца там ца хетта, еза ала тар ца делла…

– Иштта хаза йоI ян ма яц! Со лохуш ма ю…

– Цхьаъ ю хьуна…

– Иза мила ю?

– Цхьа чIогIа хаза йоI ю-кх, суна ша дукхаезий цунна шена а ца хууш… цуьнга алахьа, еза алий, «дукха» бохург дIа а даккхий…

Ца олуш, ца хезаш, кхечухьахула генара кхийдаш, хьоьга ала, хьо тешо дагарадийца да воцуш; нехан ловзаршкахь, несаршка нехан ца валла мотт а бостуьйтуш, гIан-набарш гина мукъана а (синан уьйр хила езар-кх) хьо кхетаре ладийгIина, шераша зама маьркIаже яьхьча:

– ДагадогIий, хьомсар, хьуна (нехан махкахь, нехан чохь, пхи шо я итт шо а доцуш, ткъа шо даьлча, цул сов а – хIинц-хIинцца маре яхна, цхьана кхечуьнца, кхин хьоьстуш – дуьххьара хьо сайна схьагича), дагалацахьа, класса чохь, неIарна уллорчу могIанан кхоалгIачу парти тIехь, лога кIел кач хIуттучу овкъарчу басан свитерца, кIорни санна, хьуо тебна Iийна, цхьа цеце схьа а хьоьжуш ………………… ………. ахкаре шар ца луш, кIажаршна сел дуьхьала йийлина, кIора-бIаьрг санна Iаьржа, хьайн хьийзина хилла месаш ………………………… йогIуш-йоьдуш урамехь хьо дуьхьал мосазза кхийти, хьуна уллора дIа ца волуш, даим со хьоьца дIаихна: соьга лан ма ца лора, наха хьо тергалъеш, царна хьо гуш, уьш хьуьйсуш – ас хьо сайн ма лорура, сайн цхьаьннан, кхин цхьаьннан а ………… ……………. цхьана дийнахь, дIасакъаьсташ: «дIаяло, чугIо хIинца», – олуш, хьо дIа а хьажийна, цкъа тIаьххьара хьоьга хьажа со геннахь сацавелча, ахь соьга схьа а йоьрзуш…

– Хьуна уьш дага… иза бакъ дуй? – корта генна охьабахна, хиъна Iачуьра хьала а хьаьжна, – иза бакъ дуй, ахь дуьйцург… ахь… хьо…

– ХIун бакъ дуй? ХIун бакъ! Хьо… хьо цкъа а… хьо Iовдал! Iовдал хьо!  – Со верриг а тIекхохкийра, кхин ала дош а ца хилла, ахь дерриг аьтта, хьаьшна, ахь са а, дог а дассийна.

– Ас аьлла цхьа хIума дехьа… цхьа хIума дехьа ас аьлла…

– ХIун ду иза? ХIун де ас?

– …ДIагIохьа, дIагIохьа кху чуьра… аравалахьа… суна – хьеръяла-кх со! – суна хаа ма ца хаьара… суна иштта хала, цкъа а иштта… дIагIохьа, дIагIохьа боккъал а…

Со дIавахара – схьавеъна воцу, со дIавайра – ца хилла волу; юха шераш а – сан шераш, сан шерашца яьхна хьо а – сан ца хилла, хир а йоцу я хила ала йиш ца хилла.

ДогIа догIура, Iаьнан догIа (декабрехь, кхоалгIачу), ши эзар шеран буса, цхьа ирсечу, ирчачу – дуьненахь кхин хир йоцчу – сатийсам сецначу буса…

ХIун бен дара, хIуъа хилча а!?

ХIун бен дара цул тIаьхьа?..

 

2000 шо, 3 декабрь.

 

                          

 

   Со, самаваьлча, вилхира.

 

Сийсара а гира суна иза г1енах, гуттар а санна, воьлуш а волуш.

Суна г1енаш тида ца хаьа, синхьаам-м хуьлу суна цунах – иза велла вуйла хуучу г1енах даим а иза воьлуш гарах, хаддаза суна воьлуш.

 

Дуьххьара ворх1 стаг вара тхо, т1аьхьа сецна. Юха кхоъ висира, виъ д1а а вахана. Цул т1аьхьа тхойша шиъ бен вацара.

Доьзалш оха хьалха охьабахийтинера Дибир-юьрта, салтий кхуза кхачахь а аьлла: вайн чохь кхиъна йо1 яра. Со йо1ах кхоьрура, хьалхарчу т1амехь хилларг а хууш – уьш зударшна т1екхийдар: Сема1ашка йицъялаза яра.

 Воккхачу стеган кхин доьзал а бацара к1елхьарабаккха, марехь йолу цхьа йо1 бен. Иза а йоккха зуда яра, цхьанхьа шен доьзалца 1аш.

Шайн-шайн х1усамашка хьажахьара, бохуш, доьхура д1авоьду-воьдучо. Цхьаццайолу х1ума цара шайца д1а а яьхьнера, гихь а, марахь а мел яхьлург: машен кхуза хьалха а ца йог1ура атта, х1инца х1етте а, массо а шен са дадийна хьийзачу хенахь.

Тхойша тхаьшшиъ висира хьуьна юккъерачу к1отарахь, пхийтта-ялхитта ц1ийнах лаьттачу кху жимачу ирзехь. Ц1енош дукха генна-гена дара, цхьаъ 1ин чохь хилча, важа гу буьххьехь а нислуш, аха кхаш дитархьама доьг1нера уьш наха иштта.

Тхойша дийнахь цкъа а, шозза а чекхволура юьртахула – бевлла лела нах дукха бара, лахенцара хьалаоьхуш, кхузара юха охьаоьхуш, хьийзаш.

Герзаш долу нах а бара шортта, г1али чуьра т1ом арабаьлча, берриш а аьлла, кхуза таттабелла.

Кху к1отарахь-м дукха ца 1ара, д1абоьлхура: «Х1ара-м каш ду, кийчча каш», –олий.

Юрт к1аг чохь 1уьллуш яра, гобаьккхина лаьмнаш а долуш, ч1ожаца охьа, дукъа йистте, юьртан бист кхачалуччахь, бухахь боккха берд а болуш.

            – Хьо д1аг1охьа, Хьенех, – хьасталора соьга Асхьаб, – суна цара х1умма а дийр дацара, со воккха стаг ма ву, я т1емало а,  довхо а вац, жимачу стагана ду-кх кхераме, – олий.

– Царна х1ун бен ву моьтту хьуна, жима а, воккха а, нохчо хилчхьана… г1ахь, цхьанний г1ур ву вайша, сацахь – ший а соцур ву-кх,  – олура ас, со шеца сецча мукъна а, д1авог1ур вацар-те х1ара, бохуш йолчу ойланца.

Асхьаб сан лулахо вара. Дика лулахо а вара ч1ог1а, сан кертаца керт а йолуш. Иза санна, даьхнех беркат хуьлуш стаг кху махкахь а хир вацара. Цо уьш дукха лела а дуора, итт-пхийттех чу а х1оттадой: хаспаш деш вара иза ша. Х1инца ворх1 шинаррий, цхьа етт а бара божал чохь.

Асхьаба гуттар а до1анаш дора, суьлхьанаш а хьийзош.

Со тхаьшшинна г1улкхаш деш лелара: даьхнашка хьожуш, юург еш, ц1е яго дечиг доккхуш.

 Етт бетта а 1емийнера со.

                                    ––––––––––––––––––––

Буса, мехкадаьттан стогар а латабой, йогучу пешан г1овг1а а хезаш, тхойша 1аш: «Схьагайтахь, Хьенех, д1огара цхьа дечиг»– куьг кховдадора Асхьаба, гуттар а шен сахьаьвзича. Т1аккха меллаша шен киснара урс схьа а доккхий, дечиг хьакха волалора, багахь цхьа узам а беш. Урс, нит санна, ира хуьлура цуьнан, сих-сиха ирдеш а долуш. Гуттар шеца а хуьлура, вуьжуш а т1ехь, д1а а ца доккхуш.

– Йоккха стаг охьа вон яхийтира ас, – элира цо, цхьа хан яьлча, – леш а, цхьаьна делча бакъахьа ма дара тхойша… со д1аваьлча, цо х1ун лелор ду, невцан кертахь юьсур ю-кх иза, – аьлла.

– Иза х1унда хуьлуш ю невцан кертахь, шен йо1аца яц иза? – элира ас, – хьо ма ч1ог1а вала сихвелла, – аьлла.

Асхьаб вист а ца хилира.

Иза тхан юрта т1евеъна вара – наха олуш хезнера суна, – со-м жима вара х1етахь.

Биргадехь 1аш хиллера, колхозан кхашна охана деш, г1алара кхуза ваийтина; мотт а ца хаьа бохура мегарг, д1адуьйцучух кхетар бен. Ц1е Аслан ю бохура, паспорта т1ехь х1ири а долуш. Шен да-м вевза бохура цунна, ц1ера Шуьйтара вуй а хууш, г1алара шаьш 1ийна урам а.

Юха, гурахь, ялташ чудерзийча, тхан юьртара ден цхьаъ бен йоцу йо1 йигнера; биргаде д1айигнера-кх, шена т1аьхьа а х1оттийна, дега хаийта стаг а вохуьйтуш.

Х1етахь дуьйна иштта виснера, кху юьртара д1а а ца воьдуш, шен стундена к1ант а хилла, йо1 бен, кхин бер доцчу. Стундас ц1е а хийцинера цуьнан, Асланах Асхьаб а веш.

                                    ––––––––––––––––––––

Шийтта а даьлла, сахьт доладеллера, тхойша иштта 1аш. Геннахь хезаш татанаш а дара, кеманаша чуетташ.

«Кхана, х1уъа дина а, охьавоккхур ву ас хьо, Дала мукълахь, – ч1аг1о йира ас сайн дагахь, – мичча вигна а, д1авуьгур ву-кх, сайца Дибир- юьрта вигна а».

  Йоккха стаг а эцна, д1аг1ур ву-кх вайша т1аккха, – элира ас, – цигахь четар а, юург-мерг а ма ло 1едало…

– Нахана т1ехула ваьлла лелий? – Асхьаб схьахьаьжира. – Лелла хьуна со, к1ант, дера лелла… шен чохь валар г1оле ю хьуна, 1едалх тешна вехачул…, – Асхьабан къамел чекхдала ца кхиънера: «Д1а-д1а-ров, д1ов-д1ов», – аьлла, лерга юххехь лелхаш санна, бомбанаш лелха йоьлча.

Тхойша ший а араиккхира, дукъа йистехьа д1а а хьодуш.

Бухара юрт яра йогуш, Саьнгал-юрт, ворх1 чаккхарма лахара, аренца 1уьллуш йолу.

Юьртана сахиллалц чуйиттира.

                        ––––––––––––––––––––––

 

Г1азкхаша ярташ иштта йохура, к1иранах гергга кеманашца а, градашца а чу а еттий, т1аккха хьалхаяьхна танкаш а, БТР-аш а йолуш, т1аьхьа бог1учу салташца юьртан го а лоцуш.

                        –––––––––––––––––––––––––

 

Дика сахилла далаза дара, лам т1ехьара «Су» олуш долу ши кема гучуоьккхуш. Суна и шиъ г1арг1улех тера хийтира, т1емаш т1е а дехкина, яла хьаьддачу г1арг1улех.

Ши кема т1ехдаьлча бен, бомбанийн тата ца хезира. К1ур г1аьттира ламанца хьала, вовшашна ул-уллохь.

Тхуна лакхахьара лам бара иза, тхан юртана лакхахьара. Юха, шозлаг1а уьш чухьаьдча, ши кема малхехь къегира, суна кхузара гуш боцчу, лам т1ехьарчу малхехь.

Чутухуш а гира суна т1аккха, «кхар-кхар» деш, цхьа эчиг эт1ош санна, жимма к1ур а болуш, х1аваъ, дегорца, вовшах а детташ.

Юьртана кочча лаьтта ц1а, пиллиг санна, ирахдахара, ч1ишалгех дина долуш санна, цхьа берийн ловзорг а хилла.

Т1екхетта, сан белшаш а лаьцна:

«Хьайн со лолда хьан, Джабраил, д1аг1уо кхузара, сан ният а ца дохош, ма ваккхахьа со кху юьртах, ц1а доцуш лелла стаг вара-кх со, да-нана а доцуш, – Асхьаба со д1асатуьйхира, б1аьргех охьа хиш а хьодуш, – витахь со, д1аг1уохьа кхузара, д1а к1елхьаравалахь, – олуш».

– Муха г1уо со, ва Асхьаб, – элира ас. – Мила хилий, г1уо боху ахь?! Хьо г1уохьа д1а, Асхьаб, х1инца хьо г1уохьа кхузара! – аьлла.

– Вала, х1ета, кечло! – Асхьаб сан б1аьра хьаьжира, со т1аьххьара шена гуш санна.

Чу а хьаьдда, цхьа масех т1алх схьа а эцна, раманаш бух ца яхийта, корийн б1аьргаш а аьтта, со кет1ара охьаваьлча, Асхьаб шен керта уллохь лаьттара, ц1ийнехьа д1а а вирзина, буйнахь цхьа г1аж а йолуш.

Цо д1ахецна шинарш а гира суна.

– Ахь кхин х1умма а… цхьа х1ума а ца оьцу…

– Стеган х1ума  дан а ма дац, стаг да волуш… хьалхавала…, – бухара хьала б1аьра хьаьжира, – стеган цхьа х1ума а дац хьуна, к1ант,– аьлла.

– Мичхьахула г1уо вайша? – хаьттира ас, – я новкъахула, я хьуьн…

– Бен а дац, – элира цо, – ша хаьржинарг бу-кх стеган некъ, кхечу аг1ор хила йиш а йоцуш…

                                    ––––––––––––––––––––

Со хьуьнхахьа д1авирзира. Асхьаб, Дела хьан аьлла, цкъа а вист а ца хилира, цу хьуьнхула, коьллашца тхойша новкъа мел вог1у: иза суна т1ехьа вара, со хьалхахь а волуш.

Чуетташ а хезара ч1ог1а, тхан юьртана чуетташ.

Лахара юрт гучуяьлча, тхойша дуьххьара т1екхочу юрт, сийсара т1ейиттинарг:

– Жимма охьахаийтахь со, – элира цо, – жимма б1аьрг тохийтахь соьга кху махках, – аьлла.

Цуьнан кхузткъе дейтта шо дара.

 

Нах д1асауьдуш гуора, вон кхаъ хезна доьзал санна, лула-кула д1асауьдуш, лаха йистера лакха хьалауьдуш, юьртара бовда г1ерташ санна.

– Цу нахаца д1аэн веза вайша, Асхьаб, – элира ас, – юрт салташа д1алацале, царна юкъаваха везара вайша, – аьлла.

Юрт салташа гуо беш яра, лахара дуьйна хьалайолийна, х1ора а керта ха а тосуш, герз деттарца нах чу а лоьхкуш; некъаш ж1ара довл-довллучохь техника а х1уттура д1а.

 Тхойша цхьана нехан чуиккхира. Ши сахьт гергга зама яьлча, юрт ерриг а д1алецира.

Тийналла яра, эккха санна, эккха кечъелла тийналла.

Салтий кертан яххашца бара, ч1инч1ура хиъна, бертал 1охкуш; божалш чу хьуьйсура, йол а, г1одмаш а кегош, иштта куьркаш а яра толлуш, котамийн куьркаш.

Т1аккха чуэха буьйлабелира. Не1арх мийра кхетара, гуран багара йоккхуш санна.

Мохь хезара, маьттаза мохь: «Лицом вниз, на пол…», – осалчу дешнашца.

Тоьпан юьхь гучуйолура. Салтий дукха хенара бара, сол а къена, сан хеннара. Къаьркъан хьожа яьржара чохь.

Цхьацца г1аттавора, паспорт а хоттуш. Г1аттийнарг уьйт1а воккхура. Юха, 1аржлуш, ерриг а юрт ишкол чохь д1агулйира, барх1шеран ишкол чохь. Хьалха зударий бигира д1а. Царна т1аьхьа – баккхий нах. Кегий нах т1аьхьа совцийра, сахуьллуш схьа а бахкош, вуьрх1итта к1ант саца а вина.

                                    ––––––––––––––––––––

 

  Мохь г1аьттира, зударийн мохь. Нах чуьра арататтабелира, ишкол чуьра, кертара. Герз долийра, яккхий тоьпаш, БТР етта йолаелира, «къорх - къорх» деш, к1ур а хьаьвзаш.

Цхьанна кхетта, элира т1аккха, цхьана зудчунна кхетта, аьлла.

Кхано т1аьхьа, де серладаьлча, юьртда вара лаьцна валош, юьхь т1ехь гуш детта ц1ий а долуш.

Меран дукъ кагдина дара.

И буьйса оха иштта яьккхира, гуонаха лаьтташ салтий а болуш, дог1ано даша а дина: тхуна т1ехула хьалаеттара, яккхий тоьпаш еттара цара тхуна т1ехула, ламанца хьала.

 Кеманаш а дара иштта чуетташ, (шайна т1ехула ц1ераш а кхуьйсуш), кху юьрта т1е са долу х1ума ца кховдийта г1ерташ санна.

Буьйса яьлча (шолг1ачу дийнахь), юкъ-юкъара кегий нах – п1елг хьежорца д1а а къестийна (карарчу сарташка а хьоьжуш),– цаьрца пхи йо1 а сацийра т1аьхьа, тхоьга д1аг1уо элира, шайн х1усамашка д1аг1уо аьлла.

 Нахана юккъера схьа а эккхаш, т1ехьаьддачу цхьана к1антана – цуьнан буйнахь граната яра – коьртах топ кхийтира.

К1ант тамашийна кагвелира, хуттургашкахь каглуш санна, деса гали ма-дожжара, цхьа худалуш, охьа а воьжна. Узар-ант  а ца хезира.

Тхо дерриш а арахь дара, ишколан кертал арахь, и пхи йо1 схьайоьхуш. Цхьаъ сацийра, йиъ схьа а хецна. Юха ши буьйса д1аелира. Нехан х1усамаш яржийна яра, чохь мел дерг т1ек1елтухуш. Аппаратура д1аяьхьнера: тилвизорш а, магнитофонаш а, радиош а, итош а  цхьаьна. Цхьаццанна г1айба а, гоь а, пенах кхаьзна куз а бацара. Сурташ а дара ц1енкъахь 1оьхкуш, доьзалийн сурташ. Яах1ума а яьхьнера д1а.

Ишкол цара д1алецира, техника керта чу а йоккхуш. Шина дийнахь, шина бусий юьрта чу  стаг а ца веара, я юьртара ара а. Ткъех сов стаг кхоалг1ачу дийнахь – кху юьртара  боцурш – юьрта йисттерчу постана т1е бахара, со а, Асхьаб а волуш цхьаьна. Тхо охьадаха г1ертара, кху балех к1елхьарадовла. Тхо совцийра. Сецадора, д1а а, схьа а ца дохуьйтуш, я юьрта чу хьала а.

Де делкъенга делира, 1уьйрана дуьйна доладелла, малхбуза хан схьа а х1уттуш.

– Вай дойур ду-кх кхара, – элира цхьамма, – 1арж а ялийтина, дойур ду-кх вай кхара, – аьлла. Дог1а х1етахь а сацаза дара. Малх буьзира, бужуш санна, ан иккхинчу стагах терра, ц1еххьана д1а охьакерчина, дукъал т1ехьа къайлаэккхаш. Бода буола г1ертара.

– К1ант, и етт… етт бихкина бисна-кх сан, –Асхьаб вара цхьаьнга луьйш, соьга луьйш вара Асхьаб, – виц а велла, цу шинаршца…, – иза гонд1а хьаьжира, стигал хьала, ламанца.

 – Етт а… х1ун етт, ахь х1ун етт…, – со кхетта валале, цо дуьйцучух со кхиале, Асхьабан букъ д1абайра, некъал к1ел, коьллашца, некъа йистера к1ел эккхаш.

– Асхьа-а…, – сан багара даларца, ченашла дог1ан т1адамаш санна, некъан йистаца даьндаргаш лилхира, коьллийн г1ад а хедадеш.

Кхийс-кхийсалуш, ор чу охьакхийсалуш санна, салтий т1аьхьа чулилхира, некъал к1ел къайлабуьйлуш.

Дог1а санна герз туьйхира: «Туда, туда!» – бухара хьала маьхьарий а хезаш.

Тхо бертал охьадиттира, тоьпийн баххашца, кег а деш. Т1аккха етта йолийра, букъа т1е охьа, коьртах а, и тоьпаш иштта т1е а етташ.

Коьртан чкъор эккхара, «къомс» аларца, тата а хезаш.

– Кто он? Кто сбежал? Кто, суки?

– Старик… он, мой сосед… мы вместе…– элира ас, лаьтта т1е охьа, хотталахь, бат лаьттахь а йолуш, – вместе пришли…

– Кто сказал? Который?

– Я сказал, – со хьалахьажа ца кхиира, вортан чу мийра кхеташ. Сох иттамма катуьйхира, ткъе иттамма, эзармо. Суо хьуш вуйла хиира суна, хотталахула текхош вуйла.

Куьйгаш т1ехьа д1адихкира, аьчган  сераца, къовллуш. БТР-ан чкъургаца сан накха д1анисбелча, суна аьзнаш хезира, гуш х1умма а доцуш: юьхь ерриг а ц1ех юьзна яра. Цхьа х1умнаш а 1итталора сох, чах дуьзначу галех санна, тата къорра дан а довш.

Со г1енан самонца вара.

«Дог1а дог1у-кх», – хийтира суна, цхьа б1аьрг халла схьабиллича: ведаршца хи дара детташ.

«Просыпайся, милок! – деса ведар кхийтира бетах, – очнись, дорогой, приплыли».

«Ты знаешь его?» – хаьттира цхьаьнга.

Юьртда вара схьавалийна. Юьртда эгавора, гаьн т1ера цхьалха патар санна.

«Да… знаю… он…», – цо дуккха а дийцира, сан ц1е а йохуш, памили а, тхан к1отар а хезира суна…

– Тех забирай, этот наш…

Дог1а дог1ура, хаддаза дог1а.

Дог1а цкъа хьалха довха хетара, цул т1аьхьа – мела, сахуьллуш шелделира, зуьгалгаш а лелхаш чкъурах.

Юха коьртах гали а дуллуш, БТР чу кхоьссира со. Цу чохь а етта йолийра.

                                    –––––––––––––––––––––

Со буьйсана самаваьлча, моторан г1овг1а яра хезаш, ток латточу моторан, б1аьргаш чу серло а 1аьткъаш.

И серло иштта йисира, хьо цу чохь мел ву. Иза цхьа йоккха х1усам яра, пачхьалкхан х1усам, лекха, даккхий пенаш а долуш, цхьана аг1ор – деха кораш а. Корашна дуьхьал к1ади дара, 1аьржа к1ади.

Ц1енкъахь цхьа нах 1охкура, со санна, ц1ех буьзна нах, боьха эт1ийна бедарш а йолуш, мажош а яьлла, герзаша йинчу чевнех мокха соьла а 1ийдалуш охьа.

Чуволуш цхьа не1 яра, аьчган серех, з1ар санна, йина. Не1арна дуьхьал салти 1ара, дехьа аг1ор, арахь. Иза тхан хехо вара, тхоьга къамел ца дойтуш. Вистхилларг охьаотура, чевна т1е мийраш а бетташ.

Де-буьйса а ца къаьстара, г1овг1а йоцург, моторан г1овг1а.

Нах керла-керла т1екхуьйлура, бертал схьа чу а бетташ. Уьш а хуьлура герзаша аьтта, чевнаш а гуш, ц1ий а 1енаш.

«Пленных привезли! – хьере мохь г1оттура, – свеженьких привезли», – ша-ша хьалха т1екхача г1ерташ, вовшийн д1аса а кхуьйсуш. Жоьжахате х1уттура т1аккха, ц1ог1а детталора пенашца, чоь 1адайора, къора хилла чоь, нехан маьхьарша, орцано.

 «Россию хотели победить, да? Матушку-Россию! Забыли, значит, Ермолова? Он вернулся, вот он – я! – барт хоьттура, тоьл-тоьллачунна ч1ог1ох а етташ, – Сталина забыли, суки, и 37-й год, и 44-й, припомним навечно».

Уьш г1еллора, дукха еттий, уьш биэхьара, йовхарш а еш. Кхано юха, цхьа зама яьлча – х1ун хан ю ца хаьара, – эткийн тата даьржара бетонан ц1енкъахула, арахьара чубог1учу салтийн когийн тата.

«Калян! – белхар хезира, – Васю убили, Калян, малыша убили, нашего пацана…»

«Что? Васю…нашего?»

«За Васю, – омра хезира, – за Васю».

Жоьжахате карлайолура, хьалхачул а ч1ог1а та1заре: цхьаъ, шиъ воьра, веллачул т1аьхьа  кхин т1е а етташ, веллийла а ца хууш я хиъча а бен а доцуш.

Са далале д1атакхабора.

 

«Он умер, – элира цхьамма, ц1енкъа 1уьллучу цхьана к1анта, – мертвый он…»

«Кто мертвый? Он? – салти цунна т1евирзира, вистхиллачу к1антана, – он живой! – велавелира, к1антана  охьа т1е а лахлуш, – ты мертвый, а не он… он-то живой, мразь, это ты мертвый», – ша еттарг 1адда а вуьтуш, цу к1антана етта йолийра.

К1ант г1еххьачулла веттавелира, эткийн мийра моссаза кхета, ц1енкъахь кхийса а луш. Юха д1атийра, бехчалг санна.

Цу буса – буьйсий, дей ца къаьстара, стогарийн серло йоцург – цу чуьра кхоъ д1атакхийра, когаш а лаьцна, текхош, ц1ийн 1овраш а юьсуш т1аьхьа.

Ц1ий коча дара, датаза, д1абуьгурш – балаза а.

 

Карахь жима чамда а йолуш, цхьа воккха стаг валийра чу.

Дуккха а салтий а бара.

«Лор» – хезира суна.

– Кто сказал? Кто? Ты? – «лор» аьллачунна етта йолийра, лор вевзинчу к1антана. Корта, буьрка санна, кхоссалора, мийра моссаза кхета, вортанах д1а а ца хедаш, д1ахада г1ерташ, к1елхьарбала.

 

                        ________________

 

Лор б1аьргашца хьоьжура, охьа т1е а ца таь1аш. Цхьанна юххехь сецира. Охьахиира улло. Куьг 1оьттира. К1ант меттах а ца хьайра. Г1еххьа чухула леллачул т1аьхьа – кхаа-еа минотана, – сан б1аьра хьаьжира лор, ша суна гайта г1ерташ санна, ша вовзийта.

Суна иза дага ца веара. Лор цунах кхийтира.

– Ну что, Гиппократ, все в добром здравии, да? – салти цунна б1аьра хьаьжира, д1акхалла санна, дера.

«Да, – элира лоьро, – все дышат».

– Ну и ладно, иди, но не забывай, что ты не Пятница Робинзона Крузо… понял, да? Мы тута, видишь!

«Да, вижу»,– лоьро корта ластийра.

            – Бобрик, проводи х1осударственного чиновника до поста, да пути пожелай доброго ему, – салтичо корта та1ийра, некха т1е куьг а дуьллуш, – до свиданьице, дорогой, – кхардаме охьа а таь1на, лай элана ма-та11ара.

Тхуна т1ехь болх болийра «кхетам-кхиоран» болх: чевнаш юха а ястаелира, мокха соьла а 1иэнаш.

            Цхьа сахьт гергга зама яьлча, дукха к1ентий бигира д1а, г1атта ца лург, текха а веш, г1аьттинчунна т1е а етташ.

Масеххама шайн ц1ераш ехира, бухабуьсучарна хазийта, шайн яртийн ц1ераш а йохуш. Уьш, етта-аш, д1абигира.

 

Де-буьйса ца къастарна, мел хан яьлла ца хаьара, салтичо сан ц1е йоккхуш:

«Эскиев кто, Эскиев Джабраил?»

Ас: «Со ву», – элира.

– Х1айда, милок, на свежий воздух…

«Свежий воздух» – еттар дара, етта вигар, т1екхайкхар, ц1ераш яхар, верг а, воцург а – ву алар, бехкевар, бехвар.

 

Суна х1умма а ца туьйхира, со кевл араваьккхира.

Арахь и зуда лаьттара, кху чуьра зуда. Кхин дуккха а нах а бара. Доккха де а дара арахь, къеггина кхетта малх а болуш. Нах суна т1ехьаьвдира, шайн карара сурташ а оьхьуш. Сурташкара хьуьйсу к1ентий кечбелла бара, 1аьржа к1ужалш а йолуш, ц1ена яьшначу яххьашца: суна цхьа а ца вевзира.

Со зудчо д1авигира, 1асана метта, пхьаьрса к1ел а х1уттуш. Цуьнгахь исправка а яра, тоххарлерчу лоьро елла, со кхайкхочу лазарх к1елвисна ву аьлла: барт беш иштта ехна хиллера эпсаро. Сох пхиъ дехна хиллера, пхи эзар доллар. Зудчунна кхоъ карийнера, т1амна юкъахь цахилар теллинчул т1аьхьа, кхааннах барт а хуьлуш.

            Цу лоьро – Майрабек яра цуьнан ц1е – боккха бух бина хиллера, со Дибир- юьрта больнице хьажош ву аьлла, цхьа масийтта мух1ар а тоьхна.

Паспортан метта луш йолу исправка а цо яьккхира, суртдоккхург валош, хьалха сан сурт а даьккхина.

Кху зудчун маьхча вара иза. Кхуо вийцинера цунна со, иза д1алийцинчу нахана т1екхуьйлуш вуй а хиъна.

 

                                    ________________

 

Лор волчохь буьйса йоккхуш, суна ц1ераш дагаяьхкира, сайца хиллачу к1ентийн ц1ераш, шаьш д1адуьгуш цара яьхна йолу церан яртийн ц1ераш а цхьаьна.

«Цхьаьнгга а ма хьахаелахь и ц1ераш, – элира соьга Майрабека, –  ша воцчуьнга – цхьаьнгга а: наха меттанаш детта хьуна ч1ог1а, хьуна моьттурш бац хьуна нах, нах бекъабелла хьуна, г1азкхашкахула шайн ч1ираш  йоькхуш бу нах х1инца. Асхьаб а вита, – элира цо юха, – хьуо к1елхьара вала, Асхьабах хиндерг тоххарехь хилла хьуна», – аьлла.

Юха, 1уьйрана, кхо б1е туьма ахча а делла, ша со Дибир-юьрта новкъа воккхуш: «Хьо лаьцна хиллийла ма хаийталахь, – т1етуьйхира Майрабека, –наха цигахь а мотт тухур бу хьуна, хьо т1ом беш хилла аьлла… я цигахь 1ан а ма 1е – д1аг1о: г1алг1айн милцоша кисана наркотикаш а кхуьйсуш, нохчий ч1ог1а хьийзабо хьуна, ахчанаш дохуш… Майкопе д1аг1уо я Элиста, г1алмакхой дикох бу хьуна вайца, массарел а дикох…».

 

                                    __________________

 

Со Дибир-юьртахь сецира, доьзал Майкопе д1а а хьажош: суна паспорт дезара, Нохчийчу юха а вахна, сайн накъост схьалаха.

Со цхьанхьа а ца соцура, цхьана меттехь ши буьйса яккха, я хьалха буьйса яьккхинчаьрга воьду меттиг а ца юьйцура.

Ткъех де гергга даьлла хир дара, Дибир-юьртахь паспорташ хуьйцуш ду аьлла, суна хезча, ц1ера 1едал кхуза схьа а оьхуш.

Юха, нисса бутт балале, керла паспорт хилира сан, «вынужденный переселенец», олуш йолу исправка а.

            «Беженец» ц1е йолу справка цхьанна а луш а яцара. Цу кехаташца – «Бакински» олучу трасси т1ехула а ца воьдуш – цигара пост вон юьйцура, «Кавказ - пост» олушъерг, – со рег1ахула «Пятнадцати» а вахна, юха Соьлжа-г1ала чу вулуш, кхо бутт гергга зама яьллера сой, Асхьаб къаьстина.

Со дийна вара, вуйла хууш, Асхьаб гина стаг а вацара, цигара кхуза баьхкинчех, тхойша т1аьххьара цхьаьна а волуш, иза веддачу юьртара. Районе со хьалакхаьчча, юьртахь х1инца а федералаш бу, элира соьга, ишкола чохь ч1аг1белла 1аш, хьан цигахь прописка яцахь, цара войур ву-кх хьо, аьлла.

Со Асхьабан йо1 йолчу вахара, ц1еххьана иза дага а еъна.

Иза, со гича, лацаелира, шайн уьйт1ахь, чуьра са дедда д1адахча санна, буйнара кад охьа а бужуш.

– Хьо… дада… шуьшиъ вийна бохуш… дада вуй хьоьца, Джабраил, мичахь…

– Де дика дойла хьан, – элира ас, юккъе жимма хан йолийта, генаро цхьаъ доло, – Асхьаб, сой цхьаьна вара, Тумиша… юха, Саьнгал-юьрта охьавеъча, цо ша цигахь соцур ву а аьлла… со Дибир-юьрта д1авахнера…х1инца кхуза… шуьгахь х1ун хьал ду хьажа…

– Шуьшиъ цхьаьна д1авигна ма элира… иза хьох маца… хьо мичахь…

– Саьнгал-юьртара… цо д1аг1уо а аьлла…со-м иза кхузахь…

– Кхузахь-м вац… со ца йоьдуш меттиг… комендантана т1е а…

– Со кхана хьожур ву, – элира ас сихха, – Саьнгал-юьртахь севца болу т1ебаьхкина нах Гудермесехь д1атарбина олуш, хезна суна…

– Маца хезна хьуна… соьга-м ма ца аьлла, оццулла ас хоьттуш… Со кхана цига…

– Хьо ма г1уо… уьш г1ала охьабигна хила а мега…

– Гудермесехь а ма хилла со, суна-м ца хезна…

– Кхечанхьа д1абигна хила а мега уьш, Теркайисте а… йоккха стаг х1ун деш ю, муха ю х1ара? – кхин къамел долийра ас, сайх шеко ца хилийта.

– Нана д1а 1аш ю-кх, шуьшинна до1анаш а деш…

Воьхна ца хила г1оьртира со, велавала а г1уртуш:

– Цхьанхьа 1аш хир ву, йоккхачу стагана эмгар а ялийна, – элира ас.     – Чувала, тховса мича… буьйса а яьккхина…

– Х1ан-х1а, цкъа эцца цхьана стагах а кхетта… со юхавог1ур ву хьуна кестта, йоккха стаг а ца хьейо ас, 1одика йойла, – со ведира, ца водуш санна, меллаша ковл ара а ваьлла.

 

 Со кхин юха ца вахара, шо даллалц ца вахара, важа б1аьсте т1екхаччалц: сан юхаваха юьхь яцара – дийца х1ума дацара сан, х1ара ду аьлла, дийца х1ума.

                                                     –––––––––––––––––––––––––––––

Со ца кхочуш юрт а, район а ца йисира, кхача аьтто болу юрт, ас Асхьаб хаттаза, цуьнан амат а, х1умнаш а дуьйцуш, багахь йолу аьчган цергаш а, цо ц1ена буьйцу г1азкхийн мотт а, къамелехь сих-сиха олуш хилла «да-да» а цхьаьна.

И мотт ц1ена буьйцура цо, г1азкхичо санна, ц1ена, детдомехь ма-1аммара, цхьа а тайпа хийцам а боцуш. Ишколе а г1алахь ихна хиллера иза, Соьлжа-г1алахь, да цхьа хьаькам а волуш, аьчган некъан цхьа хьаькам.

 Юха, да вийча (1941-чу шарахь тоьпаш а тоьхна, саботажник хилла аьлла), иза ненаца виснера, шо кхаьчна йиша а йолуш.

Нана ц1ерпошта чохь еллера, ц1ера даьхначу деношкахь.

Асхьабана «Джаначык» олуш хилла станци дагайог1ура, ша йишица – Хамсатаца – охьаваьккхина станци, цигахь хилла детприемник а. Йовха пеш а йолуш, доккха ц1а дара иза, олура цо, чохь дуккха а бераш а долуш: «И бераш д1асакхуьйллура, буьйсана хьоьца хилларш, 1уьйрана кхин ган а ца гуш. Ас йиша когах д1айоьхкура, сайн аьтту когах, суна наб кхетча, йигарна кхоьруш. Цхьана 1уьйрана, со самаваьлча, йиша йоцуш яра. Суна иза кхин ган а ца гира: со цигара хан ялале д1авигира «Токмакски детдоме», 51-53 лоьмар йолчу.

Татарка яра цу ц1ийнан директор, Исмаилова Галина Саидовна.

Дика стаг а яра ч1ог1а, соьца къаьсттина дика  яра иза, 1едало нохчийн бераш к1ора боккхучу шахташка кхуьйллуш, со х1ири ву аьлла, язвина хиллера цо, шахте д1а ца вигийта.

Суна т1аьхьо хиира иза, цо сайца къамел дича: «Хьо нохчо вуй ма хаийталахь цхьаьнгге а, х1ири ву аьллахь хьуо, – элира цо – цара шахте вуьгур ву хьо, доьшуьйтур а дац хьоьга» – аьлла.

                                    –––––––––––––––––––––––––

            Цу деношкахь, айса иза мел лоьху, Асхьабан къамелаш дагаоьхура суна, тхойша чохь 1ийна цуьнан ц1а а, чиркх лато ца ваьхьаш, сахиллалц пеш ягор а.

            Буьйса иштта яхъелча, уьрсаца цхьацца дечиг а хьоькхуш, ша-шеца санна, хабар доладора Асхьаба, шен да лацар а, наний, шай кхаа шарахь набахте ихар а дуьйцуш, дена т1аьхьа яах1ума кхоьхьуш. Т1аккха, жимма хан а йолуьйтуш: «Да, оцу шаррахьехь, вийна хиллера, тхоьга схьа а ца олуш, – д1алаьцначу шаррахьехь вийна, – Асхьаб велалора, – сой, наний кхаа шарахь т1аьхьа ихира, х1ора баттахь цкъацкъа доьдуш…»

 

                                    ––––––––––––––––––––––

 

            Мацалла хала юьйцура цо, детдомехь лайна мацалла: «Бепиг дуй, бепиг – бепиг ду хьуна дахаран корта… бепиг ца хилча, цхьанна х1умнах а ца вузу… х1окху чуьрчу йо1а, ша кхиъча, хала д1адаьккхир-кх соьцара и бепиг г1евлинга дехкар, детдомехь 1емина долу: мацалла лайна са дуза ца туьгу, са меца лаьтта, мел вуьзча а…»

 

                                    ––––––––––––––––––––––––

 

Лахь а, висахь а – ойла йира ас шоллаг1чу 1уьйрана (сахиллалц меттахь а кирчина, кхетта набаран суй а боцуш, – ас буьйса цхьана нахехь яьккхира, бевзаш боцчу нахехь) – лахь а, висахь а Саьнгал-юьрта г1ура ву-кх со тахана, аьлла.

Со пхьоьхана д1авахча (нах цигахь гуллора: комендатура а, милици а, префектан г1ишло а йолчу), гуламе баьхкича санна, «т1анк» аьлла, нах лаьттара, ярташкара схьабаьхкинарш а, бухарниш а вовшах а кхетта.

Массаьргахь а цхьа бала бара – шайн чуьра д1абигна нах.

Д1анехьуо «Таблетка»олу машен гира суна, уллохь лаьтташ ишколан директор а волуш. Госхозан инженер а вара, кхин масех стаг а. Массо а Саьнгал-юьртара а вара, х1орангахь пропуск а йолуш, цу цхьана денна аьлла елла, юьртара  кхуза– районе охьаван а, юха юьрта  чуваха а бакъо а йолуш. Цхьацца хьашташна даьхкина шаьш, элира цара, белхан хьашташна.

 Ас Асхьаб хаьттира, гина–хаавелла стаг  вуй, аьлла.

Шайна ца гина, элира цара.

Юха, со шайца д1аван воьлча, массо а воьхна хьаьвзира: «Тхо ялх стаг постехь д1аязвина ву, юьрта чу стаг а ца вуьту»,– олуш.

 Со х1етте а чухиира, т1ехьа йистте д1а а хуьлуш. Массеран а лер а дайра, сох б1аьргаш а идош: уьш бохамах кхоьрура, теш хьашт воцчу бохамах.

                       

                                    ––––––––––––––––––––––––––

 

            «Все?» – хаьттира постехь.

«Да, – элира директоро, – и еще один… тещу ищет»,– аьлла.

 «Который?» – салти чухьаьжира.

«Я» – элира ас, паспорт д1а а кховдош.

            «Тебе бы радоваться, блаженный, а ты… остаешься на ночь, или…», – паспорт схьакховдийра.

«Не знаю…» – элира ас.

«Надо знать!!!»

«Остаюсь»,– элира ас.

«Дай паспорт!». – Ас паспорт д1аделира.

«У кого будешь?»– хаьттира юха.

«У главы администрации»,–   элира ас.

«Чтоб утром тут был, понял?»

«Понял»,– элира ас, паспорт а хоттуш.

 Салтичо некха т1е куьг диллира: «тута»,– аьлла.

 

                        –––––––––––––––––––––

 

            Тхо д1акхаьчча, эвла юккъехь, массо а цхьацца д1авахара, соьга вист а ца хуьлуш; директор схьа а ца хьаьжира, ишколан директор: х1ора а вара шех кхоьруш, ваха лууш вара х1ора а.

 

                                    ––––––––––––––––––––––––

 

Юьртда ч1ог1а вуьйхира, со мила ву а хиъна: «Хьо лохуш ву, – элира цо, со чуьра араваккха санна, – и воккха стаг, хьан накъост, кара ца вина… уьш кхузара д1абигна, и салтий, … кхозлаг1чу дийнахь… х1инца кхин бу, цара соьга хьо хаьттира… ас…»

«Со к1елхьараваьлла, – элира ас, – ахча а делла, араваьлла со… ас дина х1умма а дац…»

            «И к1отарш ерриш а д1алаьцна ю, – элира т1аккха, и ялх-ворх1 к1отар, шуьниг а цхьаьна… цигара нах, т1аьхьабиснарш, етташ, бойуш, нуьцкъара охьабаьхна».

            «Хьайн ка далахь, салташка хаттахь, – элира ас, суо 1уьйрана араволуш – Асхьаб вийна я ца вийна хаттахьа цаьрга… со кхано юхавог1ур ву хьуна».

 

                                    ––––––––––––––––––––––––––––

 

Со бутт баьлча кхечира цига, сентябран баттахь, т1едог1уш дог1а а долуш. Сарахь дара со д1акхаьчча, соьга юьртда вийна, олуш.

            1аржлуш яра, 1аьржа яра-кх, латийна гуш чиркх а боцуш.

 

            Цхьа к1ант вара, цхьа жима к1ант, хотталахь «чхьап-чхьип» деш, кхо-йиъ бежна а чехош, вог1уш.

            – К1ант, хьо хьенан…

            – Сой? 1усманан ву-кх… «хьайц, хьайц-хьайц»,– к1анта аттана сара туьйхира.

 Етт сецира, д1а а ца боьдуш.

            К1анта юха а сара туьйхира.

Етт 1аьхира, «му-о» олуш, корта д1аса а ластийна.

Етт соьгахьа схьабирзира.

            – Ваши, хьан-м бац х1ара етт…х1ара тхуна карийна ма бу, тхан дена…хьенан бу а ца хууш… массаьрга хаьттича а…

            Со аттана т1евахара. Муш бара, ша хилла муш, шад болччухула д1ахадийна, диг тоьхча санна, шера, п1елган чкъор а ца тасалуш.

            «Му-о», – хезира суна юха а, дег1ах схьа йовха 1аь а кхеташ.

            Цхьанхьа генна: «хьайц-хьайц» а.

 

                                    ––––––––––––––––––––––––––––

 

            Со дег1аца охьавахара.

            Со вилхира, охьа а хууш.

            Со дуьххьара вилхира: суна гина етт Асхьабан бара, цо уьрсаца муш а хадийна, бихкинчуьра д1ахецна.

 

                                    –––––––––––––––––––––––––––

 

            Асхьаб б1аьста карийра, шоллаг1чу б1аьста, хьуьнхахь т1емалой гина аьлла, талла баханчу ОМОН-цашна, тхан к1отарна йисттерачу цхьана дечигах вихкина лаьтташ. Коьртан туьта к1айн хиллера, къийгаша дилх д1а а диъна. Баца юккъехь паспорт а карийнера, шина эхе декъна 1уьллуш, цхьана аг1онна т1ехь къаьсташ: «Тибоев Аслан Дзахоевич. Осетин.  1932 г. р.», –  долуш, детдомехь яздина хилла.

                                                ––––––––––––––––––––

Сих-сиха г1енах го-кх суна иза. Сийсара а гира. Даим а цхьаьна ву-кх тхойша цуьнца, цуьнан ц1а чохь волуш санна хеташ, уллохь гуш кхин ц1а а доцуш. Гуттар йогуш пеш а хуьлу. Цо дуьйцучух – цо цхьаъ-м дуьйцу – суна х1умма а ца къаьста, иза воьлуш гар бен, хаддаза суна воьлуш, – ас г1енаш цкъа а ца тидда.

                                                 

                         

Цуо бо-кх суна синхьаам а, иза велла вуйла хуучу г1енахь даим иза воьлуш гар, хаддаза суна воьлуш.

Иза сийсара а вийлира суна, ч1огг1а со мара а воьхкуш, марара кхин д1а а ца хоьцуш, юха-юха а вела а воьлуш.
            Со, самаваьлча, вилхира, цхьа меллаша, меллаша цхьа, суо цунна гарна кхоьруш санна, цунна д1агарна, иза велхарна…

 

 

                                                                                                                2005-06 шш.

 

 

Суртдоккхург

 

– Зубайр! – кхайкхира йоI. – Зубайр! – берзинчу когашца, ши ког берзина бара, ламеш тIе схьахIуттуш, малхана юьхь лечкъош, куьйгаш а хьош тIехьа дIа. – Зубайр, схьавадахь, схьавадахь сихха… хIара ас маца, муха, ахь со Iехийна… Iехийна хилла-кх, со хьайна цкъа а, – цул хьалха, – цкъа а ца гина бохуш… схьавадахь, вадахь сихха…

– Ма беттахь, йоI, мохь, цхьанна дIахозуьйту ахь, хьо хIинца а нускал ду!.. – ХIара цуьнга дIахьаьжира, геннара дIа, иза ерриг а хаалуш, гуш, ц1улла сара санна, я буьхьиг…

Иза ян а яра буьхьигах тера, цхьа къоначу, жимачу, хIинц-хIинца баца тIе яьлла, дуьххьара ког баьккхина, мокха кIозарш юьхь тIе кхозуш, поллана уьду мокха буьхьиг.

                                                            ________________

 

Иза елира хIетахь ара, кхуо дуьххьара ков тоьхча.

ХIара висира, мотт а сецна.

Цо бIаьргаш туьйхира.

Кхунна месаш гира, кIозарш, можа-мокха-цIаста басахь. Юха бIаьргаш, дуткъа лаг, динбухкарш2, Iедаш санна, жима жайна а, кIаг хуьлуш, лога кIеллахь кIарглуш.

– Хьуна мила…

– Шун да… хьан ден цIе Султан…

– Ризван ю-кх сан ден цIе… чохь вац иза…

– Седа юй чохь, хьан нана…

– Сан ненан цIе-м яц Седа…

– Хьан цIе тIаккха?

ЙоIа ков тIекъевлира.

ХIара висира, Iадийча санна.

Кхунна дерриг а дицделира.

ДIавахара. Юхавеара.

ХIетахь дуьйна, цу дийнахь, иза дуьххьара шена гича дуьйна, суртдоккхучунна баркаллаш, хIара цIа ша эцначу, цу сарташца пал туьйсуш, бер доцуш ша ваьхначу…

                                                _________________

 

– Сан цхьа а доьзалхо ца хилла, – элира кхуьнга воккхачу стага, кхуо доьзал хаьттича, – ас хIун до кху цIийнах, лело хала ма ду хIара, зуда а яц я доьзал а… цхьа чоь йолу квартира а эцна, дисина ахча почтехь… цкъа вала а ма веза, – аьлла.

– Гергара нах… ваша а, вешин кIант а? – хаьттира кхуо.

– Цхьа йиша ю-кх сан, ши йоI а йолуш. Баккхий бу уьш-м, доьзалш а кхиъна. Ас-м аьллера йишига… ша хIун до цIийнах, боху, кIант велахь-м ша дара.

Iен меттиг юй хьан тIаккха, кхузахь Iе, квартира эццалц…

– ХIан-хIа, йиша ма ю ша Iаш, квартира мах бина ю сан, тахна ахча дIаделча а... ХIумнаш ас хьалххехь цига дIаяьхьна, – сан доттагIа ву иза, квартира юхкуш верг… хIара нехаш-м ю хьуна шортта, ларми1 чохь а, тхов тIехь а – соьга и сарташ дIа-м ца кхийсадели, хIокху масийтта шарахь IаьIна, ма дукха сарташ ду моттахьа… цхьа дагон кхоам хеташ… нехан доьзалш хуьлучохь, сан даим хIара сарташ… шовзткъе пхиъ шарахь ма бина ас и болх… Со саца хьоьца, – элира цо, – хIара гIурт хьуна а битина…

– Ца оьшу, ца оьшу, соьга сихо а ма яц, юьртара тхайниш охьа а бахкийна, парггIата…

– Делахь хIета, дIагIуо со… Дала беркате хIусам йойла хьуна кхунах, гIоза вехийла хьо, гIоза! – иза кхунна маракхийтира, жима бер санна, жима воккха стаг, куьйга кIелахь букъ а хаалуш, декъа, тIедевла пIендарш а.

– Хьуна а дойла Дала беркат! – элира кхуо, тиша шляпа а, юткъа плащ а, фанеран жима чамда а буйнахь, велааьшна деш, дIавоьдучу цу воккхачу… жимчу стаге – иза дегIана чIогIа жима вара, таьIнуо Iаьржа бос а болуш, дерриг а къоьжа, стомма цкъоцкъамаш а.

ХIара цул тIаьхьа, цIа эцча, цхьана шарна дIавахара, кертара нехаш дIаса а яьхна, кевнах доккха догIа а тухуш.

Юха цIа веъча, гурахь, сентябрь бутт болалуш, дас чIогIа хьовзийра хIара, цхьаьна зуда йолуш бен, хьо кхин цIера вера вац, бохуш.

Цхьа йоI а яра цо хьехош, попан хен санна, шуьйра а йолуш.

Нанас дIааьлла хиллера, йоI ерстина ю бохуш, кIант захалонна реза вац, аьлла.

«Ерстинарг вуочаяккха аттох ду хьуна, хьо кеставаларг! – элира цо – вуочаяьлларг ярсточул. ДIавала суна хьалхара!» – аьлла

ХIара цуьнга хIумма а ца олуш, гIала охьавеара хIетахь, шеца йиша а ялош.

Кху шимма баттахь цIанйира и чоьнаш, арара керт, готта урам а.

Юха, цул тIаьхьа, йиша цIа яхча, ларми чуьра пал кегош, цхьацца ящканаш, чамданаш, кехатан юткъа папканаш, тIаккха сарташ «жаж» аьлла, охьаIенаш, хецалуш, цIенкъахула дIасадаьржина долу.

Сарташ чIогIа дукха дара, ткъа а, ткъе итт а, шовзткъа шерера, хурашкешца, кийталшца, юха галпеш йолу хечеш, тIаккха эткаш, пондар санна, бертигаш сеттийна йолу…

ХIара цаьрца лакха хьалавелира, ларми чуьра, цIа чу, мор буьззина сарташ а дохьуш, цхьаццадерш охьа а Iенаш.

Нехан яьххьаш тамашийна яра, дагалецамийн гIенаш санна, беса хеташ, цхьа геннара, лаг къовлуш дIатийсина нуьйдарш а йолуш.

 

_____________

1Ларма – подвал

 

Масех папка яьстира кхуо. Дерриш а иштта сарташ дара, хIора шеран мода а, к1ужалш а, духарш а долуш.

ХIара ша-шена велавелира, массеран а – сартийн  бIаьргаш – нийсса дуьхьал, аппарат чу хьежна хиларх цец а вуьйлуш, цхьана берашка суртдоккхучо: «Схьахьовсал, хьоза ду шуна!» – бохуш, уьш Iехийча санна.

Юха тIаьххьар а, чамда кегош, тIехуларчаьрга хьаьжна ваьлча, цIен папка яра, къайлайоккхуш, уггар а буха дIалачкъийна.

ХIара леррина хьаьжира цуьнга, схьаястале – леррина, воккхачу стеган дицделла, цхьаъ-м ду хьуна хьо, бохуш.

Схьаяьстича – изза сарташ, цхьацца йоьIан, кIентан, шишша вовшах а летийна, ул-уллохь, хеда а деш, белшаш тIе белшаш а тухуш, бухахь шайн цIераш а йолуш, фамилеш, адресаш. ТIаккха тIехьа, тIекIелдаьхча: «Дала вовшахтухийла шу, Веза Хиллаволчу Дала»

Уьш дукха дара, массийтта, хаз-хазох йоI а хоржуш, цунна уллохь кIант тухуш, тIехьа изза йоза а долуш, шераш а долуш, денош а, беттан цIе, урам а, кIошт а.

ХIара Iадийча санна висира, и сарташ шена хьалхахь дерриш а цкъа охьа а дохкуш, аз хезаш, юха воккха стаг: «Нехан доьзалш хуьлучохь, сан даим хIара сарташ… хIокху масийтта шарахь IаьIна, цхьа дагон кхоам хеташ…»

Юха иштта цуьнан дIавахар, цхьа буйннал, жима воккха стаг, таьIно Iаьржа бос а болуш, дерриг а къоьжа, стаммий цкъоцкъамаш, тиша шляпа, юткъа палаш, фанеран жима чамда а.

Кхуьнан дог Iаьвжира чIогIа, цIа а доьхкина дIавоьдучу воккхачу стеган цхьалла а гина, я доьзал а, зуда а йоцуш, ша ваьхначу цIа чуьра дIа, цхьана кхечахьа, кхечу хIусаме, кхин ирс лаха я Iожалла, ша оццул пал тийсина, котамо деса сера санна, шен бахам – сарташ а дуьтуш.

Буьйса дIаяьлча, Iуьйранна – и буьйса кхуо хала яьккхира, – сахиларе сатуьйсуш, яхъелла буьйса чекхъяьлча, и дерриш а сарташ а эцна воккхачу стеган квартире, кхоалгIачу гIат тIе волуш, кхуо шозза-кхузза пIелг тоьхча, цхьа къона, жима зуда, неI херъеш, неIарехула:

– Хьуна мила оьшу? Мила ву хьо?

– Со… суна… Мохьдан… кху чуьра… суна цIа доьхкина…

– Иза, шу марша, воцуш ву… пхи бутт хьалха, бераша, буса волавала араваьлча, коьртах цхьа эчиг а тоьхна.. кхин хIума-м …цунах доллуш… со цуьнан йишин йоI

– ХIа… ца… дацара… иза гархьама… бIаьрг тоха… – цхьа легаш къуьйлура чIогIа, дуьне цхьа дассаделча санна, хIара дуьне, хIара  нах, хIара цIенош, адамаш.

__________________

 

Кхуо вуьрхIитта юрт теллира, сарташ тIера нах лоьхуш, гIали чуьра кхойтта урам а: стаг карийча – зуда яцара, зуда йолчохь – цIийнада а.

Цхьаццаверг воцуш а вара.

Иссана сурт а делира кхуо, уллорниг дIа а доккхуш.

Дукхохберш зударий бара: «ХIара мила ву, хIара кIант!» – бохуш, цхьа боьхна-а, цец а буьйлуш.

 

____________________

 

Октябрь бутт болабелча я тIаьххьарчу деношкахь, сарахьуо ша араваьлча, урамашкахула волавелча, «Гурьева» боху урам, тIаккха Султан, Седий – цIераш, цIийнан ткъе кхойтталгIа терахь, цхьана сурта тIехь хилла долу: «Теллир-те, ца теллира? Вахар-те, ца вахара?» – шеконаша са дуу-уш, кхуо ков тоьхча, чIоггIа ков, цхьа зудабер, мокха кIозарш, дуткъа кIайн лаг,  доьтту бIаьргаш…

– Хьуна мила…

– Шун да… хьан ден цIе… Султан…

– Ризван ю-кх сан ден цIе.. чохь вац иза…

– Седа юй чохь, хьан нана…

– Сан нана-м яц Седа.

– Хьан цIе тIаккха…

Цо ков тIекъевлира.

ХIара висира, Iадийча санна.

Кхунна дерриг а дицделира.

Кхунна йоI гира и буьхьиг, юха месаш, кIозарш, можа-мокха-цIаста басахь, тIаккха бIаьргаш, дуткъа лаг, динбухкарш, Iедаш санна, лога кIелахь, жайна хуьлуш, цхьа жима кIаг, буткъа кIарглуш, кIайн хьаьвзаш, садоьIуш…

 

__________________

 

– Вай-кх, Зубайр, схьаволахь, ма чIогIа воллу-кх хьо! Лаурас дина-кх хIара, диний? Сан доттагIчо? Вайшиннан суьрташ цо вовшах латийна?

– Х1ун дина цо, хIун хилла? Суна Лаура гина-м яц, хьо ялочу буса бен!

– ХIара дина-кх! Иза ма яра соьца кхузахь… кху суьрта т1ехь, суна улло!

– Мичахь яра, хIун дина?

– ХIара дина-кх, хьажахь! Со хьайна ца евзара, бохуш, цу дийнахь, ков тоххалц, – йоIа куьг схьакховдийра, шен буйнара сурт а гойтуш.

Т1аккха кхуо, сурт схьаэцча, цу суьрта т1ехь, хIара шиъ, ул-уллохь, вовшахтоьхна, белшаш тIе белшаш а хуттуш, бухахь кхеран цIераш а йолуш, фамилеш, адресаш: «Ахтаева Зараъ, Гурьева – 33; И-юрт, урам; Алдамов Зубайр. 1989 шо, бIаьсте, май. Дала вовшахтухийла шуьшиъ, Веза хилла волчу Дала!»

 

1992-2004 шш.

                                   

 

 

Хан хенаца хийцаелла хан

 

Мича… иза мича яхара-те, муьлхачу ахтобуса  т1е, 1индаг1 санна, д1а ма яй, куьзганца ловзу з1аьнар санна, цкъа гуш, юха т1епаза йовш…

– Х1ара мосалг1а лоьмар ю, х1ара ахтобус?

– ………………………………

– Муха ю 29-г1а?

– …

– Сацае алийша, т1аккха…

– …

– Делла, ахча д1аделла… сайниг ю моьттуш… хийцаелла…

– …………..

– Суна дага-м ца дог1у, сайна оьшург муьлха яра…

– ………….

– Охьавала а?

Цу т1ера юха (29-чу ахтобуса т1ера) охьавала аьлла, схьавирзича… ц1ен зезаг, ба1 санна ира, суна гинчу йоь1ан буйнахь.

 

Г1алаташ нис ца ло-кх, вайна хета-кх, нислуш санна; уьш хьоьца дуьсу, дагалецамашца, юкъ-юкъара къага а къегаш, хьо виц а луш, ван а вовш, цхьамма гола тоьхна (бехк ма биллалахь! Х1ума дац, х1ума дац…) меттахваккхалц.

Х1унда хии  кхунна т1е, 29-чу лоьмара т1е, кхечахьа ваха везаш хилча. Охьавер  ву-кх социйлехь, 101-г1а схьаяллалц.

И йо1  стенга яхара-те, кху т1е йолуш суна гина йо1?

Низамца ца лела-кх х1орш а, нах 1а11алц 1адда лаьтта, кхин ахтобус т1екхаччалц.

Цо муха элира соьга, х1аъ, «хьайн г1енашца вахалахь», – аьлла.

Уьш дуийла ж1аьлеша, сан г1енаш…

Ойланаш ян ца оьшур-кх, ойланаша вита ма ца вуьту, хьуна дагахь мел лаьттарг  – маттаца  д1аалаза  долу – г1енах юха кхоллалуш, хьо цигахь я кхузахь – мичахь ву а ца хууш…

 

– Ахь соьга-м ца аьлла х1умма а…

– Муха ца аьлла! Селхана дацара, хьо буьйсана  схьаеъча…

– Со тахна еъна-кх, сан к1орни, беттан 1индаг1ца некъ а лохуш…

Х1а-а, мичара, аьлла ца хилла,  суна моьттина хилла-кх, г1енах айса мел дийцинарг, кхуьнга самах (самах а?) айса х1етахь дийцича санна.

Х1инца х1ун бен ду-кх иза, мухха аьлла хилча а,  суна кхуьнца 1ен ца лиъчахьана, г1ан а, само а кхуо лачкъийча, г1енаш  хьовха, денош а сан…

 

Х1унда хиир-кх кху т1е  со… иштта хиъна хир ву-кх, чуьра араваьллачуьра д1а,  цхьанхьа охьавуссур-кх аьлла,  туька йолчохь я музей – суна киншка  езара, Гоголен  «Вий» повесть, цхьамма туька д1аяхьале.

Х1инца массо а лачкъош  ву. Туьканаш а кхоьхьу, нехан х1умнаш а. Нах, жа санна лелаш бу, деш-дуьтуш х1ума а доцуш, тоьпан  хьокхешца, г1ожмашца а, т1екхаьчнарг д1а а хьош, шайн дайх т1аьхьа йисича санна…

Массо а юрт ясаелла, туьханна т1е уьду даьхни санна, нах г1алина чу  а хьаьлхина. Цхьа маршо а юьйцу кхузахь, нехан бахамаш д1аса а боькъуш.

И туька  стенга яхна-те?

Х1ара ц1енош ма хийцаделла я со вицвелла-те?

Цо вицви-кха, д1огарчу йо1а, соьгахьа букъ а берзийна,  ахтобусан коран б1аьргах суна сурт гучу лекхачу йо1а. Ахтобус а цо тилийра, бос а, лоьмар а хийцалуш.

Цуьнан коч ц1ен ма яра, ткъа х1инца 1аьржа муха хуьлу…

Т1ера б1аьрг-м боккхур бац, куьзган чуьрчу йо1ана т1ера, иза сайгахь схьаерззалц.

Велалур ву.

Со х1инца а велавели,  куьзган чохь цунна гойтуш.

Схьайирзи.

Со охьахьожу.

Юха ц1еххьана со хьалахьаьжча, д1аерза а ца кхуьуш – ма даккхий ду  б1аьргаш, – лацало цхьана  м1аьргона.

Со велало.

Д1айоьрзу, куьзгана чохь йоьлуш санна.

З1е тасало, ч1ерана м1ара – х1иллане ловзар.

Ас коран куьзга лардо.

Лаг хаза ду, ворта а; уьйриг бинчу месех, ларамза санна, цицигах, белшашца ловзу, кхийсало, х1азарх  еттало месех хьаьдда, тиллаелла, 1аьржа ерзина 1ораяьлла ши-кхо мас, горга х1азарш ч1агаршца, са дуткъадеш, са шен сих къиза  хьерчош…

Соьга ца хьожу куьзгана чу, арахьажа «г1ерта», ц1еношка, я дитташка, некъашца долчу.

Иза ца хьажа «г1ерта» cоьга.

Цунна хаьа, со хьоьжуш вуйла.

Иза ша а ю соьга хьоьжуш,  ца «хьежахь» а хьоьжуш  ю-кх, шеца къуьйсуш, къийлалуш, ца къаръяла, тола г1ерташ.

Куьг хуьйцу юха, лакхара куьг. Белаш т1ехула схьахьожу, цхьана кхечахьа, кхечахь санна, д1аерзале, д1айоьрзуш, суна т1ехула, юьхь т1ехула, хьажар доду, т1ехъоьккхуш. Куьзган чохь лацало юха, цуьнан хьажар, сан хьажарца;  ши б1аьрг соцу, йицъелча санна.

Со велало цу б1аьргашна, цу хьажарна, ойланна.

Балдин йист озало, ши б1аьрг а боьлу, д1а а йоьрзуш.

Ког когаца хийцало, ха а дусало, меттахъхьовш, горглуш  санна, садоь1уш.

Лаг д1аса доду, мас а леста, бесни го, б1аьрган ах…

 

– Со хьан зуда хир яц хьуна… наг-наггахь, буьйса яккха… к1ирнах цкъа, шина к1ирнах…

 

Хьо ца кхета. Цуьнца айхьа  ворх1 бутт боккхуш (я ворх1 шо)  цуьнан нана а ца го хьуна, невцалг1а а ца вахана: стунанас ца воуьйту, шен б1аьрга ма гуо бохуш, цхьацца хабарш а кхоьхьуьйтуш, кхуьнгахула схьа, йо1ехула.

Иза цхьа лазам бара, безам а боцуш, иза т1ом бара х1ора буса, ницкъ къийсар, лиэта везар, т1аккха цуьнан б1аьрхиш, елхар, юха ядар ванни чу, ши-кхо сахьт, хинан г1овг1а, юх-юха а хиш а 1енош.

Кресли чохь горглора т1аккха, хорш еъча санна,  эга а еш, цхьацца шабаршца, дуйнашца, шех хьакха ма луо а бохуш, хьо вистхилча, дуьхьал а луьйш, мохь а хьоькхуш, кхайкха а кхойкхуш.

Цкъа а стогар а ца латабора; иза чоьхьаяьлча стогар бовра, кхин  хьала а ца леташ.

Юха 1уьйрана, хьо самаваьлча, йиллина не1,  не1арш, кухни чуьра арауьду подъездан цицигаш а.

Иза ша гуш а ца хуьлура, буьйса йоллалц хаалуш а.

Со буьйсана меттавог1ура, вехначуьра васталуш санна, кхетам а хьовш, б1аьрса а дог1уш, суо сайна вовза г1ерташ санна.

 

Суна букъ го, нийса букъ, нийса хиларца буткъа-беха, хенашца хьерча 1аьржа коч а, тулг1е санна, т1ома тулг1е…

Х1ун хазалла, хьеравоккхуш!

Иштта хаза х1унда ю-кх иза! Йо1 иштта хаза муха хуьлу, гуш лаьтташехь хийцалуш, кхин а  хазлуш, езалуш; и месаш а (1аьржа хилла) мокха йолуш санна ма ю х1инца, ц1еран суйнашца йогуш санна, ча басахь, можа а йолуш. Т1ера коч а муха хийцало, ц1азам санна, ц1ен йоьрзуш…

            Схьахьажахь, хьажахь схьа, куьзган чу мукъа а цкъа!

Иза ца хьожу, корта ойу, мас ластайо, тулг1еш;  ахтобус тохало, соцуш санна я йолалуш, нах д1асалеста, и йо1 цаьрца, лаьхьанан  лорах сетташ, г1амара т1е тулг1е санна, х1ордан тулг1е, йовш, ешаш.

Юха схьахьожу, ц1еххьана схьа,  боккха ши б1аьрг боккха  боьллуш, стигал санна, лила санна сийна, ши б1аьрг бен х1ума а доцуш, гуш а, хезаш а цхьа  х1ума а.

Вистхуьлуш цхьа а ма вац, ахтобус стенга йоьду-те, цкъа  а соцуш а ма яц х1ара, охьаволуш цхьа а вуй шух?

 

«Чиркх лато х1унда ца мега, д1а х1унда бов массо а чиркх,  серлонах кхоьру хьо… хьо набкхетта гина яц-кх суна … дитахь кресло цкъа мукъа а… цкъа мукъа  а охьайижахь, со меттахвер вац хьуна, хьох д1а а-м хьакхалур вац…  соьца охьайижа ца мега хьо, цхьаьний цкъа набкхетийта…»

Йист а  ца хуьлу, тийналла ю.

Суна дог1ан г1овг1а  хеза, дог1а ч1ехкаш, серло, коран б1аьргех – т1адамаш.

Ас кхин а  дуьйцу, кхин дуккха а.

 

– Д1авижа хьо, хьайна дезарг хиллий хьуна… Со кхано, чухчахьера  яйча…

 

Хьо вуьжура, набкхетча санна. Иза меттах а ца хьовра.

Саде1ар сацадора ахь, сих-сиха «хар» а хазош.

Хьо вицлора, сурташ  довра, де хуьлура, урамаш: нах, ц1енош, накъостий; юха, самаваьлча,  самаиккхича, арахь де, деса кресло, хьо вуй а хиъна, «м1аьв» дарца, дахка лачкъалур боцчуьра, цастар санна, дуткъа дахлуш, цхьанхьара  схьатекха цициг а.

 

Иза охьа маца ер ю-те, я муьлхачу социйлехь? Уьш маса хилла, социйлаш, х1ара шек д1а а ма ца йолу, г1ала кхачалуш лаьтташехь…

Т1ег1уо со, улло т1е. Кху чохь вист а муха хир ву? Ц1е мукъна а  х1ун ю те… суна х1инццалц х1унда ца гина… хьаша хир ю цхьанхьара еъна…

Оццулла лекха, дуткъа дег1 цуьнан, пхьеро аьгна х1оллам санна, бустамаш, настарийн к1айлла, шера горгалла голийн.

Со цуьнца иштта д1аг1ура ву-кх, иза йолучохь охьа а ваьлла, цуьнан лорах, цунна т1аьхьа, заза  даьккхина дитташ а гуш, адамаш а гуш, урамаш а, иза йоьдучу д1акхаччалц, чуяххалц, яллалц.

 

И бала цуьнца х1ора буса, акха айг1ар сецош санна;  цо етта ка, цергаш, ч1ара хуьлий карара юьйлуш, юха, лаьхьа санна, етталуш, ц1е хуьлий, ц1арах йогуш, «к1ахь-к1аххьанехь» к1аггара оьхуш, саца ца луш, хих ешаш, ешапах елха йолалуш.

Со г1еллора, вужура, сада1а накха ца тоьара, накха гатлора, эккха санна, дег1 дешара, 1аь хуьлуш, 1аь г1уьттура, йовха 1аь, дег1 лозура, хедийна дег1.

Иза юха а къайлайолура, ванни чохь д1алечкъаш, хиш 1енара, цхьа «хар-хар», аьчгах херх хьоькхуш санна. Ши-кхо сахьт долура д1а, г1уьраш а хезаш, г1овг1а а.

Хьуна, велча санна, набкхетара.

Чоь 1уьйрана яьсса хуьлура, цициг а довра т1епаза д1а.

 

Стунана а гира хьуна хьайн, цхьамма гайтир-кх, т1ехъоьккхуш, алу эцна йоьдуш санна, я мох лаца – махна т1аьхьа: яра-яцара, хилира – яйра, юьхь-сибат а ца къаьстира, духар а дара цхьа а бос а боцуш, сибат доцу амат а.

 

Цкъа, цхьана буса (даим а буьйса) цуьнца юха, буса еанчу, са хаддалц, вала х1отталц, ницкъ а, г1ора а, де а оьшуш, я кхетам тхьусболлалц тийсавеллачул  т1аьхьа вужуш, набкхеташ я вицлуш, гуо хьийзаш, б1агор, цхьа  шераш, оьмарш, церг-цергах ца кхеташ, кхийсало дег1, меженаш, шат1улг кийра боьссича санна, ша хилча санна, шийла ша, веллачуьра хьо меттавог1уш, б1аьрг биллича, халла  б1аьрг, хьан меттара, дег1ацара хьан, г1амарца серса к1еда г1ум санна, тата доцуш, меллаша, б1арлаг1а хилла, б1арлаг1ех шершина боьду 1аьржа лаьхьа, адамчух  б1аьргаш а керчаш, юха а хьоьжуш, са а доь1уш…

Т1аккха сарахь, иза гучуяьлча, т1ех1оьттича, йистхилча, хьайн г1енаш ахь далхийча,  хьайн само, б1арлаг1аш: «Хьо  сийсара исбаьхьа вара, иблисан буьйса санна, – олуш иза схьахьаьрчича, цо вагийча, 1адийча, х1ордо хинкеманах, хьаьттаро хьо б1ал санна, цо ийвеш, т1ек1ел кхуьйсуш, хих вашош, вагош, – со тховса а хир ю хьоьца, б1ешерах буьйса ян», – цуьнан аз хезча – мерза моз, ойла  эккхара  т1амарах, т1ум яьржара зарратах, т1ум 1аь1ара, естара, т1ум лелара, дег1ах уьйра, дег1 дерриг а зовкх хуьлура, абадехь  сецна зовкх.

Де дулура, буьйсанаш а, бутт соцура, латта а довра, х1аваан назбарш дара, 1аьткъаре  стоьмаш а.

Хьо, мохь а болуш, хьалаиккхира, беттан серло бодашкахь цуьнан юьхь т1е лацаделча, гуш долчо 1ада а вина, мотт а бицбелла, дог а сецна. Алмаз дара хьуна гинарг, йилбазан са, шайт1ан сурт, дахкаделла гуш юьхьчкъор а долуш, бат чу а кхетта, цергаш а йоцуш, хиш оьхучу ц1ечу б1аьргашца, 1едаш санна, т1ераш а кхозуш, т1арг1а санна даьлла 1аьржа дег1 а. Хьожа лаьттара, саьнгаран хьожа, чохь гоьтташ дагийча санна; са дукълора, х1аваъ доцуш, дог, цхьамза санна,  детталора, беро лаьцна хьоза санна.

Хьо, вада аьлла, д1атохавелча, цо лецира, ност а лоцуш: «Х1ун до ахь, сан хуьрциг, сан ц1ех дуьзна хингал!» – т1екхийтира, т1ехьара т1е, хьо бертала буха а хьош. Т1аккха 1аьвдира, са даккха санна, п1ендарш чучча лелхийтира, юха 1аьхира, цициг санна, борг1алах кхайкхира, бер  санна, елха йолаеллачуьра, ж1аьло санна, «г1алх-г1алх» а деш.

Хьо кхайкхира, мохь а болуш: «Я Аллах1… хьо орцах… ашх1аду аллаиллах1… ва ашх1аду…», – ц1е г1еттира, сийна ц1е; овкъарш яра, къоьжа овкъарш, кхелли  яра, екъа кхелли, цхьа тиша ц1а, ц1арах догуш, лекха яраш, деса кораш, д1о-о стиглахь къаьхкина бутт, тховх летта кхозу сира цициг а, хьан дег1а т1ехь доцу х1ума, дерзина дег1, екъа голаш, ц1окий чохь даь1ахкаш а.

Хьо ведира г1ала йолчохь, баца т1ехула, ши ког а 1уьйра, т1аьхьа кхийсалуш ц1ераш а йолуш, ж1аьлеш а уьдуш, акха ж1аьлеш, к1езий  а ц1узуш, къиг а 1аьхаш.

Баьрзнаш дара, лекха кхеллиш, дитташ т1ехь 1аьржа къийгаш, мука дехкий, текхаргаш, хьан когех хьерча т1елхаш.

Юха царех каетташ, уьш идош, т1еийзош, охьакхеташ, т1аккха г1оттуш, ж1аьлеша уьш эт1аеш, ма-хьаддалла хьодуш, ведда квартирашка хьо д1акхаьчча, хьайн ц1ахь, хьуо вехачу, г1ат йицлуш, подъезд йовш, не1 толлуш, ца карош, эххар а хьо чоьхьаваьлча, цу чохь цхьа адамаш, пхьадарчийн ц1оканех т1ехь баьццара хормеш а гуш, мажмаш а евлла, герзаш а долуш, ерриг а ц1енкъа хоттех а юьзна, хоттех  юьзна мачаш а йолуш.

Цаьрца дуккха а къона  зударий, стоьлан гонаха, къаьркъа молуш, ахберзина,  бедарш а йоцуш, г1анташна т1ехь, ц1енкъа 1охкуш.

– Шу кху чу… сан квартира… не1 а кагъеш… сан х1умнаш… стенга яьхьна аша… 1уьйранна со араволуш…

– Мича 1уьйранна? Х1ун квартира… Квартираш тхан ю х1инца! Оха даьккхина х1ара 1едал, шу пассаш евдда д1а а  яхна…

– Муха ю шун! Суна елла… Сан ордер…

– Ордер а? Д1алол цунна, Ваха, ордер… дикачух цхьаъ лолахь, т1е мух1ар а та1адай!

Буй кхийтира, беза буй, пенах корта д1а а леташ, д1а а верзийна, аракхуссуш, букъа юккъе мийра а кхеташ: «Мух1ар а д1аэцалахь хьайн!» – т1ехьара схьа мохь а  тухуш.

Чувахара, бертала чу, ламеш т1ехь кхийсса  а луш, пена юххе аркъал а вужуш, мера чуьра ц1ий бага а хьодуш.

Не1 ц1евзира, дуьхьлара не1. Кхуьнан  лулахо елира ара, кхуьнан хилла йолу лулахо,  улохь кхин цхьаъ а йолуш.

– Ма…Ма…, – х1ара ц1е яккха г1оьртира, Малика аьлла, цуьнга мохь туоха.

Малика бохург цкъа  сецира, важа цунна т1ехьа а лечкъаш.

Юха, т1ехула ког а боккхуш, кхоссаелла дехьаелира ший а.

– Не1алт шуна, – элира цхьамма, – Делан не1алт хила шуна! Х1ара модаш а йохьуш, г1ала охьа а яьхкина, шаьш йолччохь 1адда ца 1аш… х1ара кхо шо ду хьуна цара лакха т1ера и к1ант вайина. Цхьа х1ума а ца юьту… коляска а яьхьи д1а, балкона т1ера антенна а. Боьха х1умнаш, шаьш  ма-ярра…

«Кхо шо а… муха кхо  шо…», – воьжна 1уьллучуьнга мохь белира, ша 1уьйрана чуьра араваьлча, кхо шо д1адаьллий а хиъна, ша  «велла» вуй а ца хууш, юьртахь шена чурт доьг1ний а, «1аббазан к1ант  Салман» аьлла, т1ехь яздина йоза а долуш.

 

Хаза чурт а хуьлу, к1айн а долуш, уллохь ц1ен зезаг а го, шайт1анан ба1  санна, ц1ен, ц1аро аьгна патарш а къаьсташ, патарх  бужу ц1ийн т1адам а…

 

19.12.2004 шо.

 

 



4 берзалой (диал)

 

<< Navigate to Saturday, February 25, 2012 Add New Comment
No records found        
Add New Comment
Your name   
Subject   
Content   
*Required fields



FLASH INTRO
ГЛАВНАЯ
ПРЯМОЙ ЭФИР TV
МУЗЫКА
ФИЛЬМЫ
БЛОГ
ФОРУМ
ФОТОГАЛЕРЕЯ
РЕГИСТРАЦИЯ
ГОСТЕВАЯ КНИГА